http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


АЛИЕВ ГIАПУР: «АС ДИНЧУ НЕКЪИЙН ЧАККХЕНАН ЛАЗАМ…» Печать Email

 

Бурчаев Хьаьлим

 

Алиев Г1апур вайн литературе цхьа тийна-тапъаьлла. вог1у-ца вог1у а доцуш, веара. 1990-чу шерашкахь зорбане евлла цуьнан дуьххьарлера стихотворенеш башха шайна т1е ешархойн тидам ца боьдуш йисира. Бакъду, хилла яьлла поэзи-м яра и, шеи хат1 а, меттан басарш а долуш. Цунна бехке х1етахь вайн махкахь хуьлуш болу, цхьа а ца кхеташ, цхьаъ вукхунал чолхе х1уьттуш, инзаре сиха, цхьаъ вукхунна т1аьхьа д1абахна хиламаш бара ала а мегар ду. Оцу кегарийн г1овг1анехь, орцанехь, белхарехь, бийларехь, герзийн лелхарехь адамийн синхьашташ, синмехаллаш гуш а, хезаш ахуьлийла а дацара. Халкъан «баьччанийн» деса-деза хабарш  а, дикане сатесначу мискачу нехан цара мел дуьйцург бакъхиларе болу сатийсамаш а - и дара цкъа оцу муьрехь хезаш-гушдерг. Цкъа хьалха «баьччанаша» кхайкхош йолу маршо а, парг1ато д1ах1отто езара, цул т1аьхьадерш дара диснарш. Оцу «сирлачу, маьршачу кханене» д1акхача сихбелларш цхьаьнгге а ладуг1уш а, я ладог1а лууш а бацара, - т1ех говза а, хаза а дуьйцура, шеи къомах тайниг йина, цуьнан хиндолчун цхьа 1аьциг а бала боцуш, еккъа шайн синойн а, дог1мийн а токхенан 1алашоне кхачархьама, хийла б1ешерашкахь дакъазалла хьоьгуш схьабаьхкина нохчий х1окху poг1epa бала, 1азап хьегаре буьгуш болчара.

Къаьхьачу, дагахьбалламечу жам1е кхаьчна х1инца Алиев Г1апуран лирически турпалхо. Хила йишйолу, хир ду моьттина а дерш кхочуш ца хуьлуш диси, ткъа «зезаг дийначохь баь11аш девли», т1аккха къаьхьа, ша-шега байттамалле:  «Сан Нохчийчоь ловзояьккхи...» боху дешнаш а. Цунна го, цхьаъ д1ах1отта везачу дарже кхача, и къуьйсуш г1евттина к1езий, массо а ша вол-волчохь шашех баьчча кхайкхош ву. Оцу «берзан дарж» къуьйсучу хьовр-з1оврехь xlapa вайн мохк боданехь латточу цара дицдина халкъан къилбасийлахь маршо, Аллах1ан сийлахь дин, оьзда мел дерг. Шайн акхараллин лааме кхача г1ерта уьш беккъа шайн гонехь хьийзаш бисина, кхид1а, гондахьа долчунна къора а, б1аьрзе а хилла. Кхано-о, меттадеана халкъан цхьа дакъа, дерриге а хилла даьллачул т1аьхьа гонаха д1асахьаьжча, цунна гинарг а, дисинарг a xlapa ду:

 

 

Сийлахь мел хеттарг осалдели.

Осал мел хетта некъаш даьсти.

Дуьне мел ду д1а сан къам даржий.

Сан Нохчийчоь ловзояьккхи.

 

Хьекъал оьшучохь 1овдал туьйли.

Хила йишйоцчух хилларг хийци.

Дийца луучунна хабарш девли.

Сан Нохчийчоь ловзояьккхи.

