http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Къоман культурин цхьа хазна Печать Email

Газиева Аза, Нохчийн Республикан искусствийн хьакъйолу гIуллакххо

 

 

(Йиллина 80 шо кхачарна доьзна, Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн театран дахаран некъе бIаьрг кхарстор)

 

 

Кхоллараллин некъан юьхь

 

I9I2 шеран аьхке. Цхьана дийнахь Соьлжа-ГIалин майданахь мIаьк-баьлла боьдуш нохчийн синкъерам бара. Шовкъе бохь буьйгIуш кегий нах, гIургIезах кура техкаш, хелхаран ког шаршош мехкарий, юкъа лела жухаргаш. БIаьрса хьостуш, тамехь дара хIоьттина сурт. Хьовсархойн самукъадаьллера. Синкъерам дIабоьхча а, дIасабаха ца лаьара царна. Массо маьIIера къамел хезара, и тайпа синкъерам кест-кеста бан беза бохуш…

Синкъерам хIоттийнарг Шерипов Хьайдарбек вара – оьрсийн эскаран эпсар. ХХ-чу бIешеран юьххьехь дуьйна иза «вогуш» вара нохчийн театр кхолла лууш. I905-чу шарахь Шерипов Хьайдарбека ондда къахьийгира Л.Андреевн, В.Гаршинан цхьана актехь йолу пьесаш хIитто гIерташ. Амма нохчийн хьовсархой ца кхийтира царех. Оьрсийн лакхарчу драмин «чухлара тоьганаш» хийра дара, театр йовзаза болчу нохчийн хьовсархошна. Шерипов Хьайдарбек ледара актер хилар дацара цуьнан бахьана. Къаьмнийн амал, лазам, лехам башхалла хила тарлора. «Синкъерам» дегаайамца тIеэцаро гойтура, шайн сина гергарниг вайнахана дезаш хилар, цунах кхета уьш кийча хилар а. Кхузахь билгалдаккха догIу: «Синкъерам» сценари язйинарг Шерипов Данилбек хилар, шен къоман гIиллакх, гIуллакх, забар евзаш къахьегна цуо кхоллараллин хьаьттахь. Массарна ма хаъара, Нохчийчохь хIетахь арадолуш хиллачу «Терек» газетан коьрта редактор хилла Шерипов Данилбек, шен къоман «чуьра» дахар девзаш вара. Цундела дукха тамашийна ца хета тахана, шина вашас хIоттийна «Синкъерам» хьовсархоша безаш тIеэцар.

Амма Шерипов Хьайдарбекан лаам мел боккха хиллехь а театр кхоллар ца нисделира. Iаьржа талу хилла чубаьржира I9I4-чу шарахь дуьненан дуьххьарлера тIом. Цуьнан шогачу тулгIенаша герга озийра Россихь граждански тIом а, Октябран революци а. Кхаа бIе шарахь Россихь олалла дина РомановгIеран кхерч хIаллакбеш, баьрче бевлира коммунисташ. Нохчийн лаьмнашка чаболахь схьакхечира Советан Iедал, массо маьIIе шен аьрха архаш туьйсуш. Муьлххачу хенахь хуьлу массо Iедалан санна, дукхахьолахь дуьйцург, лелориг гал-морзах дуьйлуш дара советан Iедалан а. Амма, хастам хиларо АллахI-Дала аьлла боху: «Цхьа дика доцуш, вуо лур дац». Иштта дара Советан Iедалца дерг а. Мелла а некъ баьстира нохчашна йоза-дешарца йолу уьйр-марзо чIагIъян. БегIийлаш кхоьллира къоман культура кхио а. Вовшах туьйхира литературно-драматически тобанаш. Жигара дIахьош дара царна юкъахь йохьаллин къийсадалар. Уьш Нохчийчохь хилла ца Iара. I926-чу шарахь Ростов гIалахь хиллачу театральни фестивалехь, еригге Къилбаседа Кавказера кхоллараллин тобанашна юкъахь шолгIа меттиг яьккхира, Ошаев Халид куьйгаллехь волуш, цигахь дакъалаьцначу Нохчийчуьра векалша. Иза боккха кхиам бара. Театральни кхолларалло Нохчийчохь хьийкъина зIийдиг тосуш хиларна къеггина тоьшалла дара иза. Цхьа а щеко яцара, цу тайначу зIийдиго беркате заза хоьцург хиларх. Театральни «хорша» синхьаамийн мерза ун хилла каде яьржаш яра Нохчийчохь. Иштта, 1928-чу шарахь Яндаров Мохьмада гулйира кхин цхьаъ драматически тоба. Цхьанхьа Соьлжа-ГIали юккъехь еса хIусам карийна, наха дIакхийсина тишачу аннех сцена йина, болийра къоначу театралаша шайн болх. Забарш, хелхарш, эшарш – и дерриге дара труппин репертуарехь. Забаре интермедеш царна язъеш гIо дора Бадуев СаьIида, иштта цу тобанна юкъахь къахьоьгуш вара яздархочун ваша Бадуев Мовжди, тIаьхьо нохчийн дуьххьарлера халкъан артист. Дийнахь доьшура Яндаров Мохьмада куьйгалла дечу театральни тобано, суьйранна спектаклаш хIиттайора. Езаш тIеоьцура уьш хьовсархоша. Студийцин похIма бахьанехь, шо далале, нохчийн театр аьлла цIе дIаяхара цуьнан. Бакъду, нохчийн къоман театр кхоллаяларан де 1931-гIа шеран I-ра май ларалуш ду, хIетахьлерчу Iедало шен омрица чIагI а дина.

