http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Шабарша Печать Email

Карлюкевич Алесь


/Гочйинарг – Кадиев Руслан/

 

ШАБАРШАС АМЕРИКА КАРАЯРХ ЛАЬЦНА ДУЬЙЦУ

 

/Туьйра/

 

 

Селханехь дуьйна хьеший зингатийн Къаночо а, хин капитана а д1ахьон йолчу дарсана кечам бинера. Цхьана зингато метта буьххьера йина кхоссар дара, цуьнан бахьана. Хетерехь, даймахка д1акхача сатийсаро г1елдина хир дара, оьг1азе цо и аьлла хилла дела:

– Вайна х1ун ду х1ара хи т1ехь бен некъ?!. Свилочь я иштта Березина а – Колумбин Х1инде гезар ма даций и!.. Цигахь-м х1орд а, океан а… Мехашший, вайна г1енах а ца гина, яккхий тулг1енаш!..

Аьлла-м ша-шега аьлла хила мегара, амма хаза-м, схьахетарехь, массарна а хезара. Ткъа массо а кхийтарий те? Шабаршина цкъа вист ца хуьлуш 1ен дог хилира. И хьекъалча, Колумбина Х1инди, Азера цхьа боккха мохк, кара а бийа, цо цигара индусаш ирсе а бина боху, шена моьттучунна т1ехь дита. Делахь а, ойла йира капитана, ца нисдинчу г1алатах болу вон болх к1езга хир бац-кх аьлла. Цхьа болчара, ца хаар т1ехь, зингато аьлларг ц1ена бакъдерг санна т1еоьцур ду. Т1аккха махкахь а даьржана д1аг1ура ду – географехь жех1ала долчу зератхочо бохург массара бакъ дина т1е а эцна.

Зингатийн Къаночуьнга д1ахьаьжча, Шабарша дукха шера кхийтира: географи историца йоза езаш хиларх. Къаночуьна къаьсттина хьажар а дара, цхьани тайпа шеко ца юьтуш. Шен ц1ийнахочуьна жех1алло еъна г1айг1а яра цуьнан юхь т1ехь гуш.

– Доттаг1ий, – д1айолира хин капитана шолг1ачу 1уьйрана шен дарс, – доллу дуьне т1ехь гойту вайн глобус йоцуш новкъа хета. Х1етте а, суна дийца лаьа цхьана гезарх лаьцна, ша бахьана долуш географехь йоккха караяр хилла долу. Европехь Х1инди а евзаш, цига кхача луурш а болуш, зама яра и. Иштта лаам Колумбин а бара. Иза цкъа Испанера генарчу новкъа велира. Амма шен лехамо иза кхечу дуьнена кхачийра. Ткъа цхьани тайпа Х1инди, майрачу, хетарехь, т1ех майрачу гезархочунна ца карийна. Т1аьхьа гучуделира, – Шабарша догдика хьаьжира хаар доцучу зингате, – кхечу континента т1е цо ког баьккхира хилар. Кхеран хин кемано, чехкачу тулг1енаша дадийна, гезархой нисса кхечу аг1ор бигира: америкин континенте. Цундела кхузара бахархойх а идейцаш аьлла г1алат ц1е тиллина. И ц1е х1инца а яккха йисна Америк мехкан бахархойх. Бакъду, вайна карахь 1аматаш елхьара, дуккхачу тайпийн ц1ерш билгала яхар хир дара. Индейцийн уьш цец дийллал дукха ю, вуно дукха ламасташ долуш ду цу континентера халкъаш.

Хаарш к1езга долу зингато, цу хенахь леррана ладуг1уш хилла долу, меллаша элира:

– Ц1ерш яхахь, хьомсара капитан, цу тайпанийн. Ас уьш дагахь латтор яра, кхин г1алат а дера дацара, – зингато эхь хетта шен пистон б1аьргаш охьахьовсийра.

– Дика ду, ас хьахор ю, сайна дагйог1урш…

– Кхин а кхета делахь, лараме Шабарш, ерриш дагйян йиш х1унда яц, – юкъах ваьккхира капитан зингатийн Къаночо.

