http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Яздархойн доьзалера цхьаъ Печать Email

С. Лалаев

 

Кху деношкахь шовзткъа шо кхаьчна вевзаш волчу поэтан Абдулаев Мохьмадан. Шеран уггаре а беркате, токхечу муьрехь, гурахь, 1974-чу шеран 4-чу сентябрехь Т1ехьа-Мартан районера Котар-Юьртахь дуьненчу ваьлла Мохьмад.

Шен нийсархойх къаьсташ, дика кхетам болуш кхуьуш вара к1ант. Дукха жима волуш яздан а, деша а 1емира цунна. Иза ларамаза а дацара. Республикехь хилла ца 1аш, амма цуьнан дозанел генна арахьа а ц1еяххана вевзаш волчу республикин халкъан поэтан журналистан Абдулаев Лечин, оьрсийн меттан, литературин хьехархочуьн Абдулаева Асмаан доьзалехь вина а, кхетош-кхиош а вара Мохьмад.

К1ентан пхи шо а кхачале юьртара №1 йолчу юккъерчу школе воьду иза. Т1ех дика доьшуш иза чекх а йоккхий, 1990-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университете филологически факультетан къоман отделене деша воьду Мохьмад.

Кхиамца университетехь дешарца цхьаьна, балха воьду ялхийтта шо а кхачаза волу к1ант. Шен дех, Лечех, масал эцна, журналистан корматалла герга хетта иза хоржу Мохмада. Цо юьхьанца корректоран, корреспондентан, гочдархочун, цул т1аьхьа отделан редакторан, коьртачу редакторан заместителан даржехь болх бира - «Стела1ад», «Вайнах» журналашкахь, «Васт», «Иман», «Даймохк» газеташкахь. Карарчу хенахь «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместитель ву иза.

Ала деза поэзин, литературин хьу Мохьмадна шен дегара, цуьнан хьехарца доцуш цIийца кхаьчна хилар. ХIунда аьлча, дас гуттар а шен некъа тIе-м муххале а ца кIовора кIант, мелхуо а, цу атта боцчу некъах и ларвеш хуьлура. Некъан халонна хилла ца Iаш, кхин а дара цIеяххана вевзаш волчу поэтан Абдулаев Лечин шен кIант шен лорах варах ларваран бахьана. Язъярхьама яздеш болчу нехан кIезиг доцчу эскаре керла салти волийла ца лаьара цунна шен куьйга. Ца язлуш Iелахь ма язйе олура цо, ткъа дагахь цхьаъ хуьлура: бакъдолу похIма, ша делахь, зIийдиг хецна хьаладер ду, мел дуьхьало ярх а.

Шен кхоллараллин болх поэзи т1ера д1аболийра цо. Школехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш йолчу шен ненан Асмаан корматалло а шен дика лар йитина Мохьмадан кхоллараллехь. Цо цхьабосса кхиамца язйо поэзин а, прозин а жанарашкахь оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь. Цул сов, Мохьмад билгалваьлла пох1ме гочдархо хиларца. Цо поэзин произведенеш говза гочйо оьрсийн маттера нохчийн матте а, нохчийн маттера оьрсийн матте а. Уьш кIезиг йийлинехь а, арайийлина республикехь а, дозанел арахьа а арахоьцуш йолчу изданешкахь. Ткъа уьш кIезиг хиларан бахьана цо, кхоллараллин новкъахь кIезиг къахьоьгуш хилар доций хаьа, иза гергара вевзачарна, зорбане вийларца шовкъ кIезиг хиларна дуйла а.

Мохьмад шен кхоллараллин балхахь мехала талламаш бо историн а, археологин а дакъошкахь. Уьш шайна т1е боккха тидам бохуьйтуш хуьлу керланиг довзийтарна а, дешархойн хаарш алссам дахарца а. Цу темашна Мохьмада язйина материалаш кест-кеста арайовлу меттигерчу зорбанехь.

Абдулаев Мохьмад яздархойн боккхачу доьзалера цхьаъ ву – СССР-н а, Россин а яздархойн союзан виъ декъашхо ваьллачу ц1ийнера. Абдулаевг1еран доьзалера цхьаъ. Республикехь ц1еяххана вевзаш ву цуьнан да, Нохчийн Республикин халкъан поэт Абдулаев Леча. Советийн хенахь дихкина дара нохчий а, г1алг1ай а, цхьамог1а кхин долу халкъаш а махках даьхна, Юккъерчу Азие нуьцкъала д1акхалхорх лаьцна дийцар. Цу темех лаьцна дуьххьара дийцира д1адаханчу б1ешеран 90-чу шерашкахь яздархочо Абдулаев Зиявдис (Лечин де шича). Х1етахь араелира цуьнан «Сатоссуш серлонаш», цул т1аьхьа «Х1уьппалгаш йохор» ц1е йолу книгаш. Карарчу хенахь Москвахь вехаш ву Зиявдин к1ант яздархо Абдулаев Асланбек. Иза оьрсийн маттахь язъеш ву, поэзин шина гуларан автор а ву. Ткъа Абдулаевг1арех уггаре а къона яздархо Мохьмад ву. Иза Россин яздархойн а, журналистин союзан декъашхо а ву.

Мохьмад шен дайшкара дуьйна нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла, ламаст лерина лардеш болчу доьзалера ву. Ша къона велахь а, шен леларца а, нахаца йолчу юкъаметтигца а Мохьмада гойту, и шайн дайн дика г1иллакх, оьздангалла ша юьззина схьаэцна хилар. Цундела иза редакцин белхахойн коллективехь а, накъосташа лоруш а, сий деш а ву.

Мохьмад винчу денца кхин цкъа а хьо даггара декъал во хьо. Лаьа, хьайн кхоллараллин балхахь кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла, дахар токхе долуш, хьайн гергачеран вон ца гуш, могаш-маьрша дуккха а шерашкахь вехийла.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.