http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ДАРЕДЖАН Печать Email

Важа Пшавела

I.

Шовзткъе итт шо гергга  дара Дареджанан, амма къона хеталора иза. Мел дукха хилча а, ткъе итт-ткъе пхийта шо хир ду эр дара цуьнан. Иза яра 1аьржочу аматахь, вуно лекха, доьналле-х1айтъаьлла, суйнаш б1аьргаш чохь догуш зуда. Цуьнан нийса а, майра а д1ахьажаро вохавора цавевза стаг. Цунна т1етоха шайна боьршачу стеган г1орг1а аз а, тамашийна духар а. Дукхахьолахь цо лелайора шел шозза йоккха юй-те аьлла хеталуш йолу кетар, оцо ша йолчул шозза лекха хоьтуьйтура иза. Юкъах къевллина дихкина доьхка хуьлура даим. Цу т1ехь кхозура шаьлтанан барамехь доккха урс. Ша новкъайолуш цо даим лелайора ирйина юьхьиг йолу еха 1аса.

Юрт ларъеш, доладан кхоьллича санна яра Дареджан.

Цул хьалха юьртахь цхьа а стаг сама ца волура. Сатоссушехь цуьнан озо екайора 1инан ший а басе. Х1инца а цхьаьнга кхойкхуш ю иза:

– Х1ей, дийна са дуй кху чохь? Бежанаша ерриг беш, хьешна, ятийна, х1ей, 1овдал чуьркаш!

Я цхьаьнга кхойкхура:

– Тетруа, ядий схьайоьллахь кхуза. Охьакхетта хьуна хьан к1ант. Эх1, маржа, ма партала зуда а ю!

Масех стаг цхьаьнакхетча, йог1ий т1ех1уттура Дареджан, къамелана юкъаг1уртура, цхьаннах бехк боккхура, эхь т1е а доуьйтуш:

– Пекъар стаг ву хьо, нехан бахамна т1е х1унда кхийда? Пхьаьрсаш хьала а карчадой, балхан юкъавола. И тоьлашха дац, ткъа? Дала болх бан делла вайна куьйгаш, кошера н1аьний лехьо ца делла.

Ша масална ялор а дезара цунна:

– Шуна шайна а ма хаьий: х1ара кха саг1а доьхуш ца даьккхина ас. Шашубин басене б1аьрг тохийша: цигахь мукх д1абен иза хьан аьхкина? Х1орш ду шуна и куьйгаш! Буьйсанна а, дийнахь а са ца даь1на кхара. Къинхетам болуш ву Дела. Х1инца шортта ду суна бепиг. Ткъа шу массо хенахь вовшашца девнаш деш ду. Суна алсамниг еза, ткъа шун аренаш т1е куьг а кховдоза ю, амма шун къинош-м ду дебаш.

Тайп-тайпана ц1ераш техкинера юьртахоша Дареджанна. Амма уьш дегабааме яцара, мелхо а, цаьрца цуьнга лерам бара. Суна царах ши ц1е дагайог1у: «Дэва» а, «П1арахот1а» а. Цуьнга кхойкхуш, цара даим т1етухура: «Ма халахета тхуна, хьо боьрша стаг воцуш».

Дукха баланаш лан дезнера Дареджанан. Цуьнан дахар а баланехь чекхделира.

Берх1итта шо кхаьчча жоьра йисира иза. Оцу хьокъехь хабарш ген-генарчу ярташка а т1ехь д1акхечира. Массара иза хестайора доккха хьекъал долуш а, хаза а хиларна, амма Урджук1 санна доьналла долуш захалча яхийтира Дареджанна т1е. Хууш ду, захало баккхийчу зударша леладой – царна дика девза божарийн а, зударийн а дегнаш, вовшашна дикачу аг1ор уьш гайта хаьа.

Дареджанан лулахь ехаш яра Урджук1ин ненайиша – йоккха стаг Шамандух. Цунна а ца яхана, кхин хьанна т1е г1ур яра иза? Шамандух Дареджан йолчу еара. Ц1ера т1ера к1еци схьа а эцна, ц1ийдинчу цу чу бод билла йоллуш яра Дареджан.

– Тхан хьомсарниг! Ма беркате а, дика а х1усамнана ю-кха хьо, – шен зурма д1айолийра не1саг1а хадошшехь Шимандуха.

Кхерча хьалха, сераца юкъ а кегош, хиъна 1аш вара Дареджанан ши шо кхаьчна к1ант Гамахаре. Сихха б1аьргех хи а доккхуш, к1ант мара а воьллина, кисанара якъийначу шапталан масех цастар а, б1араш а д1акховдийра цо.