Массо а сакх хилира. Ткъа Шабарш дарс д1ахьош вара, америкера индейцашка беанчу бохамах дуьйцура, б1е шершкахь церан селханлера мехка боцу хьешаша лехкар а, т1аьххьара т1ебаьхкинчарах Америкехь дай хиларх лаьцна а.

– Команчи, чероки, чикасо, пауни, – ц1ерш йохура Шабарша. – И ц1ерш дукха маь1на долуш ю, уьш царна елларг кхоллам а бу. Масала, пауни, Оклахомехь 1аш болу, – иза «нахана юккъера нах» бохург ду. Ткъа чероки – «шолг1ачу маттара нах». Чикасо – «г1аттамхой». Х1ора тайпана шен ламаст а, амал а, мотт а бу. Мацах уьш бара Америкин дай. Амма Колумбина т1аьххье дуьнена массо маь11ера кхечу мехкашкара нах баьхкира. Уьш нуьцкъала, герзана г1оьнца, индейцийн латта схьадаккха а, уьш маршонах бохо а буьйлабелира. Ткъа ч1огг1а дуьхьала бевларш – х1аллакбан а…

Зингатий тийна 1аш дара, меттах довла а ца х1уьттуш. Хин тулг1енаш бен яцара хин кеман оганах етталуш.

– Индейцийн ламасташ-м, – дуьйцура Шабаршас, – уггаре маьршачарех дара. Оджибвеиш таллархой а, ч1ерий луьйцуш а, хьуьнан акха стом лахьош а бара. Х1инца а, царах дийна биснарш, акха дуга а, леган мутт а лахьош бу. Цул совнаха, хаддаза 1аламца бертахь бехарш дика таллархой а, т1емалой а бара. Чирикауарна юкъахь (уьш цхьа эзар ах эзар бен бисна бац) зударий а бара т1ом бан а, кхерам боцуш мостаг1чунна дуьхьало ян а хууш. Ткъа хокей, хаьи шуна, хьанна дагйеъна? Индейцашна. 1аьржа когаш – иштта олуш тайпа хилла, церан божарий саттийна г1ожмашца буьрканах ловзуш хилла дела, таханлерачу клюшкех ч1ог1а шаьш тера йолчу.

Шабаршас зингаташна дийцира, индейцаш резервацешка муха лоьхкура, доллучу дуьненах уьш д1акъасторхьама. Церан тайпанашкара бераш д1а муха кхуьйлура, керлачу ишколашкахь ненан маттахь къамел дар а доьхкуш. Церан эшареххий, хелхареххий боьлуш, кхаьрдаш хиларх лаьцна а.

Тохарлера 1илманча бецал лоха а, хил тийна а 1аш дара. Ткъа хин капитанин, х1инца кхеран хьехархочуьна, инкуота дийцарехь соцунг1а деъча, юха а ала х1оьттира:

– Делахь х1ета, Колумбас дика болх бац-кх индейцашна бинарг, дайн махках, шайн исторех хадош, юкъара 1ойла дахаран гонах хадийна, гергачарах, юххерачарах, тайпанах бохуш?

– И ч1ог1а хала, вуно чог1а хала, хетарехь, жоп доцу хаттар ду, – дийца волавелира Шабарш. – Колумб я и саннарг кхин верг ца хиллехьара, хууш дац, маса б1е шарахь апачи а, чероки а шайн къовламен дуьненахь мел 1ийна хир бара. Я вайн заманахь а церан континентехь машенаш а, х1аваъ кеманаш а хир дарий те? Х1аъ, индейцийн тайпа пуэбло, европейцаш бахкалца говраш евзаш а, кертахь хьайба лелош а, бошмаш кхиош а бацара…

Шабаршас селхана к1адда а ца хуург аьлла т1ехтоьхна зингат, ч1ог1а ладаме делира. Хетара, цунна дуьненахь мел долу х1ума диц а делла индейцашций бен бала бац – иштта, Европера баьхкинчара царна динчух лаьцна а.

