http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ойланаш хьерча сох... Печать Email

Кхоллараллин биографи

 

Саиев  Махьмудан Iумар вина 1959 шеран 27 июнехь6 Нохч-ГIалгIайн АССР-н  Нажи-Юьртан кIоштахь ламанца йолчу Мескитахь.

1977-чу шарахь цо чекхъяьккхина № 4 йолу Гуьмса гIалара юккъера школа. 1977-1979-чу шерашкахь Даймахкана декхар дIалуш Советски эскарехь гIуллакх дира цо. Цул тIаьхьа, масех шарахь гIишлошъяран урхаллашкахь гIишлошъярхочун говзаллин корматалла зуьйш белхаш а бина, 1988-чу шарахь Саиев Iумар деша воьду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан заочни отделене. 1994-чу шарахь цо кхиамца чекхдаьккхира дешар. Оцу хенахь, шолгIачу шаре а ваьлла, 1944-чу шарахь Юккъерачу Азе а, Казахстане дигна, дохийна хиллачу нохчийн къоман бохаме истори толлуш Нохчийн Республикан Гуманитарни институтехь Iилманан сотрудникан болх беш вара иза.

Саиев Iумаран яздархочун корматалла гучуелира 1976-чу шарахь «ЦIен байракх» (хIинца «Гумс») газетехь «БIаьсте» цIе йолу стихотворени зорбатоьхча. Цул тIаьхьа цуьнан стихаш кест-кеста зорба тоха юьйлира «Ленинан некъ (хIинца «Даймохк»), «Васт» газеташ тIехь, ткъа иштта «Орга», «СтелаIад», «Нана», «Вайнах» журналийн  агIонаш  тIехь а, кхийолчу меттигерчу а ерригероссин муьран зорбанехь а. Иштта 2001-чу шарахь Саиев Iумаран байташ зорбане евлира Москвахь арадовлучу «Объединённая газета», «Советски писатель» цIераш йолчу  газеташ тIехь. 1981-чу шарахь Гуьмсан районан «ЦIен байракх» газетан редакцехь, вевзашволчу поэта Рашидов Шаида (карарчу хенахь НР-н халкъан яздархо) вовшахтоьхначу «Шовда» литературни цхьаьнакхетараллин декъашхо хуьлу Саиев Iумар. 1982-чу шарахь иза иштта юкъавоьду, вевзаш волчу поэтан Шайхиев Iалвадин куьйгаллехь  Соьлжа-ГIалахь шен болх дIахьуш хиллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературин цхьаьнакхетараллина. Оцу шерашкахь кхоччуш шарбелира цуьнан кхоллараллин некъ, кхиира говзалла, ойланийн философин кIоргалла а. 1987-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь республикан яздархойн Союзан правленис дIаяьхьначу IХ-чу къоначу яздархойн мехкан семинарехь, вовшахтохараллин комитето кхайкхина дакъалецира къоначу поэта. 1989-90-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн киншкийн издательствехь поэтан Саиев Iумаран байташ арайовлу «Шерийн гуонан когашкахь», «Малхлацар» цIераш йолчу  цхьаьнатоьхначу  гуларш тIехь. Саиев Iумаран произведенийн тематика шуьйра ю. Цо дог тохадолуьйтуш яздо, нохчийн халкъана бийцина ца валлал бала беъначу тIамах а, даьндаргаша цистинчу Даймахкех а. Дуккха а байташ язйина  Саиев Iумара Iаламах лаьцна а. Вайн лаьмнийн исбаьхьалла, церан  ша тайпанара йолу хазалла, ховхалла, аьхналла - уьш дерриге а гучудолу ешархочунна, цуьнан говзарш йоьшуш. Цо ишта яздо, мехкан токхо совйоккхуш хьанала къахьоьгучу  ламанхойх лаьцна а. Даймахкана тешаме байташ ю Саиев Iумаран. Цара ешархочуьнгахь кхиайо – дикалла, майралла, доьналла, Даймахке безам, уллерачух дог лазар, къинхетаме хилар а, ишта кхийолу адамаллин амалш а. Саиев Iумар масех жанрехь болх беш ву. Ишта, цо кхиамца  язйо  афоризмаш а.

Карарчу хенахь цхьа могIа киншкаш араяхар тIехь болхбеш ву Iумар.