– Могуш вац хьо, эшамехь а, меца а кхуьш ву хьо, пекъар буобер, – тийжа йолаелира иза, нене а хьоьжуш. – Т1аккха, муха дехаш ду шу, 1аьржачу лаьтто со д1аоьцийла… Болх бан куьйгаш а ца тоьу шуна, тешна… Бежанаш а к1езиг ду кертахь… к1ант муха ву?

– Вон 1аш дац тхо-м… Дуьнене туху б1аьрг – иза ду-кха тхан дахар. Ткъа шу муха 1аш ду? Дала могашалла лойла-кха малха к1ел вехачу х1оранна а. Х1ума оьшуш-м яцара хьо?

– Баркалла. Дика 1аш ду тхо а.

Ц1ера хьалха ахьахевшира зударий. Хьешана к1ел верта тесира Дареджана. Т1аккха, шен четара т1арг1а схьа а баьккхина, иза къажбан йолаелира Шамандух, х1усамнене цхьацца хеттараш а деш.

– Къа хета суна хьох, – доккха са а доккхуш бохура йоккхачу стага. – Суна хьох къа хеттачул парг1ато ас д1абоьхкинчарна а лойла-кх Дала… Вуно къона ю хьо, могаш-таза а ю, амма цхьалха яха деза-кх. Дика х1усамда оьшура хьуна. Суна карор ву хьуна ишттаниг, берриге хьох хьоьгур бу т1аккха, - къамел дерзийра цо.

Дареджан ц1ийелира. Шолг1а маре яхар цкъа а дага ца деанера цунна. Мелхо а, шен майрачунна тешаме хилла чекхъяла лаьара цунна. Карахь висина к1ант хилча-м, муххале а. Цунна ца дезаделира Шамандуха дуьйцург.

Луьра д1ахьаьжира иза цуьнга:

– Хьуна дуьхьало еш товш-м дацара ас, амма ца аьлча ца 1ело. Иштачу къамелашка ладег1а ца лаьа суна. Нагахь санна оцунна хьо еанехь, вон еана. Цул, хьайн хан а ца йойуш, д1аг1о, - оьг1азло хьаьдира цуьнан дег1е. – Д1аг1уо ма боху ас! Кхин и тайпа ойланаш дага а ма яхкийталахь, берриге махкана хьалха юьхь1аьржа х1оттар ю ас хьо. Озаелла 1ийр яц хьуна со, Гамахарен дахарх дуй буу ас.

- Хьайна дика ца лаахь, хьайн даго хьоьххург де, – оьг1азъяхар ца лечкъош кхоьссира йоккхачу стага, араяла не1арехьа д1а а йолалуш.

Иштта, шен майрачунна тешаме хилла чекхъелира Дареджан.

Дукха хабарш хезара цунах юьртахь. Царах бакъдерг цо ша а ца лечкъадора нахах. Х1ара ду Дареджана шен жима йо1 Нене коша чуьра схьаяккхарх цхьа дийцар.

Цкъа лулахочо Салиас цуьнга элира:

- Цхьа а х1ума дац-кха хьан нехан санна. Коша чуьра хьайн бер схьадаккха х1етахь дага муха деара хьуна?

- Х1етахь со дика кхетам чохь а яцара, - дуьйцура Дареджана, - тентакъяьлла х1ума санна д1алелара. Наб ца кхетара: суна хьалха Ненен сурт лаьттара. Т1аккха ойла йира ас: х1ара х1ун ду, дан мукъа а? Х1умма а ца хилча санна, йовххачу чохь, к1едачу меттахь 1уьллуш со ю, ткъа стигал, йоь1ан  коша т1ехула 1уьрг а даьлла, охьа1енаш ю. 1оврашца цхьана цуьнан коша чу боьха х1уманаш а оьхуш хир ю: пхьидаш а, текхаргаш а... Иза дагадеача, меттара хьала а иккхина, айса х1ун леладо а ца хууш, кешнашка д1ахьаьдира со. Каш а даьстина, барам д1абаьстича, цхьана боьхачу хьожано ягийра сан мера1уьргаш. Т1аккха еара со кхетамчу, 1адийна йисира. Сихха коша чу латта а хьаькхна, дукха кхераелла, некъ ца некъ а ца къастош, оцу меттера д1ахьаьдира. Со кхоьрура цхьанна суо гарна, цунна хьераяьлла ю моттадаларна. Едда йоьду со, ткъа т1аьхьа хеза суна беран делхар. Сайн йо1 ю моьттура и йоьлхуш ерг. Цкъа юьхьанца юхаерза ойла хилира. Т1аккха дагадеара иза елла хилар: кошахь 1уьллуш ю, елха йиш яц. До1анаш дийшира ас, т1аккха меттаеара. Сапарг1атъелира.

