http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Шабарша Печать Email

Карлюкевич Алесь

 

/Гочйинарг – Кадиев Руслан/

 

 

ШАБАРШАС ХИ Т1ЕХЬ ИШКОЛ СХЬАЙОЬЛЛУ

 

/Туьйра/

 

 

Хьеший зингаташа дина къеема сел парг1ате долуш, хин капитанна, шен накъост Вероникица петарчохь ву ша моттаделира. Масех минот яьлча йо1а оьшшучуьра дневник схьа а йиллина – т1аккха бера цу юккъера ара вера ву стоьла т1ехь волавала а, цуьнан киншкашна юкъа хьажа а. Шена дукха деза географин атлас т1е а хьажа мега.

Ойлано вехьна 1ачу Шабаршина тидам ца хилира, хьешийн зингатийн вааг1ар шена т1е вог1уш.

– Сан маршалла ду хьоьга, капитан! – ларамца вистхилира вааг1ар. – Х1ара вайн къеема хьучу тулг1енашка хьоьжуш, ц1а кхачар кестта хир долуш, самукъадаьлла сан. Мел йолу г1айг1а а цхьанхьа гена йолий, кху тулг1енаша йохайо. Цкъацкъа, хи лаг1аделча, цхьацца ойлано тем байахь а. Ладог1ахь, Шабарш, сан цхьа доккха дехар дар-кх хьоьга…

Вааг1ар соцунг1 хилира. Капитано белшаш а нисйина, шен пистуона б1аьргаш д1асахьовсийра. «Х1ун эра ду те х1инца вааг1аро? Коьрта а, сий долчу зингатана соьга жоп далалур дуй те? Цуьнан ва1да кхочуш далур дуй те?» – синтем байра Шабаршин.

– Тхан хьомала доттаг1,– жимма айдина а, кхачам боллуш ладаме а вистхилира вааг1ар капитане. – Свилочуо парг1ат дуьгу шен хиш даккхий хишка а, 1аьржа х1ордан т1е а. Тхуна къеемахь тоъал парг1ат а, дика а ду. Цхьани тайпа вон 1ойла дацара, дукха езна туьйлигехь чулла башха, тхо сица а, дагца а хьакхаделлачу хьан махкахой долчохь хьошалг1ахь а, цхьаьна къахьоьгуш а 1ийна долчу… Амма вайн гиезар цхьана дийнахь чекхдера долуш дац. Тхьан 1едал ма даций, хьуна гина ма хиллара, гуттара цхьаъ деш бен хила. Къеемахь 1илла а1уьллуш хан такхар – иза кхин хила йишйоцуш хала болх бу. Цу балхо вуно ч1ог1а г1ел а во…

Вааг1аро эццах шен къамел сацийра. Д1асахьаьжира. Шен т1одах цхьа т1од шен накъостий зингатий долчухьа д1а а хьажийна:

– Уьш дан х1ума дацаро г1елдина. Зингаташна болх беза. Тхо хино сеца ца дахьара, кху чуьра ара а девла берда т1е кхача йиш елхьара, оха тача-некъаш а лехна, билггала бакъ долуш, цхьанхьа керла туьйлиг йина хир яра.

Шабарша ойлане велира. Боккъалла а, жима къеема ма даций к1охцалгеххий, генеххий, уьш мел кегий хир делахь а, г1ала ютту меттиг. Шабаршина йоккха г1ала санний бен кхечу тайпана туьйлиг хуьлуш ю аьлла ца хетара. И санна ерг къеемана т1е йиллахь – эццахь харца а гена дац. Ткъа и к1охцалгаш мичхьа каро деза?! «Цу говзаллийн исбаьхьалла массаьргахь ма яций, – ойла хилира Шабаршина. – Уьш-м, зингатий, къинхьегамхой хилла ца 1аш, амма кхетаме а, доьналле а, цхьана 1алашоне мел беза а мохь мохь д1ахьура болуш а, хетарехь, иштта к1еззиг доцу 1илма шайгахь долуш а ду. Х1ета ас царна кхузахь ишкал х1оттор яра, дуьйцур а дара, Вероникера сайна мел хезнарг».

Берана, вааг1арна хьалха г1аьххьа бег1ийла ца хийтира. Дера эхь а хийтира цуьнан тидаме хьажар бахьана долуш. Делахь а, керла ойланна, шеко йоцуш сагаттар хьокъех кхоллаелла хила езаш йолу, къегана маьлхан з1аьнаро новкъарло йира. Иза хи чуьра къеема аг1он т1е кхоссаелира. Цул т1аьхьа, Шабаршина куьйгаха хьакхаелира, цуьнан доллу дег1 аьхна йовхонах а дузуш. Капитано шен куьйгийн буйнаш ч1огг1а къевлира. Ткъа маьлхан з1аьнар къеема чухула кхиссалуш кхин д1а а яхана, суйнаш хилла яьржаш, маьлхан еларехь дуккхачу хин тулг1енах хьакхаелира. «Х1ара-м Буоза Г1амартиг ма ю суна хаам беш», – аз далаза делира Шабаршера.

