http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ИЗА КХОЛЛАМО ЦА ХЬИСТИНЕРА Печать Email


С.Дадаев

 

Байттамал... Вайна моьттург ца до кху дуьнено цкъа а. Ц1еххьана 1ожалло кату хий вайна юккъера д1авуьгу угар тоьлларг... Иштта д1авиги тхан 1альви а. Тоьлла журналист, поэт, публицист.

Алиев Дудин 1альви дуьненчу ваьллера 1949-чу шеран 24-чу июлехь Малхбален-Казахстанан обсластан Кировски районерчу Белоусовка юьртахь. Нохчийн халкъ махках даьккхина пхи шо кхаьчна хан яра иза. Хийрачу махках кхоччуш боьлла бацара х1етахь а нохчий. Уып цунах бола, когаирах1итта ца буьтура Сталинан чалтачаша лелочу къизаллаша, бечу бехкамаша. Х1етте а, нохчий къарлуш бацара. Уьш дахарх тийсалора мацалла, шело, г1ело ловш. Царна хьуьнар а, доьналла а лора дайн оьздачу г1иллакхаша, дерриг а Делан лаамца дуй хааро, доккхачу иймано, нана-Дег1астана ц1адоьрзург хиларан тешамо.

Ишттачу сатийсамца дехаш дара 1альвин да-нана а. Ама Нохчийчоь ган доьг1на ца хиллера цу шина. К1ант дуьнен чу а валале кхелхира Дуда. Нана Таа а цул т1аьхьа дукха ца ехира. К1ентан варх1 бутт кхаьчча эхартан ох1ланах д1акхийтира иза. Байлахь висира к1ант. Муха хир бу цуьнан кхоллам? Хьан дийр ду цуьнан дола? Иштта хаттарш ца х1иттира. Дукха жимчохь дех-ненах ваьлла 1альви дехоша доладеш, кхоош кхиийра. Аьлча а, девашас Киндаров Султана а, цуьнан х1усамнанас Лайла а шайн берел а хьоме хеташ, къахеташ кхиийра. Ша бакъдуьнена д1аверззалц Лайлаах мама олура 1альвис. Шеен Нана сана хьомсара а яра цунна иза. Лайлаан къинхетаме дог ца хиллехь 1альвин кхоллам муха хир бара а ца хаьа. Цо, шен мара а къуйлуш, варх1 бутт къаьчна волу xlapa д1авигна 1950-чу шеран 1а меца а, шийла а ма дара. Х1етте а цуьнан доьналла кхечира к1ант шелонах, мацаллех ларван. Т1аккха муха эр дацара 1альвис цунах мама?! 1957-чу шарахь цаьрца Нохчийчу схьавеара к1ант. Оццу шарахь Жимчу Атаг1арчу (Шелан район) юккъерчу ишколан хьалхарчу классе деша вахара. Дешарх дика кхеташ, xlyманна сиха духе кхуьуш хиларца шен нийсархошна-дешархошна юккъехь билгал вара 1альви. Цу ишколехь барх1 класс чекхъяьккхинчул т1аьхьа Соьлжа-Г1аларчу кооперативни техникуме деша вахара иза. Кхиамца иза чекх а яьккхира. Делахь а, техникумехь караерзийначу говзаллица болх бойла ца хилира. 1968-чу шарахь 1. Алиев Советски Эскаран мог1аршкахь г1уллакхдан кхайкхира.

Даймахкана хьалха долу шен сийлахь декхар д1алучу шерашкахь цунна шегахь кхоллараллин суй хаабелира. Шен ойланаш, хьесапаш байташка дерзош яздан волавелира иза. Цо цунна дагна хьаам бора, байташкахь дагара дийца ваша, дагавала да-нана карадора цунна. Цундела ларамза дацара эскарера ц1авирзина дукха хан ялале иза нохчийн халкъан цхьаъ бен доцчу «Ленинан некъ» (таханлера «Даймохк») газетан редакце балха вахар.

Цуьна дахарехь, кхолламехь коьрта маь1на лелийна и хилам 1971-чу шеран апрель беттан 24-чу дийнахь хилира. Эх1, ма ирсе хетара 1альвина ша цу дийнахь. Б1аьстенан бовха малх а шен дуьхьа кхетта моьттура.

 

 

 


Ӏальви Алиев поэзин суьйренахь Москвахь; I. Алиев Токкаев Сулейманца Москван Къаьмнийн ЦӀа чохь

 

Оццул доккха дара цуьнан хазахетар. Дахарехь хазахетарша башха хьистина а ма вацара жима стаг. Къоман газетехь лахара литературан белхахо вара иза. Белхан хьалхарчу дийнахь дуьйна 1альви билгалвелира шена т1едиллина декхар сиха а, говза а кхочушдарца, нохчийн матте, литературе безам хиларца, г1иллакхе, оьзда, эхь-бехк долуш хиларца.

