http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненан узам Печать Email

Дакаев СаьIидбек

 

Россин яздархойн декъашхо Дакаев Саь1идбек вина 1951-чу шеран 9-чу сентябрехь Казахски ССР-н Къилбаседа-Казахстански областера Соколовски к1оштан Сумное юьртахь. Нохчийн халкъ махках даьккхинчу хенахь. Юха кхеран доьзал Даймахка ц1а бирзича, иза Ножин-Юьртан к1оштан Г1оьрдалара ишколе воьду. Ткъа юьззина юккъера ишкол Саь1идбека Устрада-г1алахь (Аргун) чекхйоккху. Т1аккха Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетера филологин факультетехь доьшу. Тайп-тайпанчу меттигашкахь болх университетера ваьллачул т1аьхьа: школехь, заводехь, юьртбахаман декъехь машинист, корматаллин-техникин №29 училищехь, телевиденехь. Школехь доьшуш волуш стихаш язъян волавелла Саь1идбек. Х1етахь уьш дуьххьара зорбатуьйхира Шелан к1оштан газетан т1аьхьо – «Ленинан некъ» (х1инца «Даймохк») газетан, «Орга» альманахан а аг1онаш т1ехь. Нохчийчуьра къоначу литературийн юкъарчу гуларшкахь а, «Нохчийн поэзин антологи» т1ехь араевлира поэтан стихаш. 1981-чу шарахь араелира Дакаев Саь1идбекан шен киншка а – «Дегнийн йоврйоцу ц1е». Саь1идбек кхиъна ваьлла, зеделларг долу, дешан мах а, чам а бевзаш поэт ву. Цуьнан лирикин турпалхо дахаран маь1на довза лаамехь айавелла, шен ницкъ кхочушдолу уггар а доккха дика Нохчийчоьнна, шен къомана д1адала лааран ойланца веха.

 

Ненан безамна

/Поэма/

 

Генара цхьа узам,

Ойланийн тезетахь тийжаш,

Г1айг1ане лекхалуш,

Лерера ца болу сан.

Дорцан къахь г1иттаеш,

Шелоно аренаш къуьйлуш,

Цо хийла хьийзийна,

Лай вина сингаттаман.

 

Ойланаш 1адийна

И узам бацара хедаш,

Ас цуьнга, ца ваьлла,

Шовкъйоцуш, дийг1ина ла.

Б1аьркореш т1адийна,

Сан ненан беснеш т1е ледаш,

Ткъевнечу йочано

Къуьйлура сан жима са.

 

Хиллачух ца кхеташ,

Бералла йоьдура хьаьдда,

Ца гойтуш суна шен

Самалхадаьккхина де.

Вистхила ца вуьтуш,

Лаамийн марзонех хаьдда,

Хеназа г1иттина

Ойланаш кхийдара т1е…

 

Сан жима дог хьаста,

Дуьйцура нанас цхьа «туьйра»:

Буьйцура, хьегавеш,

Баьццара зезагийн мохк.

Цу махке сатосий,

Луьстура ойланийн уьйраг.

Корах шен кадетташ,

Хьийзара сауьйзу мох.

 

Туьйране ладоьг1уш,

Со цергех хи дуьйлуш 1ара,

Сатуьйсуш, дийцинарг

Бакъ хилла, цкъа б1аьрга ган.

Доркъана тийжачу

Акхачу казахийн арахь

Ламанаш г1уьттура,

Ойланех хьекхалуш сан.

 

Т1екхийдаш кхозура

Стоьмашна дазделла гаьннаш,

Шовданаш декара,

Стигланаш лийчаеш чохь.

Буьйсанаш йогура,

Седарчийн серлонех 1аьнна.

Беснеш т1е барт бохуш,

Дайн х1аваъ хьерчара сох.

 

Мел дийцарх, ца к1ордош,

Леррина ладег1а лиъна,

Г1айг1анехь кхачалой,

Сан туьйра долура чекх.

Т1евоьхуш, хьегаме

Ойланийн сатийсам биъна,

Анайист хедаеш,

Туьйране кхерстара некъ.

 

Сан лаам кхийдара,

Пекъаран садуург довза.

Кхоьлинчу б1аьргаш чохь

Синхьаам лоьхура цуо.

Ца юьтуш чомахь сан

Къадоцу бералла ловза,

Басталуш бацара

Г1айг1ано къевлина гуо…

 

Ваханчохь, веанчохь

Сих-сиха хоттура нанас

Олура: «Х1ун дуьйцу?..

Ца боху, дуьгур ду ц1а?..»

Ма оьшуш бацар-кха,

Мел хиларх, дуьненан бахам,

Лаар-кха, ялале,

Дег1аста цкъа б1аьрга ган!..

 

Дависа, дуьне хьан,

Дависа, дай баьхна латта.

Дависа, генара

1уьйренаш, суьйренаш шун.

Шен махкахь нисделча,

Ма готта дацар-кха лахьта.

Син-маршо йихкина,

Хан яккха мел хала ду!..»

 

Мел дог1у де-буьйса,

Къахьделла, кхолламо луьстуш,

Кханенаш ягаръеш,

Сих ца луш, йоьдура хан.

Кхоьлина ненан юьхь,

Самалхадаьккхина, хьостуш,

Тидалуш дацара

Тембоцчу набаран г1ан…

 

 

*  *  *

Цамгаро, церг хьакхош

Юьхьдуьхьал оьг1азло тесна,

Цкъа суна гатбина

Хьовзийра кхолламан гуо.

Дог 1ийра сатесна,

Эшначу дарбанна лоьхуш

Дег1ана т1екховда

Ховхачу куьйган йовхо.