 

Х1инца вайн лирически турпалхо кхетта мел хиллачух а. Иза къера ву шен бехкана а, х1унда аьлча вайн декъаза къам ма дара ша ледайтинарг, дезачу хабарех а, дозаллех а тешна. Цундела, цу т1ехь болчу шен бехкана а къера волуш, цо хоьтту: «Х1ун лозу хьан, Нохчийчоь?..» Цуьнан ду шен Даймахках дозалла, куралла, ду цуьнах доглазар а, деган 1ийжамаш а, г1айг1анаш а. Кхузахь го стихотворенин турпалхочун шен Даймахке болу дозадоцу безам а, дозалла а. Цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнах йоьзна г1айг1а а: «чевнаша б1арзйина, йиллина лаьмнашкахь дохк...», «ойланаш  г1елйина, юьллуьйтуш аренца дохк...»

Хийла лайна а, гина а йолчу Нохчийчоьнан хьалхалерра, вайн ерриге а исторера дуьйна схьа хиллаболу, лазамаш бу лозуш. Цунна уггаре халачех а халаниг ду буоберийн г1айг1ане б1аьргаш а, зударийн къаьхьа б1аьрхиш а, Даймохк ларбеш иэгначийн доьзалш тергал д1а ца беш, уьш дерриге а диц  а дина, оцу 1ожаллин тойнехь беккъа шайн дуьхьа бахархьама, хьал гулдеш, бахамах каеттарш хилар. Царна бен-башха а ма дац шен къомах, махках х1уъу а хиларх. Ишттачарех ша ларвар доьху «До1а» ц1е йолчу стихотворенехь цуьнан турпалхочо:

 

 

Ц1е яьлча, ц1е яьллий а ца хууш,

Дов даьлча, дов даьллий а ца

хууш, Мацвелча, мацвеллий а

хуучух Ларвелахь со, Везан Дела!

 

 

Мацвелча, мацвеллий а ца хууш,

Хьагвелча, хьагвеллий а ца хууш,

Дов даьлча, дов даьллий а хуучух

Ларвелахь со, Везан Дела.

 

Дехьенна сехье а ца евзаш,

Сехьенна дехье а ца евзаш,

1овдалчо еш йолчу 1амалех

Ларвелахь со, Везан Дела!

 

 

Уггаре а кхерамениг - нехан я мехкан бала бен а доцуш т1еоьцуш верг ву. Иза веккъа шенна веха, кхечеран вонах кхаъ а, там а хуьлуш. Цунна цхьа а сийлахьниг а, дезаниг а дац шен дезарел хьалха даьккхина. Цаьрца къийсамехь ву Алиев Г1апуран лирически турпалхо, мел хала, 1адаме бохамаш ша ловш велахь а, иза сатесна ву маьршачу, ирсечу дахарехь ваха. Карарчу хенан хало лан ницкъ а бу цуьнан ирсе хиндолчун дуьхьа. Ткъа хиндерг - кхане хир яц тахане йоцуш, мел къиза и елахь а.

«Куралла», «майралла», «собар» - и кхетамаш адамийн амалшкахь сийлахь ю, нагахь санна церан дозанаш, г1иллакх-оьздангаллин гураш лардеш делахь. Шен сий, яхь, г1иллакх лардан, уьш дерриге а цхьана айамехь латто оыну оьзда куралла, амма и кхечарех ца вашаре, гонахберш шел лахара хетаре яьлла елахь, цунах Далла ца езна куралла олу. Майралла а ю шен дозанаш долуш, нагахь шен xlyсаман, юьртан, мехкан сий лардеш гойтуш елахь, хастаме а йолуш, шех масал а хуьлуш кхечарна. Амма пул а деза леринарг собар ду нохчаша, и доцчохь юьхьк1ам а, сий а ца хуьлуш. Алиев Г1апуран «Дависа» стихотворенин турпалхо оцу кхетамийн дуьхе кхиа г1ерта: сонталле йирзина куралла а, къизалле йирзина майралла а, сихалле дирзина собар а. Цуьнан ойланийн жам1 иштта ду:

 

Къонахийн собар, хьан дависа.

Ца кхачош делар хьо иэшначохь,

Дависа, хьекъале куралла,

Ца ешаш елар хьо сонталлех.

