http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


БЕЗАМАН КЪАЙЛЕНАШ Печать Email

Айдамирова Машар

 

Тоххарехь маьрк1ажан хан а хилла, д1асавоьдург вог1у-воьдучура а ваьлла. Гуьйренан ц1амзалло сахьт-доза а туху адаман лаамна – мел лиъча а арахь латта, хьошалг1а ваха дог доуьйту хан-зама яц х1оьттинарг. Мичара бог1у ца хууш схьахецабеллачу мохо, 1уьйранна дуьйна т1уналлах йистина 1аржъеллачу мархийн гай датош дог1а охьахийцира. Кийра уьйзу шийлачу х1авао цхьа тамашийна ша буьллура пехашкахь, дег1ехь халла сийсачу йовхонах хьаьрчий кхарзъеллачу йовхаршца юха арататталора. Б1аьста-аьхкенан ховхачу мохо-малхо хьистина, дехха самукъне той д1акхехьна дитташ х1инца можа-мокхачу басе дирзина. Шаьш гора х1итто г1ертачу дерачу мехашна ма-хуьллу дуьхьало ян г1ерташ, наггахь г1ийла узарш а хеза церан, амма мел кадеттарх а т1аьххьара шех къаьста г1а а ца сацало. Луьстачу г1ашлахь зевне декначу олхазарийн долу ирс а ца хили. Шелонна т1ам ластийна, кхид1а а шайн той д1акхехьа бовхачу махка т1ома девлла д1адаха.

Т1ег1ертачу буьрсачу 1аьнна йилхина яьлла гуьйре т1аьххьара сауьйзуш ю. Асхьабан дагара хууш санна тийжа иза.

Машенан кор схьадиллина цигаьрка а латийна, д1аьвше к1ура сутара чууьйзира цо. Таханлерчу дийнах дог дилла дезар ду, мел ладег1арх а цхьа сом пайда ца беа.

Х1ан-х1а, х1уьттаренна 1ийр ву-кх иза, буьйса юккъе яххалц 1ан дезахь а. Болх-м яцара х1ара ян-м, делахь а хене ца ваьлча волий! Дийнна де д1адолу раг1 ца кхочуш а. Машен мел ерг таксист ма хиллийца.

Х1ун до ц1а вахана а? Чуьрниг яц чомахь йистхуьлуш, бераш ду иштта дех ийзалуш. Къаьсттина йоккхах йолу йо1.

Дала хьеханца! Кхуьур ю маре яха а, д1аяхча юхаян а… Берат1орза!

– Ваши! – Ойланехь вицвелла Асхьаб меттавалийра корехь гучуваьллачу къоначу стага. – Ваши, хьо мукъа вуй?

– Дера ву-кх, 1уьйранна дуьйна д1а-м. Хьо стенга ваха веза?

– Г1алара ара вала а ца деза. Тхо кхоъ ву. Машен галъяьлла тхан, кхиниг лоьхуш 1ен хан яцара…

К1ант воьхна д1асахьаьвзира.

– Сингаттаме х1ума-м дац? – шекваьлла хаьттира Асхьаба.

– Ваши, хан йиллина йо1 ю-кх тхоьга хьоьжуш… Т1аьхьа дисича товш ма дац ишттачохь!

Асхьаба резавоцуш корта хьовзийра.

– Йо1 ядон дохку-кх шу!?

– Х1ан-х1а, ваши, йо1 реза ю, цуьнан шен гергарчу зудчо арайоккхуш а ю...

Машен шен чиркхийн серлонца 1аьржа бода цоьстуш буьйсане кхин а цхьа къайле кховдо новкъаелира. Кегийрхой юкъ-кара вовшашка лохха бистхуьлуш хезара. Гуш дара, уьш ханна воккха волчу Асхьабах ийзалуш хилар. Кегийчу нахехь долчу иехь-иманах б1аьрг буьзира кхуьнан.

– Кхин некъ ца карийра шуна?

– Бехк ма биллаллахь, ваши, ахь х1ун элира? – схьавирзира хьалха хиъна вог1ург.

– Ас-м йо1 иштта, обаргаш санна тебар доцуш, массарна а хууш еза-йоккха йига ца мегара хоьттура ас.

– Валлах1и, мегар-кх, дукха мага а мегаш-м. Г1иллакхехь, шар1о ма бохху и чекхдаккха а ма хьаьвсира. Баккхий нах а бахийтира йо1 еха, молла хьалха а ваьккхина… Да дукха буьрса стаг хиллера-кх цуьнан…

– Реза ца хили?

