http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Гочдарш Печать Email

Бурчаев Хьаьлим вина 1956-г1а шеран 26 июнехь Каз. ССР-н Акмолински областера Тургеневка юьртахь. Цу шарахь Даймахка ц1а бирзина церан доьзал, Нажи-Юьртан к1оштара Ялхой-Мохк  юьрта. 1963 шарахь вахана иза шайн юьртара ишколе. Иза цо чекхъяьккхина 1974-чу шарахь.

1975-г1а шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетера филологически факультетан къоман декъе деша вахара Хьаьлим. 1980-г1а шарахь и чекх а яьккхина, Ялхой-Махкара ишколехь оьрсийн а, нохчийн а меттан хьехархочун къинхьегаман некъ д1аболийна цо. Цул т1аьхьа, 1997-г1а шарахь, Шелковски к1оштара Червленни станицера 1-ра ишколехь исс шарахь нохчийн моттий, литературий хьийхира.

2004-чу шарахь дуьйна «Орга» журналехь критикин а, публицистикин а декъан редакторан декхарш кхочушдеш вара Хьаьлим, ишколехь болх а беш. Карарчу хенахь «Орга» журналан коьрта редакторан г1оьнча ву. 2006-г1а шарахь дуьйна «Грозный» телерадиокомпанехь гочдархо а, ткъа  2010-г1а шарахь НР-н Академин литературин декъехь лакхара говзанча а ву.

Бурчаев Хьаьлим дуккха литературни критикин белхийн автор ву. Иштта цо яздо дийцаршший, очеркашший, стихашший. Нохчийн поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан исбаьхьаллин меттан дошам а х1оттийна цо. Иштта Хьаьлим дика гочдархо а ву. Цо нохчийн матте гочйо нохчийн 1илманийн статьяш, оьрсийн яздархойн говзарш а.

 

АНТОН ЧЕХОВ

Говран фамилии

 

ХIинца тIeмaн гIуллакхдеш воцчу инарла-майоран Булдеевн церг лазаяьллера. Цо бага къаьркъа а, коньяк а кхорзура, лозучу церга тIe томканан гIир, скипидар, мехкадаьтта дуьллура, бесни тIe йод хьоькхура, лергаш чу боьллина спиртаца башийна бамба а бара. Амма оцу дерригено а цхьа а гIоле ца еш, мелхо а дог коьрчуьйтура. Лор а веанера. Цо церга юкъа цхьацца xIyмa Iиттира, «хина» олу молха а яздира – цо а гIo ца дира. Лозу церг дIаяккхийта езара боху хьехар шена дича, инарлас, ша цунна реза вац, элира.

ЦIахь мел верг  –  зуда а, бераш а, ялхой а, юург ечун гIоьнча жима Петька а цхьаьна, – шен-шен дарбанаш хьоьхуш вара.

Цу юккъехула омранча Иван Евсеич а веара, цо хьехар дира, хIумахуучун гIоьнца дарба лело деза аьлла.

– Кхузахь, вайн уездехь, хьан локхалла, – элира цо, – итт шо хьалха гIуллакх деш вара Яков Васильич. Цо лелош хилла цергашна луьйца йолларан дарба ша саннарг кхин доцуш дара. Цо хIун дора: корехьа дIавоьрзура, шабар-шибар дора, туй туьйсура, тIe куьг хьаькхна схьаэцча санна, лазар дIадолура. Иштта ницкъ бу-кх цунна Дала белла...

– Мичахь ву и?

– Ша балхах мукъаваьккхичхьана, Саратовхь  шен стуннана йолчохь Iаш ву. ХIинца еккъа цергийн гIоьнца шена рицкъа доккхуш а ву. Нагахь цхьана стеган церг лазайолий, цунна тIe боьлху, цо гIo а до... Саратовранаш шен цIахь тIеоьцу, ткъа кхечу гIаланашкара хилахь, телеграфехула дарба леладо. Хьан локхалла, депеша яхьийтахьа цуьнга : иштта а, вуьшта а ду…  Делан лайн Алексийн церг лозу, доьху гIодар аьлла. Дарбанаш лелорна догIу ахча почтехула дIадохьуьйтур ахь.