 

Иза лехамехь ма ву, хаддаза шена хьалха х1окху чолхечу дахаран хаттаршна жоьпаш каро г1ерташ. Вайн турпалхочунна цхьаццадерш кара а до и жоьпаш: д1аьвшечу ойланех хьекъал литтарехь, цахиндерш юьстах таттарехь, къинхетам коьрте билларехь, вовшех цадашар хьарамдарехь, хьарамчу рицкъанна букъ тохарехь. Цунна карийначу жоьпех кхин а ду цхьаъ – х1окху дахарехь муха ваха веза бохучу хаттарна жоп: дайх дисина оьзда дош, сий караэцар; баланаш, г1айг1анаш вовшашца екъар; массо а диканийн дай хилла г1овттар, къоме х1оьттинчу хьоле хьовсар; мискачийн мискаллех дашар, оцу дерригенна а т1е, «цхьабосса цхьа нохчий ваын дуйла хаий». Цувдела ду цунна хийра «нехан, к1еж туьйсуш», кхехкачу дахаре, юьстах а ваьлла, хьежар я «некъ бечийн некъан йист лоыгуш, къу санна, тиэбаш», царна новкъарлонаш яр. Цунна лаьа х1окху дуьсу долчу дуьненахь, адаман декхарш кхочушдеш, дахар маь1не долуш ваха:

 

Шелъелла ойла ца йохлуш,

Ца лаьа эрна къахьега,

«Цхьа жимма», «мухха а» лоьхуш,

Доцушдерг доцчуьнга диэха.

 

Иштта чекхваьлларг шен дахаран чаккхене а воьхна воцуш хьоьжу, х1увда аьлча цо кхочушдина-кх вахаран парзаш, и ваха г1иртина-кх ваха ма-веззара, цуьнан «денош-г1а-патарш мажделла оьгу, - дахаран гуьйре ю йог1уш», цуьнца цхьаьна «макхъелла г1айг1а ю тиэбаш», «йишхаьлла, совпуш ду иллеш». Х1умма а дог хьосту, дог тиэден билгалонаш, суьрташ дац уьш. Амма лирически турпалхочун дуьсуш ду иллеш, оцу иллешкахь цо хестийна безамаш а, Даймохк-Нохчийчоь а, т1аьхьа т1ейог1у т1аьхьенаш а. Цо ца юьту шел т1аьхьа ша лелийна харцонаш, шалхонаш, эладитанаш, шех лаьцна ала цхьа а вон х1ума. Цундела воьду-кх и цкъа мацца а т1екхочуйолчу чаккхене воьхна а воцуш:

 

Марша я, сан гуьйре, ойланаш лехьош,

Хьайга ца кхойккхушехь йог1у,

Сан денош - rla-патарш кхиэто.

 

Алиев Г1апуран «Йиц ма лолахь, зама» стихотворени, йоца елахь а, шен чулацам к1орга болуш, дахаран маь1нин ч1ог1а ойлайойтуш ю. Кхузахь юха а го поэт хаддаза вай лакхахь дийцинчунна - дахаран маь 1нина - т 1е юхавоьрзуш, цуьнах йолу шен ойланаш луьттуш, синтемза хилар. Цигахь дуьххьара долийна риторически т1едерзор чаккхенехь а далоро оцу стиховоренин вдейни маь1на ч1аг1до, ешархо и ешна валлалц синайамехь а латтош.

Бакълоь кхузахь поэт: шен заманах йолу ойланаш хиэдда верг виса а вуьсу веккъа шеца цхьаьна, х1окху дахаран новкъа бевллачара бинчу «некъан йистехь 1иэн». Кхуьур ву ганза диснарш, данза диснарш кхочушдан бохучу ойланах а ша ваккхар доьху цо, х1унда аьлча и къийсамхочун, дахаран некъахочун дог-ойла яц. Ткъа берриге а доттаг1ийн, гергарчийн, безачийнуьйрех 1ожалло д1ахадийначу дахарехь вахар а цхьа де са, б1арлаг 1его цунна. X1окху стихотворенехь «эрна» боху дош юх-юха далоро поэтан коьрта 1алашо-ойла къеггина гойту:

 

Эрна арахь эрна латта хьешахь,

Эрна шовкъехь со хьийза ма виэ.

