http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дерриг а ду кхузахь лайна Печать Email

Байташ гочйинарг – АХМАТУКАЕВ Адам

 

 

Аминат АБДУРАШИДОВА

(Дагестан)

 

 

*   *   *

ЦIе а йоккхуш, схьавистхилча хьо,

Боданера сехьайолу серло.

Лаьмнийн хIо а, декаш, дегадо,

Деган дашо хьаса санна – мерзах.

 

ЦIе а йоккхуш, схьавистхилча хьо,

(ХIун ду техьа хIара, дан мукъне а!)

Зезагийн а яххьаш еллало,

Суна деладеш хIара дуьне а.

 

ЦIе а йоккхуш, схьавистхилча хьо,

Седарчий а шатлакхах тIеоьгуш,

Кийрара дIаарагIуртий, дог,

ТIомадолий, хьуна дуьхьал доьду.

 

 

МАХАЧКАЛАРА ЙОЧАНА

 

Iаьржа мархаш герзах елха хIитти,

Къора етташ, бIаьрхиш кховсуш къена.

Синтем байна техкаш долчу диттийн

Яххьаш огу геригаша хенан.

 

IиндагIаш а пенех хьалакхийда,

Хьалатийсало уьш догIанех а.

Воьжнарг хьоьшуш, кхерам бIаьрзе хьийза,

Стиглахула стешха уьду ткъес а.

 

Адамийн бац – жинийн болх бу хIара,

Дегнийн метта сегаш кегий кIегий.

Дарц а дарло, туьтанаш ма-ярра

Iораюьйлуш, мIаьжгаш охьаэгий.

 

Дохийначу балдийн тIилдигашца –

ДоIин цIарах къармазалла аьрха.

Суьлхьанаш а, бIаьрхин буьртигашха

Iам чу эгаш, боьха дIасадаьржа.

 

Дела багахь, Далла гена воху

Цамгар йолуш сих, тIамарх дIакхетта,

ЦIийн Iоврашца кхолламаш бухбохуш,

Йочана ю Махачкалахь лаьтташ.

 

 

ЮСУПОВ IИЛМАННА ЛЕРИНА

 

ДIаьвшечу пхерчешна осала охьа-

ТеIаш ца гайтина, ца доьхна йохьах.

КIомсарша ка а вайх йиттина, це а;

Кхийлина боьгIначу гурашна тIе а.

 

Бохамехь цхьаъ ду вай, вежарий, тахна,

Вайна тIехь лелла дерг чов юьтуш дахна.

Махкана тешнабехк бина цагайтарх

Дийцарш а дисна вайх – дозаллаш дайттал.

 

Цаца-м бу некха тIехь бина – дог шелдан,

ХIетте вай дийна ду, са тIома мел ду,

ДIо маьлхан зIаьнаршлахь къоьжа лам-корта

ЧIагIо а мел ю вайн – тIемаш дIагIорто.

 

Дай а вайн маьршачу маьлха кIел баьгна,

Дехка хIо чуийза вай а ца хьаьгна.

 

 

Роза АГОЕВА (Ростов-на-Дону)

АГОЕВ ТЕМУРАНА…

 

ТIепаза вайначу сайн хьоме-хьомсарчу

воккхахволчу вешина лерина

 

Тахана, гIайгIано хьийзаеш,

Йисна сан ойланаш йийсарехь.

ТIепаза хьо вайча дуьйна схьа,

ГIортор дIаяьлла, ю гIийла со.

 

Дахар а дакъошка дели сан –

Хьо волий, хьо воций геригаш.

И бала цкъа охьатаса-кха,

Гуьйрено гIа дIа ма-тассара.

 

Чучча некъ хьийзабеш, хIилланца,

Къайллаха баьхьна, дIабилла-кха,

Дорцала бедарх дIаолла я,

Луьра ха хIоттош, чуболла я…

 

Битина эрна сатийсамаш,

Бала ас кхобур бу йийсарехь,

Сайн дагалецамийн къаьхьа гIан

Дала ца тигахь а тIаьхьара.

 

Царех дIакъехкаш, садиттина,

ГIелъелла ойланаш, хIиттина.

Цу гIайгIа-балина хьаамбеш,

ГIаттахьа, малик, цхьа хаам беш.

 

*   *   *

Дахар хадахь хьайнчул хьалха сайниг,

Дехар хир ду хьоьга сан весетах:

ЧIир а лаций, хорам къуьйлуш хьайна,

Далла дезна доцург тIе ма леца.

 

ГIайгIанечу новкъахь со ма леха,

ГIийла ойла суна хийра хилла.

Со-м, Чегем-хин гIовгIа лерехь ехаш,

Зевне некъаш гездина юй хийла.

