http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Кибиев Мусбек. Дуьне а, дахар а кхетаман куьзганахь Печать Email

ЗАВРИЕВ Ма1дул

 

 

Вина 70 шо кхачарна

 

 

Хийцалуш дог-ойла,

Ахь кхетаво:

Хьан доцчу хьекъало -

Хьекъале во.

 

Цунна, Кибиев Мусбекана, цхьана башхачу сонера схьаохьаделлера вайн дуьне а, дахар а. Охьаделлера эшаре даллал зевне, суьрте дерззал исбаьхьа. Иштта дийначел а дийна и дуьне, дахар шена чохь маь1не, хьесапе даьлла ца хиллехь, иза царех лаьцна дийца а х1уттур вацара аьлла хетало.

Кибиевн байташ еза а, мехала а яра дахарехь дахарал совдаьлла маь1на лоьхучарна, дуьненахь г1одала совъяьлла синэкамалла шайн б1аьрсица ган а, лерсица хаза а юйла хуучарна.

 

Хиларна мадбелла

Можачу малхо,

Хьааре дерзийнчу

Даьржинчу дийнахь,

Дуьххьара б1аьргаша

Суна де д1адоьллуш,

Къийсаман лаьтта т1ехь

Къийса со вина.

 

Шозлаг1а евзина

Ягарна 1аржьелла,

Ерг яьгна ялаза,

Суйнаш а туьйсуш,

Овкъаран бос оьцу

Тийна а, сема а

Ягарна 1аржъелла,

1аржъелла буьйса.

 

(«Дей, буьйсий»)

 

Кибиевс шен б1аьрсица а, дагца а х1инцца шех чекхъюьйлуш д1аоьхучу заманан хийцалун са а, керча бос а лоьцура. Цаьрца цхьаьна, царех юьйцина, шен кхуьучу синхаамех а, хьийзачу ойланех а дуьйцура. Амма, цу хеннахь, синна къорачу a, б1аьрзечу а адмана ша буьйцу синхаамаш а, юьйцу ойла а кхеташ хилийтархьама цо х1умма а ца дора, белахь а ишттачу наха баьккхина берриг а шен гуо. Иза цхьана жимачу тобанан илланча вара, шайн дог1мел деза синош долчу нехан илланча. Ткьа ишттанаш, вовшийн хестош а, цхьана хуьйшуш а, цхьана пхьоьг1ане буьйлуш а ца хуьлу. Царна цкъа а оьшуш ца хуьлу шайга цецдевлла я хьоьгуш хьоьжу б1аьргаш. Церан ирс – б1аьрзечу кхолламца къийсар; церан деган хьаам – дуьненна Дала леринчу исбаьхьалле г1ертар. Массо а г1одаца, юкъаметтигца, синхаамца, ойланца йолчу исбаьхьалле.

Ламанаш лаьтташ ду

Замано ситтинчу некъа т1ехь

Ворданан сизаша хьо ахкийца.

Тхуна т1е малх хьежош,

Йо1е ас кховдийна

Куьйгийн ши 1индаг1а –

Ши сиз цо дахдина.

 

Аьрру а, аьтту а аг1ор

Ламанийн 1индаг1аш,

Тхойшиннан 1индаг1аша

Меттигаш хийцина.

Замано малх лоьллу,

Ткъа малхо и лоьллу,

1индаг1аш дакъадеш,

Д1айоху шен бойнаш

Сизашца тийсинарш.

Юьхьа т1ехь сиз х1оттал,

И хаббал тахана

Мискъал а соьгара

Даьлла ца хиларна,

Д1аихна и зама

Хетало цхьа эрна,

Хи дуьллуш вал текхна,

Д1аихна хи санна.

 

(«Сизаш»)

 

Кибиевс шен поэзехь гайтина дуьненан юьхь-б1аьрг, 1аламан хийцамаш, цхьана аг1ор, стиглана а лаьттана йисте а ваьлла, цаьрга геннара хьоьжуш язбича санна, шайна чохь анайист а йолуш бу. Ткъа вукху аг1ор, цхьа шен саде1ар а, чам а хаалуш, дагна гергара бу. Цаьрца бозабелла бу цара дешархочунна беш болу цхьа шатайпа т1е1аткъам. Цу хоршехь дийцича кхин а д1а, Мусбекан поэзехь хила таро йолуш дацара даррехь долуш долчунна ца оьшу теш х1иттар, амма бара хила дезачуьнга хьагам, суьрташца хила дезачуьнга сатийсар.