Йиц ма лолахь, зама, йиц ма лолахь,

Шен-шен хенахь сан ойланех иэн.

 

X1окху стихотворенехь «шен-шен хенахь сан ойланех иэн» бохург шозза даладо авторо, юха а шен ешархочуьнга, стаг ша вехачу заманца цхьаьна вог1уш, воьдуш вацахь, цуьнан вахаран маь1на, декхарш кхочушдар кхачаме хир дац бохучу маь1нехь алархьама. Поэт тешна ву, иштта хила а лаьа цунна, xlapa латтта, дуьне, х1окху лаьттахь адамийн дахар шел т1аьхьа а дуьсург хиларх. Х1ун ду ткъа адам дуьненчу даларал а, цо догдика, догц1ена, хьанал лаыта т1ехь йоккху йолчу хенал а хаза? Дуьххьара малхе, батте, сийначу баце ирсе хьожур ву хийла а. Т1аккха къоналлин безамо воккхавевийр ву иза, юха шен дахаран гуьйре т1ееъча, цуьнца «девне а вуьйлуш». Дуьненан амалш, г1иллакхаш - диканиш а, во ниш а - дуьсур ду х1етталц а, безамах цабезам хуьлуш, доттаг1ашкахь ямартло гуш, цара 1овжийнарг холчах1иттош. Ткъа уьш дерриш а адамийн зиэраш ду, шайх lexa ца луш я цаьрга ша воха ца войтуш чекхваьлларг эхартахь декъал а хуьлуш, шеен оьмарехь и эрна ца вахарна.

Х1окху дерриге а вай дийцинчо гойту Алиев Г1апуран лирикин турпалхо гуттар а лехамехь, эрна хан ца йойуш ваха лаам болуш хилар. Цо леха а лоьху. цунна а кара а до шен цхьаболчу лехамашна жоьпаш. Амма дерригенна а дуьхе кхиа, мел долчун маь1 на довза ницкъ бац адаман. Дахаро юха а, юха а керл-керла хаттарш х1иттадо шауггаре а лекхачу лакхене кхаьчна моьттучунна а хьалха.

Алиев Г1апуран поэзи йоынучунна юххера а, везаш а ву цуьнан лирикин турпалхо - къийсамхо. Цунна хийра ду дахарна текъамаш бар, цхьана а тайпана ч1е1амаш бар а. Цо дахар ша ма-даррат1еоыгу, цуьнан хазахетаршца а, халахетаршца а. Цу т1е а автора нохчийн меттан исбаьхьаллин г1ирсех говза пайдаэцаро а безам бохуьйту цуьнан поэзига.

Шен стихотворенех т1аьххьара язйинчех цхьанна т1ехь а ша дахаран диначу маь1 наша юх-юха а хаттарш кхуллу цуьнан:

Шен хеннахь ца аьлла илли

Мацца а мегий-техьа ала?

Ца кхуьуш данза сох диснарш

Мегий-техь ас дича кхана?..

 

Дицдинарш ас дина вонаш

Къинт1ера мегий-техь баха?

Я эша а оыний-техь дешнаш?

Ас х1умма а оыний-техь ала?..

 

Вай тешна ду, Алиев Г1апура х1окху хаттарех цхьанна жоп луш, шен хеннахь ала деза иллеш кхуллург хиларх xlopa денна а. Цуьнан исбаьхьаллин дош оынуш ду вайн литературехь. Алиев Г1апуран поэзии вайн литературехь х1окху т1аьххьарчу шерийн хилам бу аьлча а цуьрг а харц хир дац вай.

Кхузахь т1етоха деза: Гlaпyp ша а иллиалархо хилар. Цо шен дешнаш т1ехь д1аолу иллеш ладог1архоша хазахетарца къобалдо. Беккъа ц1ена халкъан мукъамаш бу цо кхуллурш. Нохчийн поэт-бард х1инццалц схьа хилла а ма вац. Алиев Г1апуран и пох1ма хилар шеконехь дац.

Нохчийн поэзе сонет оьрсийн литературехула еана.

