http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Даймехкан кхолламан декъахь волчу поэтах дош Печать Email

ГАЙТУКАЕВ Асламбек, хьехархо, публицист

 

 

 

Махкахь вевзаш волу поэт, публицист, литературни критик, гочдархо Цуруев Мовладин Шарип вина 1963-чу шарахь Гуьмсан к1оштара Лаха Гезлойн-Эвлахь. Юьртара юккъерчу ишколехь доьшуш а волуш дуьххьара зорбане ваьлла иза. Чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Къахьегна дешаран хьаьрмахь, «Орга» журналан, «Даймохк», «Васт» газетийн редакцешкахь, и.д1.кх. коллективашкахь а. Тахана иза къахьоьгуш ву «Хьехархо» журналан коьртачу редакторан а, республикин 1илманийн академийн «Таллам» журналан жоьпаллин секретаран а даржехь. Иза ву яздархойн, журналистийн а Бартийн декъашхо. Газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь, коллективни гуларшкахь зорбане йийлина цуьнан стихаш, поэмаш, статьяш, очеркаш. Цуруевн дуьххьарлера стихийн гуларан ц1е яра «Йисалахь, Нохчийчоь». «Тешалахь, Даймохк», «Цхьа мерза-г1айг1ане мукъам» ц1ерш йолу стихийн, поэмийн гуларш араевлла поэтан кху т1аьхьарчу итт шарахь. Поэт Цуруев 20-чу б1ешеран т1аьхьарчу 30 шарахь бевзинчу яздархошлахь шайна т1е тидам алссам боьдучарех ву. Ш. Арсанукаев хьахийначохь цуьнан «Ненан мотт» стихотворени санна, Цуруевн ц1е яьккхича суна уггар хьалха дагайог1у цуьнан «Нохчийн мотт» ц1е йолу байт. Цхьана вевзаш волчу нохчийн меттан хьехархочо, «Даймохк» газетан рог1ера номер а карахь, олуш хезира суна: «Кху т1ехь зорбатоьхна йолу Цуруевн «Нохчийн мотт» стихотворени тоьар яра, кхин кху т1ехь х1умма ца хилча а, кху газетан номеран мах лакхара хадо а, мехалла гайта а». Поэтан ницкъ кхаьчна цу шен байтехь вайн маттах лаьцна шатайпа дош ала. «Базарахь эцна а боцчу», «цхьаьнггера а юхалург» ца баьккхинчу нохчийн меттан хьокъехь цо боху:

 

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна,

Цу матто, – уггаре гергарчу сан сина –

Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина.

Цуруев Шарипан кхоллараллин башхалла билгалйоккхуш, Нохчийн Республикин 1илманийн академин вице-президент, академик волчу Дадашев Райкома яздина: «Цуруев Шарипан поэзехь къарцавеллачунна наггахь рифмица, ритмаца цхьацца кхачамбацарш каро там бу, цхьацца, М-С. Гадаевс ма-аллара, т1е «мотт хьакханзий», кхоччуш т1ехь къахьегна йовланзий меттигаш хила мега. Амма, дагах ца кхеташ, чохь са доцуш стихотворени я язбархьама язбина мог1анаш карор бац. Цо шен дог догуш, шен кийрахь кхоччуш 1аьткъинарг бен ца яздаран билгало ю иза. Доцца аьлча, шен исбаьхьа, шен поэтически дуьне кхолла ницкъ кхаьчна цуьнан… Иза бакъволчу поэтан билгало ю». Цуьнан поэзин хьоста лехаро гучудоккху: хинволчу поэтана дика т1е1аткъам бина ненан («бабин») туьйранаша, ден «некъан дешнаша», хьехархоша, юьртахоша.

 

Ма елхахьа, нана,

Ма тийжахьа, нана,

Къинош долчу к1ентан

Дог карзах ма даха,

– олу цо цкъа.

