http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


БIотIа Печать Email

Абдулаев Мохьмад


(Дийцар)

 

Къинхетамечу АллахIан цIарца

Массо а буоберашна лерина

 

 

ХIора шарахь, аьхкенан тоьвно тIехьехна битамаш бицбеллачу хенахь, гуьйре юкъал тIех а йолуьйтий, шеца хьуьнах вуьгура со Дадас, ша воьдуш. Кхечу хенашкахь а, дера, вуьгура цо со шеца хьуьнха, делахь а, суна хьалха и хан хазахеташ хилла хиларал сов, ишттачу цхьана дийнахь сайна тIекхаьчначуо кIоргга мухIар таIош, дагахь дитна суна цу гуьйренан башха сурт…

Ма хаза а хуьлура моттахь хьалха сой, Дадий цхьаьна цига оьхучу хенахь гуьйренан хьуьнхахь!.. Тхан юрт лакхахьуо Iуьллуш ма юй – лаьмнийн когашкахь ала а мегар долуш. Хьуьнхахь дерг-м хIунда дуьйцура, тхан юьртара дIа оцу лаьмнийн агIор дIахьаьжча го сурт а-м тоьр ду! Декхна деанчу дийнахь са дIа а лоций вуьсура со хIоразза а, лаьмнаш долчу агIор дIахьажавелча гучудолучу Iаламан цхьа тамашийна хазачу суьрто Iадавой – гонаха мелдерг а, суо а виц а лой!

Со хийла вахлора, хьуна, иштта латта. Тахана а вара, хьуна, со иштта Iадийча санна кепакхетта, тхайн бешахь гурахь хуьлуш болчу кхура буьххье а хиъна, сайн ойланаша пана вигна, генара сайга кхойкхуш долчу лаьмнашка а вирзина Iаш. Иштта кхин мел вахлур вара а ца хаьа, хьуна, со эццехь Дадас мохь тоьхна «кхетам чу» ца валийнехьара.

Дадин ши бIаьрг даим боьлуш хетара. Дов деш валлахь а цхьаьна. Дов-м цуо атта дан а ца дора, я ас сайна дов дан бахьана а ца долуьйтура суо вала а волуш. Цуьнан боьлучу бIаьргех эхь хетара суна…

Вуьшта, нана гIали чохь тIом болуш кеманаша чуетташ, гийригаш еттаелла, йийча дуьйна, Дада я самукъадаьлла гIадвахна а, я готтар оьгIазвахна а, я сингаттамо кIелавитна а суна гина а вацара. Нана ерзийна яьлла-ца яьлла бохучу хенахь, со юьртахь Бабица а витина, цхьанхьа дIавахара Дада. ХIун нисдан вахана, сан цхьаъ бен вацара-кх хьо, наха, шайн шортта болучара а, ца ловра-кх, бохуш Баба цкъа лиэн а юлий, юха елха хуура, Баба яла хьан, бохуш, соьга схьа а хьоьжуш.

Цул тIаьхьа тIом дIа а баьлла ша цIа вирзича, кхин гIалитIа Дада ваха а ца вахара, мел доккха гIуллакх хиларх гIур волуш а вацара…

Нана хьахийча Баба гуттар а елха йолалора, цундела иза хезачохь а йолуш асий, Дадасий нана хьеха а ца йора. Баба елхарна кхоьрура тхойшиъ. Охашимо-м юьйцура иза гуттар а тхаьшшиъ цхьа волчу хенахь. Со велха а ца воьлхура, Дадин даим боьлуш болчу шина бIаьргах эхь хетар хилла а ца Iара цунна бахьана – суна иза Дадас юьйцучу хенахь мелхуо а, и тхаьшшинца цхьаьна йолуш санна хаза хуьлура. Дадас цунна со гуш ву олура. Цундела со даим а массо а хIуманна тIехь и йоккхаенйолчу агIор хила гIертара.