 

 

Саиев Iумар

 

Синтем байна буьйса

 

Стигла ю дагаре хьийзаш,

ОьгIазе балда а дуьйсина…

Хоршанехь юргIа тIеийзош,

Дуьйцинарг

Iаьржачу буьйсанех…

 

Лаьмнашца шийла мох кхерста,

Маьхьарца аре а Iадийна.

Тховса-м цо, шен дакъа дестарг,

Ца туьйш,

сан бIозза некъ хадийна!..

 

Шакарехь цо лергаш лекхна,

ДIахьаьжча

цIеххьашха буьйсане:

Цхьаьццанхьа го иза екхна,

Цхьаьццанхьа го

лергаш дуьйсина…

 

Мохо шен тулгIеш тIетуьйсуш,

Стиглара мархаш дIайовдийна.

Гора-яI, ма ю хьо, буьйса!

Ца хууш хьайга хIун кховдийна.

 

ДIо ломан букъ тIера хIинца-м,

Iийдало зIаьнарийн цинцаш…

Буьйсанан Iаьржа дог хьаьстина,

Бутт стигла бели, чет яьстина…

 

Кхин хIинца яц буьйса хьере,

Яьлла и тховса ша эриг…

СадеIар ду цуьнан меллаша,

Цамгарехь хоршане леллашехь!

 

Седарчий вовшашца ловзу,

Ца лууш кхин кхолар йовза.

Буьйсано уозош садаьккхина,

ДIайижа ха хаьрци хьаьккхина…

 

САТАСАР

 

Садаьржина догIу арахь,

Седарчех ю цIанлуш стигла.

БоргIал хеза кхойкхуш кIарахь,

УьйтIа яла а ца тигна...

 

Ломан юрт Iа паргIат яьлла,

Ца туьгуш кхин самаяла.

Моьттур ду цуьнан садаьлла,

Я йисна да воцуш вала!?.

 

Наггахь жIаьлеш хеза цIевзаш,

Набарха луьйш дуй-те? - аьлла.

Мохо урамновкъа девзиг

Хьоькху, нускалх  арабаьлла…

 

Бутт бу чIогIа боьхна хьийзаш,

Iуьйрено синхаам бина.

Дог ца догIуш, болар ийзош*,

Ойланашца дагахь шинан…

 

Маьждиган цу момсар тIера,

Ламазна цхьаъ кхайкха вуьйли.

Схьагарехь ву иза берех,

Бусулбан дог некхехь къуьйлуш.

 

Iаламан цIеналло кийра

Босту, дог къондича санна.

Давала-кх, кху махкахь Iийриг,

ХIун дийр дацара ас хьанна!..

 

Олхазарша шабарш долий

Мукъамаш шайн карлабохуш…

Малх ца гIоттуш  кхин цу ломах,

ПетIамат Iа, синош дохуш.

 

ДIогахь шенна лаьтта пхона,

Хьаннех хаьдда

Iин чу хьоьжуш…

Долчух тера ду и къона,

Цхьа а га шен доцуш къоьжа…

 

Цуьнга хьоьжуш Iа со вехха,

Цуьнан кхоллам сайчух бустуш.

Дахар дац-кха шейнан меха,

Шен халкъана велахь юьстах…

 

Яьсси догIу тулгIеш ловзош,

ХIордах кхета новкъадаьлла.

ХIокху лаьмнийн амал йовза,

Со-м тахана араваьлла.

 

Бай-тогIичохь  экха кхерста,

Iин чохь шийла шовда мелла.

Мохан тулгIе гIа-буц лестош,

Лаьмнийн цанашка гIо, лелла…

 

Лаьмнаш лаьтта -

наьрташ санна,

Стиглан Iарше хьаладахна…

Кху дуьнентIехь буй-те бан а,

Хьол хаза мохк, адам даьхна?..

 

* - дегазбуьйлуш

 

ЛАЬМНАШКАХЬ БУЬЙСА

 

Буьйсанан кIоргаллехь

Ойланашца цхьалле вуьйлуш,

Кхерста со урамехь

БIаьстенах а бохуш чам.

Набаро дIаяьхьна

Мескита хар-хир дан юьйли…

Эсалчу мохо сох

Хьерчабо тулгIенан тIам…

 

Ойланаш хьерча сох,

Маьршачу дахаре хьегIаш…

Дуьненан серлонга

Кхайкхадеш шайн къора аз.

Седарчийн тобанехь

ДIо седа ма гIийла хьоьжу!

Ларамза дIаьхьаьжна

Йина-те ас цунна вас?..

Я бу-те гIайгIанаш язъелла

Даг тIехь и седа?