 

Ахь со леха дахаран мукъамца:

БIаьргаш теIош, седа серлабаьлча,

Стигал этIош, Iеначу догIанца,

Ховха буц мехашца ловзаяьлча.

 

Олхазарийн эшаршка ладогIий,

Тергалъе ахь сох йисина бIаьсте –

Гур ду хьуна, цо хьан дог ма-хьаьстти,

Сан са ирсах хьуна гергадогIур.

 

*   *   *

Седарчийн ловзарш тIеоьхьуш,

МаьркIаже буьйсане кхоьхьуш,

Шен цIарах керла де далош,

Ша хилар хоуьйту Дала.

Дахаран харцо тIеIеткъаш,

Бухдийларх жопдоцу хеттарш,

Цуьнга ду вайн сема дехар:

«Я АллахI, нийса кхел ехьа!»

 

 

 

Марина АХМЕДОВА /Колюбакина/

(Дагестан)

 

 

*   *   *

Ковранах хаьдда цхьа гIаргIули

Геннара кхойкхуш ю соьга,

Берийнчух цIеначу гIайгIанийн

Бала цу озаца бегош.

 

Хьаннаш а таьIна ю, гуьйренан

Хебаршка озийна ерриш,

Дорцаша енйолчу кхоьлана

Къаръелла, куьцана кхоьлина,

Iадийна йисинчух терра.

 

Амма дIо ламанийн асанал

Дехьа цхьа гIала ма еца,

Бераллехь хьаьрчинчу хьасано

Ойланаш нанна тIе маса сан

Идаеш – и мара леца.

 

Хьомсарчу цу дагалецамийн

Айми чу озалой кIоргга,

Ненах ас марзонаш оьцу-кха,

Бартана бесни тIегIортош.

 

Дахаран боларх цкъа хIоккхузахь

Тилъелла, саца-кха иштта…

Ша-тIулгах хьан чуртан мокхазо

Ма ягайо-кха сан чIишталг.

 

*   *   *

Дуьне ду бохаме хьош,

ХIаваэхь тIеман хIо дукълуш.

Цунна далахьара гIо

Сайн цхьана могIанца мукъне!

Дуьне-м, хIай, гIайгIанехь дай,

Юха а хьаьхна цIеяла.

Маржа, сайн даггара байт

Цунна кIел хIотталахьара!

 

 

 

Нина БАРСУКОВА

(Астрахань)

 

 

*   *   *

Гуьйрено, цигонах шен дашо туьтеш а ловзош,

ДогIанан гIовгIанехь айира хелхаран шовкъ.

Даточу базанийн гаьннаш тIе хьекхалуш, йовззал

Лар юьгуш, тIáмарех даьстира амалийн ков.

 

Ткъа буса, туьйранаш дохьуш, схьагIерта Iа лардан

Тийначохь – бIаьрг хьаьбаш, эшаре олхазарш гуш –

Тхьаьвсира. Ларамза дожадеш бесара барзакъ,

Цуьнцанна набарна хIоьттира гIелъелла хьун.

 

 

 

Юлия ДРУНИНА

(Москва)

*   *   *

Чуччабахна леташ гина суна.

ГIенах – бIоззий, нисса цкъай – самах.

ТIам тIехь кхераме ца хетачунна

ХIумма а ца девза-кха тIамах.

 

*   *   *

Толаман цу шарахь цIехьа кхаьчча,

Беркъа дара тIерий, когарий:

Айраш кхачаделла тиша эткаш,

Некъийн ченех доьттина чоий.

ХIинца-м кхеташ яц со, хIунда хетта

Новкъа хIетахь куьйгаш тIера сайн

Тоьпан молханан и мокха хьоькхнаш,

И лараш а – цIеран, эчиган…

 

 

ДАГАЛЕЦАР

 

Кино чохь санна,

Дарий и-м,

Зударшха тийжаш дарц.

И-м цунна атта хетарий –

Ша цунна езар гар.

Ва хIетте – ирсе ван и – цо

Комаьршша ша дIалур…

Цу гIорийначу тоьли чохь

Дахк баьпках тийсалур.

ДIакъовлуш бIаьргаш, барт бала

Дахьийна балдаш хьош.

 

Ду, салти санна, хIоьттина

ТIеман доьалгIа шо…

 

 

 

Вера КОТЕЛЬНИКОВА

(Астрахань)

 

*   *   *

КIайн дуьнен чохь ас сатесна дерг –

Кхолламмий, сайн Дошший хилар декъал.

Марша я хьо, цIегIа сахуьле,

ЦIарах цIийлуш йогу малхбузе а!

 

Гуттаренна-м со а ца хирий –

Хьешан санна, ю кхузахь сан хан а.

ТIомадаьлла болар сан шерийн,

 

Волга-хица олхазарийн санна.

Хьалхачул а мерза-м хирий кхин

ГIайгIанийн къа я ловзарийн ало?