– Х1ан-х1а!

– Нуц муьлханиг ву шух? Хьо-м вац?

– Вац дера-кх, – куьг ластийра жимхас. – Тхо доттаг1ий ду.

– Ша х1унда вац куьг бехкениг?

– И шен куьйг ц1ена дитархьама, – велавелира к1ант. – Йоь1ан сий лардархьама. Захалонна хьалхара некъ бихкича, шолг1а некъ харжа дийзи тхан, амма иза а ма бу ц1ена д1акхехьа безаш… Там-махца долу х1ума д1адирзича гучувер ву нуц а…

Асхьабана тайра и къамел.

– Ц1ерачарна хууш дуй аш лелориг? – х1оьттина тийналла йохорхьама хаьттира цо.

– Ду дера-кх, – юха а къамеле велира хьалха хиънарг. – Тховсалернаг-м, Дала мукълахь, зен-зулам доцуш д1адоьрзур дара, ваши! Стохка тхуна хилларг ца хилчхьана…

– Х1ун дара иза?

– Йо1а тешамна кара елла ч1уг а йолуш, цо аьллачу дийнахь ехийта бакхий нах бахийтинера оха. Да вацара цуьнан, вежарий бара. Амма т1аьххьарчу минотехь ч1ог1а дуьхьалбевлира уьш захалонна. Бахьана х1ун ду аьлла хаьттича, д1о мацах цкъа, миклайн заманахь, шинний аг1орчеран тайп-тукхамна юкъахь хилла цхьа дов-пит1ана айбина хиллера цара. Х1ун дийр ду ткъа?  Тур-тапча яьккхина чуг1оьртийла а ма дацара неха нахана! Х1инци-х1инций нускал схьакхочу бохуш доккха той х1оттийна 1аш к1ентан ц1ераниш а бу, схьадоуьйтуш нускал а дац… Эццахь д1атохавеллачу тхан тобан хьалхарчу стага, Якъуба, цу юьртахь марехь йолчу шен шичица барт бина хиллера цуьнан йо1 яло… Шен дагахь оха деъна г1уллакх юьхь1аьржонца ца дерзийта… И тосаделлачу йоь1ан вежарша тхоьга хабар туху шаьш реза ду, шайн нус д1айига олий…

– Х1унда? – дуьйцучо цецваьккхина Асхьаб кхеташ вац вежарша лелинчух.

– Валлах1и, ваши, хьуна дог1у аьлла ца боху ас, ахь бехк а ма билла иштта аларна, наггахь баккхийчара лелочух тхо кхета ма ца кхета хьуна… Тхоьгахь сакхташ лоьху, шайн сакхташ гучохь а ца хуьлу. Тхо-м дуьне, дахар довзанза хилийтахь, ткъа шортта зеделларг долуш, хан-замано к1орггера хьекъал, кхетам белла, тхуна хьехар дан декхарийлахь болу къаной… Къинт1ера валалахь, ваши, массарна бохург дац хьуна иза…

– Хьо харц вац-кх, жима къонаха, бакълоь хьо, – дахарехь шех йийлина ледарлонаш дагаяьхкинчу Асхьабан ша-шех иехь хийтира. Цхьадика, боданехь гойла а дацара хьаьжа т1е тоьхна хьацар а, ц1ийелла юьхь а. – Т1аккха, д1адигин аш нускал?

– Ткъа тхуна хууш ма дац Якъуба бина барт... – соцунг1а а хилла, дийца волавелира к1ант. – Тхо нускал иецна, дукха хазахетарна хьерадевлча санна ц1а кхочу, тхуна т1аьххье Якъуб а вог1у-кх кхин цхьа нускал а далош!

– И бохург х1ун ду? – Асхьаба ша х1ун леладо а ца хууш машенан ядар  а лаг1динера.

– И ду-кх. Тхан доттаг1чун шиъ нускал хили-кх! – велавелира дуьйцуш верг. –  Шинний а хууш дац х1оьттина хьал. Тхан цхьаъ нускал ду, хьо д1аг1о бохийла а ма дац даций кхузахь…

– Т1аккха, х1ун ди аш?

– Доттаг1ий бу х1унда олу, ишттачохь орцах бовла а ца хилча, – царах цхьамма шена дерзийра шолг1а нускал. Цхьана дийнахь ши той диар-кх оха. Долалуш худар кегийнехь а, чаккхе Делан къинхетамца, дика йирзира.

