http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Декар ду дегнашкахь мерзаш... Печать Email

Шамсудинов Бувайсаран – 40 шо

 

«Поэт Шамсудинов Бувайсар а ву шен мотт, йозан хат1 хиларца билгал. Цуьнан поэзи осал яц. Бувайсаран байташкахь синхаамаш хьекъалан 1уналлера бевла ца хуьлу. Къоман вад довзар ду иза, девзина ца 1аш цунах вазар, цуьнан буха т1ера схьа хилар» (Абдулаев Л.).

Шамсудинов Буайсар вина Шелахь, 1972-г1а шеран 6-чу июлехь. Цуьнан стихаш дуьххьара зорбане евла ишколехь доьшуш волуш Шелан районни газетехь, ткъа университетехь доьшучу хенахь – республикан газеташкахь а, «Орга» журналехь а, къоначу яздархойн гуларшкахь а. 2000-г1а шарахь дуьйна Россин яздархойн а, Россин журналистийн а союзийн декъашхо а ву Бувайсар. 2004-г1а шарахь дуьйна Нохчийн республикан яздархойн Союзан председателан хьалхара замститал ву иза.

2005-г1а шарахь хьокъалла доллуш Дуьненаюкъара яздархойн союзийн юкъарчу Правленин декъашхо хаьржина поэт а, прозаик а, публицист а волу Шамсудинов Бувайсар. Иштта, кхин а доккхачу жоьпаллин декъехь къахьоьгуш ву Бувайсар тахана – «Даймохк» газетан коьрта редактор.

40 шо кхачарца даггара декъал а веш Бексултанов Мусан Бувайсарх лаьцна дина къамел дало лаьа: «Маттах дерг аьлча – нохчийн маттах, – со воккхаве иштта дика, ц1ена мотт лело а, бийца а, цу меттан хазна а евзаш волу стаг яздеш хиларх. Х1унда аьлча, шен ненан маттаца бен стагана ша мила ву а, я шен халкъ муха ду а хуур дац… Мотт гушволчу стеган меха цхьа турпалхо а вац: Бувайсарна и мотт гуш санна хета суна».

*   *   *

Когашца 1амийна хелхар

Цкъа куьйгех тийсало сан,

Ловзаргахь кхиийна белхар

Тезетахь къийлало  цкъа.

 

Илли  а т1ома ца долу,

Цхьа а дош ара ца долу,

Хьан х1илла нахал ца долу

Ткъа  бала хьера ца болу.

 

Къийсало 1уьйренца суьйре,

Боданах тийсало малх,

Х1етте а сан юьртахь туьйра

Дийцало. Ц1а ду и ц1ахь…

 

Сан юьртахь - сан илли мерза,

Ца туьгу туьйра д1адерза,

Вайн махкахь, мел иэхарх дерзаш

Декар ду дегнашкахь мерзаш.

 

Сан махкахь г1оттур бу малх,

Сан махкахь мотт хир бац шалха,

Сан махкахь йовр яц кхин ц1е,

Сан махкахь садайна кхачор дац де …

 

 

*   *   *

Буьйса х1инца, цхьа жима бер санна –

Мела, тийна, цхьалха дог1а доьлху,

Арахь шийла кхин хир йоцуш санна

Бецан хелиг дуьйлу цхьалха хелха.

 

Бода г1ийла, дохкох баьлча санна,

Бехкал бахна, кора т1ехьа лаьтта,

Мела дог1а цхьа эхь дича санна,

Лаьттах дулу, дош ца дуьтуш хатта.

 

Наггахь цхьанхьа цхьалха ж1аьла уг1у

Дерриг дуьне шена дисча санна,

Булуш бода-м дуьне дуззий булу,

Шена т1аьхьа де хир доцуш санна.

