Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Денойх а, буьйсанех а ойланаш Печать Email

Абдулаев Лечин – 60 шо

 

Халкъан поэт, журналист Абдулаев Леча дика вевза вайн махкахь, нохчийн дешан йозалла йовза а, пох1малли барам къасто а хуучу муьлххачу нохчийчун. Цо язйина чулацаме, дахаран бес-бесара аг1онаш луьстуш, г1иллакх-оьздангалла гойтуш йолчу байтийн цкъа а мах бовр бац, цкъа а церан масал кхачор дац. Цара дог-ойла ир-кара х1иттайо, локхалле кхойкху, ийман ч1аг1до. Цхьа а дош сов далийна ала меттиг боцуш, халкъ кхетаман к1оргера йолу Лечин байташ деган мукъамций бен еша ца ло.

Абдулаев Лечин ойла, дуьненахь вайх х1оранна хьалха лаьтта декхаре кхойкхуш ю: халкъан дуьхьа дика дечу г1уллакх т1ехь мало ца яр, цунна хьайн синкомаьршалла кхоа ца яр.

Лечин кхолларалла дика евзачу халкъ яздархочо Бексултанов Мусас яздина иштта: «Леча «поэт» аьлла яздинчу дашца воцуш, шен сица, ойланца, шен вахарца поэт ву. Суна ч1ог1а генахь го цуьнан ойла, вайн заманал дуккха а т1аьхьа. Цо ша-шен ахкарехь иза дуьххьара го суна, нохчийн маттахь язъечу поэтех. Поэт ша хуьлу, шеца, ша-шена вовза г1ерташ, шега ша вуьйцуш, х1оранна а цо вуьйцург хьой, сой ву а моьттуш».

 

Леча Абдулаев

ДЕНОЙХ А, БУЬЙСАНЕХ А ОЙЛАНАШ

 

1

Догдаха хууш вац, – дахаза диси и.

Ирс даа хууш вац, – дааза диси и.

Гора-я1, дуьне, хьо дита а хууш вац,

Дита а ца хиъна, хьо хьаьнгахь дисна, ткъа?

 

2

Д1абуза керча малх схьакхеташ гурий, те?

Схьакхета керча бутт д1абузуш гурий, те?

Малх кхета 1уьйренаш, бутт лепа суьйренаш,

Х1оразза хоьтту ас: вай юхагурий те?

 

3

Дуьнен чу тхо довлар, зама, хьан болар ду.

Тхо лелла чекхдовлар, зама, хьан болар ду.

Даьхкина тхо девлча, девлча тхо кхелхина,

Х1ун хир ду, зама, хьан лелар а, болар а?

 

4

Бухаран холхазех 1ехалун варий ша.

Аьхначу исхарех 1ехалун варий ша.

Т1аьххьара духудерг к1айн киса ца хилча,

Духучух, туьллучух 1ехалун варий ша.

 

5

Г1ажарийн кузаш т1ехь 1ехалун варий ша.

Балуран* пхьег1аш т1ехь 1ехалун варий ша.

Т1аьххьара бууберг лаьттан чам ца хилча,

Дуучух, молучух 1ехалун варий ша.

 

6

Стом безчу бошмашкахь 1ехалун варий ша.

Мармаран г1али чохь 1ехалун варий ша.

Т1аьххьара воьрзуверг каш-лахьта ца хилча,

Горгачу дуьненах 1ехалун варий ша.

 

7

Г1а-бецан соьналла х1етахь кхин хилла те?

Маьлхан нур, беттаса х1етахь кхин хилла те?

Бераллин куьзганаш дина и аьнгали

Кхехкийнарг, литтинарг х1ун пхьалг1а хилла те?

8

Сахьийза. Сахьийзон хьан бера х1ун ю те?

Сагатло. Садукъден хьан хулар* х1ун ю те?

Хьан балхах ца кхета-кх, дуьненан г1айг1а,

Тхан синош охьу и хьан кахьар х1ун ю те?

*Деза аьнгали (хрусталь).

 

9

Безарша хьистинарг, дохко ма вала.

Уьйраша хьистинарг, дохко ма вала.

Жималла йолуш бен, вахар ца хуьлу,

Жималло хьистинарг, дохко ма вала.

 

10

Безарша вицвинарг, г1айг1а ма ехьа.

Уьйраша вицвинарг, г1айг1а ма ехьа.

Воккхалла йолуш бен, вахар ца хуьлу.

Воккхалло 1аьвшинарг, г1айг1а ма ехьа.

 

11

Пебетташ йог1у, х1ай, маьлхан 1уьйренаш.

Гадохуш, йог1у, х1ай, беттан суьйренаш,

Цаьпцалгна кхоссалахь, бага лекъ эккхаш,

Цхьогална а дайна, тхан а яра цхьа хенаш.

 

12

Марзонийн бух бу те хьо, дагахьбаллам?

