http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Шабарша... Печать Email

Карлюкевич Алесь /Минск, Беларусь/

/Гочйинарг – Кадиев Руслан/

 

 

Шабарша

зингатий хьешийн туьйране ладуг1у

/Туьйра/

 

 

Маьжна З1ора маса йоьдура, уггаре к1орга хералшна т1ехула дехьа а лелхаш. Цунна т1аьхьа хьаьдда воьдура Шабарша а. Цкъацкъа иза вада а водура, ц1ечу 1алашонна т1аьхьа кхиархьама.

– Хетарехь а доцуш, белхан де чекхдаьлла, – шена некъ гойтучунна т1аьхьахьаьдда вог1у хин капитан хаам бан г1ертара. Иза ала г1ертара, сел сихо яр оьшуш ца хилар. Иллаъ-биллаъ зингатий цхьанахьа а г1ура дацара, сарралца уьдуш а лелла, хетарехь, шайн сонешкахь парг1ат девла 1аш хир ду. Шабарша кхетара, Маьжна З1орана ша ца хеза а мегаш хиларх: иза дукха сиха йоьдура, т1аьхьашха лаьттахь маьлха цинцаш а даржош.

Х1ан-х1а! Маьжна З1орана хаза-м дера хезара иза.

– Иштта хила а там ма бу и, сан доттаг1… Делахь зингаташна хан цкъа а тоьаш яц-кх. Уьш хьаха къинхьегамхой дера бу, шайха хьега а мегар долуш. Ткъа тхан туьйлик иштта ч1ог1а йоккха хилар а, хьешийн хьуьнар а ду кхузахь. Х1ета дагдеъанчуьра, хьуна хаийта: дуьненахь 12 эзар гергга бен зинагатийн тайпа дац. Ткъа вайна маажехь – Белорусехь, Украинехь, Россехь – 300 гергга тайпа бу.

Шабарша кхин а леррана хьежа вуьйлира Маьжна З1оре. Х1ан-х1а, дуьххьара ма моттара дош доцуш ца хилла х1ара. Цхьана аг1ора зингатех тера а-м дера ю. Хеталора, иза х1инцца зингат а хилла, стенга ала доцуш къайла ера ю. Цкъа мацах паччахь к1ант Иванас, зингат а хилла, Балуор ломана чоьхьа а вьлла паччахьан йо1 к1елхьара йоккху. Хьаъа х1уъу бахарх, зингатийн аьттонаш бакхий бу. Цхьа а кхача йиш йоцучига кхачало, шаьш ма-дарра къайлена меттигийн маазуой  ду-кх. Дукха синош а, дукха х1ума а к1елхьара даьккхина цара Дуьнена х1орд бижанчул т1аьхьа. Дуьйцуш ду, Вьетнамехь Хлюч Кенту зингато дуган буьртиг д1а а лачкъина, цуьнцана доллучу т1еман зерехь чекхдаьлла хилла бохуш. Шабаршан генара кхечу мехкашкара тамашийна х1ума дукха девзара, делахь а, Днепрехула Свилоче кхаьчначарех лаьцна х1умма а ца хаьара.

Маьжна З1оро кхин цхьаъ а гола туьйхира. Цхьаммо луьйца йоьг1ча санна, д1атийра. Маьлхан цинцаш массо а аг1ор д1асаяхара. Уггаре дукха – лакха, исбаьхьа нур дина. Цхьа минот яьлча и нур кегий цинцаш хилла даржа долало – цхьа хаза, Шабаршера дог ловзадолий мохь а болуш:

– Ша ма-дарра маьлхан дог1а!..

Хин капитана гуонаха маажа (пространство ближнее) шорло. Маьлхан серлонан йийсарера шинна а аг1ора г1анташ а, стол а гучуелира. Х1ора а аг1ор 1аш мел к1езга а иттех зингат дара.

– Довза шайна, доттаг1ий а хила. Шабаршас керла некъаш эшон а г1о дийра ду, схьахетарехь, аш дицдина шира тачанаш къар муха дан деза а дуьйцур ду, – элира Маьжна З1оро. Иза а аьлла т1ап-аьлла яйра, цигахь ша хила а ца хилча санна. Т1аьххьара догучу т1емах ела къежара, канашкахь маьлхан з1аьнарш а яржош.