Дадас мохь тухуш хезна, сихха кхура тIера охьа а иккхина, ведда уьйтIа вахара со. Иза къаьсттана самукъане вара тахана:

– Хьо кийча вуй, жимастаг!? – сан агIор цхьа тамашийна лиэпа ши бIаьрг кхарстийра Дадас.

– Ву дера!!! – дукха резахилла жоп делира ас.

– IийтI берзан кIеза-яI дадин, суйнах схьабаьлла суй, – олуш велааьшна дира Дадас. Иштта хьостура цуо со даим, жима къонах ву а олура, бIотIа а…

Дада цIа вирзина дуьххьара гуьйре яра. Тхойшиъ хьуьнха ваха кечвелла вара. Ас суо кийча ву а аьлла, тхойшиъ, тхайн, Баба а цIахь йоцуш, дассаделлачу цIенна тIоьхула догIа а тоьхна, и тхаьшна гIийла тIаьхьахьежа а дуьтуш, эвлайисте хьалаволавелира. ЦIийнан корашка юхахьаьжначу суна цхьа деза хийтира церан хьежар, хорш еъча санна сан ший а белш а егош… Амма и дицделира дукха сиха – ламанца Iуьллучу, гуьйрено макхъйинчу хьаннаша яьккхинчу регIа тхаьш хьала мел гIурту а.

Хьаьъна догIу хи, сирла шабарш деш, дуьхьал уьдура тхуна. Дитташа, баххьаш лестош, шайна юккъе дIавоьхура. Цхьацца кегий экханашший, олхазарший гой, чIогIа самукъадолура сан. Сайн самукъа сайна цхьаьнна дита кхоам хеташ, Дадица и декъа гIерташ, со цуьнан бIаьрахьожура сих-сиха со дуьхьала уьдучу, тхаьш арабаьккхинчу новкъана суо ведда воьдушехь букъбетташ, ткъа Дада, даим а санна, цхьа тийна-таьIна велакъиэжара сан самукъадаларх шиэха воккхавеш.

Хьуьнхахь дуккха а гурахь хуьлу стоьмаш а бара. Хьаьмцаш а, куоканеш а, акха кхуораш а, муьргаш а яра. Оха уьш тхайгарчу таьлсаш чохь гулйора.

Цу дийнахь нана елча дуьйна дуьххьара хезира суна Дада, аз а хозуьйтуш, велалуш. Цуьнан веларо дог ира-кара хIиттадора сан, кхин цкъа а везачуьн вуо гург ца хиларе цхьа хьере са а тосуьйтуш…

Со, самукъадаларо вадийна, хьийзара, ткъа Дадас, со човхо ца лууш, со цхьа кIеда вухаийзавора. Ца хаьа оцу ирсечу мIергуонуо чу лаьццарг мел хан яра а. Я цкъа а и тайпа самукъне миноташ сайна гур ю я яц а. Тхойшиъ хIума кхалла а кхиира, Дадас делкъа ламаз а дина цхьа хан а яьллера, малхбузаханна герга дара моьтту суна иза.

ЦIаьххьана, со кхосса ма веллинехь, цхьа къаршт олуш санна хийтира суна сайн когаш кIелахь.

– Меттах ма валалахь! – шен стоммачу озаца ондда мохь туьйхира Дадас, йилбазмахьаро цуьнан мохь цхьа тамашийна юха а, юха а карла а богIуш, гонаха мел дерг, кинолента озийча санна, текхна а гуш. Сан дерриг самукъа, ламанийн баххьашкара чухьаьдда, Iина чохь къайлайолу лайн чалх санна, охьакхетта дIадижира. Дог детталора, Дадина а хезий-те аьлла, чIогIа.

