http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Акхачу ойланийн цинцаш Печать Email

Дадашев Райком

 

 

* * *

Хьан б1аьра хьажначохь са акхадаьлла,

Вацаре кхачарна кхоьру.

Кхоьру со кхечунна гича хьо кхаьлла,

Висарна дог сецна б1арлаг1а хилла.

 

 

Цхьа шийла ойланаш хьийза сан коьрте,

Даго а ницкъ бина хьо хераяьлла.

Кхечи со тахана шеконийн ирзе,

Йиш йоцуш хан яккха хьох тешам байна.

 

Сан дагна даиман дозалла эшна –

Дозалла сай ц1ийнах, юьртах, сайн махках.

Дахар а хир дар-кха текхийна эрна,

Нохчийчоь, хьо йогуш 1ийнехь со юьстах…

 

 

* * *

Латтанаш бухдуьйлуш лаьтта,

Стигланаш т1еелха г1ерта.

Буьрса дарц тхан уьйт1а ц1ийза,

Ткъа суна-м, суна-м хьо еза.

 

Синкъерам х1оьттина лулахь,

Хьаша ю йоьссина юьрта.

Нийсархой хелхарехь хьийза,

Ткъа суна-м, суна-м хьо еза.

 

Нийсархой хи йисте леста,

Мехкаршца забаре буьйлу.

Цара со шаьш долчу кхойкху,

Ткъа суна-м хьо бен ца оьшу.

 

Б1аьсте ю т1екхаьчча яьлла,

Тов дитт ду вайн хьаннаш кхаьлла.

Ойланаш 1аьршашкахь хьийза,

Ткъа суна-м, суна-м хьо еза.

 

Мехкарий бу суна хьехош,

Дикалла иллешкахь юьйцуш,

Ирс беркат цаьрца ду боху,

Ткъа суна-м хьо бен ца еза…

 

 

* * *

Ма ч1ог1а сахьийза, инзаре сагатло тховса,

1ийжачу кийрара схьаэккха аьрха дог г1ерта.

Ас муха теде и – лууш дерг 1аьршашкахь ловза,

Х1ун дина хьаста ас, ца туьгург дерза вайн керта?!

 

* * *

Цкъа мацца дахарехь некъах а тилла,

Б1аьстенан зазашлахь х1оьттина чилла

Хьо йисахь, ницкъ эшна, г1орасиз хилла,

Дехар ду сан хьоьга, сох дог ма дилла.

 

 

* * *

Сайн дахар дагий ас, хьоьца ирс лоьхуш,

Дагий и, кхин башха кхоам ца хеташ.

Некъ би ас, сайн г1енийн эла хьоьх таръеш,

Вонах хьо 1алашъеш, хьаг1-б1аьргах ларъеш.

 

* * *

Лаьмнашкахь йорт етта дера ча санна,

Сан аьрха ойла ю паналлехь кхерсташ.

Ас къайлах сатийсар, сагатдар денна,

Кураллийн г1уда хир сан дагах хьерчаш…

 

* * *

Цкъа мацца дахарехь дог доьхна хьовзахь,

Тешнабехк бовзаро кийра хьайн марцахь,

Хаалахь, г1о оьшуш хьо цхьалла йисахь,

Са дала кийча вуй, хьуна и эшахь…

 

 

* * *

Маьрк1ажа бодано даш санна базлой,

Наггахь со къоналлийн шерашка кхоьхьу.

Аьрхачу лаамийн урх хеца хазлой,

Хиллачийн суьрташка г1ийла со хьоьжу…

 

 

* * *

Ас ца аьлла назма алий,

Ас ца дешна сурат деший,

Къинойх ц1андеш, дегнаш дастий,

До1а дейша Деле дерзий.

 

 

* * *

Ладуг1у йиш лакхийтиша –

Сан дагах чекхйохуш,

Са акхадохуш,

Дерриге дицдойтуш,

Паналле вохуш.

Вай нохчийн мукъамехь,

Безаман эшарехь,

Ладуг1у йиш лакхийтиша.

 

 

* * *

Буьйсанан к1оргенехь дахаран къайленна кхоьллинчо

герга а ваьхьна,

Сайн некъах шекваьлла тийналлехь хиллачийн

маь1на дан хьаьгна,

Лаьтта со, дог доьхна, дахаран чаккхене кхачаран

билгало оьхьна,

Я Аллах1, гечделахь лууш я лаамза гулдинчу

къаьхьчу къиношна!