Цхьа шо хьалха елира Дареджанан марнана. Дареджана ша х1оттийра цунна доккха тезет. Ша баьхьира, ги а тоьхна, цунна т1ера саг1ина бен уьстаг1. Цуьнгара, зудчуьнгара, д1аоьцур буй-техьа саг1ина урс хьакха уьстаг1? Аравелира цу чохь г1уллакх деш волу стаг. Цуьнгара уьстаг1 а, масех хьокхам а д1аийцира.

Дареджан балхана т1иэра хилар дезара юьртахошна. «Цуьнан куьйгашна синтем ца бевза – олура цара. – Цкъа а, ломара охьаоьху татолал башха, севцина ца хуьлу уьш». Шен к1ант Гамахаре а жимчохь дуьйна 1амийра г1уллакхаш дан. Эрна йорт етташ лела пурба ца лора цунна. Шен нийсархошца ловзаваьллачохь иза вицвелча, йог1ий, т1ех1уттура нана:

– Хьо х1ун деш ву кхузахь? – буьрса олура цо. – Хьоьгахьа г1о даккха  цхьа а вац. Айххьа хьайн коьртаца ойла е.

– Цхьажимма витахьа со, нана, – доьхура цо, шен хьийзина месаш йолу корта ирах а бохуьйтий. Цуьнан накъосташа а доьхура Дариджане Гамахаре шайца витар. Амма цо цхьаьнгга а ла ца дуг1ура – к1ант ц1ехьа хьажавора.

Ша воккха хилча а ненан лаам т1ера ца волура Гамахаре. Нислора Дареджана шен  воккха хилла к1ант цхьаннан ловзаргахь шуьна т1ера хьалаг1аттош меттигаш а.

– Нехан ловзаршкахула сакъоьруш лелаш вуй хьо? Цкъа мацца а чаккхе хир ю хьан мийларшна! Хьан той – иза хьан ц1а, хьан бахам, хьан болх бу. Диц ма де иза!

Шен лаамехь вацара Гамахаре. Амма цкъа а нанна дуьхьало ца йора цо. И бахьанехь массара а хеставора иза, амма цунна-м ша ирсе ца хетара.

 

II

 

Къаьсттина к1оршаме хуьлура Дареджан совдегаршца а, тайп-тайпанчу йохка-эцархошца а. Цара цунах «ург1ал Дареджан» олура. Цара лелочух ша пайдаэцахь а, амма цкъа а ца йицлора иза царна 1иттарш ян. Цхьа а йохка-эцархо цуьнан кет1ахула т1ех ца волура цо, х1уъа аьлла а, цхьаъ ца олуш.

– Дела вац шун, аш тхо, миска нах, къора а, б1аьрзе а долуш санна 1ехадо, – т1аьхьакхуссура цо.

Къаьсттина дукха бехкаш кхочура пшавийн ярташкахула ткъе пхеа шарахь йохка – эцар еш лелаш волчу Арутина. Цунна массо а вевзара. Иза кху меттигашкахь шен стаг вара: пшавийн маттахь къамел дан а хаьа, цара санна Далла 1амал а йо.

– Лашарийн ж1арах дуй буу ас, х1ара басма матар тесна ма бац, – ч1аг1дора Арутина.

- Лашарийн ж1аро, ахь шена ламазаш даре терра г1о дойла хьуна, - юкъахвоккхура иза Дареджана.

Арутинан дехкан б1аьргаш къегара, кегий-дуткъа ц1оцкъамаш дегадора.