Шабарша лерана хьоьжара хьешашка. Уьш дукха къаьсташ а дацара шайн свидочера гергарчарах. Цундела тасаелла хир ю церан Белорусехь массаьрца а доттаг1алла сел атта. Лаа ма дацара йоккхачу Софис балхана т1ера а, даггара а, ц1ена а ду бохуш церан хестор. Бакъ ду, уьш мел т1екаре хиллехь а сингаттам хаалора церан хьажарехь. Цхьа г1ийла г1айг1а яра юьхь т1ехь гуш.

Шен керла накъосташна леррана б1аьра а хьоьжуш, схьахетарехь, атта доцчу гезарехь шен некъа-накъосташка, Шабаршана х1ета ца хаьара, ша х1ун аьлла д1аволавала веза. Муьлха хеттарша йохор яц уьйра таса луу дог-ойла? Муха хила еза дуьххьарлера г1улч? Делахь а мотта сецча санна 1ен йиш яцара.

– Сан хьоомала зингатий, довза хьовса вай, – тийналла йохийра хин капитано. – Сан ц1е Шабарша ю, со гиезар дезаш а ву. Шух лаьцна а к1езг-мезга х1ума хаьа суна. Буоза Г1амартиго дийцина суна, шун шайна Даймахке кхача лаан бен кхин ойла йолуш дац аьлла. Цхьаьни г1оьртичи некъ каро там бара вайна шайна хьоме махка, нагахь санна, х1ета, шу дуьхьала дацахь…

Эццахь Шабаршина х1ора чоца хааделира, зингатий шега ч1ог1а сема хьоьжий, цуьнан ойланна т1аьхьа а кхиъна, дагахь х1ун ду хаа г1ерташ.

– Дика ду х1ета, Буоза Г1амартиго магинарг тхуна 1едал ду, – дуьххьара дистхилира стоьла хьалха юккъехь 1аш долу зингат. – Ахь тхо боккъала а 1ехош дацахь, тхо хьуна т1аьхьа ц1ерга а, хичу а лелха кийча ду. Дукха хан ю тхо кху туьйлигехь 1ен, амма тхайн кхиъна меттиг йиц-м ца елла…

– Цхьа туьйра а дера ду оха х1ора сарахь дуьйцуш, – къамелана юкъа дог1у кхин цхьа зингат а. – Х1инца а гулделлера тхо набарна товжале дагадаийта…

– Бехк ма биллалаш, шун ламаст со дохош велахь, – бехказавала сихо йира Шабаршас. – Делахь х1ета, туьйране цхьани ладог1а вай? Къамел дан-м вай кхуьур ма дай…

– Х1аъ, х1аъ, ламаст дохо ца оьшу. Хьомала туьйра ца хилча йиш яц… Ладуг1ур цуьнга, вешан Даймохк а дагабоуьйтур – т1аккха къамел а кхин хир ду, забарзие а, ц1ена а. Доллу зингатий, дуьххьара Шабаршца къамеле даьллачуьнга хьаьвсира.

– Ца хаьа, вайн хьешана туьйра муха хетар ду, ткъа тхуна-м иза – даймохк дагабаийта ца хилча йиш йоцуш ду… Ахьаъ ладог1ахь цуьнга, Шабарш. …Каменцений, Студнейний юккъехула боьдуш чумакийн некъ бу. Чумакаш – гезахой а, ч1ерий, туьхий духку а совдегархой бу, – Шабаршина цу дашах кхетам белира Хьалхарча Зингато (х1инца Шабаршас ишттий бен ца йоккхура цуьнан ц1е). …Юьртахь кхуьуш дара ши буо – Иванкий, Марийкий. Баккхий хилча мах бира, доьзалхо дуьнена валлалца собар дира. Цхьа лаьттан цахцар эца а, ц1аьцалг дан а Иван чумакашцана Кхирме туьха эца вахара. Цара 1одика еш, царна т1ехула йоьлхучу г1араг1улеша, г1айг1ане «кру-кру» хазира. Марийкас элира: «Хьо мичхьа а хиларх, хьайна г1араг1улеш ма хезнехь, со хьайга хьоьжуш юйла хаалахь…».