– Элхьамдуллилах1, Далла бу хастам! – доггах элира Асхьаб. – Х1инца муха ду цу шина доттаг1чун 1ер-дахар?

– Эцца т1ехьа 1аш ву-кх и шиъ, цаьршинга хаттахь, – велавелира жима къонаха.

– Эх1, Дала дукха дахадойла шу! – самукъаделира Асхьабан.

– И чолхе хир ма яцара, баккхийчара шаьш лелочунна ойлаеш хиллехьара! – ша х1инца дийцинчун  жам1 дира к1анта.

– Х1уммаъ дац, тхуна бехк биллаъ сих ма лой шу-м. Олуш ма ду: къоначарна – хьехам, къаношна – бехказдийлар.

– Цунах а кхета тарло, амма тхоьгара даьлларг нисдан йиш хиларх, баккхийчаьргара долург зуламе а ма доьрзу.

Буьйсанна йоьдучу машенах вота етташ дог1учу дог1ано долчун т1е а сагатдора.

Хьажахь, х1ара кегийрхой-м, хьанор бу, жимчохь х1окхуьнгахь ца хилла кхетам болуш а, лела хууш а.

Ткъе пхи шо хьалха, х1ара санначу гуьйренан ц1емзачу буса дара иза а. Х1инца кхарна х1оьттина киртиг яра – йоь1ан да реза вацара захалонна. Т1аккха езачо ша араер ю элира. Йиллина хан т1екхечира. Дагна езарг хьеялайоьлча сагатделла, шен доттаг1ий машенахь а битина, кертал дехьа а ваьлла, бешахула тебаш йо1 ехачу ц1ийнан коре г1оьртира х1ара. Чиркх байина бара.

Цу минотехь кор деллалуш а хезна, ша волччохь б1аран стоммачу г1одах д1аийна, са оззийнчохь д1атийра безамо хьалхатоьтту къонах. Беш хадош д1ахьаьдира ший а, амма гена ца делира…

Бертаза йоьдучу йо1ана дицделлера шен дас бешахь г1у яьккхина хилар.

Х1инца таллархочо ижуна биллинчу гурахь санна ший а г1орасиз доьхна хьийзара готтачу г1у чохь. Орца доьхийла а, я г1ара-тата йоккхийла а дацара. Цхьадика, меже ца каглуш дисира, амма цу чуьра хьалавалалур ву бохург аьттехьа а дацара.

– Вай х1инца х1ун де?! – дукхахдерг б1аьргашца хаттар дира кхераелла яхьийначу езаро.

– Цкъа хьо хьалаяла, новкъахь лаьтташ шиъ к1айн «Волга» ю, ахь сан накъосташка хилларг дийца, цара суна г1о дийр ду…

– Со хьала муха йолу? – шабаршца дуьйцург а хазарна кхоьруш ду нускал.

– Сан коьшкала яла… Хьалхе-м дара х1ара, делахь а, мацца цкъа хаориг хилча, тховса дуьйна хуьлуьйтур вай иза! – иштта, шабаре ваьлла забар ян г1ертара нуц хила араваьлларг а.

Нускал, дош ала а кхиале, доттаг1аша кхин хаттар доцуш, мох санна дадийна марзхошка доссира. Кхераяларо, йохаро дагар хьаьдда, хоршано йегайора йо1. Йоьлхучура ца соцуш нускал дайча, шекбевла доттаг1ашна т1ебирзира к1ентан гергара нах:

– Йо1 х1унда йоьлху? Бертаза ялийна аш?

– Ца ялийна, – боьхна хьийзара вуьш.

– Асхьаб стенгахь ву?

– Ца хаьа, вукху машенахь хила везар-кх, – кхин а буьйхира вуьш. – Нускале хаттийша, цунна дуьхьал вахара-кх иза… бешахула…

– Хьуна гирий иза? – «ах1и» декъа даханчу нускална гуо бинера массара.

Накхармозийн вой доьлча санна чохь йоккха г1овг1а елира.

– Х1ей, 1овдалш, цо муха дуьйцу вайга хилларг? – мохь белира цхьаьннан.

Чохь хаттаре тийналла х1оьттира.

– Мотт бастийта цуьнга цкъа! Тентакаш!

Дадийна деана хи чохь зока нускале д1акховдийра. Иехь хетта моттуьйтуш сетташ 1ойла дацара, дукха сиха дерзийра дайн шира 1адат.

– Мала,.. – ц1елла яйна, к1айделлачу балдашца халла къурд а бина:

– Г1у чу воьжна… –  аьлла, юха а 1анадахара нускал.