Мах бечу хенахь цо бегашаш ца бо, забаршна т1ера велахь а. Амма цуьнан семачу б1аьрсин тидамза ца дуьсу эцархо когашкара коьрте кхаччалц аьшпех а, х1илланах а воьттина хилар. Дукхахьолахь тиша, басадаьлла духар т1едуьйхина хуьлу иза, амма цуьнан коьртахь бухарин куй хуьлу, юкъ-юкъахь мерцхалдигаш а евлла, барзо кадиттинчу уьстаг1ах тера. Болчу т1е а дакъаза болу и куй, Арутин мах къовса ваьлча: цкъа хьаьж т1е схьабог1у, сонара болу я к1есарк1аг чу шерша. Доцца аьлча, Арутин коьрта т1ехь хелхарехь сетта болало. Ишттачу хенахь Арутин беламе а, цабезаме а хуьлу. Къаьсттина цабезаме хуьлу иза, мах бина а ваьлла, басмех тукар таса, я ша юхчунах дуьхьал делла даьтта, т1арг1а озаваьллачу хенахь.  Иштачохь оьзда-эхьечу нускалх, т1ехь къинош доцчу 1ахарх тарло: балдаш т1етт1а а дохуьйтий, б1аьргаш ана дуг1у, ур-аттала, тидам а ца бо кхуззахь, голаш т1е лахбелла 1ачу пшавийн зударийн. Оцу хенахь цуьнан коьртарчу куйно садо1у, ирхдахийтина ц1оцкъамаш а парг1ат хуьлу. Иза оцу миноташкахь тарло б1аьстенан юьххьехь т1ера чо а тилла, хьозашна тебачу цхьогалх. Арутинна даръелла а, цуьнца к1оршаме а цкъа а ца хилла Дареджан. Цуьнан шен бахьана а дара.

Оцу юьртахь вехаш вара цхьа Джабана – ч1ог1а ц1ена-хьанал а, нийсо езаш а, лелош а стаг. Цуьнан бежанашна ун кхийтира. Шина б1е коьртах, шаре даьлла ши эса бен ца дисира. Оцу бохамо метта вожийра Джабана. Иза 1уьллура ча т1етесначу дечиган маьнги т1ехь. Аьхка иза тхов к1елахь латтабора, ткъа 1ай ц1а чу хьора.

Цхьа йо1 Анук1а йоцург, кхин стагга а вацара Джабанан. Цо кхобура метта воьжна шен да а, ша а. Дареджанна ч1ог1а дукхаезара и оьзда йо1. Цкъа а ца йицлора иза хьаста, хасто.

- Тхан хьомсара Анук1а! Дийнахь а, буьйсанна а къахьоьгуш ю-кх хьо. Иштта хила еза хьуна йо1. Къа ца хьегча, цхьанна а х1умма а ма ца хуьлу, - олура цо Анук1е, цхьаьнакхетча.

Ялта чудерзочу муьрехь цхьамма белхолаха кхайкхича, Дареджана даим олура:

- Цул Джабанна г1о дан г1ур ю со. Иза меле г1уллакх ду. Цуьнан кха т1ехь ши-кхо ц1ов бихкича а, доккха г1уллакх ду. Арутинна диъ сом декхарийла ваханера Джабана. И декхар ч1ог1а 1еткъара Джабанна. Совдегар ахча деха веача, цо олура:

- Ас х1ун диэ, хьоме Арутин юьхь1аьржа ву-кх со хьуна хьалха, сайн дош ца ларди ас. Хьуна хьайна а ма го со мухачу балехь ву: ши шо ду меттахь 1уьллу, ц1енна цхьа сараг а ца баьккхина сан куьйгаша оцу шина шара чохь. Сох нийса кхета. Цхьа йо1 ю-кх, са а хаьдда, хьадда-едда лелаш. Эхь хета суна хьох, амма х1ун дийр ду а,  х1ун а эр ду а ца хаьа.

Амма Арутина, дукха ойла а ца еш, цхьа сом а делла, юкъа юьртда озийра, Джабанера декхар схьадаккхар т1е а дуьллуш. Юьртда боккхачу лаамца реза хилира. Арутинца цаьрга а веана, декхаран чоьтах цуьнан эсий д1адигина. Анук1а оцу хенахь кхат1ехь яра.

- Дан х1ума дац, - элира декъазчу цомгашчу стага. – Ас х1ун эр ду шуьга, шу Делах кхоьруш ца хилча.

Ткъа суьйранна, беллачу нахана т1ехь санна, шен эсашна йилхира Анук1а.

- Сийлахь-везачу Копалин хьукмо лоцийла и аккхарой. 1аьржачу лаьтто д1ахудийла и эсий д1адигинарш! Еккъа царах ма яра тхан дегайовхо, - тийжара иза Дареджанна.

- Ахь х1ун дуьйцу, сан йо1? Эсий д1адигина, ткъа, цара? Суна хиънехьара-кх иза, ма дуьгуьйтур дацара ас уьш. Хьо дукха йохий а ма хьовза, лулахо. Ас доькхур ду хьуна иза Арутина, - Анук1а теян г1ертара Дареджан.

