http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нохчийчоь цхьаъ бен яц Печать Email

Цуруев Шарип

 

 

* * *

ХIумма а дац, хIумма а дац,

Нохчийчоь шиъ ма ю.

Нохчийчоь шиъ ма ю –

Цхьаъ ю ша йолуш ерг,

Важа сан даг чохь ерг.

ХIумма а дац, хIумма а дац

Цу шинна юккъехь

Башхалла елахь а –

И мухха делахь а,

И ший а цхьаъ ма ю:

Гонах ерг – Нохчийчоь,

Даг чохь ерг – Нохчийчоь.

И мухха делахь а,

И ший а сан ма ю.

Со мухха велахь а,

Шиннен а со ма ву.

ХIумма а дац, хIумма а дац

Со валарх, висарх а,

Со саннарш дукха бу,

Нохчийчоь цхьаъ бен яц.

Со велча, соьцанна

Нохчийчоь цхьаъ бен лац.

Гонах ерг лахь, тIаккха

Лийр ю сан даг чохь а…

 

Цундела боху ас,

Дуккха а заманна

Сайл тIаьхьа хьо юьтуш,

ДIакхалха ирс делахь,

ХIумма а дац, хIумма а дац,

Валарх а, висарх а –

Цундела доьху ас:

Нохчийчоь, йисалахь,

Духарш хьайн хийцахь а,

Амат ма хийцалахь,

Хьайн бос ма хийцалахь,

Доьху ас, кхуьйлу ас –

Йисалахь, Нохчийчоь.

1991ш.

 

 

* * *

Айми чохь, гу болчохь керчар ца лагІдеш,

Дикка гуо тийси сан дахаран чкъурго.

Сан даго – жимачу цу дилхан цуьрго –

Іаршашка кхийдийна ойланаш лахъеш.

Уьншарахь хьакхар ца хьаькхначух терра,

Цхьа ирча цІийзар цо долийна хІинца.

ХІун дер ду, хетарехь, ширбелла-кх бера…

Ва, амма, йиш ма яц новкъахь чкъург хийца,

Аьтто бац тоян а, цІан ца ло хаттах.

ТІедеа-кх со хІинцацалц кхаьрдинарг нахах:

Деза сан тетта а, текхо а дахар…

«Цу меха дуй-те и», – ас хьаьнга хатта?

Іесачу шеконийн гулам а хилла,

И хаттар жоп доцуш дисна-кха латта…

«Керччачул карча чкъург, хир шена хирриг», –

Боху ас – кху хьолехь и ду-кха атта.

2010шо

 

Сий долчу Нохчийчоьне

 

Экамчу хьан дегІах тІамо цІе латийна,

Хьан сина язъелча Іазапан хало,

Хьо йоьжча гІаттийнарг,

Хьо меттахь латтийнарг

Яхь йолчу хьан кІентийн ю къонахалла.

 

Харцонийн хІиллано дегнийн ницкъ лахийна,

Хьан кІентий бІарзбелла хІоьттича хьал а,

Тешаман лакхенехь

Хьан седа латийнарг,

Оьздачу мехкарийн ю къонахалла.

 

Доккхачу дуьненахь кхин ирзу ца къуьйсуш,

Хьан некхехь туш тоьхна массо а ханна,

Хьо кура ларйинарг,

Сий соьмах ца хуьйцуш,

Хьан кІентийн, мехкарийн ю къонахалла.

 

Рицкъанан токхенехь дебарх а яхь яйнарш,

Са цІена тхан латтош бІаьрмецигаллах,

Ларйойла Кхоьллинчо вайн къоман тІаьхьенехь

ХІинццалц хьо ларйина дайн къонахалла.

 

Эчигна макх санна, кхераме сина

Лайн амал кхиа ца юьтуш д1ах1отта,

Цу эзар шерашкахь дебначу хьан синна

Цхьа къонахалла бен кхин ма яц г1ортор.

2010ш.

 

Ца хууш даций вай-м

Накъосташка

 

Малх а дІахьуллур бу, бага мел лиънехь а,

Серлонца, йовхонца хІара дуьне кхаьбна.

Вай догІуш ваьш мича догІу ца хиънехь а,

Ца хууш даций вай-м ваьш мича кхаьчна.

 

Мел яккхий марзонаш йоьрзуш ю къаьхьоне,

Синкъерам чекхболу, юьтуш син гІайгІа.

Сурт схьагуш дацахь а дахарал тІаьхьадерг,

Ца хууш даций вай-м и къиза къайле.