Я бу-те безамо багийна

детталуш нур?

Я кхоллам бу-техьа

Суна сан ирсан юьхь къедош…

Ойланехь ас сайна

БIаьр хьалха хIоттадо сурт.

 

Седарчийн дукхаллехь

Цунах бIаьрг тиларна кхоьруш,

Стигланан боганах

Чекх хьоьжу седане со.

Сан дагчу безаман

Ховха тхиш зIаьнарех хьоьрсуш,

Къорачу тийналлехь

Цо суна тем бацар ло…

 

Ткъа бутт бу техкалуш

Аганан жима бер санна,

Текхначу боларца

Седарчашлахь нека деш.

Токхечу серлонца

Хьаьрчи и ламанан хьаннех,

КIоргечу Iаннашкахь

Шовданийн шабарийн теш…

 

Яьсси ду тулгIеш шен

ГIамарийн бердашца ловзош,

Даима ша санна

Аьрхалла синпхенахь шен.

Кегий хиш тIедоьхуш,

Сатуьйсуш чухчарехь хьовза,

Тийначу шен дахарх

Ца хуьлуш цуьрриг а тем.

 

ГУЬЙРЕ Ю АРАХЬ

 

Буьйсано тIетеси

дахкаран верта,

Садукъдеш тIехьаьвзи бода.

Багара сахаьдда гуьйре тIегIерта,

Ца торуш санна кху тIодах!

 

Суьйранна дилхинчу

догIано арахь,

Нохчмахка хоттала тоьхна…

Ткъаз санна тIадийна

лулахойн кхараг

Ду лаьтташ кетIахь ладоьгIна.

 

Мохо чIуг* хьовзайи

хьере деш лерса,

Цкъа терса, цкъа барзах угIу…

Цкъа боьдий лаьхьанах

и ломах хьерча,

Цкъа богIий суна бохь бугIу…

 

Буьйсано меллаша

ха хаьрци, Iийна,

Бижна Iа бутт самабоккхуш.

Мархаша кIайн-Iаьржа

иза къарзийна,

Гуьйренца йогIуш тир йоккхуш.

 

ЖIаьлеша гIалх долий,

карзахе леташ,

Вовшашка дагара дийца.

Буьйсано седарчий теIадо чета…

Ца лууш сибат шен хийца.

 

Гуьйре ю ша кхаьчний

хоуьйтуш арахь,

Iаламе шен бала буьйцуш…

БоргIал ю хан йоцуш

сагатдеш кIарахь,

Цхьанна шен дагара дуьйцуш.

 

Седарчех тийсалуш

бутт стигла бели,

Парталчу боларехь хIинца.

Бошмаша IиндагI луш

лаьтта тIехь кхели,

ТIеIенаш зIаьнарийн цинцаш…

 

Ломара юрт Iуьллу

набара хьерчаш,

Дуьненна къинтIера яьлла…

ГIенаша дIаяьхьна,

хар-хир деш мер чохь…

Кхана бен гIоттур яц аьлла.

 

* - гуо хьуш деш долу зукар

 

IАЬНАН ЧИЛЛАХЬ

 

Iаьнан чилла юьйли ломахь,

Арахь гlура озийна.

Некъаш лаьтта гома-чlомий,

Барзакъ лайн тlеозийна.

 

Дарцо амал гайта гlерташ

Новкъахь лайн хlур гlиттабо.

Юха, боьдий цхьаьнан керта,

Иза хьаьрча литтанах.

 

Керташ лацаелла лаьтта,

Дlасавоьдург а ца го.

Ю-теша юрт дахарх хаьдда?.

Олий дагчохь хетало.

 

Дlогахь цхьаъ ву новкъа вогlуш,

Дуьненах догдиллина.

Я бу теша иза бIогlам,

Дарцо хlур тlебиллина?..

 

Дахар боккха гlучlа хета

Иштта дарц хьавзича тlе.

Ша биллича санна чета

Дог – ойла а хуьлу къен…

 

Лайн чимаш ду даккхий эгаш,

Ло ду гоьллец диллина.

Тахна-м, боцуш цхьа а бегаш,

Чохь lан де ду виллина!..

 

Чохь lан хIусам йолуш тахна,

Араваьлларг чилланах.

Хила веза оьгlазвахна,

Дуьненах догдиллина!..

 

ДЕКЪАЗА САТИЙСАМ

 

Хан-хене кадетташ

Хилла-кха миска, –

Да-кIант а

ГIелонехь вехаш.