Бакъду, цу гучудаларх жоп карорна к1езга г1о хилира, зингаташна х1ун хьашт, муьлха г1уллакх т1едожорна хьокъехь аьлла. Буоза Г1амартиг дагаяро Шабарша цхьана ойлана т1ехь ч1аг1велла хилар ца хьахийча. Т1аккха хин капитана майрра д1айийцира зингатийн вааг1аре шен 1алашо:

– Вайн гезар долчу ханна къеемахь ишкол схьаелла еза. Х1ора дийнахь вай тайп-тайпана дарсаш д1ахьура ю. Х1иццехь суна цхьа хьехархо мила хир ву хаьа… – къена зингатна г1уортаме б1аьра хьаьжира бера. Хин капитанна жоьпалле дакъа вааг1аре кховдо лиира. Амма кхин х1умма а ала кхиале, жоп хезира:

– Суна а хаьа. Ахь дика билгалбина вай бан беза некъ, хьол г1олехь а, хьан чулла зиеделларг долу географин хьехархо а суна ца вевза.

Кхечу хьолехь хин капитан къовсавала мегара, ткъа х1инца х1ара декхарийлахь вара зингатийн г1о лаца. Шабаршас юха а ойла йира Буоза Г1амартиган, дагадеара ца бевла лелачу 1алаахойн шайн Даймахка кхача г1о дан ша дина ва1да.

– Баркалла хьуна, тхан хьомсара доттаг1! – вааг1ар юха а шен некъахошка д1ахьаьжира. Цул т1аьхьа капитанин г1антана кхин а юххе т1ехилира. Т1аккха кхоччуш тийна дистхилира:

– Х1ара ду хьуна, капитан, цкъа хьалха деригге, г1олехьчу аг1ор, къастор вай. Хьуна а ма хаьи, сихачо цхьа болх шозза бой. Хьан дешархой хенара белахь а, дарсаш д1аяхьар, царах пайда хуьлчу аг1ор, вуно аттачех г1уллакх ма даций. Амма сагатдар кхетам т1ехь хила деза. Леларг бен охьа а ма ца кхета.

Капитанассий, ваг1арой дехха д1а дийцаре дира, башха хин ишколехь дезар шаьшша д1а муха хьура ду. Х1ун, муьлха аллаш хьоьхур ю? 1аматийн метта х1ун хир ю? Ц1ахь бан лун балхана х1ун до? Зингаташна яздар т1едуьллуш ду я дац, т1едиллахь хьанна т1ехь яздийра ду? Шабаршина, дукха хан йоцуш Дада Фенологца цхьаьнакхетар дага а деъна, географин дарсана кхин а хенах1оттаман дарс а т1етоха. Ткъа зингатийн вааг1арас реза хуьлуш т1елецира цу дарсехь йочанаххий, малхаххий хаам бан. Иштта дог1анаххий, ч1иехкаххий лаьцна а.

 

 

 

ШАБАРШАС БЕЛАРУСИН МОТТ БОВЗУЬЙТУ

 

 

Селхана сарахь дуьйна хин капитанин зингаташна беларусин мотт бовзийта сацам хиллера. Ткъа 1уьйрана шеко а-м кхоллаелира: оьший те царна иза аьлла. Мотт – хьомениг а, дуьненахь уггаре диканиг белахь а – хьешашна иза, ца хилча йишйоцу,  математика ма яций. Цуьнан кхин мехала сий ма ду, математикил а, астрономил а доцу. Шабаршина лии-кх иза, ч1огг1а а лууш. Кхузахь кхин ала х1ума а доцуш. И бахьанехь кхоллабелла лааммий, ойлий маьлхан серлоне йуьйлу, цкъа мацца а дикчу г1уллакхашца дуьненахь къагархьама.

Вероникин дарсашца Шабаршин хаьара, берашна баш ч1ог1а а ца безара беларусин мотт – мову, и цунах цец а вуьйлура. Цхьа довха а, даггара а, цхьа к1еда, аьхна хетара цунна дуккха а дешнаш. Схьаоьцур вай х1орш мукъне а: шчырасць, надзейнасць, мілосць, руплівасць, смак, краскі, цеплыня, улюбёнасць, светласць… Цкъацкъа Шабаршина цхьадолчу дешан маь1на а ца хаьара, я хаза ма хеззинехь, эццахь, цо хьулдинарг х1ун ду Веронике хатта аьтту а ца болура. Ткъа масех сахьт даьлча дуккха а дерг дицлора. Амма цхьа хан зама яьлча, и ца кхеташ хилла дош цхьанхьара карладолура, гучудолура, 1ер-дахаран г1овг1анах къаьсташ къегара. Цхьа тамашийна х1ума дара: шозлаг1ий, кхозлаг1ий хезча Шабаршина шена карадора дешан маь1на, нийса кхетара цо бохучух.

