http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненан кортали Печать Email

Гелагаев Сайд-Мохьмад

 

Сан ненан кортали буо дисна 1уьллу,

Со санна, дог доьхна и хетало.

Ас цунна т1е г1ийла сайн корта буьллу,

Цкъа йовхо, цкъа шело цо суна ло.

И ехаш баьгна малх цу т1ера г1оттий,

Схьахьерча сан дег1ах ма-барра ша,

Ткъа юха, ц1аьххьана шийла 1а х1уттий,

Стамбо цкъа сан даг т1е биллина ша.

Корталин т1ома к1ел лелийра нанас,

Товнах, шелонах со ларвира цо.

Деле сан ирс доьхуш, дора цо ламаз,

Болх бора, шен букъ т1е д1авоьхкий со.

Ненаца дахаран дитт гора томехь,

Ткъа х1инца го цуьнан цхьа жима юьхк.

Ду суна кортали дахарал хьоме:

Цо суна схьаоьхьу сан ненан юьхь.

И ехаш баьгна малх, цу т1ера г1оттий,

Схьахьерча сан дег1ах ма-барра ша.

Ткъа юха ц1аьххьана шийла 1а х1уттий,

Стамбо цкъа сан даг т1е биллина ша.

 

Сахьийза, сагатло

 

Даймахкана генахь г1елъелла ойла...

Г1айг1анан йочанехь денош ду шийла.

Ц1ера а ваьлла, дог ц1ахь дисна дела,

Сахьийза сайн нанна, сагатло дена.

Д1ахьаьжча, лам а бац соь малх схьакховдо,

Хьагвелча, мала дац шал шийла шовда.

Сан халкъо мехкан xly сан даг чу тесна,

Сахьийза сайн Нанна, сагатло Дена.

Йиш-ваша дац уллохь дагара дийца,

Да-нана дац юххехь, г1айг1а т1еэца.

Сай, бодий ца къаьсташ цхьанна а хенахь,

Сахьийза сайн нанна, сагатло Дена.

Х1ун хир ду Дел-Ненал, Даймахкал хьоме,

Са х1унда туьйсу-те генарчу хьоле?

Уьш ца гуш мел дог1у де доккху эрна:

Сахьийза сайн Нанна, сагатло дена.

 

 

Лo

 

Ло ду дог1уш. Сирла, ховха ду и.

Лайн чимашна к1ел куьг лоьцу ас,

Кераюккъехь уьш дешаш, ладуг1ий,

Лоьцу даго церан тийна аз.

Лайно тхьовсийна, тапъаьлла тийна

Цкъа со хьегна йолу Нохчийчоь.

Хьанна хилла Даймехкан 1а шийла?

Цуьнан ло а довха хьожу соь.

Лайн чимаш сан гиччош уллохь хьийза,

Хеза суна цара доь1у са.

Дуьту цара царна т1ехь шайн йоза,

XIopa шеран тикма гойту схьа.

Ойланаш а пана евлла хьийза,

Лайн чимаша санна, бохуш гуо.

Шо доьссина шен хеннахь шо хийца,

Диканна дог1ийла цуьнан ло.

 

Бераллин ц1а

 

Хьо сан бераллехь хаза йо1 яра,

Со хьан бераллехь вара аьрха к1ант.

Буора к1ажар хьан ялац дагара,

Хьийза ойланехь, полла санна, бант.

Школехь парти т1ехь йисна ул-уллохь

Ангалица ас язйина ши ц1е.

Сан бераллехь хьан хилла бералла,

Лам т1е малх санна, хуьйшу сан даг т1е.

И ши бералла, идарх, к1ад на луш,

Ю-те х1инца а ловзуш лечкьаргех?

Аса-м лоьху хьо, лахарх са ца туьйш,

Безам хьерчарна дагалецамех.

Ас хьо лоьхуьйту самах байташка,

Бай т1ехь зезаг хьан бантах тера гуш.

Ас хьо лоьхуьйту набарх г1енашка,

Царна син т1емийн пелагаш а луш.

Лехарх ца карош, мича лечкъина хьо?

Доьху хьоьга ас, гучуялий цкъа,

Куьг а лаций сан, вига хьайца со

Айхьа кечдинчу вайн бераллин ц1а.