– Цхьа а чот йоцу xIумa ду! Нах Iехабо!

– Цкъа xIyн хуьлу хьажахьа, хьан локхалла. И малар дика молуш а ву, шен зуда Iад а йитина, немкица Iаш а ву; багалеян мел дика хаьа цунна! Амма цхьацца Iаламаташ хIитто хууш стаг ву ала-м мегар ду цунах!

– Хаамбехьа цуьнга, Алеша! – дехаре елира инарлин зуда а. – Хьо ца теша луьйца йолларх, ткъа ас цуьнца дарбанаш лелор сайна тIехь зийна. Ца тешахь а, хIунда ца яздо? И бахьанехь куьг охьадужур а ма дац.

– XIa, дика ду, – резахилира Булдеев, – иштта вочу хьолехь волчо, цуьнга-м хаац, шайтIане а язйийр ю депеша... OxI! Кхин тоха са дац! XIa, мичахь вехаш ву и хьан? XIун язда деза цуьнга?

Инарлас, стоьла хьалха охьа а хиъна, йозанан гIирс схьаийцира.

– Иза-м Саратовхь муьлххачу а жIаьлина а вевза, – элира омранчас, – дIаяздел ахь, хьан локхалла, Саратов-гIала, иштта... Цуьнан оьздалле Яков Васильиче...

– ТIaккxa?

– Васильиче… Яков Васильиче… ткъа фамили... Ткъа фамили йицъелла-кх! Васильиче…  Муха яра цуьнан фамили? Хьалхо, кхуза схьавогIучу хенахь, дага ма йогIура... Собарделахь!

БIаьргаш тхов тIe а боьгIна, балдаш меттахъхьеда волавелира Иван Евсеич. Булдеев а, цуьнан зуда а собар дайна, ладоьгIуш Iapa.

– TIaккxa? XIун ду? Сихха ойлае!

– ХIинцца... Васильиче… Яков Васильиче… Дицделла! Иштта цхьа яккха атта фамили... говран йолуш санна... Кхелаев? XIa-хIа, Кхелаев яц. Собарделаш... АйгIаров ю-те? XIa-хIа, АйгIаров а яц. Говран фамили хилар дагадогIу, ткъа муьлхарниг – коьрта чуьра дедда-кх...

– Бекъаев?

– Янне а яц. Собардейша... Iаспаров... Iаспараев... Динбергаев…

– Иза-м бецийниг яра, говраниг яц. Говраев?

– XIa-хIа, Говраев а яц... Динбекъаев... Гилаев…

– XIa, тIaккxa муха язда деза ас цуьнга? Ойлаел ахь.

– ХIинцца... МулгIаев... БIарзаев... Кхелбекъаев...

– Чаболов? – хаьттира инарлин зудчо.

– Янне а яц. Нуьйраев... Иза а яц. Вицвелла!

– Вицвелла хилча, хьайн хьехаршца юкъа стенна гIepтa хьо, шайтIано дIаэцарг! – оьгIазвахара инарла. – Яхийта кхузара!

Иван Евсеич меллаша аравелира, ткъа инарла, шен бесни а лаьцна, чухула дIасалела волавелира:

– Вай, сан дада! – мохь оьхура цуьнан. – Вай, сан нана! OxI, xIapa маьлхан дуьне а гац-¬кх суна!

Омранча, беша а вахана, стигла хьала ши бIаьрг а хьажийна, Яков Васильичан фамили дагаяийта гIepтapa:

– Говрбекъаев... Динбереев... ЙоргIаев... XIa-хIа, и яц... Расхаев... Яйдакхаев... Кхиэзаев…

Жимма хан яьлча иза чукхайкхира.

– Дагаеаний хьуна? – хаьттира инарлас.

– Дера еа, хьан локхалла!

– Береев-м вац и? Юмаев? Вац?

*  *  *

Инарлин кертахь бехарш, ша-ша хьалхалелхаш, фамилеш кхолла буьйлабелира.