 


* * *

Дог-ойла г1орг1ачу г1айг1ано огий,

Сингаттам базбелла хьийзачу хенахь,

Даймохк, хьан г1ийлачу мукъамо хьостий,

Ницкъ ло-кха чекхвала декъазчу декъах.

* * *

Ахь кхечунна б1аьргийн йовхо елла,

Лаьтта воьхна, дагна хилла вас.

Вайн ца хилла денош карладевлла

Сайн лаамийн урх д1ахийци ас.

 

 

* * *

Даго хьоьху, даго соьга боху, –

Даго наггахь соьга дагар дуьйцу, –

Шен сахьийза боху, сагатло шен боху,

Ахь пе тохахь шеллур ду ша боху.

 

 

* * *

Хаьий хьуна муха денло безам,

Т1улгаш юккъехь хьиекъа зезаг санна?

Хи ца хиларх, эцарх малхо диезар,

Т1амарш хоьций и хаз ма ло денна.

 

 

* * *

Г1аддайна хьийза со йиш йоцуш стогаллех вала,

Тап-аьлла сецна сан синпхенийн инзаре г1овг1а.

1адийна, ватийна даш санна базбелла бала,

Нохчийчоь, хьан къинан ц1ийх 1ена ас мел е ойла…

 

 

* * *

Дависа хьан дела1, кийрара дилха дог,

Хьо муха теде ас, х1ун алий хьаста.

Сагатдеш хьийза хьо, схьаэккха г1ерта хьо,

Карзахе детталуш дуьнене хьоьжу хьо.

 

 

* * *

Вайн ца хилла денош саг1а дина,

Вай ца лелла некъаш вакьап дина,

Хьох ца йоьзна ойла хьарам йина,

Вайн ирс дуца дина нигат ду сан.

 

 

* * *

Лекхачу лаьмнашкахь, къорачу хьаннашкахь,

Баьццара бос эцна хазлучу арешкахь,

Сан деган куралла, ойланийн дозалла

Даиман хьо ма ю, декъаза Нохчийчоь.

 

 

* * *

До1анца биеха вай къинхетам Деле,

Б1аьрхишца ц1анде вай 1аржделла дегнаш,

Хьаг1-гамо д1аяккхий, Кхоьллинчун кхиеле

Дахка вай дахарехь лиетийна къинош.

 

 

* * *

Ас дийнахь къовсур хьо малхаца,

Буьйсанна къовсур ю баттаца,

Дег1ан ницкь ца кхоош, набарха

Ас эшахь кьовсур ю г1енашца.

 

 

* * *

Сингаттамо кийра ц1ергахь лалош,

Коьрте хьийзаш хьайгахь боцу бала,

Г1ийла, тийна шарал буьйса яхлуш,

Дезний те хьан кьора цхьалла 1ийша?

 

Нагахь дезнехь, нагахь бала лайнехь,

Сингаттамо г1елъеш, ведъеш хьаьшнехь,

Деган доттаг1 шийла хьоьга хьаьжнехь,

Хьанна хаьа – мегий хьо-м сох кхета.

 

 

* * *

Ас ца боху со ирс доцуш ваьхна,

Я ирс соьга тоам боллуш кхаьчна.

Делахь сий ас рицкъанах ца хийци,

Я бахамах эла веш ца лийли.

 

 

* * *

Буьйса ю юкьал т1ехъяьлла,

Со-м лаьтта 1адийна дог акхадаьлла.

Хьан амат б1арлаг1а хилла,

Соьца ду со хьоьстуш, йоькхуш сан цхьалла.

 

 

* * *

Т1ете1а тийналла аьрха,

Ницкь бо цо инзаре 1ийжачу дагна.

Безаман аьхналла эшна,

Г1елво цо, ведво цо, ца кхоош хьаьшна.

 

 

* * *

Вайн Дуьне хьийзийта,

Латтанаш лелхийта,

Стигла т1еелхийта,

Хилахьа соьца.

 

Буьрса дарц далийта,

Ло-дог1а делхийта,

Вай нахе дийцийта,

Хилахьа соьца.

 

Вайн некьаш дустийта,

Вон-дика бахийта,

Нах инзарбовлийта,

Хилахьа соьца.

 

Са акхадалийта,

Дог карзахдалийта,

Сан кийра багийта,

Хилахьа соьца.

 

 

*  *  *

Цкьа наггахь даш хуьлий т1ебазло бала,

Лаьмнашкахь дохк санна т1ете1а г1айг1а.