Т1аккха, шолг1ачу к1иранах, к1адих йоьттинчу ши говр южучу х1ургонахь урамехь гучу ваьллачу, Арутинан мохь баьлча:

«Х1е-х1ей, хьанна деза дарин к1ади, басма а?» - аьлла,1уьйранна аттера яьккхина шура яхьаш йог1у Дареджан, меллаша тхов к1ел дийшина 1охкачу ж1аьлешка кхайкхира:

- Ц1обана, Алабеша, катохал цунна! Шайн дераллица массарна дика девзаш долу ж1аьлеш, иштта омра шайга даре ладоьг1уш 1аш санна, шокъалих Арутина т1ехьаьвдира. Цунна т1е а кхетта, иза охьа а тоьхна, кескаш йира цуьнан бедарех, т1аккха басах чукхоьссира. Орца доьхуш керчара совдегар. Цхьамма шен гира охьакхоьссира к1адих боьттина мохь, ткъа вукхо – даьттана дуьзина ахкаргаш  басах чукарчийра. Ахкаргаш, лелха а лилхина, хи санна, лаьттахула д1адаьржира даьтта.

- Г1о дейша, дика адамаш! – ц1ог1а деттара Арутина.

«Ен ма ехьара цара и эхь дайна х1ума!» - дагатесира бедана т1ехьара уьш тергалдеш 1аш йолчу Дареджанна. Гу йисте а яьлла, ж1аьлешка кхайкхира иза. Шаьш хьекхош волу стаг а витина, ладуг1уш, юхадаьхкира ж1аьлеш.

Лаьттара хьалаг1аьттира Арутин. Астаг1 а лелхаш, шен х1уманаш т1егулъян вахара.

- Ж1аьлеш дихкина х1унда ца кхобу аш, лаьтто д1аэцарш! Церан амалш дика ма евза шуна! Эх1, сан шаьлта соьгахь хиллехьара, ас дийр дара хьуна царна дан деззарг!

- Д1аялахьа д1а, сийдоцу пас-пас! – т1екхохкаелира цунна Дареджан, - хьо воцчунна хьанна лета сан ж1аьлеш, дерриг дуьне а кху новкъахула лелаш. Гарехь, хьуна къинхетаме ву Дела, хьоьгахь царна тоха х1ума ца хилийтина. Царна цхьа муьшка ахь йинехьара, кхузара дийна д1аг1ур вацара хьо – верина дакъа дийр дара хьох. Шаьлта 1уттур яра! Ма майра а ву! Т1аккха х1ун аьлла х1уттур вара хьо суна хьалха? Ас гоьмукъ чекхйоккхур ма яра хьан дег1ах!

Арутинна иштта кхерам а тесна, юха а йирзина, ц1ехьа д1айолаелира Дареджан. Наггахь а елалуш йоцчу цуьнан юьхь там хиллачу къажаро кхелира: реза яра иза хиллачунна.

Оцу хенахь шен таьлсаш а гулдеш, лаьттахула даьржинчу даьттанна канаш а хьоькхуш, басахула текхаш вара Арутин. Т1аккха, ч1ерийлоьцучу м1ераца бердан йистехула т1ехволуш волу к1ант т1е а кхайкхина, цо г1о а деш, мохь говраш т1е а боьттина, д1авахара иза.

- Ткъесо ворийла хьо,– т1аьхьа мохь туьйхира Дареджана.

 

III

 

Цхьана к1ирандийнан 1уьранна, малх а кхетале, хьеран апарина т1едог1учу татолан йистошца йолчу коьллаш юккъера схьахезира оьг1азе г1овг1анаш а, Дареджанан дера ц1ог1а а. Жимачу шина к1ентан куьйгаш а лаьцна, гехь деман гали долчу лулахочуьнца Джавараца, ц1арул ц1ий а елла, къамел деш яра иза.

- Х1ара бераш стенга дуьгуш  ду ахь, йиша? – хоьттура Джаварас.

- Дала д1аоьцийла х1окхеран нана! Ма делха, сан кегийнаш, - доьлхучу берашна т1е охьатаь1ара иза. – Х1инцца ц1а йог1ур ю шун нана.

- Со лолда х1окхеран! Кхеран ненах х1ун хилла? – мохь белира Джаварин.

- Х1ара бераш д1а а тиссина, Гамехардица едда яхана-кх, - д1ахаийтира Дареджана.

- Ахь х1ун дуьйцу? Эх1, хьовсийша, ма эхь-иман доцуш а ю!