 

Синтем боцу б1аьсте хилла х1ара,

Цхьалха дисна керла нускал санна,

Вайга кхаьчна дуьне хилла х1ара

Вайл т1аьхьа а ша хир доцуш санна …

 

 

*   *   *

Хьо бахьнехь х1иттина холча,

Хьо бахьнехь хийла со вийна,

Х1оразза хьоьца дов долчу

Мостаг1чо сан иллий дийна …

 

Хьан ц1арах дагийна дог а,

Хьан ц1арах сан ц1ий а мелла,

Хьо шен а, ша хьан а воцчо

Хьан къинах баьккхина мел а.

 

Хьан лазам юьхь-дуьхьал бетташ,

Хьан бала кхеттачохь бертал,

Хьан ц1арах нох даккха воьллларг

Хийлазза хилла хьан тоьлларг.

 

Вер-ваккхар хьан ц1арах дерзош,

Хьан г1иллакх кхоьссина ц1ийла,

Х1оразза хьан «дуьхьа», хилларг –

Хеставеш, ас лаьрра хийла.

 

Х1оразза, х1оразза тилларг …

Х1оразза цхьа синош … ц1ий …

Девнехь ца хуьлура тоьлларг –

Тойнехь ца дуьйцура ц1ий …

 

Цундела доьху ас «Яха»,

Сан дуьхьа – ма дийца ц1ий,

Хьан дахар – и бу сан бахам,

Хьан яхар – и ду сан сий …

 

Хьо бахьнехь х1иттинарш холча,

Хьо бахьнехь х1оразза белларш,

Балабай маьлхе де долчу

Х1отталахь, ца юхуш кхин.

 

Х1отталахь: «Со ю и», алий,

Х1отталахь: «Шу сан ду», алий,

Эххар а дитий къай, балий, –

«НОХЧИЙЧОЬ – СО ЕХА», – алий …

 

 

ДУЬНЕНЕ

 

Со д1ахьежа даго а ца вуьтуш,

Хьо схьакъедаш, иэхь ца хеташ сох,

Хьан гергарло соьца – и ма гена даьлла,

Х1инца-м дерриг, моьттуш ву со, даьлла т1ех.

 

Мацах хилларг суна хьо ца хета,

Хьалха хилларг хьуна со а вац,

Мацах, хьалха, суо хьоьл тоьлла хетта

Тахна хаьа, хиллийла со харц.

 

Хьалха санна, хьан малх сирла богу,

Шераш идарх г1ел ца белла и,

Стиглахь бутт а мацах санна лепа,

Мацах санна – сирла шовда – хи.

 

Мацах санна сан хийист а лаьтта,

Х1инца со вац - кхин ву цуьнан да,

Цхьа а ма вац х1инца соьга хатта:

«К1ант ахь х1ун до, мила ларъеш 1а?!... »

 

Воьдург, вог1ург меллаша т1ехволу,

Х1ораммо а, соций, некъ а ло,

Со-м д1а лаьтта, хьо-м доллу т1ехдолуш,

Ас ладоьг1у - ткъа хьан йиш яц 1ан …

 

 

*   *   *

Сан толам декъалбан мостаг1 схьавог1у,

Сан иэшар къобалдеш доттаг1 а вог1у -

Йо Дела, кху шимма соьга х1ун боху,

Йо Дела, ас хьаьнга х1ун ала дог1у?!

 

Сан доттаг1 – кхел кхайкхо, со холча х1отто,

Ткъа мостаг1 – дош аьлла, иркара х1отто,

Шиммо а кхийдош ерг еккъа цхьа ц1е –

И ший а д1ах1оьтти сан синна хе.

 

Мостаг1чо: Хьо къонах, – юха а г1атта,

Т1аккха сан йиш хир ю шолг1а хьо ата»,

Доттаг1чо: «Хьан бехк бу!» – е боху кхиэл,

«Хьо ма ду сан беркат, карахь ю бел…»

 

Ткъа дог сан, сан амал, сан хилла дош …

Ткъа кхеран, дават1арг, еккъа цхьа беш …

Цхьа хьаьжк1аш, цхьа тесаш, еккъа цхьа гай …

Сел дуткъа, сел миска дахаран тай …

 

Са миска, босбоцу т1ех 1аьржа буьйса,

Са меца, малхбоцу сел сирла де …

Стенна ду х1етте а сел оьзда дийца –

Мостаг1 а, доттаг1 а – я х1ара х1ун дахар ду?!

