http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ГЕЛАГАЕВ Сайд-Мохьмадан - 75 шо Печать Email

Исмаилов Абу

 

Нохчийн поэт а, яздархо а Гелагаев Сайд-Мохьмад вина 75 шо кхечи аьлча бакъ хетар дац дукхахболчарна. Цуьнан оццул шо ду эр дац тахана и вевзачара а, везачара а.

Коьртаниг-м стеган шераш а дац. Цуьнан таханлера синлаттам бу коьртаниг: и дуьнене муха хьоьжу, х1ун го цунна гондахьа?

Цхьаверг хуьлу вониггий, ирчаниггий бен ца гуш, гуттара везавеш.

Ткъа кхинарг хуьлу шена гонд1ара дикнаххий, сирлачуххий б1аьрг буьзна. Иза воккхаве исбаьхьчу 1аламах, т1екхуьъчу чкъурах, цуьна ирсечу хиндолчух,  Даймахках.

Иштачарах лору ас Сайд-Мохьмад а. Даима г1иллакхе, к1еда-мерза, нахаца тарвала хууш схьавог1у иза.

Гелагаев Сайд-Мохьмад вина 1937-чу шеран август беттан 23-чу дийнахь, Соьлжа-Г1алахь.

 

Bopxl шо кхачаза вара Сайд-Мохьмад вайн халкъ махках доккхуш. Генарчу Казахстанехь 13 шо а даьккхина цо.

Дуьххьарлера байташ а цигахь, ишколехь доьшуш волчу хенахь, язъян волавелира ша бохуш дуьйцу цо. Юьхьанца оьрсийн маттахь язйора, Т1аьхьо, нохчийн мотт-йоза а дикка карадерзийна, т1аккха нохчийн маттахь язъян а волавелира.

Цуьнан говзарш арайийлина республикера тайп-тайпана газетийн, альманахийн, журналийн аг1онашкахь.

Сайд-Мохьмадан кхолларалех лаьцна дийцича, цуьнан поэзи шен хат1 долуш, еша тамехь а, кхета атта а ю. Мотт шера а бу, х1оттош долу сурт къеггина а хуьлу.

Шен декъазчу бераллех а, вайн халкъо лайначу баланех дуьйцуш, Сталинан мур гойтуш, 1988-чу шарахь иштта яздина цо:

 

Йилбазан мохо масс ловзош ма-хиллара,

1едало сан кхоллам ловзийра атта.

Дацара дагарадийца магийна...

Магийнарг х1ун дара соьга ма хетта.

Шуна д1айийца яц сан цхьа а б1аьсте,

Т къа ирча 1а дийца хьенан дог дог1у?

И хеттарш дича, дог юханехьа кхерстий,

Шийлачу цу дорцехь, борз санна, yгly.

(«Ма хетта»)

 

Поэтан кхолларалехь и тайпа чулацаме а, хенан йо- халлехь ширлурйоцу а байташ шортта ю. Цхьаннах тар- вала а ца г1ерташ, шен некъ лоьхуш схьавог1у иза.И некь цунна дукха хенахь дуьйна карийна аьлла а хета.Цу некъах гал ца волуш схьа а вог1у и.

Даймохк, Нана, къонахалла, доьналла, безам, 1алам, адамийн чолхе юкъаметтиг, церан дикалла, ледарло, юха дикалла - и дерриг хаало Гелагаевн поэзехь.Цхьана меттехь схьагулйина, киншка а йина араевлла цахиларна, йоьшучарна дика ца евза поэтан башха кхолларалла. Евзича, цунах марзо эца йиш хилча, дика-м хир дара.

Цуьнан байташ шерийн йохаллехь газетийн а, журна¬лийн аг1онашкахь яьржина ю. Таханлерчу къоначаьрга иштта боху цо:

... Дайн-нанойн иэс диц ма делаш,

Нохчийн к1ентий, мехкарий.

Сирла дисна церан некъаш,

Лардарна шайн халкъан сий.

Лаьмнийн баххьаш теш ду цунна,

Теш ю тархийн марахь б1ов.

И иэс го бакъ-нохчийчунна:

Бакъ хуьйдина васт ца дов...

Гелагаев С-М. уггар хьалха хьехархо ву. Филолог ву. Дуккха а шерашкахь ишколехь болх а бина цо, кегийрхошна дахаран некъ гойтуш, диканиг а, сирланиг а хьоьхуш. Уьш нахаца, вовше тарбала 1амийна ца 1аш, цо хьехна царна гондахьара 1алам деза а, ган а.

И ша а ву бераллехь дуьйна 1аламца гергарло лелош.

 

Бес-бесара зезагаш бай ма-ббу лепа.

Уьш санна, махкана делало дог.

Зезагех таръелла ойланаш деба,

Дека, сан дог хьостуш, цанашлахь т1ок

Диттан гаьн т1е хиъна, хьоьжу соь алхаз,

Шовданаш декош бу xlopa а лам.

Даймахках хьерчадеш з1аьнарийн холхаз,

Сирлачу б1аьстено баржийна т1ам.

 

Къаьсттина ч1ог1а деза цунна олхазарш. Дукха ше¬рашкахь уьш лелош, кхиош, церан амал толлуш, церан башхачу мукъамашка ладоьг1уш схьавог1у Сайд-Мохьмад. Шен тидамаш д1аязбеш, вовшахтоьхна дийнна книга арахецна цо 2007 шарахь. «Олхазарийн дуьне - сан дуьне» аьлла ц1е йолу и башха киншка хазахетарца т1еэцна массо 1алам дезачара, Нохчийн махкахь.

 

Кхаъ бу. Бен бо лайлато.

Бо цо б1аьвнан тхов т1ехь и.

Хир ю маршо, парг1ато.

Теша, хир бац т1емаш кхин.

Йохур ю цо к1орнеш шен:

И Делера хаам бу.

Хир дац аьлла зулам, зен.

Цунах дог сан тешна ду.

 

 

 

Сайд-Мохьмад ша меттан воккха говзанча а, мотт безаш а хиларе терра, х1ора дашца а ч1ог1а г1иллакхе ву. Лаа дац, маь1не а, чулацаме а йолчу цуьнан байташ нохчийн илли а, эшар а лакхархоша – Такаев С., Эбиев И., Ташаева М., йижарша Сайдулаевара, иштта кхечара а – локхуш хилар.

Винчу денца Сайд-Мохьмад даггара декъал а веш, дахарехь ирс-аьтто а, кхоллараллехь баккхий кхиамаш хуьлийла а лууш, «Нана» журнал дешархошна йовзуьйту цуьна цхьа йолу иллешкий, эшаршкий йирзина байташ.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.