http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


«Яхийта!» Печать Email

Л. Ицлаева

Даьржина диттийн генаш санна, цхьана орам т1ера схьаделахь а, бес-бесара, шортта хуьлу дахаран некъаш. Дуьненан массо а маь11е кхачаван тарло цара, тайп-тайпана нах бовзийта а. Х1ораннах а юьсу ша-тайпа ойла. Цхьаверг, вевзина а ма велар-кх хьо олий, вицван г1урту. Ткъа важа, хьан сица цхьаьна ваха вуьсу. Де-дийне мел дели цуьнан г1иллакхех, адамаллех, хьекъалх пайдаэцар алссам а долуш, цуьнгара масал а оьцуш. Цу хьан дагна безалучу нахах ю Овхадова Яхита.

Цуьнан статьяш ешар нисло цо болх бечу «Маршо» газетан аг1онаш т1ехь а, иштта вайн мехкан кхечу газеташкахь а, журналашкахь а. Автор мила ву дешале дуьйна девза Яхитин «йоза», мел генара а девзаш хуьлу. Дагадог1ий шуна, «Даймахко ха хорцуш мел генара а хаало» боху поэтан дош. Иштта евзаш, хаалуш ю-кх Яхитин «почерк» а. Цхьа тамашийна дагах чекхдолуш, к1орггера маь1на долуш, хьуна хьуо хьайн йоллу меженца, синхаамца, дегайовхонца нохчи хилар дагатосуш, дагара ца долуьйтуш.

Алархьама дош ала лаарна язйина яц Яхитин цхьа а материал. Шена дагах кхеттарг, ша халахетарца я хазахетарца тидаме эцнарг, дагчохь лар йитнарг – иза ду-кх цо говзачу, дахаран амал евзачу дашца нехан тидаме кхачош дерг. Дала луш ю вайна и корматалла. Ткъа Яхита, дуьненчу йолуш дуьйна, адамийн даге лалуш доцург кехате дийцийта яьккхина ю аьлла хета суна.

Оьрсийн ду-кх олуш: «Яздархо хьох ца хила а мега, амма адам ца хила хьан бакъо яц». Бакъо яцахь а, адамалла шайгахь к1езиг йолуш дукха нах бу дуьненахь.

Ишттачех яц Яхита. Цкъа а хезар дац цо шен уллорчу стагах вон дош олуш, я кхечаьрга олуьйтуш а. Белхан накъосташца дагардийца оьшучохь – йиша санна, т1ехьах1отта езачохь – ваша санна, хьехар дан дезачохь – нана санна ю иза.

Делахь а, Яхитин юьхь-сибат баккъал а серла доккхург, цуьнан б1аьрг боьллург, дош к1аддийриг – иза шен ваша хьахавар, цунах йоккхаер ду. Хийла хеза, цхьа к1еда, жима бер хьостуш санна, иза шен несе йистхуьлуш а. Цкъа а дукха лер дезаш йоцу Яхита, вешин жимха йолчу йо1ах лаьцна къамел деш, кийрара схьа йоккхаеран малх кхетча санна, серлайолу.

Йовхонах, безамах дуьззина хуьлу 1ора а цунах долу дош.

Къамелаца а доцуш, шен г1иллакхца, г1уллакхца диканиг марздо Яхитас. Цуьнан статьяш ешча, адаман дегнашка хьайна хетарг д1акхачийта, муха язъян еза хаьа. Цуьнан шен доьзалца йолу юкъаметтиг гича, хьайн дай-наний, йиш-ваший кхин а ч1ог1а лара, уьш хиларна Далла хастамбан дог дог1у.

Ткъа Яхита йинчу денца декъалъеш: «Яхийта! – аьлла, деха лаьа Деле. – Ирс долуш, дуккха а шерашкахь ехийла хьо».

Дала декъала йойла!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.