Тароне хьаьжжина

Кхача беш сискалх,

Ца хIуттург

Ков-керта нехан.

 

Дахаре бIаьрг бетташ

Ца ваьлла, гIийла,

Сом тIедан

Кхин меттиг боцуш.

Iаш хилла и шиъ шайн

ХIусамехь шийла…

Дуьненах

ДIора шовкъ йоцуш.

 

ХIора де дIадоьдуш

Хилла цу шиннан,

Сатийсамашка

А волий.

Ойланех хьал-бахам

Тоьгуш жим-жимма…

Хилла и шиъ

Хене волуш.

 

Цкъа аьлла дас кIанте

Ойланийн бохча

Даьстина

Кегош ша воллуш:

Дависарг, делар-кха

Цхьа тIоьрмиг ахча!

Iийр вара-кх

Са малхадолуш…

 

ТIоьрмигга-м ца хиларх

ХIун дара, Дада,

Делир-кха иза ах гали.

И кIанта олушшехь,

Дас чоь а Iадош

Маьхьарца

Балхийна бала:

 

КIант суна кIордийна

Хьан базарш чIогIа,

Яхийта

Кхузара алаш!..

Ас доккхуш, ахь дойуш

Вайша схьавогIу,

Ахчанах

Ца бо ахь тIалам…

 

Амма, да кхийтира

Шелбелча  корта…

Ша дуьйцург

Бакъонца доций.

Шен карахь цхьа сом а

Доций дIагIорта,

Декъаза

Сатийсам боцург…

 

ХАРЦДУЬНЕ...

 

Кху дуьненахь

Ян а юй-те нийсо?

Оццул чIогIа

Цуьнга вай сатийсарх.

Кху дуьненахь

Цкъа а хир яц маршо,

Нагахь бацахь ницкъ

Хьан иза харцо…

 

ХIара дуьне

Кхолладелчахьана,

Кху дуьненахь

Дерриг ду цхьа ханна…

Кху дуьненна

ТIаьхьаведда ваьцнарг,

Цхьана дийнахь

Кошан барзо лаьцна…

 

Тешнабехках

Лардойла вай Дала!

ХIара дуьне-м бай

Цхьа беккъа бала…

ХIара дуьне шайн ду

Моьттуш лелларш,

Миллионаш,

Миллионаш белла…

 

ХIара дуьне

Хаза-м  ду-кха, хаза…

ХIара дуьне

Бу-кха деган лазам!..

Кху дуьненахь

Хир яц деган маршо,

Нагахь бацахь ницкъ

Хьан иза харцо…

 

БIАЬСТЕНАН

МУКЪАМАШ

 

Худаели лаьттах саьнгарш

Малхо нур тIекъарзийна.

Мохо, баьлла тIамар-тIанга*,

Iа дIалоьллу бIарздина…

 

Хьозано дIаболий мукъам

Самукънечу озаца.

Схьагулдина тайпа-тукхам

Ток тIехь йолчу  бIогIамца.

 

Ломахь бецан хелиг яьлла,

Хаза хьожа еттало.

Дог ду доьлуш паргIатдаьлла,

Ойлано тIам лестабо…

 

БIаьсте, бIаьсте хаза бIаьсте

Бераллера ирсе хан.

Олхазарша ойла хьостий,

Аз а зевне дека хьан!

 

Хьо-м аьхналлех ареш кхолуш,

Iалам дендеш кхечи схьа.

Диттан гаьннаш ловзадохуш

Мохо беъна хаьрци ха.

 

Олхазарша кхаьънаш дохуш

Муьйлу ховха бецан тхиш.

Сан лаьмнашка бIаьсте йохьуш

Самадуьйлу чехка хиш.

 

* - чехка

 

IУЬЙКЪЕ

 

Iуьйкъанна гIетти со тховса,

Ният ду сан марха кхаба,

Баттаца лечкъаргех ловза,

Буьйсанан йоькханах Iаба…

 

Буьйсано догдаьхьна лаьмнаш,

Набаран марахь дIатийна.

Беттаса дукха тIеIаьнна

Стиглано бос ийци сийна.

 

НIаьнеша мохь бетта буьйли,

Хоуьйтуш герга юй Iуьйре.

Седарчий цхьа коча хьийза,

Дог хьостуш, шайна тIеийзош.

 

Сатаса ду хIинца герга,

Iуьйрено дуьйлина лергаш…

Анайист ю юьйлуш сирла,

Лаьмнашка де дохьуш керла.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.