Доттаг1ий сихонца д1алилхира…

Нуц-м вара, орцанах дог а диллина, хотташа а вуьзна, серсаш дог1учу   дог1ано ваша а вина, милла вала, церг т1е церг ца нислуш, д1акхоьссана к1еза санна тебна 1аш.

Асхьаб и йоьхна буьйса дага мосазза йог1у х1инца велахь а,  цкъа а йицлур яц х1етахь йиъна шело а, ша ишттачу хьолехь волуш 1уьйре т1екхачаран хилла бала а, и 1уьйре ца гайта цу буса ша Деле шена ехна 1ожалла а.

– Ваши, схьакхечи вай, кхузахь сацаехьа! Тхо хье ца ло хьуна!

– Со сиха вац, шайн г1уллакх де аш! Дала аьтто бойла!

Х1орш схьакхаьчна меттиг х1ара веха куян яра. Эцца, дехьа урамехь ю кхуьнан х1усам а. Х1ара хьевелла бохуш саготта  хир бу чуьранаш. Х1уммаъ дац, сагатдайта…

Амма х1инца 1уьйранлера оьг1азлонца яцара-кх и ойла а, яппарш а. Шеквийла воьллера шен амалех, леларех.

Латийна сирник бете хьушшехь корехула гинчо дукха цецваьккхина, бага йоьллина цигаьрка легашка иеккханза висира Асхьаб. Нускалан кеп х1иттош, к1айчу йовлакхца юьхь лечкъош машенна т1еялориг … кхуьнан йо1 яра. Сов баьллачу та1амо корта хьовзийра ден. «Хьий, шайт1а-я1! Иммансиз! Ас… ас легаш 1уьйдур… настарш кеггор… корта тусур…»,  –  кхерамаш тийсар юкъахделира цул т1аьхьа гинчо. Нускал ара а даьккхина, хаза куьг а лестош хьеший новкъа бохург кхуьнан чуьраниг … йоь1ан нана! «Ас ший а …ший а текхор ю-кх и шиъ!»

Кхид1а дерг г1енахь санна чекхделира. Асхьаб машен чуьра ара а ца иккхира, зуда я йо1 а ца текхийра.  Иза ша волччохь, коьртара куй та11ош хьаьжа т1е а оьзна, «тап» аьлла 1адда 1ийра. Кегийрхоша аьллачу метте нускал д1а а дигира.

– Ваши, Дела реза хуьлийла хьуна. Къинт1ера валалахь тхоьгара ларамза а ца товриг даьллехь. Х1ах1, д1алацал, ваши, диканна даьккхийна хуьлийла, – олуш, шега кховдийна ахча а схьаийцира.

Х1ара-м къинт1ера дера велира. Муха ца волу? Нийса некъ шега кховдийча мах хадо ца хиъна волу х1ара къинт1ера ваккха х1ун дара?

Х1инца, кегийчу наха вийцинчу цхьана йоь1ан сонтачу вежарех воьлийла а ма ду кхуьнан?!

Кхаьрдинарг т1едог1у бохург х1ара ду-кх.

«Валлах1и, ваши… наггахь баккхийчара лелочух тхо кхета-м ца кхета хьуна…»

Уьш муха кхета, шайн сонталлех х1орш шаьш а кхеташ ца хилча?

«Тхоьгара сакхт лоьху, шайн сакхт гучохь а ца хуьлу…»

Эх1, ма бакъ луьйш вар-кх и жимха!

Х1ара вир санна дуьхьалаваьлла ца хиллехьара, хила ма деззара захало т1еэцна хиллехьара тховса хилларг хир ма дацара.

Цкъа а дуьйца хезна х1ума дуй х1ара ткъа: дас ша йо1 маре иецна вахана бохург!!!

Машен д1а а х1оттийна чоьхьавелира Асхьаб. Х1усамдена дуьхьалхьаьдира х1усамнана. Йилхина б1аьргаш бу ц1ийбелла, маттана тийсалуш, хьацарк1ур хилла дийца г1ерта иза хилларг. Аьшпашца поппар кегош йоллу-кх.

Кху хьере хьаьвзинчу буса г1елвелла, Асхьаб везза маьнги т1е лахвелира.

– Дитал х1инца, ма ел г1овг1а, – куьг ластийра цо. – Нанас йо1 хаза новкъа а яьккхи, дас кет1а кхаччалц д1а а кхети, сом-ком а хили. Вайшимма-м, хьанор, хила ма-деззара д1акхийхьи дайн 1адат…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.