- И ду-кхин и! Со ца йисина, ткъа, мацах жоьра? Оцу эхь доцчо дийриг хьан до? – мохь бетташ бохура Дареджана. – Х1окхарах хетачу къино дог карзахдоху сан. 1уьйранна хьонка бан йоьдуш ю со. Кхеран кет1ахула т1ехйолуш, белхарш хеза суна. Д1а т1еяхача, арахьахула не1 ч1аьг1на ю. Иза д1а а йиллина, со чоьхьаелира. Жимахверг, дукха вилхина, ницкъ а эшна, муц1ар г1айбех а йоьллина 1уьллуш ву. Ткъа йоккханиг чухула уьдуш лелаш ю, ша х1ун дийр ду ца хууш. «Нана стенга яхана?» - хоьтту ас йо1е. Ткъа цо боху иза цхьана стагаца яхана, шен х1уманаш а, карахь лело т1оьрмиг а эцна. Марваша ц1ахь ца хилла, арахьахула не1 д1а а къевлина, цуьнга ладоьг1уш 1иэ аьлла, яьлла яхана-кх.

Бос а баьхьана, лулахочо динчух цец-акъ яьлла ладоьг1уш 1ара Джавара.

- Эх1, к1ажарш а лаьцна, иза текхон ерг велахьара-кх! – кхин д1а а дуьйцура Дареджана. – Я Пшавехь кхин дан а дац дика а, сий-ларам а, эхь-бехк а? Т1аккха-м стаг ваха а ца оьшу, велла д1авалар тоьлашха ма ду!

- Ахь х1ун дийр ду кху шинна?

- Кхеран деваша ц1а валац, суо йолчохь дуьтур ду-кх. Суна хетарехь, иза Иоре чувоьссина.

- Ма дика ду иза, йиша. Иза кестта ц1а кхача веза.

Жима к1ант кара а эцна, йоь1ан куьг а лаьцна, церан нанна не1алташ а кхайкхош, ц1а яхара иза. Ц1ахь шура а кхехкийна, берашка малийтира цо.

Т1аьхьо Дареджан цхьаьнакхийтира церан ненаца Мзевинарца, иза шен бежанаш дажош йог1уш. Ч1ог1а бага йиттира цо цуьнга, вукхо, елха а йоьлхуш, дехарш дора:

- Йитахьа со, Дареджан, доьху хьоьга. Г1алат даьлла-кх соьгара, дохко а яьлла, х1инца т1аьхьа ду. Айса сайна тоьхна яла-м ца еза со?

Дареджана цхьа хьаькам кхерорах лаьцна хабар а дара юьртахь лелаш. Иза нисделира к1ант Гамахаре бахьанехь.

Хьунахара дечиг дахьаш йог1учу Дареджанна го уьйт1ахь шен к1антана шад етташ воллу цхьа хьаькам. Ткъа вукхо, корта охьа а бохуьйтий, куьйгаш дуьхьал лоьцура. Оьг1азъяханчу Дареджана, шен гира ц1ов охьа а кхоьссина, хьаькаман говрана т1е а хьаьдда, дуьрстанах катуьйхира.

- Хьо мила ву, ван мукъа а? – Дерриг 1ин декош даьржира цуьнан аз. – Сан к1антана х1унда етта ахь, Делах яьлла х1ума?

Цунна а шад ластийра хьаькамо, амма зудчун буьрсачу хьажаро дукха кхерийначу цуьнан карара шад охьаяхара, говр юхаяьккхира.

- Хьо вахьахь, тохал! – ц1ог1а хьаькхира Дареджана, шен гоьмукъ цунна т1е а юг1уш.

Кхеравелла хьаькам кертара араэккха сихвелира. Т1аьхьо, шегара даьллачух эхь а хеташ, ша бакъван г1ерташ, цо дуьйцура: «Х1ун дийр дара ас, йоккха стаг ма яра иза… И тайпа х1ума суна цкъа а ца гина. Цхьа акха экха, ц1ена экха ду-кх!»

Хьаькам д1аведдачул т1аьхьа, к1антана т1ейирзира Дареджан.

- Хьо а дика ву, т1е чо а балаза хьозанан к1орни! Ала х1ума дац! Хьайна х1унда йоьттуьйту ахь?

- Ас х1ун дийр дара, иза воккха хьаькам ма ву, цунна куьг айа а лур ма дац, - бехказвала г1ертара Гамахаре.

- Кхин ма дийца! Гарехь, хьох дегайовхо к1езиг ю, сан к1ант. Со охьакхетахь, когашца хьешна д1айоккхур ю, г1о даккха цхьа а хир вац, - доккха садаьккхира Дареджана.

 

IV

Шен юьртахь дукха г1уллакхаш дара Дареджанан. Амма, дукхахьолахь, цуьнан г1айг1анаш юьртал ара а йовлура. Цкъа иза, аттала, Кизикъа а яхара.

