http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нанна Печать Email

Мусаева Луиза

Ненан ц1е

 

Нана… Хьан ц1е ю серлонах кхоьллина,

Ю иза марзонах йоьттина.

Эсала, оьзда ю нана хьо, –

Хьо йолчохь бен хилац парг1ат со.

 

Хьекъалца, хьуьнарца шорта ю,

Доьзаллехь барт ч1аг1бан говза ю.

«Х1инца хьо йоккха ю – яла д1а» –

Нана, ахь соьга ма алахьа!..

 

Х1инцций бен сан догчохь яц алу,

Х1инцций бен човхош яц дахаро.

Эсала, хьастий дог эцахьа,

Хьайн кара сан корта биллахьа.

 

Бераллехь санна а, со кхетош,

Ахь 1амош, сан г1алаташ хедош,

Оьзда некъ ларбан ницкъ гайтахьа,

Серло луш новкъа со яккхахьа.

 

Бакъонца халонех со ер ю,

Хьан хьехар ас дог чохь латтор ду.

Нана, хьо нийса ю, оьзда ю –

Муьлхачу махкахь а хьан сий ду.

 

Со яллалц яхалахь, нана!

 

Кхин гур яц ма ала нана,

Нана сан б1аьргийн нур ду.

Кхин хезар яц а ма ала,

Нана сан ирсан аз ду!

 

Хьо йолчохь ша тайпа суьйре,

Бовха кхерч беркате го.

Хьо йолчохь токхе ю гуьйре,

Цо йовхо соь кхийдайо.

 

Нагахь дог 1овжош чов йинехь,

Г1алаташ масане легнехь

Къинт1ера ялахьа, Нана,

Собарна дола ца дарна.

 

Дахарехь халонаш лайна,

К1ац юьллуш, къежбелла корта.

Хьан амалш доьзална тайна,

Хьох тера со хила г1ерта.

 

 
©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.