Кхирме чумакаш башха хилам боцуш д1а а кхечира, ма дезза туьха а ийцира. Ткъа юха бирзинчул т1аьхьа, Акха Арара санна г1езалой т1е а летта, дуккха а эгира, биснарш йийсар а бина галеркхах з1енашца д1атуьйхира. Ца хаьа, галера мох-дорцо хьовзийча, мел шо даьлла хир дара. Амма эццахь йийсархошна т1ехула г1араг1улеш йийкира. Цу сохьта Иване ницкъ боьссира: цо йийсархошка омра дира мох-дорца къийсам беш, галера а, шайн са а к1елхьара даха аьлла. Шайн ницкъ ма кхоччу галера лелина, х1ордан кхераме меттигах т1ехлилхира.

Амма галера цаевзачу г1айрен гомхиет1а кхоьссира.

Иванкас хьоладега хонкахочуьнга дийхира, кеманхой з1енах парг1ат бахар. Галера юха а хичу такхо дезара аьлла. Кема тулг1енашка ма делли, Иванкас мохь олу: «Вежарий, туху вай хонкархочун! Кхин лай хир дац вай!»

Х1аъ, маршо яьккхира, амма берда т1е берриш ца кхечира. Ткъа кхузахь а йийсаре кхечира: юха а г1езалойн кара бахара.

Церан баьччо омра дира, кеманхойн б1аьргаш дагаде аьлла. Эрна арахь битира, эрча баьхна, б1арзбина, акхарошна напхана.

Цхьа Иван бен ца висира. Мацаллий, чевнашший бахьана долуш леш вара, кхунна «кру-кру» хезаш. Юхаъ дег1е мичара ца хууш ницкъ беара. Ткъа эццахь чумакаш бара бог1уш, цара Иван 1унал деш шайха а туьйхира.

Эххара, бала лайна стаг, чумакашцана борзан басет1е кхечира, мацах Марийкицана ша кхиина шовдан йисте. Цу хин чам бевзира. Шовдана хица хьогалла а малйина байт1ехь наб кхийтира цунна. Ткъа цхьана озо самаваьккхира – шечух тера а долуш, амма ч1ог1а къуона:

 

– Сан хьомениг, маршалла ду хьоьга, – бохура озо. – Со чумакашцана Кхирме г1ура ву, ахчаъ даьккхина латта а оьцур ду, ц1а а дийра ду. Да каро а мега, т1аккха тхойшиъ цхьаний ц1а вог1ур ву. Халахета, нана кху дийне ца яларна…

– Сан цхьаъ бен ввоцу к1ант! Ма г1уолахь генарчу махка, и мохк хийра бу хьуна, хьайн хьоме латта д1а ма тасалахь, иза массарел хьоме ду – кхин хьоме хила йишйоцуш!..

…Хьалхарча Зингатан туьйра чекхдаьлча а, тийналла лаьтташ яра. Хьешийн б1аьргашчохь хи дайра Шабаршина. Кхунна а лаьара ваьлха, дог оьцуш цаьрга цхьаъ ала а.

Шабаршас шен талламах лаьцна а ойла йира. Хетарехь, х1ара а, ша х1ун до а ца кхеташ, г1алара, аьхна петарара Вероника йолчуьра ца ведара доккхачу дуьнена, цигахь шен меттиг карорхьама.

Цкъа мацах дешархочо схьа а эцна генна, хьомала хиххий, хьомала хьуьнаххий къастош йитна меттиг. Амма и ойла къамеле ца елира. Легашка х1оьттина къаьхьа шад бара зингатий а, черан чолхе кхоллама карла бохуш.

– Х1ун эра дара ахь, тхан хьомсара хьаша, тхан туьйранах лаьцна? – тийналла йохира Хьалхарча Зингато, хин капине хаттар а деш.