Огу цо, вотту цо ницкь лойла Дала,

Даг т1ера сингаттам до1ане берзо.

 

 

*  *  *

Ойланаш, ойланаш, сан мерза ойланаш

Шу соьца хьирчина дохуш са акха.

Аш чиллахь вохви со, шелви со аьхка, –

Урх хаьдда хетий шунна, йоьлху шу мича?!

 

 

*  *  *

Кхоьру со, кхору со б1аьстенан дийнахь,

Безаман 1аьнарлахь ирсе вай 1ашшехь, –

Мох баьлла, дарц даьлла, х1оттарна чилла,

Г1орорна вайн безам шат1улг а хилла.

 

 

*  *  *

Юха а буьйсанан бода д1атуьттуш,

1уьйренан серло ю корах чу серсаш.

Сахиллац сийсара дагара дийцина,

Ойланца доггаха хьан амат хьистина,

Даш санна сан кийра сингаттам биллина,

Д1аяха и буьйса хьо соьха яьккхина.

 

 

*  *  *

Сагатло, сахьийза дагна йо инзаре г1ело,

Чим хилла яржийна,

стигланийн 1аьршашкахь ас йина ойла.

Алахьа сел кьиза, вай х1унда хьийзадо кхело,

Некь барах хьуна т1е хилла те

Ца доьг1на кхин вовшийн гойла?

 

 

*  *  *

Кхевссина вилхи со, Нана, сийсара хьо йолчу веана,

Аганан берах тарвелла эхь-бехк а, собар а дайна.

Кхета со, хир яц хьо реза – яцара осалла езаш,

Со-м доггах хьо йоьхуш Деле вилхира г1ар йоцуш хезаш.

Юха а дог ду-кха доьлхуш, ца лалуш хьох кьастор кхело,

И сацо соьгахь ницкь боцуш цунна ас ели-кха парг1ато.

 

*  *  *

Ас хьуна, ца кхоош, ницкь бина дахаран новкьахь,

Ас кура гездинчу некьах а дисина деккьа цхьа тача.

Бакь хетар дацара баланехь сино а сагатдо аьлча,

Кийрарчу деган а лозу дог хьо гена яьлча.

Сан деган дог лозу, сан сино сагатдо,

Хьо сайца ца хилча буо-берах со тарло.

 

ДАГЕ

 

Ма ч1ог1а 1ийжа хьо,

Инзаре ц1ийза хьо,

Готтачу кийрара

Схьаэккха г1ерта хьо…

Йиц ца ло боху ахь?

Йиталац боху ахь?

И йоцу к1ай дуьне

Ца оьшу боху ахь?

 

*  *  *

Дахаран сан шераш г1арг1улеш хилла,

Мог1а бина д1аихи лар юютуш иэсехь.

Хьо йовзар хили-кха дахаран маь1на,

Чекхдала лестинчу дахаран гурахь.

 

 

*  *  *

Дуьнент1е вог1у стаг, лаьтта т1ехь веха,

Вониг я диканиг лар юьтуш воьду.

Иштта и схьадог1у азаллехь дуьйна,

Вайл т1аьхьа г1ура ду абаде кхаччалц.

 

 

*  *  *

Виталахь безаман ц1ергахь ахь вага,

Виталахь наб йоцуш со хьайна ваца.

Цкьа суна елалой дог акхадаккхий,

Безамо вагий и - алийта нахе.

 

 

*  *  *

Ойланаш, ойланаш, ойланаш мерза,

Бераллехь сих-сиха ваьххарш со акха.

Аш хийла йийкъира сан цхьалла соьца,

Аш хийла ваьхьи со къоналле аьрха.

 

Тахана ойланаш, сан деган хьеший,

Аш х1унда кхоьхьу со йистйоцчу пана?

Ведвина, б1арзвина со х1унда вожий?

Урх хаьдда хетий шу? Шу хьоьлху мича?

 

 

*  *  *

Зама ю сихъелла хин тулг1е санна,

Д1адевла денош а дебаш ду денна.

Сан шераш, ойланехь ваьхнарш со т1ома,

Теш ду шу цахилар нахаца гома.

 

*  *  *

Хаац, наггахь холчух1уттий,

Ирсах волий, лела со.

Дийнахь-бусий к1адлой, х1уттий,

Ессаллехь са кхерстало.

 

Хетало, со т1омаваьлла,

Стиглахь лела, гуонаш деш.