Редакции куьйгалина а (х1етахь «Ленинан некъ» газетан редактор Габисов Бийсолта вара), белхан накъосташна а тайра 1. Алиевы амал. Ца тойла а дацара, массаьрца а аьхна, велавелла-векхавелла вара иза, шен йиша-вешица санна.

Коллективехь массарна а хьоме хилла д1ах1оьттира жима стаг. Цул т1аьхьа корреспондентан а, лакхарчу кореспондентан а, хаамийн декъан заведующий а. жоьпаллин секретаран а белхаш бира 1. Алиевс.

Оцу дерриг а даржашкахь хьанала къахьигира цо. шен ницкъ, хаарш ца кхоош. Кху газетехь ткъа шарахь сов болх бинчул т1аьхьа зеделларг долу журналист «Свобода» газетан редакце кхойкху жоьпаллин секретаран дарже. 1993-1994-чуй шерашкахь цу газетан куц-сибат хаздеш къахьоьгу цо. Цул сов ша а дуккха а материалаш язйо республикан чолхе даьллачу дахарх лоций.

Нохчийн кегийрхоша спортехь бохучу кхиамех лаьцна яздар даима а дукха дезаш хилла волчу 1альвина цу шерашкахь к1езиг хуьлура спортах лаьцна яздан х1ума. Х1унда аьлча, «йозуш йоцчу» Нохчийчоьхь цу шерашкахь цхьа а х1ума дацара ларт1ехь. Дахар-lep а де-дийне даларца галдолуш дара.

Нохчийчоь т1еман ц1ерга йоьдуш яра. Оцу хьолехь журналистийн орцане мохь-ц1ог1а хезаш стаг вацара 1едалехь. Ткъа халкъ балехь, г1айг1анехь дара. Цуьнца и бала-г1айг1а йоькъуш вара 1. Алиев а.

Иза шех ч1ог1а кхийрина т1ом белира Нохчийчохь. Иза д1абирзина балале – шолг1аниг а. Шен доьзал т1амах бадийна Несаре вахара 1альви. Амма т1ом д1аберзаран хьалхара билгалонаш гучуйовллушехь ц1а веара. Шен даго къобалдеш долу г1уллакх д1адоло гечо леха волавелира. И дан цуьнан аьтто белира 2000-чу шарахь «Вести Грозного» а, 2002-чу щарахь «Даймохк» а юха арахеца долийча. Йоккхачу хьогаллица кхочушдора цо шен декхарш. Нохчийн халкъ барт хиларе, машаран беркатечу некъа т1ех1иттаре кхойкхуш статьяш язйора, Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин балхах, цуьнан 1алашонех, цо деш долчу доккха маь1на долчу юкъараллин-политически г1уллакхех лаьцна хаамаш бора, цуьнгара интервью а оьцура, синна хьаам беш байташ, поэмаш язйора. Президентан болх мелла а шуьйра гайта лууш иза вах-ваханчу кхочура зеделларг долу журналист. 2004-чу шеран 9-чу майхь Соьлжа-Паларчу «Динамо» (х1инца С. Билимхановн ц1арах) стадионехь инзаре бохам хуьлучу хенахь а цигахь вара 1. Алиев. Цу киртикехь чевнаш хилира кхунна а. Амма уын гуш а, я хаалуш вацара иза. Цуьнан дог 1овжийнарг вайн дерриг а къоме беана бохам бара. Цундела цо шена хилла чевнаш ца хьехайора я цул т1аьхьа а ца хьехийра.

Нохчийчоьнан баьчча кхалхаро дагна йоккха чов йира 1альвина. Иза кхин а к1аргйира цул т1аьхьа шо шарна дуьхьал нисдалале цхьаъ бен воцу к1ант Аслан, ц1еххьана, дагахь доцуш, некъаца хилачу бохамехь кхалхаро.

Делахь а и дерриг а лан доьналла а, ийман а хилира 1альвигахь... Цхьанна а леткъамаш а ца беш, 30, 40, шо хьалха а санна болх беш схьавог1ура иза, шен деган лазам хьулбина.

Цуьнан каде, само йолуш хиларе хьаьжча цхьанна а дагадог1ур дацара Алиев 1альвин 60 шо кхаьчна ала. Шерашка а, заманан халонашка а къар ца войтуш, «дурс» аьлла д1алелаш волу 1альви, ц1еххьана д1аваха вайна .ккъера. Д1аваха axl-их1 ца деш, къонаха санна. Иза ван а вара бакъволу къонаха. Амма 1альви цкъа а вицлур вац тхуна, цуьнан накъосташна. Диканиг вара иза. Дала декъалвойла 1альви!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.