Шабарш массаьрга а хьаьжна дог а айделла элира:

– Суна хета, вайна массарна а шун г1араг1улеш хезар ю аьлла. Вай цхьаьни къарбийра бу беха некъ. Сан 1алашо ю. Вай керла хин кема дийра ду, массарна а чохь меттиг кхочур йолуш. Суна вай г1уондолу некъ бевза. Шу сох тешчахьана…

 

 

Шабаршас зингатий хьеший Свилочи хи долчу дуьгу

/Туьйра/

 

Хин капитан 1уьйрана дикка т1аьхьа самавелира. Дикка-м ца хила а мегара, амма хьеший зингател бакъ доллуш т1аьхьуома нисделира. Цундела, х1ара жимма юьхь1аьржо вара. Бакъ ду, Шабаршин хин болчу некъахоша цунна цхьани тайпа тидам ца бира. Я, хетарехь, кеп х1оттина хир ю, тидам ца бира аьлла? Мухха делахь а, туьйлигехь ма-хуьллу кечам бара д1ахьош. Жиманиг б1аьргаш а хьекхош мерза набарах волучу юкъана, зингатий маса д1аса а уьдуш, хаскаш кечъеш дара. Цхьа хан яьлча, зингатийн вааг1аруо Шабаршина т1е а даг1на каде хаам бира:

– Тхо некъана кийча ду, капитан! Кхин д1а х1ун дан, хьан омре хьоьжуш а ду.

Жиманиг жимма вуьйхира. Х1ан-х1а, х1ун дан деза а, хьешийн мохк муха лаха беза а 1алашо Шабарша йолуш вара. Цкъа хьалха Свилочи хин берда йисте кхача деза. Цигахь марам дийра ду.

Левшиг т1ехь даха ца дезий ткъа, цо, бакъдерг дийцича, чолхечу хьолехь Шабарша к1елхьара ваьккхинехь а. Цу т1е хоьур ма дац зингатий. Керла марам дичи, уьш Березин хи т1е кхочур бу.

Ткъа Березино Днепра т1е дуьгур ду. Цигахь зингаташа а шайна хетарг эра ду: х1унда аьлча Днепро шен хи церан махка хьодела. Некъ-м дера бевзаш а, хууш а бу.

Дерг кхечух доьзна. Хьалха хин капитани шен лаамехь гезаш вара, омра а ша-шена лора, ша дечунна цхьанни хьалха жоп луш а вацара. Х1инца-м, хетарехь, деригге кхечу аг1ор нислуш ду. Амма юха вала меттиг бац.

– Дика ду, доттаг1ий, х1инца вай хи т1е г1ура ду. Некъаца ас цхьацца х1ума хоттур ду шуьга. Делахь а, гарехь, шун х1усамдайшца 1одика ян а ца деза?

Зингатийн вааг1ар шен махкахошка г1айг1ане д1авирзира. Хеталора, цуьнан хьажар х1оранни дагах чекхдолу.

– Оха вовше 1одика-м сарахь йира. Ткъа 1уьйрана со йоккха Софиех кхийтира, цо тхуна шен доккха весет делара: хаза а, бертахь а даха аьлла, шайца дика хилларш биц а ца беш. Некъ декъал беш, муьлхха а зиериехь собарах ца духуш хила а аьлла. Софис элира, ша теша, хьомала капитан, хьан 1илманах а, хьуьнарх а…

Зингатийн вааг1ара соцунг1а хилира. Кхин а цхьаъ ала лууш хила там бара. Амма Шабаршас, Софис ша хьасторах эхь хетта, т1одца некъ гайтира:

– Новкъа девр вай, доттаг1ий!..

Туьйлигчуьра ара а бевла, некъахоша хин аг1ора т1ийрг йира. Шабарша хьалха ваьлла вог1ура. Цуьнан ойла цхьана х1умнах яра: сихха хи т1е д1а а кхаьчна марам дан коьчал муха карор яра те бохучух. Кхеташ дара, дика га оьшуш хилар. Амма марам дайн хила ма деза. Карор дуй те ишттаниг берда т1ехь а, я бацалахь а? Муьлхачу диттах я кондарх иза хила деза?