Цуруевн тоьллачарех лара хьакъ ю аьлла хета «Т1аьххьара нохчий...» ц1е йолу байт. Кху дуккха а хийцамаш шеца болчу муьран теш волчу цо, шатайпанчу поэтически кепаца гойту х1оьттинчу хьолан сурт. Ткъех шо гергга хьалха язйинчу байто вайн ойланехь тахана а дуккха х1ума меттахъхьадо. Т1аьххьара яхь йолчу къонахийн барам лаг1луш хетий, махкахь г1айг1ане сурт х1уттуш го поэтана. Къонахошца д1аваха (д1аван) ирс доцуш висарна вогуш а, доьхначу дийнахь йоьхначу ойланца а ву автор. И ойла, и г1айг1а, и сагатдар дешархочуьнга кхачийта, вай а ойлане даха хьожу поэт. Леррина ойлаярца и дешнаш дешнарг дахаре бен доцуш хьоьжур вац аьлла, ч1аг1дан мегар дара. Массо хенахь а х1умане шен хьежам болуш, диканиг, оьзданиг, даха хьакъдерг лардан, кхио дезарна а сагатдеш, цу хьокъехь шен говзачу дашца вистхуьлуш схьавог1у ала мегар ду Цуруев. Дуккха а вайн лазамийн, баланийн бух, бахьана – хьарам-хьанал къастош ца хиларехь, ахчанах 1ехалуш, нийсо ца ларъярехь хилар гойту цо ша Нохчийчоьне дечу къамелехь:

«...К1иллоша йоьхки хьо шайнех, Ц1убдарша муьйлу хьан ц1ий». «...Букъ туьйхи ка тоьхначара, Ц1е туьйхи – ца езачара».

Поэт г1айг1ане во «тийжаро-делхаро», «харцоно», «зуламо шовкъе буг1yчу букар бохьо». Маьрша, машаре стеган дашца Цуруевс Нохчийчоьне боху:

«Лардала йиш хилча, хьанна Оьшу, со велла хьо йисар? Кхин вониг, хьо елла висар?»

Поэтана гарехь, вайна оьшу, тешар, иэшам йоццачу ханна буй хаар, болх Далла т1е биллар, Даймехкан рицкъ, ницкъ а Везчу Делехь буй хаар. Т1аккха зуламхой ларор бац Даймехкан «Сийца, Сица». Ира хьекъал а, философски ойла а, хьежам а болчу поэта вайга кхойкху: доха а ца духуш, вайн г1иллакх-оьздангалла ларъяре, халонна б1о ца къажоре.

 

Гергарчу, генарчу лулахойх

Доттаг1ий хир бац вай толахь бен,

Доха ма доха – бохь бог1а,

Шайт1а а, мостаг1 а вохавеш.

Цуруев ша деккъа дош аьлчахьана волу моьттучех вац. «Вайх мила, маца, муха хилла цу везчу Далла гуш ду дика», – боху, гайтаман х1уманаш къобалдеш воцчу поэта шен цхьана байтехь. «Тешалахь, Даймохк...» ц1е йолу стихийн гулар язъярца Цуруев Шарипа довзийти шен керла, нийсонан, ц1ена, онда, ира, дуьззина, шовкъе, амма чов-чардо шеца доцу, вайн хиллачуьнга, таханене, хиндолчуьнга дог лозуш б1аьрг а тоьхна аьлла дош. И дош тахана кхолладелла дац, цуьнан «эзар» шо ду, х1унда аьлча:

 

Билгалдан йиш яц сан мел деха шо,

Син оьмар яц хан, йоккхург дег1а чохь.

 

Поэтан лирически турпалхочунна хаьа, ша мила ву, хьенан верас ву, девза шен декхар. Цуьнгахь беха Даймохк безаш беллачаьрга (мел бу уьш!) безам. Гуларна юкъарчу стихаша авторан дог-ойла, хьежар гайтина ца 1аш, къоман башхалла, диканиг, вониг, адамийн дахар шен хиллачу низамах, т1аьхьарчу шерашкахь къепенах доьхна хилар гойту. Къизачу т1амо, бохамо, балано поэт ца вожийна. Иза нацкъар ца ваьлла мехкан г1уллакхна, нийсо, бакъдерг толург хиларх дог ца диллина цо.