 

Ягориг кхачийча, къуьданан милтанех

ГІелдели вай ечу ойланийн лепар…

Дуьненахь массо стаг и Іехо гІиртинехь,

Ца хууш даций вай-м цо массо левар.

 

Байтамал – хьакъ ма-дду да-нана ца хьастар,

ГІо ца дар цхьанна, дог Іабаза безам…

Ца лууш делахь а дуьненах дІакъастар,

Ца хууш даций вай-м цкъа къаста дезий.

 

Ойланаш хьаьъначохь дицдала лаахь а,

Ма дац-кха карзахчу синошна молха…

Билггала вай мича доьлху ца хаахь а,

Ца хууш даций вай-м ваьш цига доьлхий.

 

Х1етте а деха вай –дерриге хуъушехь,

Х1ара дуьне даима ларца даа.

Хуъушехь, и вайха дуьсур дуй дуъушехь,

Деха вай, деха вай ца лууш хаа.

2010ш.

 

 

Кхардам бац…

(сутарчу къуйшна)

 

Лаьтти со,

сий долчун серлонца хадеш,

Чуверза воллу со…

Сан чиркх дІабайна.

Аш шайна диталаш хударийн хабарш,

Хабарийн хударш а диталаш шайна.

 

Кулла тІе баьллачу моьлкъанах терра,

Малх гучубаьлча, шу ма-дарра девзи.

Эрна ду шуна бехкбиллар, лер а,

Доьшана суждадеш писдоьлла кІезий.

 

Инзаре хІума ду шун догІмийн хьераш –

Дуьне дІакхалларх а дац-кха шу дузур.

Шалхонийн говзанчаш, хІилланийн пхьераш,

Ши юхь ца хилла шун, ю шийтта муцІар.

 

Кхардам бац, амма шух къинхетам бу сан –

Ма барам боцуш ю шун дакъазалла…

Мел токхе ю стигла седарчийн буса

Къиношца гулбинчу шун бахамал а.

 

Мел сирла ю Іуьйре, дог цІена вехаш,

Мел мерза ю суьйре, сапаргІат волуш…

Талхар ду дахарна аш бина мехаш,

Кханенна дуьтушдерг байтамал долуш.

 

Эвсаре аш хьекхарх тайп-тайпа басарш,

Шун яххьаш йовзаро яййо сан г1айг1а.

Аш шайна диталаш хударийн хабарш,

Хабарийн хударш а диталаш шайна.

2010ш.

Нохчаллах дош

 

Тоьпашлахь кхоьссина

Йоккха топ ва санна,

Нохчашна нохчалла

Дешнашлахь– доккха дош,

Т1елаьцнарг – халачу

Декхарийн гуоне хьош,

Цалаьцнарг – вай а веш,

Мехашлахь мас санна.

 

Бес-бесар зерашкахь

Ца къарлуш заманна,

Ткъес санна, сиха а,

Собаре, лам санна,

Къонахий бийлинчу

Сийлахьчу лаьтта т1ехь

Нохчалла нохчийн син

Кеп хилла лаьттина.

 

Буьрса дарц хьекхарх 1ай,

И – сирла яьгна ц1е,

Соне д1атоьттуш ю –

Хийланна яьлла сов.

Нохчалла – эрна харж

Са заь1ап долчарна,

Нохчалла – ирсан кхаж

Яхь йолуш болчарна.

 

Шайт1анийн ц1уьх1аршна

Луур ца хуьлуьйтуш,

Нохчалла – лекха дарж,

Къонахий кхуьуьйтуш.

Нохчалла – беза мохь

Сий деза долчарна,

Нохчалла – беккъа мох

Хабарчийн ох1ланна.

 

Шен къомах ца вешарг –

Хайраза вожа ду.

Шен къоман во1 воцург –

И текхан божа ду.

Хьо милла велахь а,

Хьо миччахь велахь а,

Нохчалла – нохчашна

Стогаллин доза ду.

2000-2010шш.

 

* * *

Ма леха, цкъа а ма леха

Дуьненахь хила йиш йоцург,

Цхьанна а карийна доцург

Ма леха, эрна ма леха.

 

Цхьаьнгге хьайх кхета ма баха,

Хьо кхетар ца хилча нахах.

Ахь хьайха къинхетам бехьа –

Къинхетам хьайна ма беха.

 

Х1ара дуьне лаьттар ду хьуна,

Ду моттарх, цхьанне а доцуш.