Суна, цу юккъехула, тхан луларчу жIаьлех едда, схьаиккхинчу тхайн цициган кIорнин дог деттадалар дагадеара, и сайна тIетасаделлачуьра дIа а ца даккхалуш, цуьнан кхерадалар а. Со суо а-м вара хIинца, цу хенахь и цициг кIорни сайна санна, Дадина тIекхетар волуш. Амма со даго ца вуьтура. Юха, Дадас, меттах ма валалахь, аьлла тоьхначу махьарехь Нана Iовжийначу дийнахь Дадин озехь, сайна даг чу леташ, бисина и бохаман лазаме мукъам карла а баьлла, цхьана керлачу, къаьхьа-мерза чам бетталучу, кхерамо дог Iовжийна, Iадийна латта висира cо суо волчохь:

– Эккхар ву тIаккха вайшиъ?– хаьттира ас, сайн когаш кIелахь хааделлачу «къарштан» цусохьта сайн хьесап дина, дешнаш легашкара халла, пхьегIи чу шура мел йоьтти а хьалайовлу, сискалан гIорзолгаш санна, шогачу къурдашца ара а догIуш, цхьана шеконо Iаьвдинчу дегайовхонца. – ТIаккха вайшиъ Нана йолчу кхочур вуй, Дада?

– Кхуьур ву хьо, дукхавахарг, цига кхача, хьо-м дуккхуо а ваха везаш вай… кхера ма лол хьо-м, ас хIокху сохьта...

…Дада веха ваьллира сан когашкахь. ОхьатаьIна воллучу цуьнан юьхь тIехь суна цкъа а ца гина пхенаш дара дусаделла, со уьш лелхарна кхоьрура. Иза, тебна-а хьала а хьожий, велалора, соьга бIаьрг а таIабой: «хьайн шек дIа ма вала хьо, дадин къонах, ас хIинццалц схьа текхийна куогаш эрна ца текхийна хьуна!» – олуш.

…Хьацарех вуьзначу Дадас эххар а сан ког мукъабаьккхира, юха меллаша хьала а таьIаш, цхьа тамашийначу сингаттаме доьлучу хьажарца – нанна хIоттийна тезет дIа йирзина, со Бабица вуьтуш, ша дIавоьдучу дийнахь гинера суна и тамашена хьажар – леррана сан бIаьра вуогIавелла масех сиконд а яьккхина, меллаша: «хIинца дIаваьл, кхузара», – элира.

– Вай ший а дIавахийтахьа, Дада, – шекваьлла, дегочу озаца халла дийхира ас.

– ДIавало ца боху ас хьоьга!.. – тIечовха гIоьртира Дада, шен гIийла боьлуш болу ши бIаьрг дехаре схьа а хьажош.

Со нана елча велха ца велира, цхьа тамашийна кийра шелбелла висира, ткъа хIинца, Дадех эхь хеташшехь, сайна дан хIума а доцуш, кийра лазош, велхар ара гIоьртира сан къамкъаргахула, бIаьрхиша башийначу бIаьргашна гуш долу сурт а арахь догIа догIучу хенахь кораха ара хьаьжча ма гарра гора.

…Суна Дадин бIаьргаш тIунбелла гира…

 

– Вадахь, кхузара, дIа гена валахьа! – я дийхира, я омра дира цуо, – сан ши куьг тхьоссаделла-кх, дIавалахьа кхузара!

– Хьо а волахь, Дада!!! – воьлхура со.

– Цкъа хьо валол, валал!..

– ТIаккха хьо вогIур вуй? Вай цхьаьна хир дуй? Алахь, Дада! – суна хаьара Дадас бакъдерг бен эр доций, Бабас цуо цкъа а харцдерг ца дийцина ма олура.

– Хир ду, БIотIа, Дала мукъ лахь, дIаяло сан берзакIеза, сан суйнах схьабаьлла сан суй!.. – корта Iоьттира сох Дадас, гуо лахе со чу а тоттуш.