 

Кхиаран новкъахь

 

Нохчийн театр кхоллар дахаран бакъдерг хилла даьлча, Iедало Бакура вехна валийра корматаллин режиссер Алили Мамед. Шина шарахь болх бира цуо къоначу актерийн сценически говзалла шаръеш. Дикци, болар, васт кхоллар, – и дерриге Iамо дезаш бара нохчийн актераш. Театральни Iилманан баххаш мукъане а карадерзо дезара. Церан дипломни спектаклана керла пьеса язйира нохчийн къоначу яздархочо Бадуев СаьIида. Цуьнан цIе «ЦIен гIап» яра. 1919-чу шарахь нохчийн Iалхан-Юьртахь цIечу эскарша инарла Деникина эскарца тIом беш баьккхинчу толамах яра иза. Премьера 1933-чу шеран май баттахь хилира. Боккхачу дегаайамца тIеийцира хьовсархоша и. 1933-чу шеран II-чу июнехь арадаьллачу, СССР-н коьртачех цхьаъ долчу «ИЗВЕСТИЯ» газета тIехь, дуккха хастаме дешнаш долуш, йоккха рецензи яра цу спектаклах. Спектакль гинчара дийцарехь, и хьакъ яра иштта шех хастаме дош ала. Цу спектаклехь нисделлачу самукъане бакъдолчех ду Базоркин Идриса язйина «Кремневый пистолет» дийцар а.

1934-чу шарахь Россин пачхьалкхехь  цхьацца хийцамаш хилира. Вайна цунах хилла хийцам-баккхам ГIалгIайчоь Нохчийчоьнах схьатохар бара. Вовшах туьйхира театраш а. Мелла похIма ду аьлла хеташ болу кегий нах Гуьржех деша бахийтира. Цигара вехна валийра лаккхара корматалла йолу говза режиссер Арчил Чхартишвили. Цуьнан уллера гергарло тасаделира нохчийн яздархочуьнца Бадуев СаьIидаца. Цу кхоллараллин гергарлонах доккха беркат делира нохчийн театрана. Гучуевлира керла пьесаш, цаьрца цхьаьни премьераш, актерийн цIерш: Исаева Асет, Ташухаджиева Асет, Мустапаева Хьулимат, Бадуев Мовжди, Туликов Хьамзат, Зубайраев ЯрагIи, Мусаев Хьалим, Сапаров Мохьмад, Алхазов Тута, Исаев Тапа, дуккха кхиберш.

1936-чу шарахь Москвахь ГИТИС-ехь дешна ваьлла, цIа вирзира нохчийн дуьххьарлера режиссер Батукаев ХIарон. Цуьнан дипломни спектакль яра «Майра Кикила», коьртачу ролехь Бадуев Мовжди волуш. Коьртачу турпалхочун эшарна дешнаш яздира нохчийн къоначу поэта Мамакаев Iаьрбис.