Ирсе бераш, ловзадевлла,

Гича парг1ат долу дог.

 

Амма т1еман къизчу к1уьро

К1ант вайинчу ненан мохь

Лере кхаьчча, ведвой кхиэло,

Б1агор хьийзаш, 1ийжа дог.

 

Дахар чолхе, йовзац къайле,

Мел кегорах ойланаш.

Муха кхаьчна сел къизалле

Нанас кхаьбна адамаш?

 

 

*  *  *

Юха а сахуьлуш, садаьржаш лаьтта,

Седарчий д1адовш ду вовшашца къуьйсуш.

Д1о стигал малх балехь ц1ийлур ю кестта.

Кхин цхьаъ а, сагатлуш, д1аяха буьйса.

 

Д1аяха кхин цкъа а юха цаерза,

Сан даг т1ехь 1ийжачех буьтуш цхьа мо.

Акхачу лаамийн т1есерсош дерза, –

Дахаран цхьа аг1о д1ахарций цо.

 

Д1ахаьрци цхьа аг1о, ца хоьттуш соьга.

Д1ахеди дахарах кхин а цхьа буьйса.

Кхийти со: хих терра йоьдуш ю зама,

Йоьду и лаамза – ларавац къийса.

 

Юха а сахуьлуш, садаьржаш лаьтта,

Седарчий д1адовш ду, вовшашца къуьйсуш.

Д1о стигал малх балехь ц1ийлур ю кестта...

Кхин цхьаъ а сагатлуш д1аяха буьйса.

 

 

*  *  *

Буо бер санна хьоьжу, безам, хьо,

Корах ара туьйсуш г1ийла са.

Ма хьийзахьа, бохуш, суна гуо...

Со-м г1елвелли, туьйсуш Цуьнга Са.

*  *  *

Духур ду дуьне а,

сан некъан чаккхе а яц, гарехь,

кхин оццул генахь.

Ойла а хьийзар ю,

дахаран тептар а керчор ду,

г1алаташ лоьхуш.

Лаамо хьийзор ву сих-сиха вохуш сайн иэсах.

Дахарехь карор ду г1алаташ моьттинчул алсам.

 

*  *  *

Ахь хоьтту ирс дуй-те кхойкхург,

Паналлехь са акха дохург.

Хьох даьлча да амал доцу,

1ийжа дог ас техкош хьоьсту.

 

 

*  *  *

Хьо йог1у Дуьненал хазьелла,

Жил-1алам цецдохуш болар деш.

Со ву, хьан 1индаг1ах тарвелла

Хьаг1-б1аьргах, вонах хьо 1алашъеш.

*  *  *

Хета, хьо йевзина эхартан бешахь,

Азаллехь вайн синош кхуллучу дийнахь.

Х1етахь ас Вайн Деле до1анца дехна

Хилийтар сан кхоллам хьан ц1арца боьзна.

 

Хаалахь, хьо цхьалха йоций

 

Цкъа мацца а бала базбелла,

г1о эшна б1арзъелла хьовзахь,

Стигланийн 1аьршашка юьйлуш,

синлаам лечкъо хьан дезахь...

Ойланийн буьрса дарц даьлла,

х1ара дуьне гатделла хетахь,

Аьрхачу лаамийн урх хаьдда хьийзахь,

Хаалахь, хьо цхьалха йоций.

 

Буьйсанаш б1ешарал яхъелла,

седарчех ловза хьан дезнехь,

Дуьненах, безамах хьоьгуш,

лаамийн йийсарехь 1ийнехь,

Хьайн иэсах шек йуьйлуш,

стигланаш ахь теш лаьцнехь,

Синкхетам, г1елбелла, бацаре кхаьчнехь,

Хаалахь, хьо цхьалха йоций.

 

Дог-ойла, хьан дерриг дахар

безамо йийсаре лаьцнехь,

Хезаш дег1 доццучу юьйлуш,

ц1е йохуш, хьо кхойкхуш леллехь,

1ер-яхар дошал дазделла,

ницкъ эшна чаккхенах хьегнехь,

Хьо хьайца къийсина, б1арзьелла йожнехь,

Хаалахь, хьо цхьалха йоций.

 

 

*  *  *

Хьан г1ийла хьежаро д1авуьгу паналле еса,

Дицдойту дерриг а акхачу лаамийн варшахь.

Сан даг т1ехь моьнаш деш, безамо воху со 1еса,

Амма со Адам ду, йиш йоцуш воха сайн некъах.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.