Хьешийн зингатийн вааг1ар хин капитанна т1аьхьа вог1ура. Лорах нисвала а г1ертара. Хьешашна некъ мелла а бевзаш бара. Цара хийлаза хединера иза, гонаха тайп-тайпана генашший, левшигашший лехьош.

Эццахь юха а вирзина Шабаршас вааг1аре иштта хаттар дира:

– Хьуна хаьи те, хьомал, юххехь иштта, наха 1ежаш а, кхин долу дитташ а кхаьдна генаш кхуьссу меттиг? Кхузахь-м билггала бешаш ма еза?

Зингат цхьана юкъана соцунг1а а хилла, д1асахьаьжира.

– Муха ца хаьа? Б1аьста юьртара дайша кхузахь кегделла генийн саьлнаш йо – д1а а, схьа а лела халонга а доккхуш.

Бакъ ду, дакъделла генаш-м туьйлигана а дика мегаш хуьлу. Нагахь цхьаъ кагдан а, хадон а аьтто баьлларг оха сихонца туьйлиг чу а такхадой пхьерашка д1ало.

Дечиг сихонца г1уллакхе хьажадо: цунах варкхаш ян а мега, оган дахка а. Дакъо а ца оьшу… Къаьсттана тхуна дезаха дара 1ежиний, баьллийн генаш. Цул ч1ог1а дечиг, хетарехь, дан а дац.

Шабаршина шенна а хаьара иза. Цкъа хезна ца 1ара, Вероники дас, г1алара петарчуьра ц1енкъа баьллийн дечкех йиллина ю олуш. Ткъа иза, мел тамашийна делахь а, ножа дечкелла а ч1ог1а ю. Лаа ма дац йийбар (мебель) а баьллийн дечкехь еш хилар. И дечка кечдан хала данне а дац. Иза ч1ог1а хилла ца 1аш, саттар дика долуш а, дайн а ду.

– Т1аккха вай марам баьллийн дечкех дийра ду! – чогг1а, массарна а хозуьйтуш элира Шабаршас.

Мел лууш хиллехь а, йоккха гаьнний сал некъахошна сиха а ца карийра. Малх иг1е кхочуш боллура, лоьхучарна, боккъаллаъ йоккха хьаьтто хьулдина, тача карош. Шабарш леррана хьежа вуьйлира, кхузахь х1ун карор яр те бохуш. Б1аьрго, цхьа юьхьиг лаьттах г1оьртина йоллу, цхьа га лецира. Цо битам буьтура, диттан доккхачу декъал дикка жима делахь, доллу генаш цо сецош санна. «Иштта ч1ог1а кема х1аха ма ду тхуна оьшург», – ойла хилира капитани, амма хезаш х1умма а ца элира. Цунна зингатийн вааг1арна хетарг хаза лаьара. Мухха делахь а дахаро зиер к1езга ма дарий кхуьнан. Вааг1ар Шабарше а хьаьжна, юьхь елош кхулла хьалха вист хилира:

– Гуш ду, капитан, вайшинна а цхьа баьллийн дитт га тайна хилар. Т1аккха схьахададой и?..

– Дика ду, доттаг1, – иштта реза хилла вела къежира Шабарша а. – Суна кхин а х1етал-метал а дагдеа: «Г1алар санна горга, ц1ий санна ц1иен, моз санна мерза».

– Иза-м боллан стом ма бу! – кхин а воккха велавелира зингатийн вааг1ар.

Новкъахь 1алаахуой вовше кхеташ а, къаммел хезна ца 1аш дагахь дерг а хууш хиларал доккха х1ума дац. Хин капитано иштта ойла ечу юкъана, зингаташа хаскаш охьа а кхуьссий херхашший, дагарший схьаоьцу. Вааг1ар доций омр деш вара. Цхьаъ лакха тийсалора, цхьаъ лахахь д1атарделлера. Дагарийн г1овг1а яьржира, совнах ерг, ца оьшург д1ахадош.