Х1ара дахар хаттар ду хьуна

Шена жоп каро йиш йоцуш.

 

Шаьш бен кхин х1ун дара баха

Хьакъ боцчу, хьакъ болчу нахах

Дисина дуьне ду х1ара…

Ткъа хьо-м…хьо, ала, х1ун яра?

 

Эрна йорт йиттина к1ар-к1ар,

Сатийсам багаро къиза

Тоьхнарг цкъа бертал, цкъа аркъал…

«Цхьа пелхьо», – хьан ц1е ю иза.

 

Хьайха цхьаъ тарвелла мунда,

Синтемаш д1акъехко йоьг1на…

Ца хууш, ткъа т1аккха х1унда

Оццул ц1е хьан дагчохь йогу?

1993 шо

 

 

* * *

Гора дег1 сан, тахна суна хьоме дег1,

Хьо а дер дац хьайн кхолламан сизал т1ех.

Ма къа ду-кх хьан, гора дег1 сан, ма къа ду-кх хьан –

Х1ун хир ду хьох, цхьа хан яьлча – к1еззиг-дукха…

 

Кошан гаттехь дахкадала дезий-х хьан,

Юха г1атта къематдийнахь дезий-х хьан,

Х1уъа лелорх, тахна мичча кхачарх,

Хьо т1аьххьара хир бу н1аьнийн кхача.

 

 

ХЬЕНЕХНИЙ, МИНЕХНИЙ

 

Ца оьшу шу даха берта,

Ца оьшу шу бертахь даха.

Ша йоцург и хила г1ертахь,

Хьо воцург хьоь хила бахахь.

 

Чолхе ду дахаран некъаш,

Цкъа шера, цкъа голатухуш.

Дуьнен т1ехь вайх хиларх пекъарш,

Вайна т1ехь дуьне дац духуш.

 

1адхьокху пондар а хилла,

Ц1ийзар ца сацадо г1опо.

Вай даха, ву хьуна к1илло,

Цкъа а ца кхачориг собар.

 

Дуьнен т1ехь эзарза гина,

Ду иза адамо зийна:

Собаро къонах а вина,

Собаро къонах а вийна.

 

 

* * *

Дисинарг дукха дац дахар,

Вовшашка вай бехкаш даххал,

Девнаш дан, дебаян г1айг1а,

Я вуьшта эрна хан яйа.

 

Доца ду, доца ду дахар,

«Кхуьур ву кхана» ца баххал.

Хьуо дика вуьйцуьйтуш нахе,

Ц1е йита, т1аьхьешна яха.

 

Делахь а деха ду дахар

Галвала, хьо дохковаха,

Юьхь1аьржа х1отта, къалетта,

Я виса, охьа а кхетта…

 

Деха ду хьо дохковаха,

Дика дан-м доцу ду дахар.

 

ПОНДАРЧЕ

 

Гуьйренца доьлхучу г1ийлачу дерзах,

Мехаша тийжочу куьйсачу эрзах

Делхийта, делхийта пондаран мерзаш,

Готтачу сан кийрахь дог ма ду лезнарг.

 

Кханенаш тешаме йоцучу дуьненахь

Цхьа безам бара сан, дайх бисна безам –

Сийлахьа Нохчийчоь – сил дукха езнарг,

Йохий и, мерци и ямартчийн герзо.

 

Б1ешерийн къийсамехь яхчалуш кхиънарг –

Нохчолла – сийлалла яра сан дагна.

Хили-кха туьллакийн тобанна лиънарг:

Г1иллакхийн ох1ланаш эшна бу тахна.

 

Тешаме накъостий бара сан бахам –

Цхьаъ вайна, цхьаъ вийна, ткъа вуьйш бу г1ийла.

Де доьхча, яхь яра-кх стогаллин барам,

Ткъа тахна-м баьржина хьаг1 йоьлларш кийра.

 

…Ахь бехк ма биллалахь, пондарча, х1инца,

Цхьажимма юткъьелла хир ю сан ойла.

Же, ма1е, и г1ийла мукъам хьайн хийца,

Йиш яц-кха нахана вай доьхна гойла.

 

Цадезачеран вай ма хьеста лерса,

Г1о лоцуш даг т1ера чевнаш д1аерзо,

Толамехь шатлакхна кхуьйсучу герзах

Декийта, декийта пондаран мерзаш.

 

НАНА

 

(Мукъам Цураев 1аьрбин)

 

Д1а ма г1о,

Нана, доьху хьоьга аса, д1а ма г1о…

Хьо ма сиха

Къежйо, тишйо дахаро.