 

Сан б1аьргаш хьабдина,

Т1едоьжна ши нег1ар 1ара,

Шайна чохь лечкъадеш

Марзонех хьирчина васт.

Моьттина даьллера:

Доккхачу дуьненан арахь,

Меттара г1аттавеш,

Дарба дан говзанча вац.

 

Д1адевлларш, гулделла,

Б1арлаг1ийн г1енашка х1уьттуш,

Хьацаран к1ур вина,

Хьуьйсура хьегавеш со.

Бос баьхьна, этт1ачу

Балдаша шабаршца луьттуш,

Аз доцчу маьхьарца

Доьхура ненера г1о.

 

Йогучу алунах

Ц1е летта богура кийра,

Шена чохь лийчаеш

Йовхачу 1аьнаран тов.

Догдилла ца х1уттуш,

Дахаре хьоьжура г1ийла,

Ма-хуьллу д1атоьттуш

Кхолламо кховдийна дов…

 

Ц1аьххьана, г1оли еш,

Дег1ера лазар д1атийна,

Биллинчу б1аьргашна

Кхоьлина ненан сурт гуш,

Синхьаам денбелла,

Там хилла, со тийна 1ийра:

Ненан куьг доьжнера

Коьрта т1е, шен дарба луш…

 

Ненан б1аьркорашкахь

Суна сайн сурт хаалора.

Дагах чекх 1ийдалуш,

Ледара цаьргара нур.

Дендала детталуш,

Хьийзара кхачийна г1ора.

Кагдала сеттара

Цамгаро ластийна тур.

 

Меженех хьирчина

Ненан куьг дарбане хилла,

Еха юкъ ялале,

Когаш т1е х1оьттира со.

Ненан куьг, кхевдина

Дег1ана т1екхочехь хилча,

Цо лучу йовхоно,

Хьаам бой, шен дарба до.

 

 

*  *  *

Г1айг1ане т1екхийда

Б1ешерал дахделла денош,

Хьаьхнера, шерашкахь

Дагардарх, кхача ца луш.

Дог дууш, къардина,

Кханенах сатийсам хьегош,

Кхолламо, шад бина,

Хьулдинарг дацара гуш…

 

Хьаьхнера узам, кхин

Чекхбала т1аьхье ца хедаш,

Ког тийсарх, цуьнгара

Валалуш вацара со.

Схьаолуш дош доцуш,

Далхош дерг дацара кхеташ,

Схьадала г1ертара

Цо, дууш, гатдина са.

 

Да виса, дуьне, хьан,

Кхачалуш дацара лекъна

Ненан б1аьрч1урамех,

1ийдалуш, бухдуьйлу хиш.

Хеназа юьхь цоьстуш,

Хебарша м1араш т1ехьекхна,

Йохийна хиллера

Мискачу пекъаран йиш…

 

Даймахках даьккхина,

Кхолламо са гена даьхьна,

Хийрачу кху махкахь

Дуьнен т1е ваьллера со.

Ас кхузахь ядийна

Бераллин цхьа кийсиг яьхьна.

Дийцарехь, кхузахь сан

Дуьзнера х1инцца пхи шо.

 

Хиллачух, леллачух

Со х1инцца воьллера кхета.

Т1екхиа г1ертара

Кхетаман га тесна са.

Сан лаам хьаьгнера:

Кхин дег1ах кхоам ца хеташ,

Ненан дог 1ийшинарг,

Кагвина, дог 1аба цкъа…

 

Деган чов ца йоьрзуш,

Хиллера хийра мохк хьаьхна.

Цхьа нохчи ца вуьтуш,

Бохийна хиллера нах.

Бехкбоцуш, жа санна,

Лаьхкина, махкара баьхна,

Каш доцуш, чурт доцуш,

Эзарнаш беллера, бах.

 

До1анийн дехаршна

Делера къинхетам кхаьчна,

Генара сатийсам,

Хьаамбеш, бирзира ц1а.

Яхъелла буьйсанаш

Кхачийна, боданехь яьгна,

Даймехкан серлонах

Даьржира 1уьйренан са.

 

Сан ненан туьйранаш

Бакъ хилла, б1аьргашца луьттуш,

Дуьненан хазаллех,

Цецвуьйлуш, кхийтира чам.

Марзонийн кхаънашца

Вовшашка маршалла хоьттуш,

Баланех дайделла

Г1аьттира сан нохчийн къам.

 

Ненан юьхь екхаеш,

Сингаттам т1епаза байра.

Готтачу кийрара

Дог парг1атделира сан.

Малхо шен йовхонца

Къагийна з1аьнарш ца тайна,

Дешна д1аделира

Сауьйзуш дахделла 1а…

 

Б1аьргийн хи лечкъадеш,

Нанас кхин лестаяц куьйра.

Сахьийзош, сагатдеш,

Дуьненна ца йоьлху и.

Чекхдаьлла, кхачийна

Ас дукха ладег1на туьйра.

Мел дукха сатийсарх,

Нанас и дуьйцур дац кхин…

 

Декъала йойла и

Вайн синош кхоьллинчу Дала!

Дахаре га тесна,

Гергарло-м хадийра цо.

Кхин цунна хьег1ар бац,

Са1уьйшуш, дуьненан бала.

Дагах кадеттар дац

Дуьненан сингаттамо…

 

Делахь а, сан ненан

Узам бу тийналла лоьцуш,

Ойланех тийсалуш,

Хаац-кха, х1ун де бах цо.

Мел хьадарх, мел вадарх,

Цуьнгара вала йишйоцуш,

Сан лерехь текъаме

Мукъам бо цу узамо…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.