http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненан Дог Печать Email

Кульчиев Лоьма

 

Сан    Ненан    Тумишин   безамна

 

Дуьненан къайленаш ма шорта хилла,

Дахарах ца 1ебаш вай б1аьрзе лела.

Къайленин к1оргенаш гучуюьйлуш лаьтта,

Ткъа вайна-м х1ара дуьне дуьсур дац моьтту.

Декъаза мел лелларг декъала хуьлуш,

Декъала мел хилларг дакъаза волуш,

Сий хилла вазвелларг юьхь1аьржа нислуш,

Ша лаьтташ ма-дукха х1ара сирла ва дуьне.

 

Халоно къастийнарг хала ма веха,

Аьттоне кхаьчнариг атта ма лела.

Хьайн дахар халонехь ца дита г1ерташ,

Нана, ахь идийра дуьненан некъаш.

 

Юззалца баа кхача ца хуьлуш,

Йижжалца тахкайа нана ца кхуьуш,

Агана йуьллучо «яла хьо» бохуш,

Ахь хала яьхьира хьайн ховха жималла.

 

Доьзал а кхоьллина, хьайна яха хиъча,

Моьттура  дахар нисделла даьлла,

Доьзалах йоккхаеш, дог ловза даьлча,

Ца хаьар ва хьуна х1ун гур ду кхана.

 

Жималла ца кхоош, ирсе некъ боьхкуш,

Юх-юха кхолламо хьо балехь йуьтура.

Халонаш сов йуьйлуш, дикане  ца кхочуш,

Доьзалан деза дукъ хьуна  т1ехь дисира.

 

Хала ду жималла хеназа д1атаса,

Ийманехь-исламехь доьзал хьалкхиаба,

Ирсанна кхетта малх г1айг1анаша хьулбеш, -

Хьо-м турпал ма хилла, ва хьомсар сан Нана!

 

Ахь къиза лайна халоне денош,

Наб ца еш, идийна сил мерза буьйсанаш,

Тхо бахьнехь гина болу дуьненан баланаш –

Дицлур дац тхуна-м уьш, тхан хьомсар Нана.

 

Кийрара мерза са ма дукха деза,

Цу сил а мерзаниг хуьлуш ма хилла.

Хьан безам тхоь кхаьчна, дагчу ма бижна,

Тхайн сил а беза и  тхуна ма хетта.

 

Юьхь-сибат хийцалуш, къанал т1ееъча,

Куьйгийн а, когийн а г1ор эша даьлча,

Ойланна куьйгаца ахь корта лаьцча,

Хаалахь, тхан Нана, тхо хьоьца дуйла.

 

Хьан юьхь т1ера муонаш тхан даг техь карор ду,

Мас к1аййеш яхна хан, тхо бахьнехь яхна ю.

Хьо йолчохь доккху де мел хаза, ирсе ду,

Оцу ирсан сирла малх даима хьо ма ю.

 

Т1аьххьара хьайн бахам тхуна схьабелла,

Дегйовхо тхуна луш, дуьне д1атесна,

Тхан дуьхьа мерза са  Далла д1аделла,

Эшахь хьо г1ур юйла тхуна хаара.

 

Стаг декъал вац хьуна ненаца ца ваьхнехь,

Дог оьцуш биллина цуьнан кхача ца биънехь.

Стаг ирсе вац хьуна  сирлачу дуьненчохь

Цкъа мукъане шен ненан дагчу ца хьаьжнехь.

 

Ахь ойла ма елахь, тхо дина тхан Нана,

Дахарехь баланаш ирсал сов хиларна

Тешалахь, дог1ур ду хьан ирсе денош,

1аьна т1аьхьа йоьху и б1аьсте ва санна.

 

И къорза стигланаш, и сирла шовданаш,

Букь лекха вай лаьмнаш, и шера аренаш,

Дуьненал и мерза тхайн дег1ан ва синош

Дуьтур ма дара оха хьан дуьхьа, Нана.

 

Ирс доцуш вац хьуна хьо нана  ериг,

Къе-миска вац хьуна хьо нана ериг.

Х1окху дуьненна дерриг ирс хьо йолчохь ду,

Дийнахь хьо цкъа гуриг декъала ву.

 

Нана ю ма ала, хьо санна яцахь,

Декъал ву ма ала, хьан к1ант ша вацахь!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.