ХХ-чу бIешеран ткъе уьтталгIачу шерийн юкъ Бадуев СаьIидан кхолларалло беркате заза даьккхина мур лара мегар ду. Прозехь болх бина ца Iаш, СаьIида жигара къахьоьгу керла пьесаш язъеш, уьш боккхачу кхиамца хIиттайо нохчийн театрехь. Цу шерашкахь цо язйинчу «ПетIамат» пьеси тIехь спектакль хIоттийра театро, коьртачу ролехь Алиева Тамара йолуш. Актриса хьалхо евзинера хьовсархошна «БЭЛА» спектаклан коьртачу ролехь. Махкахь езаш тIеэцначарех яра Алибеговн инсценировки тIехь театро хIоттийна и спектакль. Хьовсархошна боккха кхиам хетара Бадуев Мовждис кечйина Максим Максимычан роль. Алиева Тамарин Бэлин хазалло цецбаьхна, цуьнга юх-юха хьовса оьхурш кIеззиг бацара. Ала догIу, Алиева Тамара мел оьшу хьийкъина актерски таро, къеггина похIма долуш актриса хилла хилар.

Нохчийн культурин башха кирхьа хилла йоццачу хенахь театр дIахIоттар, хьалхарчу тулгIенехь болх бан буьйлабеллачу актерийн бIаьрла хьуьнар ду. Церан цIерш вай юьххьехь ехира, Алиева Тамара а цу сийлахьчу тобана юкъара йоккхийла доцуш ю.

I938-чу шарахь кегийрхойн тоба Москва театральни институте деша яхийтира, актерийн говзалла Iилманца юцуш караерзаяйта. Дуьненна евза ГИТИС яра вайн студийцаша хаьржина институт. Минаев Петр, цуьнан хIусамнана Горькая Лидия яра цу институтехь вайн къоначу махкахойн хьехархошна юкъахь.

 

ТIеман шерашкахь

 

Ткъа театр кхиамца болх беш яра. Нохчийн актерийн самукъадолура хIора керлачу спектаклах а, шайх дозалла дечу хьовсархойх а. Къоман театр Соьлжа-ГIалахь спектаклаш хIиттийна ца Iара. Аьхкенан довхачу деношкахь хIора юьртахула чекхйолура къоман театр, хьаьттахь болх бечу ахархошна хьалха спектаклаш хIиттош. Цундела евзира театр Нохчийчоьнан массо маьIIехь. Массанхьа  езаш тIе а оьцура.

Амма вайн бакъо яц и муьлха хан яра билгал ца доккхуш кхин дIа къамел дан. Бода букъбеш олаллехь чIагIделлера ХХ-чу бIешеран ткъе уьтталгIа шераш. СССР-хь сталинизман чилла яра, къиза кохьар хилла, адамийн рицкъ охьуш. Нохчийн интеллигенци НКВД-н лармичохь Iазап токхуш яра. Иштта лаьцна дIавигна, къайлаваьккхира Бадуев СаьIид. Балхара дIаваьккхина, Гуьржеха цIа хьажийра Чхартишвили Арчил. Цкъа а хIотто бакъо йоцуш йихкира «ПетIамат» спектакль. ХIинца дика кхета вай цу буьрсачу заманахь, нохчийн поэта Мамакаев Мохьмада яздинчу могIанех:

Де доьхна,

Iаьржачу халоно хьовзинчохь

Мацалло бIарздина,

гIелонна кIелдуьсчохь

Бохамна, харцонна

юьхь-дуьхьал хIиттинчохь

Собарах, стогаллех

ма довла боху цуо.

1941-чу шарахь болабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. 13 эзар сов стаг, шайн лаамехь, тIаме вахара Нохч-ГIалгIайчуьра СССР-на фашистийн бIо тIегIоьртинчу хьалхарчу деношкахь. Царна юкъахь бара, берриге а бохург санна, нохчийн театрера божарий. ЦIахь бисинчу актераша концертни бригада вовшах туьйхира. Къилбаседа Кавказехь цхьа гIала яц цу агитбригадо ЦIечу эскаршна хьалха концерт ялаза. Нохчийн театран актераша дика болх баран къеггина тоьшалла ду, 1943-чу шеран апрель баттахь вайнехан театрана Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин сийлахь цIе ялар. Иза боккха юьхькIам бара. Делахь а, дерриге а хи чу кхоьссина тIулг санна дайра шо далале.

