http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нохчийн поэтан Дакаев Саь1идбекан 60 шо кхачарна Печать Email

Байсултанов Дауд, филологин 1илманийн доктор (Бельгия)

(Поэтах лаьцна дош)

 

Со ца веана кху дуьнена,

Пусар доцуш бакъо хьеша,

Зоьртал хиларх, цхьана дена,

Горах1уьттуш, велакъежа.

(С. Дакаевн «Ишта дац и»

бохучу байт т1ера.)

 

Вайн къамел долош, цхьа к1еззиг поэтан дахаран некъахь авторна шена гинчух-зеделлачух хьахо а луур дара кхузахь...

1984-чу шеран аьхкенан цхьана дийнахь Аргун-г1алин МРУ-н предприятин кертахь дуьххьара т1е1оттавеллачу белхалочуьнга нисделира сан х1ара хаттар далар:

- Х1окху кертахь дирекцих 1оттаделла г1уллакх хилла  бакъдерг дуьйцур долуш мила карор вара-те?

- Д1о тракторни цехехь болх беш ву хьуна Дакаев Саь1идбек бохуш цхьа г1оьрдало, хьаьрсачу аматехь а волуш, т1ехьаьжначо ц1ена г1азакхи ву а эр долуш, ондочу дег1ахь жима стаг. Бакъдерг охьадуьллур долуш а ву хьуна, эшахь, хьуна юххе х1оьттина, летта лийр волуш а. Писатель ву, бохуш а вуьйцу иза, амма цуьнах дерг хаац суна. Директор боху ахь, министрах а озалур волуш ваций-м хаьа суна!

Ишта «пропуск», аьлча а, «характеристика» елира оцу белхалочо кхьо-диъ шо хьалха республикански «Пхьармат» олучу къоначу яздархойн цхьанакхетараллехь суна гинчу а, цул т1аьхьа цкъа-шозза т1екере хиллачу а Дакаев Саь1идбекана.

 

Иза 1981-чу шарахь араяьллачу «Дегнийн йовш йоцу ц1е» бохучу стихийн гуламан автор вара. Нохчийн поэзехь вевзаш а, ешархочо нохчийн къонан литературехь онддачу дегайовхонца ц1е йоккхуш поэт вара… Цул пхийтта шо хьалха – шен вуьрх1итта шо кхочуш – вайн г1араваьллачу поэта Мамакаев Мохьмада къоначу авторан зорбане яьллачу стихийн кочарна хьалха дикачу дош аларца къобал вина, дас к1ант санна, поэзийн новкъа ваьккхира Саь1идбек. Ишта д1аболабелира поэтан дахаран некъ.

 

...Нохчийн къоман «Вайнах» ансамблехь профессионалан декъехь дечиг-пондар, ишта кехат-пондар хаарна схьаэцна дуьххьарлерачех декъашхо вара Саь1идбек… т1аккха – МРУ-хь фрезеровщик, оператор... Эццехь голатуху дахаро – иза Университете деша воьду... Филологически факультет чекхъяьккхинчул т1ехьа №29 ПТУ-хь нохчийн меттан а, литературан а хьехархочун болх бо, цул т1аьхьа – республикан Парламентехь ведущий специалист хуьлу, юха – республикански телевиденехь культуран отделан  директор х1утту...

 

Нехан а, шен а диканехь-вонехь, иштта чохь-арахь – мел лаххара  а ткъе итт шарахь ган-вовза йиш хилла х1окху мог1анийн авторан Дакаев Саь1идбек. Хийла а масал далор дара кхузахь оцу шерашкахь цуьнгахь сайна гучаъяьллачу къонахаллехь, оьздангаллех, тешаме, б1окъажор боцуш накъост хиларх а. Амма Саь1идбек, уггара хьалха, поэт ву, и хилар бахьана долуш ю тахана цуьнан юбилей, цундела цуьнан поэтически йозанера масалш далор хета коьрта декхар.

Хууш ду, бакъволу яздархо – шен дашца, леларца, вахарца, кхолларца – шен заманна а, ша вехачу юкъараллина а, муьлххачу адамана хьалха а ша жоьпаллехь хеташ хуьлу. И шен жоьпалла д1акхехьа, дахаран чолхечу хаттарна жоп лаха, и дала, цхьа похьма тоац, хила еза цуьнца граждански къонахалла а, вон а, дика а къастон хьекъал а, бохам лан доьналла а, нехан диканах воккхавен ц1ена дог а.

 

Дакаев Саь1идбек, шеца долчу поэтически похьманца шена т1ехь и жоьпалла хаалуш, шен даша т1ехь, шен граждански позици т1ехь латта къонахалла а, доьналла а долуш поэт а, гражданин а хиларна, оцунна т1ехь цуо шегара мискъала зарратал шалхо ца ялийтарна тоьшалло до и вевзача яздархоша, цуьнан поэтически произведенеш ешархоша.

