http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


«Уьдучу шерийн лорах» Печать Email

Бурчаев Хьаьлим

 

Вайн республикехь дика вевзаш волчу журналистан а, поэтан а Сейлмуханов Мусан араяьллачу цхьана киншкин ц1е ю «Уьдучу шерийн лорах».

Стихаш йовза таро хуьлура ешархочунна вайн республикехь нохчийн маттахь арадовлучу газетийн а, журналийн а аг1онаш т1ехь.

«Нохчийчуьра т1ом д1аберзаре сатуьйсуш, Делан кхиэле д1абирзинчу вайн хьомсарчу наношна лерина ду сан х1ара жайна», – аьлла, доладо автора оцу гуларехь ша олуш долу поэтически дош.

Сейлмуханов Мусан дуьххьарлерчу стихашкахь дуьйна схьа карарчу хенахь язйинчарна т1екхаччалц гуш ду иза гуттар а ша вехаш волу шен зама йовза я йовзийта г1ерташ хилар. Шена билггал гушдолчух, деккъа шен дагна 1аьткъинарг схьаолу Сейлмухановс шен стихотворенешкахь.

Дукха хьолахь цуьнан стихаш ша-шеца монолог санна я ша-шега луш долчу хаттаршца цхьаьна шена жоп лучу кепехь язйина ю.

 

Хьан боху,

доьду шо дог делош доьду,

Я маьрша дог1ур ду Керла шо т1е?

Лаьар-кха,

барт хилла, машаран кедахь

Доьдучо д1аяхьа кху т1еман ц1е…

 

Гуттар а шен заманца ваьхначу поэтан Сейлмуханов Мусан говзарех дукхахъерш т1амах лаьцна ю – иттех сов шерашкахь, вайн махкара д1а ца болуш, кхерсташ хиллачу шина т1амах.

Шен дукхахйолу стихаш Мусас х1окху хиламел хьалха язйина. Вайна массарна а санна, Мусана а хала ду-кх доьхна хьийзо халкъ а, талийна-багийна мохк а ган.

Шен акхаралле, къизалле, бохамалле хьаьжча, адамо ша санна долчу адамна т1ехь г1ело, ницкъ барал кхин т1ех зулам хуьлийла дац т1амца дуста.

 

Маьлхан денойх адам хьегош,

Яош т1еман к1уьран къахь,

Юьйлу тоьпаш, лаьмнаш дегош,

Вайн Даймехкан лаьтта т1ехь…

 

Хьан лур ду цунах жоп? Хьаьнга доьхур ду и? Мила ву вайн Нохчийчохь т1еман къизалла яржош верг? Хьенан ву и? Мичахь? – оцу хаттаршна жоьпаш лоьху поэта.

Т1амо я кхечу бохамаша исбаьхьчу Нохчийчоьнан 1аламна бешболу т1е1аткъам ирча а, т1аьхье зуламе а йолуш хиларна юх-юха а т1евалаво ешархо автора: «Дарлой хьийза» 1аьржа мархаш, «гина суна т1амо 1алам делхош, зазан метта лаьтта 1енош чим», «шен тийналлех цец а дуьйлуш, 1алам 1аьнан шаршу малхехь ягош 1а», – иштта кхин а ду Сейлмухановн стихашкахь 1аламах дог лозуш яздина мог1анаш.

Ненан васт кхоллараллехь шатайпа мукъамаш хеза ешархочунна Мусан кхоллараллехь. Масала:

 

Нана, хьан кераюкъ –

беркате хьаьтта

Сайн юй а ца хууш,

ас хьешна, лаьтта…

Х1окху лаьттахь даха кхоьллинчу адамийн х1ораннан а дахаран декхар – иза вовшашца догдика, къинхетаме, комаьрша хилар т1еч1аг1до поэта. Амма оцу дерригенна а яхь оьшу, и яцахь, дахаран маь1не кхачалур а вац.

 

…Х1ара дуьне дитина дайша а, –

Валар ду х1оранна т1ехь.

Аьшнаш веш вуьйцур ву вайшиъ а,

Яхьйоцуш д1акхелхинехь.

1аламан сурт керлачу басаршца, исбаьхьаллин г1ирсашца, васташца гайта говза хилар го вайна Сейлмуханов Муса, цуьнан х1ара мог1анаш дешца:

 

Стиглахь кхетта беттаса –

Сан ойланийн седа –

1аьнан буса, серло схьа

Етташ, корехь къиэда.

Д1асаийзош т1ера чкъор,

1аьржа бода иэт1ош,

Цо детица тоьгу кор,

Седарчий т1елетош.

Сейлмуханов Мусан «Жима доттаг1», «Хьочан синтар», «Ши йиша», иштта кхин а байташ ю берашна лерина. Берийн дуьне, церан хьежамаш, дог-ойла авторна дика евзаш хилар го вайна и стихотворенеш йоьшуш.

«Дахаран новкъахь зийна билгалонаш» аьлла, билгалдаьхна Сейлмухановс шен дахарера, тидамашкара шена зеделлачух яздина мог1анаш.

И аларш стихкхолларан кепехь далийна ду. К1орггера ойлаярца, ша дуьйцучун дуьхе кхиа г1ертарца йина ойланаш уьш хилар го, царах цхьаерш ахзабаречу маттахь язйина а ю:

 

Топ кхуьйсуш, ловзош гахь,

юххе ма г1ерта;

Цкъа мацца а шийла мохь

цо бохьу керта.

Заманан халонаша

гучудехира вай:

Ма хала хилла-кх хьо,

мацъелча, гай.

Иштта ю Сейлмуханов Мусан поэзин башхаллаш.

Теша нохчийн литература ешархоша цуьнан шатайпана кхолларалла шайн тидаме оьцург хиларх.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.