Ткъа вайн статьян 1алашо ю, х1окху т1аьххьарчу шерашкахь сонетийн жанрехь яз а еш, цу т1ехь боккхачу кхиаме кхаьчна волчу Алиев Г1апуран оцу жанрехь язйина говзарш таллар. Т1аьхь-т1аьхьа алсамбуьйлу цуьнан поэзи езархойн барам, къаьсттина царна тайна Алиев Г1апура нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйина сонеташ. Уьш зорбане юьйлу «Орга» а, «Нана» а, «Вайнах» а журналийн аг1онаш т1ехь (Гlanyp я «Гуинплен» олий, язйо цо царна коьрте шен - авторан ц1е).

Петраркас, Дантес я Микеланджелос кхоьллинчу сонетийн классически кепах къаьсташ а йолуш, кхаа биъмог1анах а, дерзоран шина мог1анах а лаьтташ ю Шекспиран заманахьлера а, царел хьалха а ингалсхойн поэташа кхоьллина йолу кхечарел а атта йолу сонетан кеп: хьалхарчу биъмог1анехь тема йовзуьйту, шолг1ачохь - цуьнан кхиар, кхоалг1ачохь тема схьаяьстина йолу, чаккхенехь болчу мог1анехь церан массеран жам1 ду, - к1еззигчу дешнашца к1орга маь1 на долуш алар.

Сонетан ишттачу кепехь язйо Алиев Г1апура. Экамчу синхаамийн бес-бесаралла, 1аламан исбаьхьа суьрташ, мукъам, басарш, иштта кхин а - сонетийн поэзин ламасталла ю. Уьш гайтана ца 1аш, Г1апура тидам т1ебохуьйту адамийн дахарна а: амалийн чолхаллаш, уьш цхьатера цахилар; дахаран г1иллакхаш; вайнзаманхойн бакъдолу васташ, церан сийлахьдерш, иштта кхин а.

Масала, 19-г1а сонет. Кхузахь цхьа къам ду авторо дуьйцуш, мацах хьалха, х1уманан пусар деш, шайна сийлахь бакъ дош хеташ даьхна долу, х1инца дакъазадаьлла, шен махках яьлла ц1е яйа да воцуш, б1арзделла:

 

... Цхьа зама ю вайца эвхьазаяьлла,

Х1оранне шенна а йисна.

Цхьа къам ду харц - бакъ а къуьйсуш,

йишхаьлла,

Баьччанийн харцоно аьгна...

 

...Цхьа зама ю вайца еана ловза,

Цхьа къам ду кечделла къовса.

 

Оцу мог1анашкахь и къам билггал муьлха ду ца дийцахь а, тахана дуьненна а г1арадаьллачу нохчийн къомах лаьцна ду х1окху сонетан дешнаш. Цуьнан мохк-м хьалха д1адахначу б1ешерашкахь дуьйна бу богуш, тахана а баьгна баланза, «дерриге а дуьненахь да воцуш хьаста», «1аьржачу к1оштахь кхаж баьлла».

Юха, 38-г1а сонет йоынуш, вайна го цуьнан лирически турпалхо оцу дерригенна бехкениг шен къам цахиларх х1инца кхоччуш кхетта вуйла:

 

1аж-М1аьжг б1о бог1ур бу бохуш,

Дийцинарш со хезна ву, -

Малхбалехь малх хир бу бузуш,

Klyp бонуш ц1е йогур ю.

 

Лакхенаш лахене юьйлуш,

Ж1аьлеша борз хьийзор ю.

Сихалло, собарца къуьйсуш,

Хезна ву, са кхачор ду.

 

Аренаш хир ю вайн лаьмнех,

Аренех лаьмнаш хир ду.

Ламанан шовданаш юхнехьа

Уьдур ду, - со хезна ву.

 

Ца хезна, Нохчийчоь юхкуш

Бакъволу нохчо хир, олуш.