Дагардира массо а говрийн xIy, хенаш, беснаш, дагаяийтира кхес, бергаш, говран гIирсаш... ЦIа чохь а, бешахь а, дIабуьйшучу чохь а, юург ечу чохь а цхьана сонера вукху соне дIасалелара адамаш, шайн кIес а кIамъеш, цара фамили лоьхура. Омранча сих-сиха цIа чу кхойкхура:

– Ремаев? – хоьттура цуьнга. – Бергаев? Луьйтаев? Иэмалков?

– Янне а яц, – жоп лора Иван Евсеича, тIaккxa, ши бIаьрг хьала а хьажабой, барта ойланаш ян волалора:

– Говрмерзаев... Динбухкаев... Вирбекъаев...

– Папа! – маьхьарий деттара берийн цIа чуьра схьа. – ГIудалкхаев! Милкаев! Вордаев!

Ерриге ков-керт карзахъяьллера. Балахьегарна собар кхачийначу инарлас пхи сом ахча кхайкхийра, боккъал йолу и фамили дагаеанчунна дала, цундела Иван Евсеична тIаьхьахIиттина адамийн дийнна тобанаш лелара…

– Буораев! – олура цуьнга. – Йортаев! Iарчаев? Ретингов, ЧIегIардигов?* Гаьллашев?

Суьйре а тIe кхечира, амма фамили карийна яцара. Иштта дIабийшира берриге а, кхин телеграмма а ца йохьуьйтуш.

Инарлас оцу дийнна буса наб ца йира, цо, цхьана сонера вукху соне волуш, узарш дора. Iуьйккъехь, кхо сахьт долучу хенахь, цIа чуьра ара а ваьлла, омранчин кор туьйхира цо.

– Алашаев-м яц и? – велхаран чIиччIашка воьдуш хаьттира цо.

– XIa-хIа, Алашаев яц, хьан локхалла, – бехкалавахна, доккха са а доккхуш, жоп делира Иван Евсеича.

– Ткъа и фамили, говраниг а йоцуш, кхиниг хила а ма мега!

– Сан дош бакъ ду, хьан локхалла, говраниг ю... И суна чIогIа дика дагадогIу.

– Иштта хиллийца хьо, ваша, xIумaннa вицлуш... И фамили хIинца суна дуьненахь массо а хIуманал еза ю аьлла, хета-кх суна. Iазап хьоьгуш ву-кх со!

Iуьйрана инарлас юха а бахийтира лор схьавало.

– ДIайоккхийла шена! – сацамбира цо. – Кхин ницкъ бац садетта...

Лоьро, схьа а веана, лозу церг дIаяьккхира. Оцу сохьта лазар дIа а тийна, инарла паргIатвелира. Шен гIуллакх кхочуш а дина, йогIург схьа а иэцна, шен гIудалкха тIe а хиъна, лор дIаваха новкъавелира. Кех а ваьлла, аренгахула схьавогIучу цунна дуьхьал Иван Евсеич кхийтира. Леррина шен когаш кIел а хьоьжуш, цхьана xIумaнaн ойла а еш, некъа йистехь лаьттара омранча. Цуьнан хьаж тIе хIиттинчу хебарша а, бIаьргийн хьажаро а гойтура цуьнан ойланаш балане а, юлаелла а хилар:

– Талбаев... Чибиров.., – бур-бур дора цо. – Бухкаров... Жуларов... Барголов...Урхаев...

– Иван Евсеич! – кхайкхира цуьнга лор. – Диканиг! Хьоьгара пхи-ялх чийрик сула иэца йиш хир яцар-те сан? Тхан муьжгаша сула бохка-м бухку суна, дукха чIогIа ледара хуьлу-кх и церан...

Иван Евсеича лоьрана тIеберзийначу бIаьргийн хьажар аьрта дара. Цхьа акха вела а къежна, жоп луш цхьа дош а ца олуш, куьйгаш вовшах а тоьхна, шена тIaьxьa даьлла догIуш хьердаьлла жIаьла долуш санна, чехка инарлин керта дIахьаьдира иза.