Гарехь, иштта буцало-кха и –

Арахь бисна кхоллам-дагахьбаллам.

 

БIаьргаш чуьра хецаделла хи

Цхьаъ хуьлий те вонехь, диканеххьий?

Кхолламца со къийсалур яц кхин,

Деле кхуьйлу ламазашна тIехь и.

 

Кху сан денойн байна баьлла чам

Леткъамашка бахарх, пайда болий?

Даг чу кхийда шеко эций дIа,

Ехьа, Дела, къинхетамца гIоли.

 

ХIай дуьне хьо! Маьлхан кIайн дуьне!

Юх-юха а чIагIдо ас хьо дезар:

Марша я хьо, цIегIа сахуьле,

ЦIарах цIийлуш йогу малхбузе а!

 

 

*   *   *

Сан хьомсара, сан сийлахь-деза латта,

Со йинчу хенахь дуьйна хьо – сан нана.

И-м лаа даций, акхтарг-диттийн маттах

Со хIетахь дуьйна йолаялар Iама.

 

Со – ченалг санна Волгин берда йистехь,

Я хинтIадам – со, жимчу хих схьабаьлла.

Кхин муьлха васт – сан хила тамехь – дисна?!

Я элп – со, айс-сайх могIа буьзна даьлла!

Схьахетарехь, со хир ма яра реза,

Цу элпе йоьрзуш, йиса йинчу лаьттахь.

Ма йоккхае со дахарх, и цхьа дезар,

Сайн иллин коьрта маьIна хилла, лаьтташ.

 

 

 

Ирина ЛЕВИТАН

(Астрахань)

 

*   *   *

Хи чу ластийначу тIулге

Лазалур бацийца бух.

Го билла йолалуш тулгIе,

Хин экъа егалуш-м гур.

 

Iийдалуш ешачу тархех,

Лайн лаба шершаш ю чу.

Лаьмнаш а декхаш ду мархех,

Шурина хьагделлачух.

 

Аьрха цу Iаьршара Iена

Аьхна цхьа, сирла и са.

Деллало ойланийн тIемаш

БIешерийн къайленаш ган.

 

Седарчийн буьйсано соьга,

Хетарехь, доху-кха дог.

Шен меттан буьхьиг схьакъедош,

Беттан цхьа сизалг а го.

 

 

*   *   *

Къорачу кинорачух

Туьду ас оьмаран амалш.

Иэсана  атта ду – гуш

Дахна дерг низаме дало.

Мела ю лазамийн урх.

Карара даьллачу ирсах

Далхадан хIораннан ду –

Кхолламийн тептаршка нийсса.

 

Зама сан некъа тIехь Iа,

Хьулйина иэс туьду Iамат.

Хилла дерг татталур дIа,

Амма и дицлахь, бу тамаш.

 

 

 

Дина НЕМИРОВСКАЯ

(Астрахань)

 

*   *   *

Iа лаьттара. ТIечIагIлуш яра чилла,

ТIе лайн кIац юьллуш, даздеш бIаьргнегIарш.

И Iуьйре, тиша абат маракъуьйлуш,

ДIагайта долош яра шен хаарш.

 

Iа Iемаш дара шело чоьхьаяха,

ЖилIалам а, синош а гIорадан,

Троллейбусаш а лемантIера яха,

Ткъа урамашкахь – лайн хIур шершабан.

 

Ва амма цец а дуьйлура и цхьаннах:

ДIа чучча куьйгаш даьхна, IиндагIаш

Цу арахь лелаш дара, бIаьста санна,

Iа кхеттол кхиъна доцуш Iилманаш.

 

 

САН ГIАЛА

 

Эсала хебаршка бIаьрг шен

Ийзабо кадечу малхо.

Кхузахь со, ураме яьлча,

Ца хуьлу, чохь чул, кхин цхьалха.

Гина ю кхузара дерриг,

Довзаза дисна а дац-кха –

Шурех мах бечарна тIера

Туьканийн корашка кхаччалц.

 

Цавевзачуьнца а атта

Тхан кхузахь тIекере лела,

Вовшашка маршалла хаттар

Доладо саламан мело.

 

Дерриг а ду кхузахь лайна:

Тайна, цатайна я лезна.

ЦIе а ю хIокхуьнан – Даймохк.

Стенга со гIор, и дIатесна?

 

 

 

Алина ТАЛЫБОВА

(Азербайджан)

 

*   *   *

Маьрша хьо цахилар дарий и-м дерриг…

Стакан чохь гомачу Iайгочух терра

ГIовгIаеш, екара хьан уьйрех йисна –

Кисанахь – йоьзачу нахартийн мисхал.

Экспресс а, лаьллина, къаьхкинчу боларх

Йоьдура, йол-йолуш, зурмане йолуш,

Васхалахь Iаш болчех шатлакхаш лелхош,

Iийна дIабахначех тийжамаш белхош.