Хьан чевнаш дебачу дийнахь,

Хьан лазар ч1аг1делча некхехь,

Нохчийчоь, сан Даймохк сийлахь,

Со ву хьан кхолламан декъехь...

 

Шарипа масех шо хьалха элира: «Хьажахьа, йоккха г1ело, хало лов вай. Харцо го баьккхина ю, х1етте а адам т1етаь11ина, аьтто баьл-баьллачохь къахьоьгуш ду.

Лаьтта т1ехь болх бо, йохк-эцарца базарахь сискал яккха г1ерта, буьйсанна т1аьххьалц, кху хьоле хьаьжна ца 1аш, ловзарш до. Наха, ша оццул къизачу хьоле нисделлишшехь б1о ца къажийна бохамна, балина. Ца йитина забар, вовше къамел до ца ч1е1аш. Психологически халкъо ша-шен лардаран кеп хила а мега иза…»

Цо стихашкахь а боху:

 

Кхача ца ло мел ярх г1айг1а,

Тоьар ду вайн тийжар-делхар.

Хан ма яйа, хан ма яйа –

Д1адолор вай нохчийн хелхар.

 

«Вай меттах1иттор ю г1аланаш, вай меттах1иттийча дегнаш», – бохучу поэте вай леррина ладоьг1ча, таллам бича, вай цо б1о ца къажоре кхайкхарх, автор ша саготта ву, саготта ву Даймехкан г1уллакхна, дахарна «айпе пекъар» долчу, иза дерриге дерзина даларна кхоьру иза.

Поэтана го цхьана а х1уманна са ца гатден, цкъа а кхерам ца лайна нах. Даьхни, бахам дош хетарш, г1ант къуьйсуш эрна г1айг1а йийраш, х1илла шен амал йолу дуьне а...

 

Лаамийн урх хьоь елла Дала,

Хьо хьайна товччу новкъа вала.

Хьо эла хиларх, къелла йоссарх,

Хьайн коьрта кхиэлахо эхь-бехк лара.

Вай лакхахь ц1е яьккхинчу гуларна юкъахь тоьллачарех ю «Тешалахь, сан Даймохк, тахана тешалахь…», «Вайн эхь-бехк, вайн сийлахь г1уллакхаш...», «Нохчийчоь», «Кирхьа», «Нохчийчоьне», «Т1аьххьара нохчий...» ц1ераш йолу стихаш.

Кхин цхьа башхалла а ю Цуруевн кхоллараллин. Оьрсийн маттахь стихаш язъярца ша зен воьлла иза т1аьхьарчу хенахь. Уьш а лакхарчу говзаллица язйина ю. Цара авторан дешархой сов бехи.

Билгалдаккха дог1у, шина маттахь яздийраш яздархошлахь, журналисташна юкъахь ч1ог1а к1еззиг хилар а. Куц тайна, чам мерза дешнаш, мог1анаш яздина Цуруевс безамах лаьцна. Кегийрхой, мехкарий боцурш а хир бу цу мог1анийн дешархой:

 

Ц1арна ца лелийна г1иллакх,

И к1еда-мерза хьан аз –

Хьо x1инццалц евзинарг, хилларг

Йисаре сатуьйсу ас.

Яздан буьйлалуш болчу а, дикка бевзачу а кхоллараллин нахаца ч1ог1а уьйра а, з1е а ю Цуруевн.

Нохчийн, оьрсийн, кхечу мехкашкара къаьмнийн литература а, бевзачу философийн, хьехархойн, 1илманчийн белхаш а массо хенахь боьшуш ву аьлла хетало поэте ладоьг1ча, цуьнан говзарш ешча. Дика ойла кхуллуш, дешархо кхиош, сема хиларе кхойкхуш мог1анаш к1езиг дац поэтан.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.