http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Зама дIайоьду, со шеха хьегаеш Печать Email

Амаева Маржан

Амаева Маржан-Мария йина Г1ирг1азахь Кочкар-Ата юьртахь, 1947 шарахь январь беттан 11 дийнахь. Иза, 1958 шарахь Нохчийчу ц1а даьхкича, ишкол чекхйяьккхинчул т1аьхьа, Соьлжа-Г1алара Культура-Серлонан  училище деша яхара. Цигахь дешна елира 1975 шарахь. Дешар д1ахьора Зандакъара юккъера ишколехь йиш-илли аларан урокаш а луш.

1986 шарахь Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан Университете нохчийн мотт, литература 1аморан факультете б1ат1аьхьа деша а яхара, 1993 шарахь иза чекх а яьккхира.

Дешна яьллачул т1аьхьа цо районан методически кабинет нохчийн меттан, литературин методист а болх бира, иштта Соьлжа-Г1алара № 53 юккъера ишколехь хьехархочуьн а, берийн бешан куьйгалхо а.

Иттанашкахь сийлаллийн грамоташца дина совг1ат а ду, «Белхан ветеран» а, ВДНХ борзанан мидалаш а ю цунна елла. Шен байташ т1ехь ша яха а яьхна, ша д1аолуш грапластинкаш а ю араевла.

 

 

ЗАМАНЕ

 

Зама д1айоьду, ойлане йитна,

Со шеха хьегаеш, г1ийлачу дагца:

«Кхин 1ен йиш яц сан», – боху цо, х1инца

Къонанаш хир бу лаьдоьг1уш, хьаьгна.

 

Ма г1охьа, доьху, цакхетарш хьеста,

Хьан хам бан хаьарш ма тисахьа д1а!

Шерашца зийна сатийсам 1еткъа,

Царех къа ца хеташ, ма г1охьа д1а!

 

Ца кхеташ, хийла хьийзина зама,

Моттарна даима дехар ду хьоьца.

Юха а гуо таса йиш хилча, кхана

Ма хьоме лелор яра-кх хьо, зама!

 

Хийламмо йитина эрна д1атесна,

Шен ю моьттинарш 1ожалло баьхьна.

Сов сиха йоьду, урхаш д1ахецна,

Лаг1дехьа болар хьаьгначийн дагца!

 

Къинхетам бехьа, б1аьстенан дуьхьа,

Хьоме лелийнчу зезагийн бешах,

Шелонех ларбинчу хьомечу доьзалех,

Кхерч бовха латтийнчу х1усамненах!

 

 

ДАЙМОХК ТЕСНА БАХАНЧАЬРГА

 

Жималлехь левзина некъаш

Дукъделла, т1ехьекхна ченаш.

Уьш лардан я тодан, ц1андеш,

Мила хир ву, массо д1аг1ахь?..

 

Алахьа, хьо муха веха

Генарчу дозанал дехьа?

Буьйсанна ойлане вуьйлуш,

Вуй-те хьо юха сатуьйсуш?

Техкаеш и сийна хьаннаш,

Даймахко т1ебоьху хьаьгнарш.

Ша бицбеш, шена букъбеттарш

Цо лору дог доцу жуккарш.

 

…И хиларх исбаьхьа г1ала,

Хиларх и цкъа а т1ом ганза,

Дог-ойлий вовшеха леташ,

Кийрарчу т1амах вуй кхеташ?

 

Хийра адамаш, хийра мохк,

Тача дойуш дуьллу дохк.

Ваьлла меттиг, ненан мотт

Ахь д1атасахь, юй цхьа чот?

 

З1е етташ, хьал-де хоьтту,

Нохчийчохь дерг хаа воллу.

Нана-Даймохк тесна вахна,

Цунах хуьйцуш ахь х1ун лехна?

 

Къахьо эшо марзо ю сан

Сай Даймахке-Нохчийчоьне.

Деши-бахам эшац нехан –

Сай ц1ахь ю со ирсе ехаш.

 

 

ОЙЛАНЕ БУЬЙСА

 

Тховса-м хьо сагатдеш

еъна-кха, буьйса.

Ойланаш лехкало,

набарна ца туьйш.

Х1ун дер-те ас, нагахь

хьол т1аьхьа йисахь,

Ахь коьрте дахаза

тхо байлахь дисахь?

 

Х1ун дер-те ден-ненан

дукъ сайгахь дисахь?

Ден хьехам, беза мур

сайна т1ехь бисахь?

Ирс каро йина чот

ц1еххьана йохош,

Хьо вигахь 1ожалло,

хеназа вожош?

