http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дог нахана д1адиллинарг,дахарах дог диллина хир вац цкъа а… Печать Email

Альбеков Нурвади


Дадашев Райком – СИН АМАЛАН СУРТ

 

 



Дуьненаш адамашна кхоьллинчу Дала,

Хьо адамийн хьашташна кхоллац ма ала.

Адамашца лачвалий Делах ма вала,

Адамашна гуш вацахь Далла гац хьуна.

М.-С. Гадаев

 

Профессорин, физик-математикин лаккхара хьехархочуьна, Нохчийн Республикин 1илман Академин вице-президентин Дадашев Райкоман син амалан сурт х1отто лаар ду х1ара 1ора биллина болх. Дадашев Райкоман хьикмате ойлано гойту, авторна хетарехь, цхьаболу цуьнан мехала хьежамийн барам а, дахаран маь1на а.

 

 

 

Дукха ешна ас исбаьхьаллин а, 1илманан литература нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь. Дуккха а евза суна дуьненан культураш, халкъийн амалш, цара дахаран хьесапан х1итто суьрташ. Дахаран хьесапан х1отточу суьртаца къастало адамийн а, халкъийн башхаллаш. Мотт цхьаъ бийца а тарло адамаша, амма дахаран хьесапан сурт х1оранна а шен ду. Адамаша шена х1итто и хьесапаш цхьанненна а дийца ца оьшу. Букъ ма тоьхна дийцаре дуьллу уьш наха.

«Стаг вовза цхьаьна дукха туьха даа деза» олуш ду нохчийн кица. Иза нийса а ду. Амма, стага доггах аьллачу дашо, сина д1о к1оргера 1ора а даьккхина нахана д1адиллинчу даго сиха довзуьйту адам. Дог нахана д1адиллинарг, дахарах дог диллина хир вац цкъа а. Мел халачу муьре и кхачарх, нахе болу тешам а, дахаре болу безам а ца бов цуьнан. Ткъа иза дуьненахь шел ч1ог1аниг кхин хила йиш йоцу ч1аг1алла ю, чов хилла дег1 г1атта а дина, т1ебеанчу халачу киртигех къонахчун амалца чекхвала.

Дахар к1орггера мел девзи, накъостийн гергарло дика девза. Шерачу ц1енкъа т1ехь даьккхина тача санна гучу йовлу цу гергарлойн сакхталлаш а. И деригге шайна гушшехь, дагчохь кхоллало оьг1азло тола ца еш, хьоле а, дарже а болу хьегам, ницкъах болу кхерам а адаман инстинкт юйла а хиъна, адмана букъ ца тоха мел к1оргера оьздангалла, дикалла, доьналла оьшу кхетар вац  син барамца шен куйнал лакха ца волу стаг. Ткъа мила ву дуьне, дахар ца дезаш? Дуьненан а, дахаран а исбаьхьаллин чам т1ингарца ца бустуш, 1илманца церан хилам а теллина, шен кхетамца Дала коьллинчу 1аламан к1оргене кхаьчначунна мел лакхара, мел гена го Дуьненан исбаьхьалла, дахаран хьийзачу некъашкахь мел дика къаьста нийса некъ. И кхетам бу и, хийла зиенаш а, зиераш а т1ех1иттича цу новкъара нацкъара ца волуьйту ницкъ. Воккха а хилла, хьан дег1ан чарх иэшаме хилча бог1у кхетам бац иза. Жима воллуш, ахь хьайн дахаран къилба а дина, билгалбаьккхина, оьздангаллин некъаца веача бен, хьо т1екхиа йиш йоцу кхетам бу иза.

Ткъа х1ун ю сила а ницкъ болу и кхетам 1ехо, хьекъале корта тилийна, эцна д1абахьа хьал шегахь дерг?

Хазалла. Хазалла – хуьлийла иза 1аламан, иллин, мехкарийн. Бакъйолчу хазаллийца цкъа а цхьана мог1ане х1уттур яц моттарг1а. Мел дукха г1ертарх а мезан чоме кхачалур дац шекар.

Стаг толош дерг цуьнан хьекъал дац. Хьекъалца дустуш хилча-м, жуьгтел ч1ог1а нах хир бацара. К1орггера хьекъална дуьрста таса хьал долу кхетам бу стаг къонахчун бараме кхачош верг. К1орггерачу хьекъало дийра доцуш, цуьнга далур доцуш, и кхачалур доцуш цхьа а лакхе яц, нагахь  хьекъална дуьрста таса къонахчуьнгахь кхетам бацахь. Кхетам, цундела, Делан къинхетам ларалуш бу, х1унда аьлча, муьлха а не1 хьекъалца шега еллалур йоллушехь, цуьнан кхетам тоьа цу не1аре ца х1отта.