– Дагадеа, хьан локхалла! – хазахетар тIехдаларна, хийцаделлачу озаца мохь хьаькхира цо, инарлин кабинета чу а оьккхуш. – Дагадеа! Дала могашалла лойла лоьрана! Сулаев! Сулаев ю цуьнан фамили! Сулаев, хьан локхалла! ДIаяхьийта Сулаевга депеша!

– ДIалаца! – цуьнан меркIел ший а нана-пIелг кховдош, цавашарца элира инарлас. – Ца оьшу хIинца суна хьан говран фамили! ДIалаца!

 

–––––––––––––––––––––––––

*ЧIегIардиг: (кхузахь) – берган юкъ.

 

 

 

Стомманиг а, вуткъаниг а

Аьчкан некъан Николаевски вокзалехь цхьаьнакхийтира ши доттагI: цхьаъ – стомманиг, важа – вуткъаниг. Стоммачо вокзалехь хIинцца делкъе йинера, даьттано хьандина цуьнан балдаш, ношделла хьечаш санна, къегара. Цунах дезачу чагIаран хьожа етталора. Ткъа вуткъаниг хIинцца охьавоьссинера вагона чуьpa, цуьнгахь чамданаш а, шеддаш а бара. Цунах кофен а, дакъийначу жижиган а хьожа йогIура. Цуьнан букъа тIexьapa схьахьоьжура еха чIениг йолу оза зуда – цуьнан xIycaмнaнa а, лекха, цхьа бIаьрг хабийна гимназист а – цуьнан кIaнт.

– Порфирий!– воккхаверан мохь белира стоммачун, вуткъаниг гича, – Хьо вуй xIapa? Сан хьомсарниг! Ма дукха шераш дар-кха ганза!

– Сан Дела! – цецвелира вуткъаниг, – Миша! Бераллин доттагI! Хьо мичара вели?

ДоттагIий кхузза мар-маракхийтира, тIaккxa шайн хих буьзна бIаьргаш вовшашна тIеттIа хьажийра. Ший а хазахетарна воьхнера.

– Сан хьомсарниг, – дIаволавелира вуткъаниг. – Ма дагахь а дацара! ХIapa цамоьттург! ХIай, соьга дика схьахьажахьа! Хьалха ма хиллара, товш стаг ву-кх хIинца а! Хьалха ма хиллара, куьце а, тамехь кечвелла а! TIaккxa, муха ву хьо? Хьалдолуш вуй? Зуда ялийний? Со, хьуна ма-гарра, зуда ялийна ву...

XIapa сан зуда Луиза ю, Ванценбахера... лютеранка... ткъа иза – Нафанаил, сан кIaнт, кхоалгIачу классан дешархо. Нафаня, xIapa сан бераллин доттагI ву! Гимназехь цхьаьна дешна оха.

Нафанаила, жимма ойла а йина, шен коьртара куй дIабаьккхира.

– Гимназехь цхьаьна доьшуш вара, – кхидIа а дуьйцура вуткъачо. – ДагадогIий хьуна, оха хьо муха хьийзавора? Хьо, Герострат бохуш, хьийзавора, ахь, папироса Iуьттуш, пачхьалкхан книжка ягаярна. Ткъа сох  Эфиальт олура, со мотттохар дезаш хиларна. Хьа-хьа... бераш дар-кха! Ма кхера, Нафаня! Юххе тIегIo цунна... ткъа xIapa сан зуда ю, Ванценбахера... лютеранка.

Нафанаил, жимма ойла а йина, ден букъа тIexьa дIалечкъира.

– TIaккxa, муха вехаш ву хьо,  доттагI? – хаьттира стоммачо, воккхаверца доттагIчуьнга а хьоьжуш, – болх мичахь беш ву? Даржехь хьалаваьллий?

– Балхахь ву, сан хьомсарниг! ШолгIа шо ду коллежски асессор волу, Станислав – мидал а елла. Алапа ледара ду... И-м Далла дика хуур дара! Зуда музыкин урокаш хьоьхуш ю, ткъа ас дечигах портсигараш йо. ТIехдика портсигараш! Цхьаннах сом а доккхуш, юхку. Нагахь цхьамма итт я цул сов оьцуш хилахь, хьо хьуо а кхета-кх, механа охьа а волу. Халий, аттий хене довлу-кх. Департаментехь болхбеш вара, ткъа хIинца кхуза сехьаваьккхина, кехаташ яздеш ву оццу ведомствехь... кхузахь болх бийр бу. Ткъа хьо муха ву? Штатехь белхало ву? XIa?