 

Даймахкана генахь

 

I944-чу шеран  23-чу февралехь махках даьккхира нохч-гIалгIайн къам, цуьнца цхьаьна цуьнан ьоме театр а. Шен къомо меллачу эшамийн къаьхьачу кедан доккха дакъа кхечира нохчийн театрана. Делахь а цуо яхь дIа ца елира. Уггаре а халчу хенахь шен къомана гIортор хилла дIахIоьттира нохчийн театр. Цунна некъ карийра де эшначу халкъан дог хьаста. 1946-чу шарахь Джамбульски областера Ленинагорскехь нохчийн режиссера Батукаев ХIарона, шен куьг  кхочехь болу актераш схьагулбина, вайнехан маттахь хIоттийра «Аршин мал Алан» спектакль. Бакъду, цу спектаклера цхьайолу зударийн ролаш ловзош божарий бара, актрисаш ца тоарна. Амма, цу хьоло новкъарло ца йира музыкальни комеди езаш тIеэца. ХIора суьйранна, юх-юха гуллора цуьнга хьовса нах. Нохчий, гIалгIай гулбелла ца Iара. Казахаш, оьрсий богIура нохчаша хIоттийначу самукъанечу спектакле. Эххара гIалин куьйгалло дехар дина спектакль оьрсийн маттахь гайтира. Цунах тоам ца беш, меттигерчу Iедало дехар дина, пьеса казахин матте яьккхира Батукаев ХIарона. Цу цхьана шарахь Джамбульски областан массо юьртахула чекхъелира нохчийн актераша хIоттийна спектакль. Цунах доккха беркат делира. Шахтехь хала болх беш хилла Батукаев ХIарон, областера Iедало кхайкхина Джамбуле вигна, дехаршца цунна тIедиллира, оьрсийн драмин областан театр кхоллар. Батукаев ХIарон кхиамца цу тIедилларца лара а вира. Цундела вайн тахана эвххьаза дозалла дойла ю, Джамбулера оьрсийн драмин областан театр нохчаша кхоьллина аьлла. Ма-дарра дийцича, цу цхьана театрехь йисина ца Iа нохчийн лар: Киргизера оперни театран хьостанехь лаьттина ву Эсамбаев Махьмуд, Бексултанов Iумар, Базоркин Идрис. Мел инзаре халчу хьолехь шаьш нисбаларх, бакъболу нохчий хьаналчу къинхьегамах къехкаш ца хиларна къеггина тоьшалла ду иза.

 

Зазадаккхаран мур

 

Хастам хиларан АллаххI-Делан къинхетам хьалхабаьлла, I957-чу шарахь вайнахана цIа берза бакъо елира. Дукха чехка цIа йирзира къоман театр. Боккхачу дегаайамца дIаболийра болх. Москвара схьабаьхкира режиссераш Минаев Петр а, цуьнан хIусамнана Горькая Лидия а.

Карлаехира хьалха хилла спектаклаш. Билгалъехира кхидIа хIитто лерина пьесаш. Вайнехан кегийрхойн йоккха тоба деша хьажийра Ленинградера театральни институте, Хамидов Iабдулла куьйгаллехь волуш.

Амма кегийрхой деша хьовсийнера аьлла мукъа Iаш яцара театр. Цо меттахIиттийра хьалха нохчийн драматургашца хилла зIенаш. Кхоллараллин гергарло тосуш, тIеозийра къона драматургаш. Йовзийтира керлачу актерийн цIерш. 1961-чу шарахь, нохчийн театран сцени тIехь болх болийра Багалова Зулайс. Еххачу ханна нохчийн театран зевне илли хилла хьовсархойн дегнашкахь лераме меттиг дIалецира Зулайс. Гамзатов Расулан поэми тIехь «Асет»  спектакль хIоттош, цуьнан нене дехар дина, ехна ялийра иза театре. Ткъа режиссераша спектаклера коьрта роль тешийра дуьххьара сцени тIе яьллачу ялхитта шо кхачаза йолчу йоIах. Боккхачу кхиамца Багалова Зулайс иза ловза а йира.