Зингатий сама ма девлинехь, хин капитана д1ахьедира:

– Доттаг1ий, шу кийча ма хиллинехь, таханлера хих чам ма баьккхинехь, ас дарсе кхойкху шу. И шуна дагахь йоцург хила а там бу…

Шабаршас кхин х1умма а ца элира. Масех минот елира. Хьашталла а, марзалла а йоьссина зингатий хин кемана г1антана юххе г1оьртира. Церан б1аьргаш хаттарца хьоьжура шайн хьехархочуьна юьхье.

– Доттаг1ий, – хин капитан жимма соцунг1а хилира. Цунна дог хьостуш ма дайца беларусин маттах лаьцна дийцар. Нагахь беларусин мотт – мову – Вероникица цхьана классехь доьшучу берашна, Белорусехь 1аш доллушехь, генна массарна а хууш ца хилча, хьеший зингатех лаьцна х1ун эра ду. Делахь а юьхь йолийна, ткъа Шабаршина а ма ду нена маттара дош хьоме. – Суна шуьца беларусин маттах лаьцна дарс д1аяхьа лаьара.

Хин капитанас зингатийн воккхачуьна хьажар лецира. Цкъа хьалха цунна тем бара хааделира шеца, делахь а махкара воцург  тийна 1арех Шабаршина гира иза кхеташ а, т1етовш а хилар. Цо синтем а, ницкъ а белира кхунна.

– Сан хьоменаш, беларусин мотт к1еда-мерза а, лерса хьостуш а, и ца хаза а, ца кхета а, пайда ца эца а йиш янне йоцуш бу. Вай х1инца хи т1ехь ду. Хета тарло, гонд1а хи бен дац. Хи, хи ду, кхин ала х1умма а дац.  Амма цунах лаьцна мел дешнаш ду, тамаш бина ца довлал, шен башхалла йолу дешнаш. Ладог1ийша…

Шабаршас цхьа мог1а беларусин дош элара, хих лацна дуккха а дуьйцуш долу. Иза хила тарлуш ду празрыстая а, халодная а, цёплая а, гарачая а, гаючая а (дарбане) а, пякучая а, хуткая а, ледзяная а… Кхин а – вясенняя, талая, калючая, сцюдзёная, крынічная... Капитан ша а кхеташ вацара, шена мичара девла цу дешан и чот йоцу маь1наш. Хетарехь, Шабаршина хенаца дагадан а там бара, цхьадолу, доккха дацахь а, г1о-накъосталла шена Буоза Г1амартиго диний.  Иза яра, дийнахь а, буса а хин кеманара дахарна терго еш. Ткъа хьекъал долчу капитанна г1о дар башха хала а дацара. Яханчу хенахь Вероникица цхьаьна д1аехьна дарсаш а яра, гуттара керлачу хааршна т1аьхьа кхиа лаам а бара. Ткъа дешарний, 1илманний цулла бег1ийла х1ума данне а дац. Хьеший зингаташа хин капитане лерана ладуг1ура, цхьа а ца хезаш дош дисарна а кхоьруш.

– Ненан маттахь кхоллало, – кхин д1а а дуьйцура Шабаршас, – хиний, 1омийн ц1ерш даймехкан тайп-тайпана меттигашкахь. Уьш ца хаар, церан беларусин маттаца дозуш, ийна хилар ца гар – къора хила а, са а, дог а къевлина дехаш хилар ду. Свилочь, Березина, Птичь, Болочанка, Волма, Титовка, Талька, Железинка, Шать – х1орш-м юххера хин ц1ерш бен яц. Ткъа кхин д1а аьлча, гуонаха б1аьрг тоьхча, кхин гене д1ахьаьвсича… хиш бен хилла а ма ца 1а… Мел хаза ю беларусийн яртийн ц1ерш а!..  Иллийн мукъам бу-кх!.. Слуцк, Слоним, Славгород, Саматевичи, Сморьгонь… Я – Ошмяны, Островец, Елизово, Языль, Залесье, Пружаны, Полоцк, Орша…

Хьеший зингатийн воккхачо ша 1ачуьра хьала а айделла Шабарше цхьана масех минотана ша къамелана юкъах ваккхар доьхуш бакъо йийхира.

– Хьомсара Шабарша, тхуна ч1ог1а товш ду хьоьга ладог1ар, ткъа беларусин мотт а тхуна гергара бу. Оха зовкх хилла ладуг1ура лерса хьоьсту, аьхна беларусин бешийн, аренийн ц1ершка. Ткъа шун адмийн ц1ерш: Янка, Алесь, Вероника, Максим, Алена…  Шун дозалла дан меттиг бу. Беларусин мотт – комаьрша а, украинин маттана, тхан дагца бу и даима, дика лулахо а бу. Ларделаш, ларалаш нена маттара дош! Цуьнца шу хьал долуш хир ду шуна.

Хеталора цхьаннахьара боцуш санна белара ч1ог1а белахь а, амма бовха мох. Хин тулг1енаш айелира. Делахь а Шабаршас я гезархой зингаташа цуьнан башха тидам а ца бира. Йовхо а, безам а бара церан даге а, сине а йоьссина.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.