– XIa-хIа, сан хьомсарниг, лакхо-о айал ахь, – элира стоммачо. – Со лаккхарчу штатехь ву... шиъ седа а белла.

Вуткъачун юьхь тIepa бос байнера, ша волччохь лацавелира, амма дукха ца Iаш цуьнан бат шуьйрачу велакъажарехь массо а aгIop дIасаяхара; хеталора, цуьнан юьхьа тIepa а, бIаьргаш тIepa а суйнаш Iенаш санна. Иза ша хебира, кхин тIe а вуткъавелира, букъ сеттира... цуьнан чамданаш а, шеддаш а, гIутакхаш а хебаршка яхара, хебира... Цуьнан зудчун еха чIениг кхи тIe а яхъелира; Нафанаила, ша волччохь вула а луш, шен мундиран ерриге нуьйдарчий дIатийсира...

– Со, хьан локхалла... ЧIогIа хазахета! Бераллин доттагI, ала мегар ду... ЦIеххьана иштта воккха хьаькам а хилла! Кхи-кхи-кхиъ!

– XIa, тоьар ду! – юьхь хабийра стоммачо. – Стенна оьшу и къамел? Вайшиъ берахь дуьйна ши доттагI ву – тIaккxa стенна оьшу даржана хьалха oxьaтeIa!

– Собардехьа... Хьо хиларна.., – велар лелхаш, кхин тIe а хебира вуткъаниг. – Хьан локхаллин къинхетаме тидам… ГIора доуьйту хи санна… XIapa верг, хьан локхалла, сан кIaнт Нафанаил ву… зуда Луиза, лютеранка, кхечу кепара...

Стомманиг дуьхьал цхьаъ ала лууш хилира, амма вуткъачун юьхьа тIexь оццул сийдар, мерзалла, лераме муьсталла а гина, лаккхарчу штатан хьаькаман дог керчира. Цо, дIа а вирзина, вуткъачуьнга, цуьнан Iодикаеш, куьг кховдийра. Вуткъачо цуьнан кхо пIелг схьалецира, дерриге дегIаца цунна хьалха охьатаьIира, китайхо санна: «Хи-хи-хи» – аьлла, велар а оьккхуьйтуш. Зуда елакъежира. Нафанаила когаца чхашт дира, хурашка охьа а йожош. Уьш кхоъ тамехь инзарбевллера.

 

 

 

Хазахетар

Буса шийтта сахьт долу хан яра. Карзахваьлла, коьрта тIepa месаш ира а хIиттина, Кулдаров Митя, шен ден-ненан квартири чу а иккхина, чухула чехка дIасалела волавелира. Да-нана дIадижа кечлуш дара. Йиша йижина яра, романан тIаьххьарлера aгIo а йоьшуш. Вежарий-гимназисташ наб кxeттa бара.

– Мичара вoгIy хьо? – цецделира да-нана. – XIун хилла хьуна?

– OxI, ма хетталаш! Суна данне а дагахь дацара! XIa-хIа, данне а дагахь дацара! Иза... иза теша хала xIyмa ду!

Митя, чIогIа вела а луш, гIaнтa тIe охьахиира, хазахетар тIехдаларна когаш тIexь латта ницкъ а ца хилла.

– Иза теша хала xIyмa ду! Шу цунах тешар а дац! Хьовсийша!

Йиша, маьнги тIepa охьаиккхина, шена тIe шаршу а хьарчийна, вешина тIеяхара.

Гимназисташ самабевлира.

– XIун хилла хьуна? Хьан юьхь тIexь бос а ма бац!

– Иза-м хазахетар совдаларна дара, мамаша. Со-м хIинца ерриге Россехь а вевзий! Ерриге а Россехь! Хьалхо шуна бен ца хаьара дуьненахь вехаш коллежски регистратор Кулдаров Дмитрий хилар, ткъа хIинца ерриге а Россехь хаьа цунах лаьцна. Мамаша! О, сан Дела!