Хин тулг1енаш кхоччуш д1атийнера. Хица охьадоьду хин кеман болар лахлуш дара. Хьеший зингатий даймахке д1акхето доьдучу хин кемана т1ехула, цкъа а, юха а сирсай, йилбаз говр я кхин цхьа са долу х1ума т1ома йоьдура. Амма тийналле ладоьг1уш 1ен йиш яцара. Дарс чекх а яьккхина балха х1отта дезара, хин т1ехь гезачу хенахь иза гуттара а хуьлуш бара.

– Хетарехь, деригге доьзна, хьоме зингатий, хьена х1ун дог-ойла ю хьаьжжина. Дуьне, къастана х1инца, хала ду дозанаш детташ декъа. Я уьш гуттара оьшуш а дац. Коьртаниг ду, вежарий, кхин дерг: массаьрца бертахь дахар, даггара вовше г1о а деш. Ткъа, дера х1ета, вовшашка ларам а болуш. Схьагарехь девнаххий, летархий, сий дайархий хьалхадовла некъ бац…

 

 

 

Шабарша седарчий долчу воьду

/Туьйра/

 

Кхоьлана мархаша луьста го бина малх, меллаша ана шершаш бара. Хеталора, х1ицца, тоька стогар санна иза цхьамма д1а а байина, кхоччуш 1аржалур ю. Амма хин капитанна хаьара, буьйса йоьлча а цуьнан гезар д1аг1ура дуьйла. Дикка тидам бича, 1аьржа буса а сирла некъ карабо.

Шабаршан б1аьргаш боданах доьллера, генара седарчийн серлоно мелла а къагина болу. Уьш т1аьхь-т1аьхьа стиглахь садуьйлуш дара. Кхин чолхалла йоцуш де чекхдаларх воккха а веш, гезархой зингатий дийшина долчу хенахь, жиманиг майрра ойлане велара. Ткъа майра – х1унда? Цуьнан цхьа а х1илла доцу бахьана дара, т1аьхьарчу хенахь х1ора дийнахь Шабаршица цхьа 1аламаташ нислора. Х1ара цхьана х1уманна ойла ян ма х1оьттинехь, иза эццахь кхочуш хилла карадора. Я иштта вайн гезархочуьна хьуьнар гучудалар делахь а, я иза Дашо Г1амартига ен забарш елахь а, амма дагахь а доцуш ч1ог1а нуьцкъе хуьлура ойлийн ницкъ.

Цундела сихо ца йора Шабарша цхьана билггалчу х1уманна ойла ян. Цхьаъ дагадар – иза эццахь кхочуш хуьлу. Цкъа хьалха цхьа 1алашо нисъян сацам бира, ойланаш низаме а ялаеш.

Лерса ирдина, капитан гонаха д1асахьаьжира, т1аьхьашха а хьаьжира. Иштта, хетарехь, зингатий ду наб еш… Хин кемана оганал дехьа б1аьрг туьйхира, леррана хине хьаьжира. Хи а туьйша долчух тера дара. Тулг1енаш а х1инца сихаллехь къуьссуш яцара, цхьаъ вукхулла хьалха яла г1ерташ.

Хи т1ехь Шабаршина б1аьрго, юткъа зиезан каьрдиг лецира лецира. Иза, хетара 1аламат ч1ог1а юткъа йолуш, мел мелчу мохо а хин т1ехула айина геналле д1ахьура ю. «Ма, схьахетарехь, инкуота хила мегара цхьана эха сохьтана мукъна а цу каьрдиг т1е кхаьчча», – дагатесира Шабаршина.

… И ойла масех х1айт ялале кхочуш хиллара. Шабаршина х1ума хаадала а кхиале, мохо айинчу, каьрдигах тасавеллера карийра ша. Х1ора минотехь а, х1ора механ хьакхарехь а иза шена керла – х1инца х1аваан – кемано лакхе йоккхура. Хин аре генна лахахь а йисна, гуттара жимлуш, жимлуш яра… Хин хоршах цкъа дуткъа лента хилира, цул т1аьхьа халла б1аьрго лоцу жима сиз хилла дайра.