Кхузахь нохчийн литературехь гоьваьллачу яздархочун Султанан Яшуркаевн дешнаш дало луур дара суна С. Дакаевн кхоллараллех лаьцна: «Саь1идбек Дакаев нохчийн литературехь шен къаьсттина меттиг д1алоцуш, шен ешархо волуш поэт ву. Цуьнан шен некъ бу поэзехь, цхьаьннех тера боцуш я тера хила г1ертарца боцуш»...

Саь1идбекан лирикан турпалхочо ишта боху:

 

Т1е ма да хьо,

Г1изби ваьлла лелар,

Хьаставелла,

Дог ца дог1уш велар.

1ехавелла,

Тешам боцчух тешар,

Хьераваьлла,

Латта эрна хьешар.

Т1е ма да хьо,

Аьлларг аьлла доцуш,

Доьша даар

Бен, кхин гуьнахь доцуш...

 

(«Т1е ма да хьо».)

 

Дахарехь дукха ца караво шен хьежамашца гала-морзаха ца волуш, олучу дашца а, дахарехь ша боккхучу когаца а нисса ваьхна, вехаш волу яздархо. Цуьнан дош деза, маь1не, лераме хуьлу, ишттачух олу – дешан да. Ешархочун эсехь даха а дуьсу ишта дагах кхеташ аьлла дешнаш:

 

...Даймахках хийца йиш йоцуш,

Суна чохь мерза са лелахь,

Лаьтта т1ехь

кхин рицкъа доцуш,

Сох некъан к1арлаг1а елахь...

 

Синкъерамехь-шуьнехь олучу дашна т1ехь цхьаьннега шегара хьалхе яьккхийтур йоцуш, амма шен кевнал арахьа деанчу вонехь нехан баккъаш т1ехьа юьстахваьлла лаьттачу «дешан говзанчах» кхаьрдина поэтан лирикан турпалхо:

 

Цкъа цхьана поэто,

Байташна вешначохь,

Т1аьххьара дег1ан ц1ий

Халкъана, махкана,

Ца кхоош «д1аделира».

Цул т1аьххьа цо эшначохь,

Къоначу дахарна

Мел ч1ог1а дехча а,

Цхьа т1адам ца белира...

 

1аламах, безамах, муьллхачу хиламах делахь а ша тайпа, шена карийна а ду Саь1идбекан дош, шен хат1 долуш ду цуьнан поэтически йоза.

Лирически ховхалла, алу  йоьтту публицистичность, ойланан философски к1оргалла ю карор ю ешархочунна Саь1идбекан поэтически йозанехь.

Цундела дукха а везара Саь1идбек, цуьнан поэзин лакхара мах а хадабора тахана вайна юккъехь боцчу яздархоша – Шима Окуевс, Дадаша Байсултановс, поэташа Хьусейна Хатуевс, Зайнди Байхаджиевс, кхечара а. Дала гечдойла царна массарна а! Цара цхьа амал билгалйоккхура Саь1идбекан: иза шен дешан да хилар – ша олучу а, деллачу а, яздинчу а. Цуьнан шен дешнашца аьлча:

 

Сихо мелла,

Ойла яр а доцуш,

Дош д1акхоссахь,

Воцуш цуьнан да.

Дохковаларх,

Дог шен бале лоцуш,

Вуьтур ву цо

Шен юьхь1аьржо лан.

 

Саь1идбек уллера вовза йиш хиллачо лакхахь аьллачунна кхин а т1етухур дара х1ара а: стагана т1аьхьашха дош алар шеца луьйш-олуш волчунна – дашна томана а – оьзда ца хетар (и стаг шена мел ца везаш я  шега ачо йолуш велахь а), ишта хьанна хьалха а, муьлххачу меттехь, моттарг1анаш ца лелош, дуьненахь ша верг хилар а – собаре, оьзда, цхьанненна а хьалха б1о къажор боцуш...

 

Цхьаволчо, букъ тоьхча,

Т1ахьашха ластадо дош,

Мокхачу лаьхьанан елахь а,

Шалхонца, юхь-дуьхьал къежа.

 

Х1ора дешан мах а, маь1на а дика хаарца, ша д1а мел олу дош оьзда, лер-аларехь товш хилар а цхьа говзаллин са лара а бог1у поэтан. Юххьенца дуьйна Саь1идбека хьалха даьккхина   поэзин лехамашкахь барамал т1ех дикалла лехар а карадо ешархочунна цуьнан лирикехь.