Иштта, юьхьанца яьхначу гIулчех, Багалова Зулайн  кхоллараллин кхиамех лара йогIу Алпатун роль а. Нохчийн театрана Мусаев Мохьмада язйина «Цхьана юьртахь» пьеси юккъера ю и роль. Театро изза цIе йолуш спектакль хIоттийра цу тIехь. Кхолларалехь алссам зиэделларг долу актераш бара спектаклехь дакъалоцуш; Зубайраев ЯрагIи, Мустапаева Хьулимат, Исакова Зина, Мусаев Хьалим. Амма царех къаьсташ яцара къона актриса Багалова Зулай. Гуш дара, нохчийн къона йоI къеггина похIма долуш артист хилар.

1962-чу шарахь Ленинградера театральни институтехь дешна яьлла ц1а йирзира кегийрхойн тоба. В.Шекспиран «Ромео и Джульетта» пьеси т1ехь х1оттийна спектакль еара цара ц1а. Ромеон ролехь вара нохчийн театр езачарна цкъа а вицлур воцу Идаев Юсуп. Джульеттин роль Хаджиева Нелиех тешийнера.

Ленинградехь дешна яьлла кегийрхойн тобанах ондда гIортор хилира Нохчийн театрана. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, хастам хиларо АллахI-Дала Шен комаьрша къинхетам тIехьовзийна, ца кхоош похIма делла вара царах хIора а. Буьйса хазйина седарчий санна, иэсехь серла йовлу церан сийлахь цIерш нохчийн театр хьахийначохь: Идаев Юсуп, Давлетмирзаев МутIелип, Цицкиев Мохьмад, Дудаев Муса, йижарий ИсаевгIар, Паскаева Раиса, Саиева Тайбат, Минкаилова Зоя, Хаджиева Неля, иштта дIа кхиберш а. Уьш бахьанехь нохчийн театран репертуарехь гучуевлира оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а авторийн драмаш. Уггаре а хьалха хьахо лаьа А.Островскийн «Без вины виноватые» пьеси тIехь хIоттийна спектакль. Хьоладен Муровн ролехь Идаев Юсуп вара, Кручинина Еленин ролехь – Хаджиева Неля. Дуьненан даьхни бахьанехь дуьххьарлера безамна йина ямартлонах яра и спектакль. ТIехIиттинчу хьелашка хьаьжжина, эгIаза, адмийн кеглуш, хийцалучу амалех а яра. Кручинина Еленин синъондалла гайта Хаджиева Неллин ницкъ кхаьчнехь, шен турпалхочун амалера цIарматалла гайтира Идаев Юсупа, ерриге а шен актеран говзалла орцахъяьккхина.

Иштта вайн тидам шена тIеийзочарех ю нохчийн театро хIоттийна дуьненахь гIараваьлла вевзачу немцойн поэтан Ф.Шиллеран романтически драма «Коварство и Любовь». И спектакль яра нуьцкъала, цIеначу безамах. Актерийн  къегина ансамбль яра спектакль хIоттийнарг: Давлетмирзаев МутIелип, Багалова Зулай, Хаджиева Неля, Исаева Асет, Хадзиев Мохьмад, иштта дIа кхиберш. Церан аьтто белира, еххачу ханна, хьовсархойн дагахь дуьсу долу сирла сурт хIотто. Цундела езаш тIеийцира массара и спектакль.