Хуьлуш ву доттаг1а,

1индаг1а санна,

1уьйранна малхбале хаьхкича

хьол т1аьхьа соьцуш.

Хьан белшах шен белш а

тухий делкъанна,

Суьйранна малхбале хаьхкича

хьо т1аьхьа лоьцуш.

 

Хуьлуш ву доттаг1а

1индаг1а санна,

Хьо вужуш, 1индаг1ал,

хьол хьалха вужуш верг кхетта,

Хьан белшах белш тухий

массо а ханна,

1индаг1ал башха,

хьох ца къаьсташ,

шена тур деттарх.

 

(«Доттаг1ий, 1индаг1аш»)

 

Мусбекан кхоллараллехь йоккха метгиг д1алоцу «доттаг1», «1индаг1», «нур», «серло» бохучу кхетамо. Доттаг1 – безарна шена дотгаг1ан aгlo, ша массо а хенахь цхьаллехь цхьана хиларна; 1индаг1 – вайн Дала кхоьллинчу стиглана к1елахь шен сел дуьненахь, чемхалг санна, вайна леларехь, ша хиларан шеко йоцу тоьшалла и цхьаъ бен ца хиларна, кхин х1умма а ца хилча, вуьшта, ша гойтуш болу хиламаш кхочуш хиларе балош дерг а иза хиларна.

Кибиевн байташкахь яц цхьа а деган карзахалла, шега кхаьчначу адмаллин декъана резавоцуш лер а. Цо поэзехь а, дахарехь а лехнарг дуьненан исбаьхьалла яра, иштта цу исбаьхьаллин дуьззина маь1на а. Цул сов, и шиъ вовшашца дар а, магар а дара. Дарий иза 1еса лехар, 1еса дезар? Дара, нагахь цо ша лелинарг Делан къайлене кхача г1ерташ лелийна хиллехь. Цунна оьшург Делан къайлене кхача г1ертар дацара, амма кхоьллина даьллачу дуьненан х1оттаман сурт дара. И сурт цо шен даге дерзийнера, цу чуьра дас-нанас мел кхиийна болу кхерам, оузабезам, цабезам ара а баьккхина.

Моьтту хир ду и атта г1уллакх дара. Х1ан-х1а! Иза уггар халачех хала хилла массо а хенахь. Цу халчу г1уллакхах чекхваьллачун б1аьргаш чохь бен ца йолу анаюх сирла, баккъал ша йолуш ма-хиллара. Мусбекан Дала аьтто бинера аьлла хета, лакхахь дийцина халчу г1уллакхех чекхвала. Иза иштта ца хиллехь, кхочур варий и ша кхаьчначу исбаьхьалле а, кхачалур варий ткъа иза дешан пхьеран говзалле а, массо а х1уманан къайлене кхочучу.

 

... Чоэшкахь, г1овталшкахь

Ойланехь г1евтина;

Вертана 1аьржачу

Т1емашца даьржинчу

Айбелла аьрзунах;

Баттана, малхана –

 

Стигланан б1аьргашна

Нийса к1ел – 1аьрчашка –

Х1ора а хьалахилла, —

Голашца дой а хьош,

Д1абай уьш, ойла хьош...

 

И суьрташ хилла ду

Даймехкан ломахь.

И суьрташ долуш ду

Сан деган долахь.

 

(«Даймехкан суьрташ»)

 

Мусбекан поэзехь вайн лаьмнаш, аренаш кхузахь баьхначу вайн дайн деган ойлане айделла, яхьана дуьйлина, иехьана худаделла долуш санна хетало. Кхечу aгlop аьлча, Мусбека шен кхолараллица лекха айдой, айина байракх санна, шена т1ехь, ца дожуьйтуш, шена т1ехь лаха ца болуьйтуш эхь-бехкан барам, чекхдоккху дайх дисна масал. Иза иштта хиларо гойту мел мехала ю цуьнан кхолларалла тахана вайна. Кибиев Мусбек кхин вара вайн поэзехь. Кхин вара шен поэтикан г1ирсаца, шен эстетикан бехкамца. Уггара деза, коьрта дерг а – иза кхин вара вайн маттахь, шен массо а г1ирс, басар, барам, бустам ша буьйцучара а, шена т1ехь шайн исбаьхьаллин кхолларш кхуллучара а д1атасаре баьхьначу маттахь. Боккха пайда бара Кибиевн маттахь зеделларг, поэзин поэтикехь зеделларг, нагахь цунах вайна шен хеннахь и эца хиънехь. Амма х1инца – байттамалла, шел хьалха а, шел т1аьхьа а мел хилларш санна – вайн цахиларан теш.  Ткьа цунна шена ша хааваларе хьаьжча, шен кхетаман куьзганахь, ма-хуьллу цо шен хиларна арахьа латтийначу куьзганахь, цунна дика гора, аьлла хета, шен дарж а, шен кхиамаш а, эшамаш а.