 

 

*    *    *

Замано гойтура сирла нур суна,

Хьан беснийн серлонехь некъ барна ша.

Моьттура, доьттина дуьне син суйнех,

Хьан б1аьргаш чухула хьежийта схьа.

Т1ом бели... маьлхан нур чим хилла деги,

Дайи хьан беснеш т1ехь цо ана-нур,

Ткьа б1аьрхин т1адамаш сан даг чу ийги,

Дахьий и, г1елди и цу балано.

Хьан даг чохь Даймехкан шовданаш доьлху,

Сан даг чохь цхьатерра - Даймохкий, хьой.

Са доьду, ца хууш ша мича доьду,

Шуь шиннан б1аьрхиша 1овжа а дой.

Ахь мукьна цхьа к1еззиг сатохахьара,

Лабала там бара вайн бала соь.

Моттало, хийла а ваьлла со хьера,

Б1аьрхих чекх Башламо б1аьрг бетташ хьоь.

 

 

ХИЛАЛАХЬ, НАНА

 

Хир яра сан ойла бодане, ирча,

Нана, ахь эсала хьоьстуш ца хилча.

Хилалахь тахна хьо, хилалахь кхана,

Ца хилча йиш йоцу, сан хьоме нана.

Нана, Нана, ца хилча йиш йоцу

Сан хьоме Нана!

 

Хьан кийра ца тарлуш т1ехъоьху сирла

Безам бу къагийнарг Даймехкан стигал.

Хилалахь тахна хьо, хилалахь кхана

Ца хилча йиш йоцу сан хьоме Нана.

Нана, Нана, ца хилча йиш йоцу

Сан хьоме Нана!

 

Ахь лоькху аганан йиш шена хезча,

Д1адуьжу 1алам хьан къоьжаллех хьаьрчий.

Хилалахь тахна хьо, хилалахь кхана,

Ца хилча йиш йоцу сан хьоме Нана.

Нана, Нана, ца хилча йиш йоцу

Сан хьоме Нана!

 

Хилалахь сан г1енан г1евленга хийша,

Г1айг1ане хилча со, сан даг чу хьежа.

Хилалахь тахна хьо, хилалахь кхана,

Ца хилча йиш йоцу сан хьоме Нана.

Нана, нана, ца хилча йиш йоцу

Сан хьоме Нана!

 

Алахьа, сан Нана,

аганан илли

 

Хьо уллехь хилча суо бер хета суна.

Нохчийчун дог иштта муьт1ахь ду Нанна.

Берахь сох хьерчийна кортали тиллий,

Алахьа, сан Нана, аганан илли.

Са дилла сан даг чу. Сирла са дилла.

Нене бен къагалац к1ентан дог-ойла.

Корта базбелла сан, дайн куьг т1едиллий,

Алахьа, сан Нана, аганан илли.

 

Хийла а дог Ненан къоьжаллехь даьгна,

Нанна и дийлина, Нанна и лезна.

Хьайн еза къоьжалла сан белш т1е йиллий,

Алахьа, сан Нана, аганан илли.

Б1аьргаш чохь син, деган ши дуьне лепа,

31аьнарех тар а еш юьхь т1ера хебарш.

Дерриге дуьне хьайн агана диллий,

Алахьа, сан Нана, аганан илли.

 

 

Ехийла Нана

 

Син мерзаш дуьйлина дека сан илли,

Ненан дог довзийта ма-дарра ханна.

Ткъа хено, ладуг1ий, чу са а дуьллий,

Даймехкан шовданаш декадо Нанна.

Сийлахь ву мел олург мерза дош «Нана»,

Хиларна дезна и Сийлахьчу Далла.

Ца оьшу цу дешан маь1на дан 1ама,

Ду иза азаллехь дуьйна сих доьлла.

Сирла ю Нанас шен бер хьоьсту зама.

И бер цо ма-хьесттар лаьа и хьеста.

Абаде мел лаьтта ехийла Нана,

Деко кху дуьненахь бераллин хьоста.

Ехийла дегнаш чохь къинхетам латто,

Адамех хьирчина къинош д1адаха.

Аганан йиш лоькхуш вайн ненан маттахь,

Техкадан хаддаза Даймехкан ага.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.