Цундела ду аьлла хета поэтан шина гуларна – 1981-чу шарахь араяьллачу гуларна а («Дегнийн йовш йоцу ц1е»), шолг1ачунна а – 2005 арахецначу («Дог дуьйлина мерзаш») – юккъехь йоккха юкъ хилар а. Лаа ца аьлла поэта х1ара дешнаш а:

 

Ца оьшу дог доцу дикалла,

Ца оьшу шовкъ йоцу илли –

Ца эшахь, ницкъ ца беш дитал и,

Ца к1амдеш, шен меттахь 1илла.

 

Халкъана, махкана т1едеанчу вонна юьстахваьлла латкъамаш бан ца х1утту Дакаевн лирикан турпалхо – цуьнан аз хьекъален къаночух – собаре, доккхачу доьналлица, жимма а шеца адамалла йолуш волчунна хьанна а,  эхь хетийтур долуш, дека:

 

Дарделла,

вай стенга сихделла кхача,

Некъ мел бу

1енадеш ц1ийн 1оврийн тача?

Шен чомахь

б1аьсте а йитий вай яла,

Витий вай

маьрша стаг чу-ара вала?!

Даймехкан

юьхь-дуьхьал ямарт ца къерзаш,

Дитий вай

цо къуьйлу чов-лазарш дерза?

Ма тоьъна,

ма хьаьхна,

коьртан хье къуьйлуш,

Герзаша еттачу

вотанийн куьйла...

 

(«Ма тоьъна, ма хьаьхна...».)

 

Адаме, дахаре болу лазаман хенан-меттиган дозанаш ца детта Саь1идбека шен поэзехь: ца доькъу адамаш тайпа-тукхамашка, халкъашка, пачхьалкхашка...

Иза воккхачу поэтан кхоллараллин башхалла ю.

Иштачу поэта х1окху маьлхан дуьнен т1ехь мичча меттехь долу Вон лору шена ч1ире а, адаман дахарна бехке а:

 

Давис-кха, дуьне, хьан!

Дерриге х1оъ-молха

Дахарах лардина,

Сайн кийра тардина

Эккхийта.

Цул т1аьхьа дахаре,

Д1акхаччалц эхаре,

Шен зама самукъне,

Баланийн садукъдеш,

Яккхийта...

 

Поэтан лирикан философски тематикехь, вайн поэзехь къаьсттина меттиг д1алоцуш хета «Кешнашкахь ойланаш» ц1е йолу стихотворени. Иза йоьшуш, цуьнан х1ора дош ж1аьвнан озан кепехь дека ешархочун кхетамехь. Ешна ваьлча, х1оранна дагатосу: «Х1ара ду-кх вай дахарехь идийначу некъийн жам1, харцдуьненна а, бакъдуненна а юккъера зил»:

 

Кху кертахь цхьа а вац

Меттаххьовш, дийна.

Х1ораннан х1усам ю

Тапъаьлла, тийна.

Гаттий ду урамаш,

Т1едоьлху некъаш.

Цхьа а вац дахарна

Велалуш, текъаш...

 

Ешархочунна, х1оранна, ойла ян,  пхьид эккхал бен йоцу хан дуьнен т1ехь ша-ша муха яьккхина, адамашна  дуьненахь х1ун коьрта хета, х1ун леладо, муха деха – абадеца дуьстича – цуьнан инзаре к1езгалла, адаман б1аьрзалла  гойту  автора:

 

Дозанаш билгалдеш

Керташ яц гонах,

Махьмара ваьлларг вац,

Ву бохуш къонах.

Базаран басарш дац,

Бац къера дуйнаш.

Дарбелла, вовшашна

Лестабац буйнаш.

 

Дуьненахь доллучу коьрта рицкъа-даьхний лахарца а, хьал-ницкъ хиларца а адамо къестамаш бар х1умма доцу х1ума хиларна ойла йойту х1ара мог1анаш дешча:

 

Даьхний дац, жаш а дац

Цанашлахь дежаш.

Цхьанне а бахам бац,

Воккхавеш хьежа.

Цхьаъ бу х1орш берриге

Тайпанан, ц1ийнан,

Харц я бакъ дуьненан

Куьйланехь 1ийна...

 

К1орггера чулацам болуш, ойлане, поэзин лаккхарчу лехамашна жоп луш язйина дуккха стихаш ю Саь1идбекан 2005-чу шарахь араяьллачу «Дог дуьйлина мерзаш» ц1е йолчу гулам т1ех. Царех  ю: «Сан дахар», «Адам ду со», «Сан даймохк, нагахь со...», «Нене», «Цхьа дехар», «Йоьхна 1уьйре», «Ца делла», «Ишта дац и», «Адамаш дацара», «Куралло ват1ийна...» кхин а, ишта поэма «Генара аьзнаш» а.

 

Дакаевн поэзийн чулацаме, пайдаэцначу поэтически г1ирсашка даьккхича леррина къамел дан оьшу дела, цунах лаьцна доцца, лакхахь аьллачунна т1етохарца, кхин цхьа башхалла хилар а хьахор вай – поэтан мотт.