Юх-юххехь Iоьхку вай доьхна ца гайттал

Пхенаш чохь денъелла хьийзара байташ.

Евро дIалелачохь яьллера гуьйре,

Бертахь еш паччахьийн, поэтийн уьйраш.

Кан тилла хийла «борз» мозгIаршка хIоттош,

Бешарчу гIенташкахь смартфонийн лоччарш

Юцуш, дIатекхачу оьмаран кхиэлехь

Хаттам а боцуш кхин, магийна лелаш

Дара-кха: чуьра дов дIа арадахар,

Жоьпан да ца хIутту тIом дуьхьалбахар

(Сербашна, баскашна, дIо ламанхошна),

Дожадеш машарна мел гIотту дош а.

Хьуна, цу къематийн дай санна, къежаш,

Гонаха хьийза и БАДаш тIехь бежарш.

ТIекаре бийлахь а, уьш а бу тIера

Вайн цIарах боллуш ган дуьненна кхерам.

 

 

ТОЙ

 

…КIеза санна, цхьанна-м тIаьххье

Тасадели IиндагI.

Тийналла а етIи цIеххьаш,

ЧIурам белххалц Iийна.

Атаели ангалих и…

«Маржа!» – кхоьсси цхьамма,

Шишанчуьра басна цIийх и

ЧагIар дIасаIанош.

Пондар боьлху, логан баьрчехь

Са дIалоьцуш мерза…

КIайн шаршу а къила хьерча,

Хьоькхнийн баса йоьрзуш…

 

 

ТХАН ГIАЛИН УРАМАШ

Баккъаш тIедевлларш, ва эмкалех терра, –

Зударел башха, ва тидалуш доцурш, –

Хьирчинарш, ва мохехь и месаш санна, –

Ширанаш, хенара массо а динан, –

Можачу кIажош тIехь гIина айкхдуьйлуш,

тевнехь бос-Iаьржачу Шехерезадийн

куьйгаша дуьттучу ва палсех терра,

даийна, даийна, ва дааделларш, –

Схьа тIекIелтуьйсучу рузманца санна,

шеран ва йий а хан хийцалурш шайца:

ша иномаркинчух хьердаьлла болар

лоьллу кху некъаца чиллерчу дарцо,

дIо дIа чувирзича-м – зазашлахь хьайба, –

Вовшашна галморзахдуьйлурш, ва къестош,

ва гергаялош а Европий, Азий, –

(Юккъерчу бIешерийн кертара тилла,

Яхна-дIаяйна ишак а ю лаьтташ,

кхозлагIчу эзаран шерийн Iам муьйлуш…)

Силамах йоьттина тулгIенаш ю-кха…

Нийсса ах царех – политикийн цIархой,

йисина важа ах – цIархой поэтийн:

бераша чул башха, шаьш-шайна тохкуш,

хоьржуш яц урамийн коьртера цIераш.

Амма вай… вай массо лела, уьш хьоьшуш,

стигла кIел йиллинчу музей чохь санна,

ахдааделлачу гайтаршка хьоьжуш:

«Дуьххьара ара ког левзина ков-керт»,

«Арахь ва дуьххьара баьккхина барт» а…

Дегнаш ва туьйсина, даьхначу тIулгех

Дехкина тхан гIалин урамаш деца.

 

 

Елена ЧЕРТКОВА

(США)

 

 

ГIАРГIУЛИ

 

Деэшначу гIаргIулино ойла,

ЦIахь са лаьтташ, йора лазаме.

БIаьста, хилча кхерч шен юхагойла,

Хьаьвзира и шовкъехь хелхаре.

«Хьо бацара, Даймохк, суна гIенах,

ТIомабуьйлуш, дуьхьал лилхинарг?» –

Бохуш, дегIан кIудал дIасаIенаш,

Безам цуьнан охьабилхира.

 

Месийн мокха оьла кIуьро лоьцу,

Лаьттан кIеда чим тIесийсабеш…

Мацах дуьйна олуш а ма деца:

Даймахкахь бен ца ле гIаргIулеш.

 

 

МУХIАЖАРШ

 

Гуттар керла гучу кошан борзах

Iаьржа – чов а дагалецаман.

Мацах вайца хилла долчо, морзах

Хьовзош санна, даг тIехь шед бина.

 

ДоьIу са а, логах чоьхьа гIойла

ТIеттIа хебаш, дуьйлу хораме.

Седарчашна юткъаелла ойла

Юьллуш кхиэле – бIаьрхин тIадаме.

 

Ткъа и тIадам, партал охьабахлой,

ЦIеххьаш бетIий, эккха тийналлехь.

ДегIан темах вай мел токху мах а

Узуш беца синойн терзанехь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.