 

 

*   *   *

Х1инца х1унда дера хьийза х1илла,

Х1инца х1унда юьйцу еса г1ала,

Хьенан, х1уъа ала йиш а хилча,

Х1ора х1унда 1ехаво те кхара …

 

Когаш буьйцу куьйгаш доцчу наха,

Б1аьргаш боцчо хьан б1аьрзалла юьйцу,

Цкъа а кийрахь дог хилла а доцчо

Хьан деган ах шен х1илланах хуьйцу.

 

Мотт а буьйцу, дош а кхуссу боьха,

Аьрга, шалха  нах а хьуна буьйцу,

Шайн къиза мотт ахь ца буьйцу бохуш,

Хьо х1оразза д1а а вухку, хуьйцу…

 

Хьан х1оразза дош а шалха долу,

Хьан х1оразза г1уллакх хуьлу бала,

Дуьхьал хаза, т1аьхьаш д1овш а кхуьйлу

Доьша санна дуьне дуучу кхара …

 

 

*   *   *

Сан корах тийсало цхьа муьста буьйса,

Бодано меллаша б1аьргах п1елг бетта,

Дог1анах 1ийдалуш мархаш чу хьуьйсу,

Ца хууш х1ун хаьнга, шаьш муха хатта …

 

Х1ун моьтту, х1ун лаьа, хьаьнга х1ун дийца –

Тийсало бодашкахь декъаза хаттар,

Дог1ано мустйина сан корехь латта

Хьо стенна марзъелла, хотту ас атта…

 

Когаш к1ел цхьа шело, цхьа т1уьна б1аьргаш,

Декъаза г1ело – марханийн хьаьркаш,

Цхьа боккха бода – дуьне д1адуьзна,

Ма дац сан г1ора, х1ора д1авижна.

Х1уьттаре хьуна мила ву ялхо,

Ахь санна х1оразза ас лайна хало,

Цунна со чохь висна, хьо йисна арахь,

Цхьа а вац мохь ала вай ший а дарах …

 

 

*   *   *

Бертаза дилхинчу б1аьргаша тоьшаллаш доьхуш,

Лаьттах ца 1аьббачу х1иллано хестабеш бала,

Сутарчу ойлано сенашкахь 1индаг1аш доьхуш

Ас хьуна х1оразза къайлаха дийцинарг емал ди кхара.

 

Меттара мотт хилла сан шерийн генаш т1ехьерчаш –

Эг1аза аьргалла къизачу маттаца яра

Лиънаверг х1ора а къизачу майдана х1уьттуш

Дог-б1аьргаш х1аллакдан д1ах1оьтти маьршачу ара.

 

Буьйсанах де дина, ткъа дийнах маьхьшаран майда,

Саде1ар къа дина, ткъа вахар – мостаг1чун хьаьвда,

Схьах1оьтти декъаза шад хилла къамкъаргах бина,

Цхьа буто ша санна, аьхкент1ехь шовданна – синна…

 

Схьах1оьтти  ахь лехна, къийсина де ду ша, аьлла,

Азаллехь яздина, хьан къинан къа ду ша, аьлла,

Керчина бертала, цхьа къиза эвхьаза даьлла,

«Хьо тило кхиъна со, сан бакъ ц1е – Дахар ю», – аьлла …

 

 

*   *   *

Хьан цIе хIинца ас къайлаха йоху,

Хьуна со ца вевзаш хилча санна,

Вай лийринчо  соьга бехкаш доху,

И вайн къастар соьгахь хилча сана ...

 

Со меллаша хьуна тIаьхьа вогIу,

Хьо къайлаха сайна тIаьхьа  санна,

БIаьстенан цхьа мела догIа догIу,

Хьо тIехйолу, сирла кхане санна.