– Со седаршна т1е воьдуш ву, – мохь тоха г1оьртира Шабарш. Амма цуьнан аз йистйоцчу паналлехь дайра.

Тамаше синхаамо хин капитанин хьалха мел хилла сингаттамаш д1абехьнера. Кхуьнан зиезан каьрдиган кема лакха мел долу а, Шабаршина ша боданехь парг1атонехь хетара. Цкъацкъа хеталора, буьйсанера дийне волуш санна. Гонаха д1асахьежан бен ца кхуьура. Мох а сецнера, х1инца з1аьнарш яцара лепаш ерш, гезархочун массо а аг1ор го баьккхина дерш седарчий дара. Тайп-тайпана ойланаш хьийзара Шабаршин коьртехь.

Буоза Г1амартиге ойланехь жоп деха сацам бира цо, г1ад дайчи бен иза хьеян мегар доций шена хуъушехь. Амма Буоза Г1амартигна, Шабаршин шеконаш хааелла, кхуо уьш хьахаяле, ша дуьхьала йистхилира.

– Ма кхерахь, сан майра доттаг1, мехка доцу зингатий к1елхьарадаккхархо!.. – генара Свилочера Буоза Г1амартиги аз кхечара. – Хьуна кхерам болуш х1умма а дац. Кхетаман ницкъо а, космосан кхолламо а хьо иштта д1а Шурин Некъа (Ча Такхийна Тача) т1е вуьгуш ву…

– Ткъа стенга боьдуш бу и некъ? – хаьттира капитана.

– Ас цкъа хьалха цхьа шира дийцар дуьйцур ду хьуна… Шурийн Некан (Ча Такхийна Тача) галактика – иза йистйоцу шорте ю. Цунна чу дог1у маьлхан х1оттам а, х1инца хьуна гуш долу седарчий а…

– Ткъа уьш муха кхолладелла? – са ца тохаделира Шабарше. Бакъ ду, иза эццахь кхета-м а кхийтира, шен сихаллица ша Буоза Г1амартигна ницкъ бойла.

– Х1ара дийцар кхоьллинарш бу ширачу заманахь баьхна грекаш. Зевсана (Сиела) – иштта дела хилла – шен дуьненара зудчо вина к1ант, Геракл, 1ожал йоцуш ван лиъна. Цо буьйсана шен дела х1усамнана Герана хьалха диллина бера, цуьнга аьрда шура малийтархьама. Гера самаяьлча, ша дакхош дерг шен бера доцийла а гина, цо Геракл д1атеттина. Делан некхера шура гонаха д1асакхетта. Ткъа делан шурин х1ора т1адаман ницкъ иштта бара, х1аваах уьш д1ахьакха ма белла, царах даккхийра а, кегийра а Шурин Некъан (Ча Такхийна Тача) седарчий хуьлуш.

– Суна хаьа, полякин маттахь шурех млеко олийла… Вероника деца-ненаца Польшие яг1а кечлуш цо цхьацца дешнаш 1амадора, – хазхетта элира Шабаршас.

– Сербоша а олу иштта шурех… Ткъа немцоша олу – милк… Гой хьуна, Шурин Некъан (Ча Такхийна Тача) ц1е а, седарчий кхолладаларх лаьцнарг а ахь, хетарехь, кхетош ду…

Шабаршина Буоза Г1амартиге кхин а цхьацца х1ума хатта лаьара. Амма космосин мохо кхуьнан зиезан кема генна гена д1ахьош дара.

Б1аьрса кхуьуш ца кхуьуш дара йистйоцчу шортонехь даккхий-кегий седарчийн терго яр.

Хин капитанна гезар ч1ог1а инкуота хеттера, шен тайна хи а, х1инца кхуьнан доттаг1ий хилла долу, мехка доцу зингатий а дицлуш.

Схьахетарехь, иза иштта лелар вара кегийра а, даккхийра а седаршна т1е а оьхуш, цхьа дагахь доцург кхунах ца 1оттаделлехьара…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.