Цуьнан дахар ду масалла, хьанала къинхьегамца кхиаме г1ертачу жимхана. Хохкучу машенан йозаллийца а, чохь вуьжучу г1ишлон локхаллийца а бусту кхиам бац иза. И машен а, и г1ишло а кхана шена йисинчу дена бен уьш селхана хьена хилла дага а дог1ур дац.

Ткъа къонахчо яьккхинарг, деригге а халкъана юкъахь б1ешерашкахь масаллин барам а хилла ехар йолу ц1е ю.

Ц1аро дагадо дегнаш. Халкъ диеза ала йиш яц ша цхьаъ бен адам ца гучу стага. Цхьа адам ду и диеза диезарг, лара диезарг, кхио диезарг. Массо а халкъан ц1арах мохь а ца бетташ, цхьана адаман пусар дийриг, цуьнан хьоле а, дарже а ца хьоьжуш иза лорург ву-кх халкъан хьакъволу к1ант. Бала бу цуьнан халкъ кхиарехь лач даьлла муьлххачу а г1уллакхца. Боккъал, халкъ кхиорехь, халкъана пайден болу некъ билгалбаккхарехь, цуьнан инзаре кхетам а, к1оргера хьекъал а т1аьхьа ца кхиа цхьа а аг1о бац дахаран. Цундела цо гойту некъ массо аг1ор дика литтина билгала баьккхина буйла хаа деза жимма а ойла еш волчу хьанна а.

 

1илма. 1илманча. Цу дешнийн чулацам мел инзаре боккха бу хаахьара, да-висарг. Бакъволчу 1илманчина Дала Ша йоьллу 1аламан къайле, х1унда аьлча, цуьнан дагчохь мокхазалла а ч1агбелла сацам хиларна, цу некъа т1ехь хьала а ца то1уш къахьиега. Хааран хазна мел исбаьхьа ю а, цуьнан мохь мел беза бу а хуур дац 1илманан х1ордан уггаре а к1оргене ша ца кхаьчначунна. Муьлха а 1илманан новкъа ваьлларг кхачалун к1орге яц иза. Б1е-эзарнашна юкъахь цхьаъ волу цу х1ордан к1оргене кхача шен интеллектин хьал долу стаг. Хьал а доцуш к1оргене кхийдарг, шайн долчу иэсах а талхавой аракхуссу, моттарг1ана новкъа ваьлларг, мох баьл-баьллачу аг1ор идаво. Буьйсанна набарха а вуьйлуш, хазачу йо1е безам бахча карзах долу дог санна, 1аламан къайленаша эзарнашкахь х1итточу цхьана хатарна жоп а карадой, тохаделла са мел мукъа, мел аьхна парг1ате долу хаа делла дац цхьана хаьржинчу наханий бен. Т1аккха, деригге дуьненна а и довзийта. Дуьне кхолладелчахьана дуьйна тахханалц 1аламо массо а адамах шен къайле а йина хьулдина латтийнарг, ахь схьадилли-кх. Адаман дахарехь цул боккха кхиам хила йиш юй?

 

Дера ю. Оццул боккхачу кхиаме а кхаьчна, хьерадаьлла хьекъал куралле ца долуьйтуш сацадалар, цулла боккха тамаш бац-кх, сан хьесапехь, дуьненахь цхьа а. Кхиетам белла-кх Дала, адамана т1ехула ца хьежа. Цаьрца бен ма дац дахаран самукъа.

Дикалла – дахаран маь1на ду. Дикалла а, къинхетам а къонахчун амал ю.

 

Райком, ас даггара декъалво хьо винчу денца!

Везачу Дала могашаллийца дуккха а ваха войла хьо!

Нохчийн халкъан таханлера а, кханалера а дозалла ду хьо!


Боккхачу ларамца,  Нурвади Альбеков.

 

 

Редакцера: Лараме Райком Хасимханович!

Оха боккхачу ларамца, даггара декьал во хьо винчу денца.

Дала баккхий кхиамаш хуьлийла хьан дахарехь.

Дала ма эшабойла вайн Нохчийчоьнна хьо санна болу къонахий.

 

 

 

 
©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.