http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


"Мискачу гусарах алийша дош…" Печать Email

Усманов Аман

 

28-чу январехь Нохчийн Республикан культуран министерствон цу 1алашонна готтачу х1усамехь НР-н къоман библиотекин белхахойн хьошаллица д1аяьхьира нохчийн яздархочун Алиев Г1апуран 60 шо кхачарна лерина суьйре. Шайн марзо йолчу авторан сий дан баьхкина нах, г1анташ т1е тарбеллачул т1аьхьа, ирахь пенашца а, сени чохь а д1анисбелира.

 

Суьйре д1аяьхьира шен оьздачу дашо вайн б1аьрг буьзна волчу Ибрагимов Ризвана.

Хьалхарчу дешан раг1 кховдийра х1усамдега, махкахь а, дозанал арахьа а вевзаш-везаш волчу г1араваьллачу хелхарче, культуран министре Музакаев Дикалуга. Хан ца кхоош, «ког хецца» юбилярах, цунна хьакъ долчу кепехь, дина шен къамел дерзош, министро, беран хенахь дуьйна иллеш дохуш а, оьрсийн иэсехь лараме висинчу илланчин Утесов Леонидачух терачу озаца ша уьш д1аолуш а волчу Алиев Г1апурана совг1аташ деш, белира мехала дечиг-пондар а, куьцехь йолу бакъволчу нохчочун дог хьосту шаьлта а. Амма шен коьрта совг1ат лерира цо юбиляран некха т1е ша оьллина Димаев 1умаран ц1арах йолу мидал.

Делахь а суна цул а деза хетта совг1ат кхин дара: цу муьрехь белхан хьашташ кхочуш дан махках валар нисделлачу нохчийн яздархойн союзан куьйгалхочо Абдурахманов Дукхвахас дитина кост схьахьедира цуьнан векало – республикан лакхарчу куьйгаллехь барт хилла а даьлла кехаташца дерг цхьалхадаллал бен юкъ ца йисна Алиев Г1апурана «Нохчийн Республикан халкъан поэт» аьлла ц1е ялан; цу хьокъехь шен ц1арах х1ара декъалвар а, ша махка вирзинчул т1аьхьа и г1уллакх чекхдоккхург хиларан тоьшалла дар а т1едиллина хиллера кхунна. Иза хьакъ болу кхаъ бара. Г1апуран яздархочун пох1ма масех аг1о лоцуш хилар – иза лаккхара т1ег1а долуш оьрсийн а, нохчийн а маттахь байташ язъеш поэт а; прозаик а, драматург а хилла ца 1аш, дог делхош илланча хилар а дуьйцура цуьнца хьалакхиъначу Нохчийчохь бевзаш болчу цуьнан юьртахоша а, республикехь а, арахь а г1арабевллачу нохчийн яздархоша а, белхан накъосташа а.

Юбилярана дечу хазачу тоьшаллашна юкъ-кара артисташа бохучу цуьнан иллешка ла а доьг1уш, дош ала ка ца яьллачу ас сайн дагахь ойла йора.

Бераллехь дуьйна, схьадийцарехь, Алиев Г1апураца хьакхавелла волчу цхьана хьешо шен дашехь элира - цуьнан кхачам боллуш мах хадо а, и к1орггера вовза а цуьнца хьалакхиъна хила веза, аьлла.

Ткъа суна хетарг ишта дацара. Тхойша цхьана министерствехь балхахь волу пхи шо делахь а, сан, Г1апуран, вовшашна наггахь гар доцург, кхин юкъаметтиг хилла яц. Цуьнан шина а маттахь зорбане юьйлу байташ сайн дагна даьтта хьоькхуш карийча, т1аьххьарчу хенахь церан автор и вуйла а хиъна, сайн цуьнга кхоллаелла шовкъ хьахош, шозза-кхузза со д1авистхилар доцург тхойшиннан кхин гергарло а дац.