Оцу хенахь со школехь доьшуш вара. Цкъа цхьана 1уьйранна вижина 1уьллучура со меттахваьккхира Дареджана.

- Хьалаг1атта, к1ант, хьалаг1атта! – Сан лерехь мохь беттара цо. – Ма дукха наб йо ахь? Я цунна школехь 1ама во хьо? Хьалаг1атта сихха, сан г1уллакх ду хьоьца.

Ч1ог1а тешош а, йоккха дегайовхо йолуш а элира иза Дареджана, со боккъал цуьнан г1уллакхаш листа декхар волуш санна. Вуьшта, нагахь санна Дареджана соьгара г1о доьхуш делахь, иза цунна ч1ог1а оьшуш ду.

- Х1ун ду, Дареджан? Х1ун хилла? – хаьттира ас.

- Хьала а г1аттий, сан хьомениг, суна шех «билет» олуш долу кехат кечде. Кизикъа яха йоллу со.

- Ма синтем  бац-кха хьан! Х1ун йицйина ахь цигахь, Кизикъахь? Д1а а, схьа а лелла х1ун до ахь?

- Ахь х1ун дуьйцу, жиманиг! Муха бац сан синтем? Сан г1уллакх ду цигахь,- аз лаг1дира цо. – Суна со Бежанин  ненайиша йолуш санна кехат кечде. Иза лаха йоьдуш ю со.

Иза а олуш, шен карара 1аса г1оре-г1оддаха ц1енкъах туьйхира цо.

- Мила Бежана вуьйцу ахь? Иза х1унда лаха веза?

- Хьуна х1умма ца хаьа? Бежана ван ма вайна. Цхьанна а ца хаьа цунах хилларг. Гергара нах, ж1аьлеш хит1е диггал, дукха бу. Амма цхьанна а ца лаьа орцахвала. Ткъа аренгара бог1учара, массара а, цхьамма санна, иза Кизикъехь х1ума кхоллучохь вийна бохуш ч1аг1до. Пекъаро ша воьдуш ахча даьхьана хилла. Ткъа ахчанан хьожа цхьаннан кисанара яг1ахь, иза декъаза ву. Къинхетам ца бо цунах. Цхьа пекъар ву иза, до1анехь куьйгаш айа а стагга а вац. Кхин а дуьйцу: оцу х1ума кхоллучу ц1енна т1ехьа, овкъаршний, нехашний юккъе д1авоьллина иза бохуш. Суна и меттигаш ган еза… Х1инца адамашна юкъахь хьалхалера безам а, тешам а бац. Цициггий, ж1аьлий санна ву массо а. Х1ор лулахочун ц1ийне к1ур болий-те, кхерч богуш буй-те бохуш хьоьжу. Ткъа мел нахана лаьа шен лулахо вала а велла, цуьнан бахам шена буьсийла? Барх1 бутт бу Бежанах цхьа а тайпа хаам боцу, ткъа цуьнан гергара нах, не1алт хиларш, х1умма а ца хилча санна, тойшкахула а, динан дезчу деношкахула а сакъоьруш лелаш бу. Дукха хан йоццуш цуьнан шичех, Тирузех, бехк баьккхира ас. Цхьаъ а валош, самукъадаьлла, векхавелла со йолчу веара иза, геннара мохь а бетташ: «Йиша, къаьркъа дац вайгахь?» - бохуш. Со цунна т1ечевхира: «Яхийта кхузара, сонта хьакха! Эхь ца хета хьуна лаьттахула д1алела? Хьайн ваша х1унда ца лоху ахь? Хаьий хьуна, цо соьга х1ун элира? «Вон ду, кхин вон хила йиш а йоцуш, адамаш вовшех х1умма хаа лууш ца хилча».

Дареджана юха а аз лаг1дира:

- Палтосург йолчохь а хилира со, Бежана хоьттуш. Наха дуьйцург цо а т1еч1аг1до…

Шолг1ачу 1уьйранна, дика т1е а дуьйхина, Кизикъаяха новкъаелира Дареджан. Юьртара юьрта йоьдуш, х1ума кхоллучу массо меттехула чекхъелира иза, Бежана хоьттуш. Цунна хилларг цхьаъ дара: шен дуккхачу ц1ераш т1е кхин цхьаъ а тохийтира цо – «Мгелк1аци».