 

К1орггера, чулацаме, оьзда, исбаьхьа.Тахана буьйцучу, хуучу нохчийн маттера хийла д1адовш долу дуккха дешнаш авторна маь1на дика хаарца шайн-шайн меттахь далийна карадо ешархочунна «Дог дуьлина мерзаш» ц1е йолчу гулам т1ехь: аналла, хьагам, антал, гурам, кхевсе, ковра, аьхза, важап, окхеш,текъа, руьйта, кхимар, там-товраш, синхьаам, хьун-басе, къурло, жирга, шелг1а, ч1иркъе, гечо, алх, 1аспар, совра, хьун-тог1е, дур, т1ег1а, сет и.д1.кх. (200-204 аг1онаш).

 

И дешнаш  луг1ат т1ера «гайта» лехьийна, т1улгаш санна, байташ «къаго» юкъакхийсина дац поэта. Мотт шена кхачаме хаарца, х1ора дешан маь1нийн доза-барам шена вуно дика бовзарца, шен мет-меттахь далийна го.

 

Автора ишта говза далийна цхьамог1а исбаьхьаллин меттан дустарш: къаной санна (къоьжа – 17 аг1о), х1ордан тулг1еш санна (мохо ловзаеш – 17 аг1о), ткъес санна (къовкъа, ласто – 78 аг1о, 166 аг1о), эмалк санна (терсаш – 86 аг1о), полла санна (т1емаюьйлуш – 86 аг1о), бад санна (техкина – 95 аг1о), шовда санна (дагах дуьйлуш – 100 аг1о),  бод санна (сийсаш – 191 аг1о), нускал санна (зазах ийна – 107 аг1о), 1адийча санна (сецваьлла – 120 аг1о), сет санна (къеста -36 аг1о), 1ад санна (дуьйлина, сеттош – 158 аг1о), даш санна (язъелла – 156 аг1о), соз санна (текха – 159 аг1о), 1аж санна (йогу – 160 аг1о), муш санна (текхо – 165 аг1о), лам 1адо санна (маьхьарий довла – 166 аг1о), пха санна (сетта – 142 аг1о), бодашкахь механ г1ад санна (ян – 170 аг1о), берд санна (дуьхьало – 185 аг1о), чурт санна (латта – 192 аг1о), чиркх санна (безамехь – 194 аг1о) кхин а.

 

Поэта буьйцучу говзачу маттахь ша-тайпа исбаьхьа г1ирс хилла лела цхьамог1а фразеологически аларш а.

Далор вай царна юкъ-юккъера цхьадерш оцу поэтически гулар т1ера: дог эцна (13 аг1о), к1еж туьйсуш (13 аг1о),  кхане йоцуш (15 аг1о), лар йоцуш (19 аг1о), ког х1отта (19 аг1о), меттан буьххьехь (21 аг1о), некъ эцна ван (23 аг1о), гечо даста (30 аг1о). Т1аьхьарчу некъа вала (32 аг1о), къурд ала (33 аг1о), чам байна (36 аг1о), де эшна (38 аг1о), де доьхна (38 аг1о), дуьне даар (46 аг1о), са мере кхачо (50 аг1о), карахь-куьйгахь доцуш (52 аг1о), шалха мотт (54 аг1о), б1аьрг буьзна (59 аг1о), букъ тоьхча (64 аг1о), багахь лом лаьцнехь а (70 аг1о), дош-даше дала (74 аг1о), даьсса дош (78 аг1о), махьмара ваьлла (88 аг1о), урх хеца (96 аг1о), дуьне мел ду (107 аг1о), лерехь зурма лекха (118 аг1о), хат1е хила (129 аг1о), лергах мехий даха (133 аг1о), са т1ома дала (140 аг1о), доь доцуш (152 аг1о), шена некъ бостуш (153 аг1о), юкъ ехка (167 аг1о), лерган дуьхьиг ца ухьуш (169 аг1о), тов-таза лела (178 аг1о), цхьалха даккха (183 аг1о), шийла кхаъ (198 аг1о) ишта д1а кхин иттаннаш а.

Шеко йоццуш ткъоалг1ачу б1ешеран чаккхенехь нохчийн литературе баьхкинчу дешан говзанчех ненан мотт уггаре говза а, к1оргера а, нийса бийца хуучу – иза а ду коьртачарех! – яздархойх цхьаъ ву поэт Саь1идбек Дакаев.

 

Къамел дерзош, даггара ала лаьа: цкъа а Саь1идбек санна болу яхь йолу к1ентий ма эшабойла... Г1оьрдална, нохчийн къомана, Нохчийчоьнна... иштта поэташ нохчийн литературана а…

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.