 

Х1ун дер-те, вайн доьзал

хьоь кхайкха боьлча,

Дан амал доцуш,

б1арзъелла со йисча,

Хьан хилла накъостий

т1ех бийла боьлча,

Лалурий-те к1анте,

да воцуш висча?

 

Дех-ненах яьлла

акха борз хилла,

Йиснера со уг1а

массо а ханна,

Ткъа х1инца, дахарехь

хьоьх г1овла йина,

Лаьтта со-м шуьйрачу

букъ т1ехьа тийна.

 

Нийсаршна вицлур ву,

кош т1е буц яьлча,

Гергарчарна вицлур ву,

доьзало 1ехийча,

Дайша а лийрина арахь дерг –

не1 ч1аьг1ча.

Хьо-м суна оьшур вай,

доьзална эшча!

 

 

БЕЗАМАН ТУТМАКХ

 

Хьан кхолламехь, хьоьца яха

Доьг1на доцуш хилла-те со?

Сан яхарахь, со мел еха,

Ларван везаш хилла-те хьо?

 

Меллаша со, тутмакх хилла,

Вог1у денош карладохуш?

Я заманца хенах тилла,

Дог1а дог1ур-те, 1авраш хьолхуш?

 

Дуьхьал яда ницкъ а боцуш,

Когаш шаршарх кхоьруш хилла,

Я буьйсано серло оьцуш,

Ган де доцуш йисар кхийрина.

 

Я хьайн вахар доза доцуш

Хир ду моьттуш 1ехавелла?

Лела-те хьо, тергам боцуш,

Тутмакхалла соьга делла?

 

Хьан кхолламехь хьоьц   а яха

Доьг1на доцуш хилла-те со?

Сайн дахарехь, со мел еха,

Ларван везаш хилла-те хьо?

 

 

Б1АЬСТЕНЦА ЛОМАХЬ

 

Мацах цкъа яьхначу юьрта го тосий,

Сийначу бацалахь зезагаш техкош.

Къоначийн дегнашкахь аьхналла хьостий,

Безамна яхкийна сан деган эхкан.

 

Диэхьа и… кхуьуьйтуш сан деган йовхо.

Д1а ала: «Нохчин йо1 сатесна еха».

Безамах догу дог ницкъ боцуш човхо,

Зандакъа лаьмнашкахь даима еха.

 

1уьйранна кхетачу малхаца г1оттий

Со юссу лаьмнашка, маршалла хоттий.

Мелачу мехца ас, шабаршка йолий,

Зезагийн басешка деган тхи диллий.

 

Техкарехь иллешка-эшаршка йовлий

И хаза исбаьхьа, ламанан хьаннаш.

Хьаннашкахь дог1учу, хино йиш локхий,

Шакаршца декало хьозарчий аьзнаш.

Безамо литтинчу шовдане юссий,

Ойланехь лаьтта со къоналло хьоьстуш.

Зандакъа лаьмнашка соьцанна воссий,

Дахкахьа, хьомениг, со лоьху некъаш.

 

Декалахь сан илли лаьмнашка доссий,

Ламана йо1ера лерамца г1аттий.

Аьхкенан де-делкъехь шовданах кховсий,

Хьаьгначу даггара маршалла эций!

 

 

САН КЕХАТАН ПОНДАРАН АЗ

 

Лан ца ло, лан ца ло д1атесна битар,

Сан т1алам бар доцуш, генара хьийсар.

Сан к1айчу п1елгашна мукъаме суьрташ

Дуьнене даржадеш, ч1аг1дайта барташ.

 

Пиллагийн сихалло хелхаран бохь буг1уш,

Тулг1енехь лекхалуш, са т1ома дохуш,

Алийша, бацара дикалла буьйцуш

Дуьххьара Нохчийчохь ц1еяхна пондар?

 

Лан ца ло, лан ца ло, бацахь а шун санна кийра,

Чан тесна, терхи т1ехь сан битар г1ийла.

Я вац-те сан маттах кхета стаг х1инца,

Сан озе ладог1а лууш верг, дийца?

Сан ницкъ бу х1ораннан кийра а бола,

Дагахь дерг схьахиъна, цунна дан къола,

И дерзош сайн матте хазийта оза,

Ткъа цуьнан са айдеш хилийта хьоза.

 

Ницкъ бу сан д1о лаьтта лаьмнаш а делхо,

Г1ийлачийн даг т1ера баланаш лелхо –

Питанчийн дегнашкахь хьовзаеш девзиг,

Даймехкан бошмашкахь кхиийта зезаг.

 

Лан ца ло, лан ца ло д1атесна битар,

Сан т1алам бар доцуш, генара хьийсар.

Сан к1айчу п1елгашца мукъаме суьрташ

Дуьнене даржадеш, ч1аг1дайта барташ!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.