 

Кхузахь вайн къомо балахьегарх йолу к1орга, йоккха г1айг1а гайтарехь коьртачу маь1нехь къаьсташ гуш во цхьана a xlyманна бехке дону и къам арахьара а, гушбончу ницкъаша а, чоьхьара бевзашболчу наха а, кхаж бина, шайн боьхачу 1алашонашка кхачархьама, дохийнахьийзоран тема. И сонет цхьаьнайог1у Г1апуран «Сан Нохчийчоь ловзояьккхи» стихотвореница, шена чохь Даймахкахь хуьлуш долчух лаьцна йоккха г1айг1а къуьйлуш йолчу.

14-чу сонетехь адаман дахаран юьххьехь хилла сирла сатийсамаш, цо бераллехь шен вахарна кечлуш йина ойланаш йовзуьйту автора. Уьш цунна х1инца карлаевлла, ша, «шерийн мохь къовлуш, диттина зоьпарш малдина», «ша-шеха воьлучу хенахь». Цунна х1инца дагахь ду ловзанза диена ловзарш, юха карладуьйлу ша мацах дицдина бераллин г1аларт. И дерриге цхьа ч1ог1а дазделла цунна оцу ша юьйнучу буса, нундела лаккхарчу айдарехь босту цо оцу хьолехь волчу шен синхаамаш, иштта дехардарца:

 

Буьйса, хьо яхлолахь, яхл олахь суна,

Ясталахь санш ерийн лазаме гlypa!

 

Лирически турпалхочун цу буссехь хиллий-те эххар а дахаран маь1нех ша кхетар, боху ойла кхуллу П-г1а-чу сонето. Х1инца иза шен дахаран некъийн юьхь ша юьхьарлаьцначохь лаьтта, шен юьртан керташна юккъехь, царна уллехула д1адоьлхучу некъашка б1аьргбетташ. Цунна-м уьш, цкъа а ца хиэдаш, гуттар а шена хир ду моытура, жималло, къоналло, хьалха лаытачу дахаран шераша вахийна, цкъа а чекхдер дац шена моытина дахар ша д 1акхехьа, шераш идо, деккъа шена кхоьллина ду ма-моьттура. Цунна цхьа кхечанхьа, ша воцчохь, пана мехкашкахь ду моьттура шен ирс-лехам. Ткъа х1инца, эххар а, ша шен ден кхерчан х1усаме кхаьчча, иза кхетта:

 

... Дуьнене кхийлина йистйоцу лиэхам!

Кхечанхьа къийсина кхечеран гуй!

Ца хиъна, берриге дуьненан бахам

Тхайн къечу х1усамийн тхов к1елахь буй.

Къинт1ераялалахь, тхан тиша х1усам,

-Ас динчу сан некъийн чаккхенийн лазам!

 

Х1инца хьовсур вай безамах лаьцна Алиев Г1апура язйинчу сонеташка. И тема кхечарел а цунна гергара хилар го вайна, оцу синхаамна язйинарш цуьнан алсам хиларна. Цуьнан къайленах кхета г1ерта сонетийн турпалхо, шена хьалха керл-керла хаттарш а х1уьттуш х1оразза а: «Безам бу лаам? Я лаам бу безам? - цуьнан дуьхе кхиа 1алашо йолу и, шел хьалха хийла а санна, цунах кхетта я 1аьбна вац шен дахаран муьрехь. Бакъду, адаман дахарехь оцу сийлахьчу синхааман мехалла хадорна герга-м вог1у и. Масала:

Лаам чекхболлучохь дахар чекхдолу -

Дахар, чекхдаллалца, безамах догу, - аларца, и «иккхинчу дуьненан г1овг1а», «дахаро дахаре дина весет», я «туьйра ду, адмашца деана ловза» боху нуьнах лаьцна дустарш, васташ кхолларца, маь 1 на до цо.