 

ХIора Iуьйре, хIора суьйре йогIу

Цхьа карзахе – и вайн безам санна,

Юха кхетий маьлхан догIа догIу,

Вошахкъаьсташ вайн сагаттар санна.

 

Со-м дIалаьтта, хьо тIехйолу тийна,

Корта таIош, дуьххьар девзаш санна,

Хьо-м дIайоьду, со а гIур ву Iийна,

Суо-сайца цкъа цхьа къамел деш тийна...

 

 

*   *   *

Хьо еза сан йиш ца хилар санна,

Со эша а хьан кхин аьтто бац,

Вайн гергарло хилча санна хана

Сахьто шен го туьйсу х1инца харц.

 

Наггахь йог1уш дуьхьалкхетар санна

Хир ду х1инца вовшахкхетар вайн,

Вай хьехийнарш доцуш дийца данне

Боьхна 1ийр бу, мотт а лекъна шайн.

 

Бераллера беса туьйра хиллачух ша тера

Сан хьох тешар ширлуш дицлур ду,

Дуьсур ду и хьоьх а, соьх д1атилла,

Беснеш ц1ийлуш вайх цхьа бехк цо лоьцур бу.

 

Хьо еза сан йиш ца хилар санна,

Со иэша а хьан кхин аьтто бац,

Вай вовшашна оьшуш хилар санна

Ца иэшар а х1инца-м маь1не дац…

 

 

*   *   *

Дийцахьа ахь суна сан дахаран туьйра,

Басарш хьоькхуш можа, хьайна луъург дийца,

Дехьа верг а вийца, сехьа ерг а йийца,

Хьайна луъург дуьйцуш х1уъу хабар хийца.

 

Когаш1уьйра хьайна т1аьхьа лелар дийца,

Ийзалуш сан къежар, дуьхьалвийлар дийца,

Меллаша сан болар, хьайн сихалла йийца,

Дерриг ма ду х1инца йиш йолуш хьан хийца.

 

Хьо ма ю дош ала, хьо ма ю дош дийца,

Хьо ма ю хьайн дагахь со иэшийнарг ц1ийца,

Х1уьттаре ю х1ара, бу я дагахьбаллам,

Хууш вац со х1инца – хилла беккъа кхоллам!

 

Дош сан мела, тиша, ткъа хьан кхоллам къиза,

Сан ойланаш тилла, ткъа хьан дахар тиша …

Бехке со ву х1инца, лаахь хьо а хила,

Дахар х1ун ю х1инца – еккъа серло хилла.

 

Хьуна т1аьхьа йоьлху еккъа марзо – туьйра,

Суна т1аьхьа х1инца – цхьалха куьйра – шалхо,

Х1уьттаре ю х1ара – гуьйре – цхьалха дог1а –

Схьах1оьттина тахна, лаьттахкхетта кхалха…

 

 

*   *   *

Х1ора саде1арца б1аьрхиш а 1ийдалуш,

Меллаша, беца т1ехь д1адойуш тхи,

Дог1ура 1уьйренан цхьа мела дог1а

Шел ц1ена х1умма а хир доцуш кхин.

 

Лаьтта а кхачале маршаллаш лехьадеш,

Мархашка эсала лестадеш куьг,

Т1омара к1адделла, схьакхача сихделла,

Дахаре даржадеш беркатан цуьрг.

 

Ткъа кхузахь, тхиш лешош, и даре сатуьйсуш,

Патарш а даржийна, цхьа зезаг 1ара,

Йокъалло хьагдина, йовхоно г1елдина,

Цхьа м1аьрго хьееллехь, иза а лара …

 

… Дог1ура 1уьйренан цхьа мела дог1а,

Шел ц1ена х1умма а хир доцуш кхин –

Дог1ура, ша оьшург декъалдан сихделла,

Доггаха, г1уллакхна ша иэшначийн …

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.