Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Мархашлахь нур лепаш... Печать Email

Сейлмуханов  Муса

 

Даймохк

 

Даймохк – и цхьа латта

хилла ца 1а

Я цхьа 1алам:

хиш,

хьаннаш,

лаьмнаш…

И – зазанах юьзна

б1аьсте я шийла 1а;

И – адамаш,

церан ойланаш,

баланаш;

И – дахар,

хазахетарш,

г1айг1анаш,

Ненан мотт а! –

Хезаш берг

вай вовшашка буьйцуш.

 

 

ГИНИЙ ХЬУНА?

 

…Гиний хьуна мархашлахь

нур лепаш, догуш,

Цу юккъе нисбелла

нур-седа богуш..?

Стиглара чу ткъес тухий,

цо дагош атта,

Иштта а догуш долу

х1ара дуьне, латта?

Сан бехк буй, мархаша

лачкъийча малх?

Безамо д1аяьхьча

сан деган ах?

Шовданаш идарх д1а,

к1еж етташ т1ех –

Марзонах дог дузош,

уьш 1енарх т1ех?

Хьоьца-м, цкъа мацца а

суна го сайн,

Къоналлехь безамо,

куьг хьаькхна, дайн

Дитина дилха дог,

ц1е летта догуш –

Хьан седа ца гича

1аршехь кхин богуш.

Къинт1ера, доьху ас,

хьо суна яла,

Юхаденъян г1ортарна

безаман г1ала.

Юхаденъян г1ортарна

ойланаш, марзо:

Хьан керахь диси сан

иэсан чов ерзор…

 

 

Даг чохь лаьтта

 

Буьйса, шена т1е

1аьржа верта оьзна,

К1ад а елла,

г1енаш гуш, йижна 1а.

Беттаса а г1елделла,

мархаш т1е доьжна,

Корехь шен серло юьтий,

доьду д1а.

Мох д1атийна,

г1ире амал юхаоьзна,

Дайн 1аьнарца

хьоьстуш диттийн г1аш.

1аьрше хадош, седа ловзабаьлла,

Карлайохуш мерза ойланаш.

Х1ора хан а дагна

хьоме х1унда хета?

Х1унда хьийза,

б1арзделла

са карзахдохуш?

Х1унда хуьлу

баьгна безам

сан сих леташ,

Хилларг, лелларг

х1ора буса карладохуш?

…1уьйрено шен з1аьнаршца

ана серлайоху,

Беттаса а сийналлехь  догий, дов.

Хьоьх йолу ойланаш

г1ертарх гена яха,

Даг чохь лаьтта,

цкъа а д1а ца йовш.

 

Баркалла хьуна, йо1

 

Седарчий гуора суна

Буса шуьне гулделла.

Беттаса а гуора суна

Хи йистехь, деладелла.

Хьан корехь серло гича

Сайна къиэжаш –

Хьоьца долу гергарло

Дог сан хьаьвзи диэзаш.

…Ц1еххьана, цхьана ханна,

И серло д1аяйра:

Догдоьхна хьийза сан,

Яьлча и къайла.

Генахь хьо хиларх а,

Хьоьга безам бахна,

Буса-буса хьо гаре

Сатуьйсуш, со ваьхна.

Хиллехь а кхолламан

Некъаш т1ех деха –

Дезар дац х1инца сан,

Хьо генахь лиэха.

Баркалла хьуна, йо1,

Сан дагна хилла там:

Кхин цкъа а йовзарна

Безаман марзо, чам…

 

ХОЛЧА МА Х1ИТТА

 

А.Л.

 

Холча ма х1итта, йо1, –

дахар ду доца,

Ойланаш дукха ярх а,

цкъа деза къаста:

Цхьана дийнахь безаман

гуро хьо лацахь –

Елалой, екхалой

ахь дуьне хьаста!

Ойланийн мазлаг1ахь

дог дита лела:

Марзонан дургал цо

гулдийр ду т1е;

Дита и, 1уьйренан

сирла тхи мийла,

Иэшахь –  цо йойур ю

шеконан ц1е.

 

Г1енах мел гинарг

хилийта кхочуш,

Елалой, екхалой,

малхана г1атта.

Дуьнен чохь х1умма дац

безаме кхочуш –

Цуьнца хьайн ирс хьуна

карор ду атта!

 

 

*   *   *

Муха кхоллало безам? –

виэлакъиэжарца,

Я эсалчу хьан б1аьргаш чу

хьежарца?

Я ша тайпа хьаьрк ю-те и

эхь-бехкамна йитина,

Шен къайле хьоьх лачкъийна

йитина?