Митя, хьала а иккхина, чухула дIасаведира, тIaккxa юха а охьахиира.

– XIун ду, ткъа, хилларг? Кхетош дийца!

– Шу акхарой санна дехаш ду, газеташ а дешац аш, цхьана а тайпана тидам ца бо хаамийн, ткъа газеташ тIexь дукха яздо дика хIуманаш. Нагахь цхьаъ хилин, оцу сохьта хууш хуьлу, цхьа xIyмa а къайла ца доьду! Ма ирсе а ву-кх со! О-о-о сан Дела! Газеташ тIexь тоьллачу нахах лаьцнарг бен зорба ма ца туху, ткъа кхузахь сох лаьцна зорбатоьхна!

– Ахь xIyн дуьйцу? Мичахь?      -ден бос баьхьнера. Нанас, иконе дIа а хьаьжна, ишаръеш, Далла 1амалйира. Гимназисташ чухула юху хIуманаш тIexь шайн воккхахволчу вешина тIебаьхкира.

– ХIаъ! Сох лаьцна зорбатоьхна! ХIинца сох лаьцна ерриге а Россехь хаьа! Мамаша, xIapa лоьмар ахь тIaьxьeннa дIайиллалахь! Юкъакара йоьшуш Iийр ду вай! Схьахьовсал!

Киснара схьа а даьккхина, и дега дIа а луш, гонах сийна къоламца сиз хьаькхначу меттигна тIe пIелг Iоьттира Митяс:

– ДIадешал!

Дас куьзганаш дIадоьхкира.

– Деший довлийша!

Нанас, юха а иконе а хьаьжна, Далла 1амалйира. Дас цкъа хьалха йовхарш туьйхира, тIаккха деша волавелира:

– «29-чу декабрехь, суьйрана II сахьт долуш, коллежски регистратор Кулдаров Дмитрий, Жимачу Броннера Козихинан цIа чохь йолчу портерни чуьра, малар мелла а волуш...»

– Иза ас Семен Петровичца меллера... Ша ма-дарра яздина! ДIадеша! КхидIа! ЛадогIалаш!

– «... малар мелла а волуш, араволучу хенахь, ког а шершина, бахьарчин* говра кIел oxьaкxeттa. И говр Юхновски уездера, Дурыкино юьртарчу Дротов Иванан хилла. Кхераелла говр, Кулдаровна тIехула кхоссаелла, цунна тIехула ша дIайоьжна салаз а йоккхуш. Цу салаз тIexь хилла Москвара шолгIачу гильдин** совдегар Луков Степан. Говр урамехула дIаедда, новкъа нуй хьоькхучара и схьа а лаьцна.

Кулдаров цхьана ханна кхетамчохь вацара, цул тIaьxьa иза полицин участке дIавигира, цигахь цуьнга лор а хьаьжира. Цунна кIecapкIaг чу хилла тохар...»

– Иза сема ю суна кxeттapг, папаша! КхидIа! КхидIа дешал аш!

– «…кIecapкIaг чу хилла тохар могашаллина кхерам боцуш лерина. Хиллачух лаьцна протокол хIоттийна. Лазийначунна лоьрийн гIo кхаьчна...»

– КIecapкIaг чу шийла хи хьекха, элира. Дийшин аш хIинца? XIa? Иштта ду шуна! ХIинца ерриге а Россехула дIадаха! Схьало кхуза!

Митяс газетах катуьйхира. Вовшах а тоьхна, кисана таIийра иза.

– MaкapoвгIaьpгa дIаводу со, царна а гойтур ду... ИваницкигIарна – Наталья Ивановне а, Анисим Васильиче а гайта деза... ДIаводу со! Марша Iойла!

ТIехь седа болу хурашка коьрта а тиллина, тIex самукъадаьлла, ирсе хилла Митя  ураме араведира.

 

*бахьарча – говраш лохкург

**гильди – совдегаран дарж

 

Оьрсийн маттера нохчийн матте гочдинарг Бурчаев Хьаьлим

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.