Ц1еххьана цхьа хьуна дагахь дону васт а даладо Алиев Г1апура шен безаман сонеташкахь. Хьалхарчу биъ мог1ано, къаьеттина царах шолг1ачо, ешархочунна сурт кхуллу къизачу, ирчачу, дерачу туьйранашкара персонажан. Шолг1ачу биъмог1ано цуьнан дар-лелор гойту. Ткъа кхоалг1ачохь тема а йовзуьйту. Амма т1аьххьарчу, коьрта маь1на даран шина мог1анехь, поэто, безаман хало ловш волчо, и сел мерза хеташ, цуьнан дуьхьа х1уъу а лан кийча волуш, цуьнан лазамах вала ца лууш, ша цуьнан балехь х1уъу а хьега кийча хиларх дуьйцу.

Нагахь ша сонет дуьххьара кхоллалуш безаман йиш санна хиллехь а, езачух лаьцна уггаре а деза, лаккхара айам болу дешнаш я дустарш далош, т1аьхьо оцу темина язъеш хиллачу сонеташкахь еза йо1 а х1окху лаьттахь дехарш санна адам хилар билгалдокхуш, ма-дарра сурт кхуллуш язъеш схьадог1у.

Т1еман къизаллехь, герзийн лелхарехь я ша цхьаъ цхьаллехь висча, цунна дахарх а, хиндолчух а тешам беккъа цхьана безамехь го, и боццушехь, ша-шена кхоьллина васт-сурт и делахь а, нуьнга сатесна, къизачу заманахь цунах хьаьгна волчу:

 

... Хьо-м хила ца хилла, со кхетта х1инца,

-Ас-айса кхоьллина хьо,

Хьовзийна ас сайна декъаза х1илла,

Суо-айса 1ехавина...

 

Амма цхьаъ ду Алиев Г1апуран сонетийн турпалхочо т1еч1аг1дийриг: хуьлда и безам жоп долуш я доцуш, амма муьлхха а оцу шина кепара болчу цо адаман дахаран маь1на довзаре-м валаво вайх xlopa, х1унда аьлча оцу синхаамо вохво шелонехь, ойу г1айг1ано йожийна ойла, «байначу кхерчахь ц1е лато» ойла а кхуллу. Лирически турпалхочо, шен сатийсаме ойланаш юткъаелча, ша-шена «даре-м» до цкъацкъа, ша цкъа мацца а соцур ву, «г1ел а велла, и йоцийла хиъна», олий, х1етте а, безамо латийначу ц1еран йийсарера-м валалац и, шен даг чохь цунах цхьа суй бисна а:

 

Т1аьххьара саузуш, сан б1аьргаш къовла,

Йолалахь, алийта: «1одикайойла...»

 

Безамо деккъа цхьа воккхавер, синтеме ирс ца дохьу, цо г1айг1а, синтемзалла, балахьегар дохьу шеца. Иштта ма хилла дахарехь х1инццалц схьа, х1окхул т1аьхьа а хир ду, безамо сирла, ц1ена, уггаре а лекха, сийлахь, еза ойланаш кхуллуш адамийн дегнашкахь:

 

Безам, сан ойланийн г1аролехь латта,

Дахарх со къаьсташ бен, сох д1а ма къаста.

 

Алиев Г1апуран безаман сонеташлахь шен чулацамца а, маь1ница а тоьлашха йолчех ю xlapa:

 

Сан некъийн тачанаш юханехьа хьийза,

Жима вац, - жималло со хьийза-м во.

Къоналло, къеначу г1иллакхе юьйлуш,

Жималле, шен баьрче д1акхийдайо.

 

Де-буьйса, шо-шарах вовшахаиэлуш,

Безамо б1арлаг1е суьртийн гуо бо.

Хила йиш йоцучо карзахавохуш,

Сан елла ойланаш юха-ъ денло.

 

Цкъа мацах леззинчохь юха а лозуш,

Цхьа еха - яхъелла буьйсанаш ю.

Юха а безаман аренга кхойкхуш,

Тилвелла, ас дитна сан некъаш ду.

 

Замано ерзийнчу сан чевнийн моьнаш

Лазош ду мацахенах диена г1енаш.

 

Нохчийн сонет кхиорехь уггаре а доккха дакъа цу юкъадиллинарг Алиев Гlaпyp ву. Цо шен сонетийн массалица гайтина нохчийн поэзица сонетийн кеп йог1уш а, хаза а, атта а хилар.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.