Иза ишта хила

дезаш а ду-те,

Б1аьстено юхадендеш синош?..

Я 1аламо заза

хьоьрсуш лаьтта т1е,

Вайн дегнаш

безамах дузош?

 

ГОЧДАРШ

 

*   *   *

Нагахь хекъале нийса болх байта  лаахь, дег1ана доладе.

Декарт Р.

 

*   *   *

Адам шен дег1ан лай ду, йоккхачу тоьпана х1оъ санна и т1аьхьа текхо а дезаш.

Доде А.

 

*   *   *

Стеган хьекъал-м собарца а хуьлу.

Бини К.

 

*   *   *

Вайх цхьа к1еззигчарий бен ца лов ирс: ас дуьйцург-м, юххехь болчерниг ду.

М. Твен

 

*   *   *

Нагахь стаг, ша-шена санна, шен кхолламна реза хилхьара, дукхах болу нах ирсе хир бара.

Эшенбах М.

 

*   *   *

Ирсе дахар дац. Ирсе денош ду.

Терье А.

 

*   *   *

Ирс – и вайна луург ду. Сингаттам – дерг ду.

Вольтер М.-Ф.

 

*   *   *

Вайна арахьара хетачу ирсо, дукхахьолахь, мостаг1ий кхуллу.

Дюма А. /к1ант/

 

*   *   *

Къоналлехь 1ема, воккхаллехь кхета.

Эшенбах М.

 

*   *   *

Шена хуьлуш болу там бийца таро яцахь, и там хилар дац.

Рохас Ф.

 

*   *   *

Ахчанах буьзна т1оьрмиг лело атта бу, къечу стеган бесачул а.

Сафир М.

*   *   *

Цхьа а тешо йиш яц, нагахь хьуо а ч1ог1а тешна вацахь.

Дидро Д.

 

*   *   *

Даймахкара-м водур вара, амма ша-шех вадалур вац.

Гораций К.Ф.

 

*   *   *

Шен къанваларх тешнарг – мелла а къонло.

Эшенбах М.

 

*   *   *

Нийсонна дуьххьарлера совг1ат – иза вай нийса нийсояр ду.

Руссо Ж.-Ж.

 

*   *   *

Дукха х1ума дало ша-шех тешна волчуьнга.

Гумбольдт А.

 

*   *   *

Бераш боданах кхоьру, ткъа вай-м, дукхахьолахь, серлонах кхоьру.

Лукреций Т.К.

 

*   *   *

Дог а хилахь, са а хилахь – муьлххачу хенахь а стаг хир ву хьо.

Фонвизин Д.

*   *   *

Кху дуьненахь со цецвуьйлург – ницкъ – г1орасиз хилар ду.

Поп А.

 

*   *   *

Дешнаш – уьш г1аш санна ду. Дукха г1аш долчу дитто стом к1езга латабо.

Поп А.

 

*   *   *

Дуьйцуш волчо – х1у тосу, цуьнга ладуьйг1учо – рицкъ гулдо.

Буаст П.

 

*   *   *

Вайна муха хаа деза 1ожалла муха ю, х1инца а дахар муха ду хууш ца хилча.

Конфуций

*   *   *

К1еда дог сихха дастало, даьтта – хинал сиха г1орадо.

Авербах Б.

 

*   *   *

Къен стаг – иза, уггаре хьалха, хьаг1ъерг ву.

Пришвин М.

 

*   *   *

Шен къеллица тарлуш верг – хьолада ву.

Сенека Л.А.

 

*   *   *

Собар – иза, муьлхха чевна а хьакха мегар долуш молха ду.

Ингалсан кица

 

*   *   *

Шегахь долу лазар лоьре д1а ца дийцича – дарба хила йиш ма яц.

Руставели Ш.

 

*   *   *

Вониг дан аьтто дийнахь б1озза а нисло, амма диканиг дан таро – шарахь цкъа бен ца хуьлу.

Вольтер М.-Ф.

 

*   *   *

Куралла йолчу лоьран молха дика ца хуьлу.

Китайн кица

 

*   *   *

Дика амал – вуочу амална х1оттийна дуьхьало ю.

Гете И.

 

*   *   *

Цхьа долчу дийцарша а, романаша а шозза вуон до ешархошна: цара лачкъайо церан хан а, ахча а.

Буаст П.

 

*   *   *

Мел деха дахар а доца хуьлу ирс долчу нехан.

Ирс доцчарна – абаделлалц хиэта цхьа буьйса а.

Лукиан С.

 

*   *   *

Лоьран юьхь т1ехь хазахетар хаалахь – дархо толуш хиларан билгало ю.

Рохас Ф.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.