Со, велхаро кийра батIош, юхавелира…ког тасабелла, суо бердах чукерчачу хенахь, лерганIаьна батIо санна, цхьа ирча гIовгIа эккхаш хезира суна, диттийн баххьаш тIехь тебна Iа къийгаш гIоргIачу махьашрца хьала а гIовттош, цул тIаьхьа Iаьршашка гIаьттина и эккхар, Iалам Iадийна, тийналла а хилла, дуьнентIе, Iаьнан гIура санна, охьа а дуьжуш. Оцу тийналла ятIийначу гIовгIане эша ца белла мохь а Дадин кийрара: «АллахIу Акбар!!!»

Цхьа мIаьрго елира: дуьне, хи буха таIийча санна, къарделла дIатийна, цхьа мIаьрго елира: со, меттахъхьан ца ваьхьаш, даго хьоьхург бакъ хиларна кхоьруш, лацавелла, хебна, лаьттах дIаийна – сикондал ца хила а мегаш, амма сан кхетамуо чу ца лаццал еха а, дукха а, шорта а мIаьрго... И инзара яхъелла мIаьрго чекхъяьлча, дехьуо узарбеш хезна, хьалаиккхина, велхар сица лелхаш, йовхараш етташ, когаш тIера гал а вуьйлуш, Дада Iуьллучу агIор дIатасавелира со.

Дада некха тIехь Iуьллура…

Со бакъдан ца ваьхьара цунна бухахь, гуьйрено иэгийна гIаш хьандеш, Iам хIоттийна даьржинарг цIий хилар – хи хила ца мегара и, Iам хила даватIаг!?.

– Дада!!! – ницкъ мичара баьллера-м ца хаьа, цуьнан ондда ши белш, тIекхетта схьаозийна, иза аркъала карчийра ас.

Со махьарца мара хьаьрчира цунна, цуьнан накха бовха-тIуьна бара.

Ши чиркх хьалалетча санна ши бIаьрг схьабиллира Дадас ас шен юьхь тIера хатташ дIадохуш, цуьнан тIулган юьхь серла йолуш хийтира суна цуьнан хьажаран нур хьала а летта – уьш, гуттар а санна, гIийла боьлуш бара:

– Ма велха, сан къонах, хIумма а дац хьуна вай доха. ДагадогIий хьуна, ас хьайна муха Iамийра: рицкъа, хан кхачар, Иэлсамани а… – кхин цхьаьннан а хир доцчу кIоргачу озаца меллаша вистхилира Дада.

– Суна хаьа хьуна, хьо нана йолчу дIаваха гIертий… суна ца лаьа хьуна суо цхьаъ виса… ма витийша со цхьаъ, ваЛлахIи, со дика кIант хир ма ву, шуна!.. – йишхаьдда, сайн эхьъхиэтар диц а делла, мохь беттара ас.

– Тхан дегнаш ма дохаделахь, тхойшинна хьо гуш хир ву хьуна, хьо тхан къардайна берзан кIеза ма ю, виц ма лолахь…– олуш а хезара…

…Тата хезна, схьабевддачу цхьана наха, тхан юьртахой хиллера уьш, тIекхетта, со мара ваьхьира, белха а боьлхура: «миска-яI, буо виси-кха… Дала кхуьнан къих ма бовлийла!..» бохучу дешнашца.

Цу хенахь-м со цу «буо виси» бохучу дешнех башха кхета а ца кхетара, хIинца-м кхета, нах мел чIогIа дика белахь а, да-нана ма мерза а ду-кх…

Амма сан воьхна лела йиш яц – со Делина гуш ма вуй!

Дадас Iамийна ма ву со!

Сайн чIогIа сагаттаделча суна Дада, боккъал а долуш санна, багахь мукъам а балош, шен гIийла боьлучу хазачу бIаргашца сайна тIехьоьжуш, тIараш детташ вехаш дуьхьалтосу, тIаккха со дукха маса хьала а эккхий, суо а сайна виц луш, шовкъ йохий хелхахьаьвза.

Массо а сан хелхарах тамашбеш хуьлу, хIунда ца хаьа, со бакъволу нохчи ву, сайн ден хьакъволлу воI ву, берзан кIеза ю, суйнах схьабаьлла суй бу олу тIаккха массара…

 

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.