ХХ-чу бIешеран кхузткъалгIа шераш юккъе доьлхушнохчийн театро бина болх хьехочохь, йийцаре ца йоккхуш юьтийла дац, нохчийн культурехь уггаре мерза стом хилла «Бож-Iела» спектакль. Эзаре кхочуш лаьтта нохчийн актераша цуьнан ловзаяр. Спектаклан премьера хилира I965-чу шеран I-чу майхь. Хамидов Iабдуллас язйина комеди хIоттийнарг вара режиссер Петр Харлип. Буьйса хазйина седарчий санна, серлаюьйлу вайн иэсехь дуьххьара и спектакль хьовсархойн кхиэле йиллинчу актерийн сийлахь цIерш: Исаева Асет, Чимаев Хьамид, Зубайраев ЯрагIи, Алиева Тамара, Дениев Iальви, Мустапаева Хьулимат, Давлетмирзаев МутIелип. Актерийн масех чкъор хийцаделла, вайна массарна дукхаеза «Бож-Iела» спектакль ловзош, амма цIена нохчийн маттахь,  халкъан забарш юкъаюцуш язйина пьеса чомах а, басаха ца телхаш, яха йисна театран сцени тIехь а, къоман дахарехь а.

Заманан йохалла нур дан ца туьгу кхин цхьа пьеса ю Хамидов Iабдуллас цу шерашкахь язйина, тахнене схьакхаьчна. «Лийрбоцурш» цIе йолу пьеса Советски Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех лаьцна ю. ХIетахь къона Омаев Дагун эскарера цIа верзале, цуьнан актери таротидаме эцна, леррина цунна язйина ю бохуш дуьйцу и пьеса. Мухха делахь а, тахана а театран репертуарехь кхиамца дIайоьдуш ю и, хьовсархойн дог хьоьстуш.

Айтматов Чингисан «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг» хIоттийра нохчийн театро цу шерашкахь. Хьаналчу къинхьегамах, цIенчу ойланех, сирлачу безамах, акха хуталш санна, наггахь царна новкъарло ечу кIезигчу адмийн амалера сиркхонех яра и спектакль. Хьовсархой ойлане бохуш, чулацаме яра. Ткъа вайна цунах мехала дерг, коьртачу ролашкахь Идаев Юсуп, Багалова Зулай хилар дара, хIунда аьлча, нохчийн театран репертуарехь дукха яц, иштта къеггина похIма долу хIусамдай, хIусамнаной цхьана спектаклехь партнераш болуш.

1967-чу шарахь режиссеран говзалла караерзийна Ленинградера цIа вирзира Хакишев Руслан. Мерза кхаъ бара иза нохчийн театр езачарна. Цуьнан дипломни спектакль, дуьненна вевзачу испански поэтан Гарсия Лоркин «ЦIий Iанийна ловзар» драми тIехь хIоттийна яра, изза цIе а йолуш. Генара Испани вайн махкана мелла герга юзуш сурт хIоттийнера художника Туладзес. Коьртачу ролашкахь Омаев Дагун, Хаджиева Нелли, Хакишева Хьава, Хучиев Адам, Багалова Зулай яра.

Цкъа мацах аьрхачу безаман шовкъ кхихкинчух тера дара, малхо дагийначу кху лаьтта тIехь. Бакъду коьртачу турпалхочо Леонардос (цуьнан роль ловзайо Омаев Дагуна) тоххара кхин нускал далийна, доьзалехь кхуьуш ву кIант. Амма синтеме дац цуьнан хIусамненан, каяьллачуьра къевсина даьккхина ирс (хIусамненан роль ловзайо Багалова Зулайс). Цунна хаьа, Леонардос буьйсанна доху синош ша бахьанехь ца дохийла. Духхьарлера безам бу хIусамден хIинца а садууш, цIийца лозуш, дог гIайгIанца Iуьйдуш, буьйсанан тийналлехь мерзачу набарха вохуш. Эххар хабар кхочу, мацах Леонардона езнарг маре йоьдуш ю аьлла. Ткъесах хьалалета кIентан ши бIаьрг. Самадолу цуьнан синхотешкахь тебна хилла иблис. Ойлане вийлар кIиллошна дитина, деган шовкъечу лаамна йийсаре воьду Леонардо. Ловзаргара дададо нускал. Шен зуда, кIант дицдой, невцан юьхьIаьржа хIоттар тергал ца деш, безаман бух боцчу Iинчу эккха Леонардо. Хьовсархойн дагна Iаткъаме лар йитинч хIинца а хьовсархоша тIе а оьцу.