Амма, муьлххачу а цуьнан байташ ешархочун санна, уггар юххерачу цуьнан доттаг1чунна ма-вовззара, сайна а иза вевзаш хиларх шеко яц сан. Х1унда аьлча, хьахийча мил-милла а шех кхетар воцу ойланаш; Даймахках, шен къомах 1ийжачу деган лазам; 1аьржа марха хилла т1етовжийна лаьтта харцо 1еткъар, луьрачу т1емашкахь, ямартлонца йохье бохуш, х1аллакбинчу сий долчу к1енташна доьлху дог, мостаг1аша дожийначу иймано бехдинчу къомана орцах вала ницкъ боцуш халчохь хилар – массо а, ойла хьийзош болу, дагт1ехь лаьтта чорда баланаш шен мог1аршкахь балхош, Делера доцург кхача орца доцуш, кху халчу заманан къизалла хьоьгуш болчу нохчийн дог оьцуш волу автор; шен иллешца сан деган мерзаш хьедеш, доьлхучу шен даго сайниг делхош – син бала байбеш; шен деган к1оргенаш сайчаьрца йог1уш хилар йозанехь гойтуш волу – вевза дера-кх суна-м Алиев Г1апур, схьахетарехь, ша Дала дуьненчу кхоьлличхьана-м! Мел вевза-м белар-кха и саннарш вайн Нана-Даймохк сийсош! Ма хала дацар-кха х1ара харц дуьне т1аккха!

Ох1ла цахиларе терра, ларамаза «хьакхавалар» доцург йозанца юкъаметтиг йоцчу ас, жимчу беро санна, чулацаме нисъелча, йоьшучу байташкахь церан «шералла» лоьху. Ткъа иза, ма-хаъара, уьш низаман лакхарчу т1ег1ан т1ехь хилчий бен нислуш дац. Низам гойтуш йолу аг1онаш, къаьсттина нохчийн маттахь йолчу байташкахь, дукхахьолахь, эшамехь хуьлуш ю. Т1аьхьарчу пхеа шарахь зорбане евлла нохчийн байташ зийча, церан низам оьрсийн маттерачеран т1ег1ане кхачош дукха авторш бац. Алиев Г1апуран кхолларалла цу хьолехь ала х1ума доцуш ц1ена ю.

Тахана Нохчийчохь соьга нисъеллачу байтийн авторех, Г1апура санна, оьрсийн а, нохчийн а маттахь язъечу байташкахь цхьатерра лакхара низам гойтуш верг наггахь бен вац. Иза а ду Алиев Г1апур рог1ерчу поэтех цахиларан тоьшалла – нохчийн маттерачу поэзехь байтийн чулацаман къорге а, церан низаман лакхалла а хьесапе диллича, цуьнан пох1ма а, говзаллин т1ег1а а, сан шеко йоцуш, массерачул а лакхара ду.

Сан кхетамехь, къонахчун коьрта билгало ю шен къоман сий дуьненан меха хилар. Б1аьрхиш легош, дег1ехь зуз латточу Г1апуран иллешка ладоьг1уш волчунна даго хьоьху шен къоман бала шечул беза хилар б1аьрг баьллачунна а гуш волу автор Дала нохчийн къоман т1амарх кхоьллина вуьззина къонах хилар.

Таронах Дела вина б1арзъелла ойланаш дуьненчохь хьийзачунна т1ехьаьжча «миска» хеталуш; юучу сискалал, духучу барзакъал мехала кху дуьненчохь дуккха а х1ума дуй хаъал дог дуткъделлачунна «гусар» вуйла хууш волчу Алиев Г1апурана зеделла хетало дукхах болчу нахана цагуш долу дуьненчуьра Делан кхолламан коьрта маь1на. Цунна дуй-те цуьнан тахана шен куьцехь эпсаран кеп нисъян ца г1ертар?

Схьахетарехь, дерриг нохчийн къоман бала чутарбинчу цуьнан 1ийжачу дагехь йолу г1айг1а дуьсур долчу кху дуьненах ойла херъеш хила еза. Т1аккхий бен шен барзакъан башхалла лазамехь йоцуш ца хуьлу стаг. Шена дукха везачунна балий, г1айг1ий эшор дац Ша, аьлла, дош ду боху Делан – ткъа Ша дуьненан даржех уггар лакхара поэтан дарже кхачо ирсе кхоьллинчу Алиев Г1апурана Цо иза доза доцуш кховдийна. Кхин х1ун тоьшалла деза вайна поэт Алиев Г1апур декъал вина хиларан? И санна сийлахь к1ентий дебабойла Нохчийчохь цу везчу Дала!

Цу везчу Дала, т1аьхье беркате еш, йоле дуьллийла, х1ицца бен ваха волалуш воцчу хьан, цкъа б1аьрга нег1ар тоххал бен доцу, хьалхара 60 шо, тхан хьомсара доттаг1!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.