Кибиевн кхоллараллех лаьцна дуьйцуш, цуьнан шен дахаран некъан башхалца талла дог1ура цуьнан байтийн xaт1. Ишттачу балхе цкъа мацца а кхочург хир ю paг1, амма цкъачунна суна ала лаьа, Мусбек вайн поэзехь цкъа а хилла вацара кхеташ т1еэцна. Цо буьззина меллера цакхетаман къаьхьа кад а, поэзехь цхьана х1уманна гуьнахь боцчу пхьерийн (редакторийн, поэтийн, ешархойн) хьехарш а, кхийсарш а. Цундела дарий техьа цо шен «Лаам» ц1е йолчу байтехь баьхнарг:

 

Со велча зуькарш ма дайта нахе,

Со велча саг1анаш ма даха.

Яздархо вацара, вара ма баха.

Со велча д1аволла ара ма вала,

Вуон, дикий цхьа а дош

сох аш ма ала.

 

Цхьаволчунна моьтту хир ду: «Яхна зама! Х1инца-м тхо парг1ат ма ду х1етахьлерчу массо а бехках, декхарх». Бакъ ду иза. Вайна т1ехь цхьа а декхар а, бехк а бац. Бехкалваха а, декхарла вожа а хьекъал ма оьшу. Кибиевн поэзехь дуьйцуш ма-торру к1езиг хилийта дог1ура д1овш, оьг1азалла, байттамалла. Делахь а, аьлла Дала ваха кхоьллинчу стеган дахар мелла а уьш доцуш хуьлуш ца хиларна, мелла а уьш доцуш а ца яздели цуьнан синдахарх лаьцна дийцар.

Ткъа и дерзош ала лаьа: Кибиевн поэзехь серло яра, шен лакхарчу дарже яьлла серло. Х1ора диттана, г1одана, дег1ана т1ехьа, цуьнга хьаьжжина, 1индаг1 а дуьжуьйтуш. Тахана а г1уьттуш санна хета цу серлонехь вайн даккъаш, лаьмнаш, йийшаеш шайна т1ехь, шайн баккъашна т1ехь, 1индаг1ехь вайн шера а, шера йоцу а аренаш.

 

 

Месийн к1ац

Велла ма вала со, велла ма вала...

Корта а къежбели, к1айн к1ац т1ехь сецна,

Сирла сан ойланаш месаш т1е тесна, –

Сатосуш седанах дог даьгна даьлла.

Сахьийзаш, сагатлуш са доллу дала,

Хьекъалехь кхетаман сирла сатесча.

Велла ма вала со, велла ма валарг:

Т1ехтили къоналлин, бераллин зама,

Бераллин, къоналлин ца хуьйцуш амал,

Дахаро и хийца х1ума ца 1амош.

Сахьийзаш, сагатлуш са доллу дала –

Дог г1ерта, к1ац туьйсуш, корта сан кхала.

Ца доллу-техьа, дог, хьо даьгна дала,

Тоьар дац-те хьуна замано лалор?

Сецна ду: не1 тохац к1ур боцчу кертахь...

К1ур байла олуш ду вайнехан.

1аржъелча стаг водац ц1е йоцчу хьеха –

Серлоно бен ойла схьа т1е ца хьоьху.

Ойла сан кийрахь дог эккхийта г1ерта:

Доьлла дог кийрара к1ац тийса коьртах.

Схьаболий, айалой сан деган кхерчах

Сира к1ур – месийн к1ац – коьртах сан хьерча.

 

Велла ма вала со, велла ма вала,

Сатосуш седанах дог даьгна даьлла...

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.