Цу шерашкахь Нохчийчу цIа вирзира режиссер Солцаев Мималт. Театран коьрта режиссер Солцаев Мималт волуш чекхдевлла шераш нохчийн сценин уггаре а беркате лара догIу. Хиллачу йоккхачу СССР пачхьалкхехь массарел тоьллачу пхеа режиссерех вара Солцаев Мималт. Ша дуккха а шерашкахь куьйгалла дина къоман театр а яьккхира цуо кхоллараллин лаккхарчу тIегIане. Корнель, Шекспир, Гоголь, иштта дIа кхин дуккха а дуьненна евза цIерш олалла деш яра нохчийн театран репертуарехь. Иза данне дац вайн заманан драматурги Солцаев Мималтан тидамера яьллера бохург. Кхин хIумма ца хилча а, Зорин Леонида язйина «Варшавская мелодия» пьеси тIехь изза цIе йолуш хIоттийна спектакль боккхачу кхиамца чекхъелира цу шерашкахь. Ши артист бен вацара спектаклехь дакъалоцуш, амма и шиъ т1ехдика ларийра шайн декхарца. Цхьани тайпа шеко хила оьшуш яц цу декъехь. Идаев Юсуп а, Саиева Тайбат а ма дара и ши артист, халкъана, махкана девзаш а, дезаш а долу. Делахь а, Солцаев Мималтан кхоллараллехь нохчийн театр езархой цецбаьхнарг кхин дара. I968-чу шарахь Мималта ша инсценировка йой, театрехь хIотто кечйо Бадуев СаьIидан «Бешто» повесть. Коьрта роль тешайо Омаев Дагунах, Бусана – Багалова Зулайх, РакаIат – Гичаева Раисах. Мерза кхаъ хилла дIахIоьттира «Бешто» къоман культура езачарна. Лаккхара мах хадийра цуьнан театр евзачара. И мах Соьлжа-ГIалахь хадийна Iаш бацара.

ХХ-чу бIешеран кхузткъе уьтталгIачу шерийн юьххьехь Москва гастролашка яхара нохчийн театр. Дукха спектаклаш яра цига яьхьна: «Нефтяникаш», «ПетIамат», «Бешто», «Лийрбоцурш», иштта кхин а. «Советская культура» газето масех статья араяьккхира театран гастролех дуьйцуш. Цара массара цхьана озехь чIагIдора, шен къеггина хатI долуш, нохчийн театр гIеметтахIоьттина хилар.

Москвахь театральни институтехь дешна яьлла, цIа йирзира кхин цхьаъ а кегирхойн тоба. «Отелло» яра церан дипломни спектакль. Коьртачу ролехь – Азаев Хьамид. Дездемонин роль ловзош яра Радуева Зураъ. Ягон ролехь гучувелира тахана вайна массарна дукхавеза Джамаев Iимран. Москвара кегийрхойн тоба цIа ерзар а, цул тIаьхьо Воронежера дешна яьлла кхин цхьа тоба тIекхетар а Iаламат мехала дара нохчийн театрана.

Алссам актераш оьшура чолхе спектаклаш хIитточу коллективана. Царех цхьаъ лара мегар ду нохчийн театро гIалгIайн яздархочун Базоркин Идрисан «Из тьмы веков» романа тIехь хIоттийна спектакль. Ешархошна везавеллачу Калойн роль ловзош Марисултанов Iела вара. Цуьнан деган езаран Зорин роль ловзийра Радуева Зураа. Даима санна, къеггина васт кхуллуш, Насин роль ловзийра Багалова Зулайс. Воккхачу яздархочо роман язъяре терра, къонахчун сибтехь, хIораннан шен-шен вара коьрта турпалхо Калой. Алссам актерски таро йолчу Марисултанов Iелин каелира, и кхиина яьлла адмийн ойла ца йохош, чомехь, сирлачу  куьцехь, доьналлех  вуьззина  бакъволчу  къонахчун  васт  кхолла.

Иштта чолхечаре ю ХХ-чу бIешерийн дезткъалгIачу шерашкахь нохчийн къоман театро хIоттийна «БIешарал а дахло де» спектакль. Айтматов Чингизан «Плаха» романа тIехь йина инсценировка яра иза. Театран боккха кхиам бара и хIоттор. Махкана тIегIерта бохам гуш санна, театро орца дохура адме, цу спектаклаца сема хиларе кхойкхуш, шайн орам биц ца дар доьхуш.