Къахьонийн бух бу те хьо, дагахбаллам?

Тхан дегнийн ша лела цхьа деган меже

Ю техьа, дог дуу хьо дагахьбаллам?

 

13

Дуьнене хьежийнчу б1аьрсин мохь базлуш,

Дуьнене дег1начу лерсин мохь базлуш,

Дуьнено дохийнчу деган арз хазахь,

ЦхьакЙеззиг ял хин яй, кошан наб марзъян.

 

14

Дуьнене кхийдинчу куьйган мохь базлуш,

Лаьтта т1ехь лийзинчу коган мохь базлуш,

Дуьнено делхинчу деган арз хазахь,

Цхьак1еззиг ял хин яй, кошан г1ов хазбан.

 

15

Махьшаран майданахь и Мизан-Терза,

Къай, меллий оза д1анисдинчу дийнахь,

Вайн дагахбалламийн хьесап т1е дерзахь,

Шапа1ат дайлун дай умматан дена**.

*Муьшах бен шад.

**Мухьаммад пайхамар (1.схь.в.с.).

 

 

16

Барамо нисдийр ду лакхенан т1ег1а.

Лахьтано нисбийр бу к1оргенан барам.

Локхаллех дийца кхин х1ун дара т1емийн?

Орамийн х1ун дара к1оргенах ала?

 

17

Велар а цхьа къайле ю-кха хьан, дуьне.

Велхар а цхьа къайла ю-кха хьан, дуьне.

Гуттар а д1аваха луъушехь, виса

Лаар а цхьа къайле ю-кха хьан, дуьне.

06.99 шо

 

* * *

Тийналла –

и еса пхьег1а –

б1е эзар дуьненан г1овг1ано:

веларо, велхаро,

эшаро, хабаро,

шакаро, шабаро… –

и хьалаюзу.

Тийналлин пхьег1а чу ца тарлуш х1ума дац,

Цхьа герзан тата ца тарло.

Кхин мел дерг тийналле дуьжу.

Даьлла герз тийналлех кхета –

атало тийналлин пхьег1а.

1992 шо

 

* * *

Маьрк1аже

жеррахь ца го-кха.

Маржа-я1,

ойла ца йо-кха.

Букъ сатталц вехар вуй, хиънехь,

Хийла дас йина хир яра –

Дечган хам бина хир бара,

Ца лоьруш, орам буй-баций,

Хаарна – цхьаволчу дена

Цхьаволчу во1ал а тоьлий

Дечигах йина и 1аса.

1992 шо

 

* * *

Тамаше даьхни ду хьекъал а, эхь а.

Кхин мел дерг, къиэ мел лун, – механа дазло.

Боьхху мах лур болуш хьевза нах, б1арзлой.

 

Ткъа хьекъал, ткъа эхь а, къиэ мел лун, – дайло:

Мах бала, хоьттург а ца хуьлу къайлах,

Саг1ина делча а, оьшург ца волу.

1993 шо

 

 

Б1Е ДОТТАГ1

 

Доттаг1чун мостаг1 – и доттаг1 ца оьшу.

Мостаг1чун доттаг1 хьан мостаг1чул оьшу.

Вог1ий, сан доттаг1чо сан доттаг1 вуьйций,

Ша воь сан дага чохь я важа воь цо.

 

Б1е доттаг1 ца валлал, къиэ дац-кхи Латта-м,

Б1е вовшийн доттаг1 ван ца хилла-кх атта.

Б1е доттаг1 лийхи ас, элан хьал хеташ.

Амма и, и хьал сан вовшах ца кхета.

 

 

 

* * *

Кху хазчу дуьненах харц дуьне алар

Боккъал а бакъдолу доккха бакъ ларрал

Дуьненан чемаш хьан вашас а зийна.

Сих хьерчаш дуьненан марзонийн лаьхьа –

Хьарамчун мерза чам, хьаналчун – къаьхьа, –

1ехочо 1еххол бен доцу и дог а,

Шех баттахь шаьлта еш, къийлина доггах.

Ц1ена мел хили а, къаьхьа ду молха,

Ткъа чемаш лоьхучо молха до талха.

Ц1ена мел дии а, дуьне ду къаьхьа,

Д1овш санна. Амма вай эхарта дахьа –

И д1овш бен, моз а дац.

Дохко ма ваьллахь.

Оцу хьайн адмаллах дера д1овш даьлларг,

Варийлахь, варийлахь, дохко ма ваьллахь.

1994 шо

 

 

* * *

Лаьтта т1е диллина латта

Юха а латта ду, латта.

Хих кхетта хи а хи ду-кха.

Ц1арца ц1е яьгначохь юкъ а –

Цхьа юкъ ю, «хьан-сан» ца къастош.

И вовшахъиэран сурт-васт гуш,

Г1енах ас ойла хьох йина…

Сих иштта са уьйш ца гина.

1992 шо

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.