Иштта ц1е тиллира цунна Кизикъахь. Цуьнан сий даьржира оцу махкахь. Цуьнца цхьаьнакхеттарг цецволий вуьсура, «мгелк1аци» зуда юй хиъча…

 

V

 

Б1аьстенан бос эцнера массо х1умано, Арагвин бердан йистошкахула дитташ т1ехь сенделира къона г1аш. Х1уттут кхайкха йолаелира. Арагвина ницкъ боьссира, иза дистира, т1улгаш, хьер, д1атекхош, бердан йистера дитташ орамашца бухдохуш, д1атекхо долийра, гобаьккхина инзаре йоккха г1овг1а эккхийтина.

Цхьанаэшшара йоцу къорза г1овг1а лаьттара гонаха.

Кегий жа1уй хин бердан йистошкахула кондарш юкъахь ловзура. Х1ораннан карахь, шад а болуш, говран мерзех бина цаца хуьлура – лекъашна толлура цара. Олхазарна царах лачкъа меттиг ца хуьлура – буц дика хьалаяьлла яцара. Цхьамма куьйранах ц1ог1а тухура, вукхо цаца кечбешшехь. Лекъ д1атоьра. Лаьттах д1аоьра. Жимачу пшава, къайллах т1е а вог1ий, цаца т1е а буьллий, шад т1еузура. Цуьнан накъоста олхазар кхерадора, важа, т1емаш а тухуш, дада тахалора, т1аккха, м1ера т1ехь ч1ара санна, цеца чохь д1атоьра.

Оцу берашна юкъахь цхьаъ ву воккханиг, иза Дарежан ю. Иза юьстахо хиъна 1а, цунна юххехь дежаш ду 1ахарий. Цунна юххехь 1охку цуьнан тешаме доттаг1ий – аьчкан юьхьиг йолу 1аса а, Алабеш ж1аьла а. Дареджан цхьа х1ума юцуш ю.

Ч1ог1а самукъадолий, водий цунна т1евог1у к1ант:

- Баба Дареджан, схьахьажахьа! – д1агойту цо ша лаьцна олхазар.

- Д1ахеца, д1ахеца иза, сан аьрханиг! Ас бишка узур ду хьуна! Аш х1унда лоьцу уьш, цара х1ун до шуна? Иштта суьйлаша шаьш лаьцча, муха хетар дара шуна? Схьагайтал, хьомениг, и пекъар, - аьхна-к1еда, хьастаме олу Дареджана. – Иштта дикахо ду, сан к1ант, цо шуна х1умма а зе ма ца до. Иза-х вай долчохь хьошалг1ахь ду. Гой хьуна, х1инца иза парг1ат т1ома лела, хьуна хьан догдикаллина баркалла а бохуш.

Малх ломан бохьа т1ехьа къайлабаьлла. Беж1уша, т1е а гулдина, бежанаш юьрта лохку. Церан 1ехарех д1аоь берийн аьзнаш а.

- Ой, ой! – Мохь белира цхьаннан, – хиэ шен 1ахарца Хвтисо д1аваьхьна. Дистинчу ламанан хинан тулг1ено 1ахар чубаьхьча, иза к1елхьарабаккха хи чу иккхина Хвтисо, амма хинан ницкъана настаршна т1ехь латта а ца велла, Арагвин к1урк1амане д1атакхийна.

Бердан йисте д1ахьаьдира Дареджан. Хинан кхехкачу тулг1еша д1ахьош вара к1ант. Ойла ца еш, хи чу иккхира Дареджан. Тулг1еш цуьнан некхах етталора, амма иза майрра хьалхахьа д1аоьхура. Х1инца иза хьере кхехкачу к1урк1умане чу яьхьа, ондачу ницкъаца чхарах д1атуьйхи. Кхетам чуьра йолуш йоллура Дареджан. Амма, - куьйгаш а лестош, мохь беттара цо:

- Мичахь ву хьо, сан к1ант? Мичахь ву? - Кхин а масийттазза тохаелира иза тулг1еш эшо, амма ц1еххьана хин буха яхара…

Геннахь хи т1е делира цуьнан 1аьржа кортали.

Буьйса юьйлира. 1аьржа вертанаш т1е а дуьйхина, Арагвин 1инан лакхенгара охьа кура хьуьйсура лаьмнаш. Бен доцуш д1атекхайора Арагвино шен 1оврашка йирзина тулг1еш. Гонаха дерриге д1атийнера. Еккъа цхьа хинбад яра,  маьрсах тера шен т1емаш а лестош, бердан йистехь цхьанаэшшара кхойкхуш 1аш.

 

1886

Гуьржийн маттера гочдинарг  Маргошвили Султан

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.