Яра дера, театран репертуарехь нохчийн авторийн пьесаш цу шерашкахь. Къоман драматургис заза даьккхина мур лара мегар ду и хан. ХIунда аьлча, дийнна цхьа могIа нохчийн драматургин керла цIерш евзира махкана, театро эвсаре бина болх бахьнехь: С.Гацаев, С-Х.Нунуев, Л.Яхьяев, М.Ахмадов. Нунуев Сайд-Хьамзатан «Дела воцург накъост воцуш» пьеса бахьнехь дуьххьара сцени тIехь гайтира вайнахана сталинизман гIуранца цIевзина еана 1944-чу шеран 23-чу февралан шийла Iуьйре, и бахьнехь вайн дай-наноша хьегна къа-бала.

 

Театран тахане

 

Массарна хууш ма-хиллара, дистина догIучу хие санна, чалхаш текхош деара СССР пачхьалкхехь ХХ-чу бIешерийн дезткъе уьтталгIа шераш. Ха харца тIедеанчу Iедало хаъал малйира низам лардаран архаш. Нохчийчохь Iуналла доцуш дитира алссам герз. УьнтIе хаьхкина кхоьаш санна, лакхара охьа къамелаш хецаделира «маршо», «паргIато», «демократи» бохучу дешнашца луьста дуьйцина. Бакъду, Нана-Нохчийчоьнна-м бахбеллачу тIамца дирзира уьш, бехк боцчу адмийн цIийн Iаьмнаш хIиттош.

Нохчийн къоме кхайкхаза боьссинчу къаьхьачу балех ондда дакъа кхечира вайнехан театре а. Йохийнера театран гIишло, дукхах болчу актерийн хIусам, Iаьткъинчу эрчоно дегнаш лоьлхуьйтуш, вайна юкъара дIабевлира цхьаболу артисташ. Хала а, лазаме а дара и хьал, амма театр йохьах ца юхуш, доьналлица чекхьелира нохчийн театр цу зиерех. ТIеман авиакхийсарш дIайоьрзушшехь шен кхоллараллин болх карлабаьккхира театро. Юхаденйира массарна дукхаеза «Бож-Iела» спектакль. ХIоттийра керланиг – «Жима Эла». Антуан де Сент-Эзюперин «Маленький принц» повесть ю иза, нохчийн халкъан поэта Абдулаев Лечас нохчийн матте гочйина, режиссера Хакишев Руслана кхиамца хIоттийна. Доккха совгIат дара иза тIеман къизалло сакхачийначу халкъана. Кханенах дегайовхо чIагIйора цу спектакло. Тешавора тIеман чалх дIаерзо гIаьттинчу мехкан къонахчо, вайн дуьххьарлера Президента (Дала гIазот къобал дойла цуьнан) сирлачу сатийсаме къам кхачориг хиларх. Тахна-м, хьалха АллахI-Дела, тIаккха нохчийн мехкан къона баьчча бахьнехь масех ю вайн махкахь театр. Да а, буьйса а ца лоьруш болх беш ю кху деношкахь дезткъа шо кхаьчна пачхьалкхан драмтеатр. Юха денйина М.Ю. Лермонтовн цIарах йолу оьрсийн театр. Болх беш ю тайнагийн театр. Кхоьллина кегийрхойн театр «Серло». Самукъанечу зазанах мел хьийкъина гаьннаш уьш делахь а, церан цхьа цIе ю – нохчийн театр. Нохчийн пачхьалкхан драмтеатро хьанал бинчу балхо таро хилийтина царна дахаран зIийдиг таса. Цундела нохчийн театран дезткъа шо кхачар билгалдоккхуш, цаьрга массаьрга ала лаьа цIенчу даггара: «Ирс, аьтто, беркат даима лаьттийла шун кхерчахь. Кхоллараллин кхиамаш дебийла шун, шайн хьовсархойн дог доккхадедеш. ТIеман къахьо кхин цкъа а ма гойла вайна. Дала декъал дойла шу!»

 

/Суьрташ т1ехь:

Нурадилов Х. ц1е йолу театран спектаклийн дакъош./

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.