http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


МАШАРАН ЧIЕГIАРДИГ Печать Email

Саиев Iумар

 

 

 

Нохчийн Республикан пачхьалкхан

гIараяьлла дуьнен тIехь евзачу ≪Вайнах≫

ансамблан 70 шо кхачарна лерина

 

Сцена мел ю, ткъесан шовкъехь кхехкаш,

ЦIоькъалоьмах хьаьвзий, бугIуш бохь,

Ахь цецбаьхна биси дукха мехкаш,

«Браво» дош хозуьйтуш кхаьчначохь.

 

Ахь ца вити цхьа а къомах кхарда,

Оьзда гойтуш нохчийн амал вайн.

Цундела бу кхечу къаьмнийн бардаш

Нохчийн маттахь иллеш олуш шайн.

 

Дуьне мел ду, доттагIалла шордеш,

ЧIегIардиг а хилла машаран,

«Вайнах» лела, кIад ца луш, ца кIордош,

Кхойкхуш адмаш вовшех дашаре…

 

ЛагI ма делахь, варийлахь, хьайн болар,

Къам мел деха, яха йисалахь…

Хьо кхаьчначохь ахь мел боккху толам

Хьоьца бекъа халкъ дуй, хаалахь!

 

 

2009 шо.

 

 
©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.