Х1ора денна гена юьйлуш,

Сан дог 1ийжош, нана, хьо.

Со х1ара дуьне оьшуш вац

Йоцуш хьо.

Нана, нана,

Кху дуьненахь хьол а мерза х1ума дац,

Хьуна хьалха

Со сайн декхар текхна цкъа а вер а вац.

Нана, нана,

Доьха хьоьга суна дукха яхалахь,

Вижа лахьта дац ма боху

Хьо къинт1ера ца ялахь.

 

Г1елъелла.

Лела халла синош дохуш тахна хьо,

Д1а ма ели

Жимчохьлера хаза хан.

Хьо къанлур яц моьттуш цкъа а

Со ма лелла дахарехь,

Ма г1охьа д1а

Сох къасти нана хьо.

 

Хьох хервина

Лела – со д1авигна къизчу замано,

Нана, нана,

Гена махкахь со ларво хьан безамо.

Хьоме нана,

Х1ун де аса хьан дог хьаста алахьа,

Вижа лахьта дац ма боху

Хьо къинтера ца ялахь.

 

НЕНЕ

 

Хьо ца хилчахьана хьайн дог эт1аш,

Оьг1аз оьхуш хьо ца хилчахьана,

Хала дац-кха суна халахетарш,

Дерриг мегаш ду-кха суна, нана.

 

Амма х1ара дахар хьох д1ахьулдан

Ницкъ а болуш со ца хилла къонах.

Ахьа-м – иза дага дог1ий хьуна –

Со-м ларвора жимчохь массо вонах.

 

Кхеравелча, цхьанхьа я лазийча,

Хьоь кхойкхура – хьо йолура орцах…

Со хьан марахь мел парг1ата 1ийна,

Ца кхийрина шайт1анех я дорцах.

 

Дагчохь еха суна и д1аяхна,

Массо вонах ахь ларвина зама.

Хьо лар ца луш г1орасиз ву тахна,

Хьуна хьалха бехке ву со, нана…

 

Амма дерриг гуш ду-кх везчу Дала,

Сайн са д1алур дара-кх, хазахеташ.

Оьг1аз оьхуш хьо ца хилчахьана,

Хьо ца хилчахьана хьайн дог эт1аш.

 

 

* * *

Де дийне мел дели шеллуш ю арахь,

Оьгуш ду т1аьххьара г1аш…

Тахханалц ц1а кхача ца ви со лара,

Вацахь а генахь со 1аш.

Хьо-м даим хьоьжуш 1а,

Хьо яц-кха реза,

Ахь даим к1ира лардо.

Амма сан г1уллакхаш чекхдаха деза,

Уьш цкъа а кхача ца до.

 

Со муха кхуьур ву? – балхахь ву денна.

Мукъа де? Вон-дика ду…

Нана, со-м дерриге уьш д1а а тесна,

Кхул т1аьхьа-м ц1а вог1ур ву.

 

«Кханенаш… уьш т1аьхьа ма хилахьара», –

Цхьа г1ийла хьо хьоьжуш ю.

Де-дийне мел дели шеллуш ю арахь,

Т1аьххьара г1аш оьгуш ду.

 

 

Нохчийн матте…

 

Б1ешерийн кийрара

Дайшкара схьабеъна,

Дохийча, къа хьаьрча

Дайн весет санна,

Хьо ларбан т1аьхьешна

Яхь йолу нах беза

Дуьнен т1ехь йоккхучу

Массо а ханна.

 

Нохчийн мотт – вайнехан

Са деха метта мотт,

Бицбича иэхье ду,

Бийцича сийлахь ду.

 

Шайн пусар доцчарна

Хета хьо совнаха,

Хьан х1ора дайна дош

Ду хьуна чевне.

Нохчийн мотт, хьо тхуна

Делера совг1ат ду,

Бехийла хьо маьрша,

Бекийла зевне.

 

Нохчийн мотт – вайнехан

Са деха метта мотт,

Бицбича иэхье ду,

Бийцича сийлахь ду.

 

Кхетамца айп дацахь,

Ца лоьхуш бахьанаш,

Заманаш д1айовларх,

Гонах дерг хуьйцуш,

Ворх1е дайх бисна хьо

Ворх1е а т1аьхьенна

Нохчаша ларбийр бу,

Хьо оьзда буьйцуш.

 

Нохчийн мотт – вайнехан

Са деха метта мотт,

Бицбича иэхье ду,

Бийцича сийлахь ду.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.