Дукха хан ца елира – боллан га-м бецан йодар т1ехь 1уьллуш дара. Зингатийн вааг1аро кхин а чкъор даккха а элира. Шабарш а вара юххехь хьийзаш, хин долчу кеман мара муха ирбан беза а, къеемана чохь д1аловчкъа йиш йолу муьлха к1оргенаш яха еза а гойтуш. Кхин а цхьа башха ойла коьрте еара капитанна: «Ткъа х1унда, дуткъачу боллан чкъурах, цхьа йолчу меттигиера евла ехийра каьрдигех, четар х1унда ца до? Чааг1алкх ду дуткъочу генех х1оттор ю… Совнаха дацарий иза…».

Бакъ ду, жимчо эццахь и шена дагдеънарг к1елдитира. Дика четарш дан цхьа херхашший, дагарший тоьар дац. Х1етте а шен ойла зингатийн вааг1аре йийцира цо.

Шеко эрна хиллера. Зингатийн хаскаш чохь йоцуш х1ун яра: дечкан хьостмий а, воьтан машшашший а, говр ц1огах бина муш а. Х1ета некъахоша чаг1алкхаш а кечйира.

Делахь а хан йоьдуш яра. Болх чекх а баьккхина, зингатий масех минотана шайн мараман шинна а аг1ор охьахевшира. Амма сада1ар дах ца дира. Вааг1аро йохийра дуьххьара тийналла:

– Х1ун дар те, вай кечделча, капитан?..

– Х1аъ, доттаг1, вай бан безарг беха некъ бу. Вай х1иццехь новкъа девлча бакъхьа хир ду, дог1а а доцчуьра, са даза а долчуьра. Кхин а, марам лелон 1ама а ма деза. Свилочи амал а яц аттачех, вай карадерзо дезачу хих иза уггере жиманиг делахь а. Цу т1е новкъахь пийсигаш а ду каро дезаш.

Зингаташ, цхьани омре а ца хьоьжуш, керла марамна шина аг1ор д1а а х1иттина, иза шайн нуьцкъе белш т1едиллира. Шабаршаний, шайн вааг1арний т1аьхьа лар лоцуш дуьйладелира. 1алаахошка хьоьжуш хьалха Свилоч дара.

 

 

 

Шабарша хьеший зингатех хьоьгу

/Туьйра/

 

Хин капитан леррана хьоьжура шен некъан накъостийн яххьашка. Шабаршина теша лаьара, х1ора а дика дог-ойланца новкъа ваьллийла. Некъ юххера ма баций. Ткъа иза д1абахьа дог-ойла яцахь, хьоьца х1ара санна йолу шеконаш елахь – ницкъ кхочур буй те шен боху, х1ета, хетарехь, некъ юьхара лаца оьшуш дац. Х1ара-м ц1ера Болочанка я Свилоча ма даций, бакъдолу гезар ду. Сийлахь Днепр а ма дай 1алайшка хьоьжуш, хетарехь, цхьацца царна зиераш а кечдина. Хууш ма дай, уьш доцуш г1уллакх ца хуьлийла.

Зингатийн яххьаш ойланах юьзна яра – къажарш Шабаршина ца гира. Амма хадамалла яра гуш. Цу т1ехь гуш дара, зингатий цхьа г1айг1а кхобуш дуйла. Сихха ц1а кхачар г1айг1а. Т1аккха, белорусаша ма-аллара, хьоме латта хийрачу месийн гоьлла а к1еда ду. Муьлххачу аг1ор хьаьжча а, хийрачу махкахь б1аьсте а хаза яц…

Шабаршас капитанна хьакъ йоллу меттиг д1алецира кеманахь. Куьг ластийра, иштта хаам беш: «Д1адахийта! Берд юххера д1ататтало!..»

Хи парг1ат дара, кху 1уьйрана Свилочь комаьрша дара ала дацахь а. Мох а аьхна бара, хаъал хин кема леста а деш. Шабарш берда т1е хьаьжира. Цхьа ала ца лучо сагатдора берана. Хетарехь, уггаре хьалха, хьеший зингаташца дуьстича, хьомала меттигех къаьсташ ма варий х1ара. Шен ц1ахь сонеша г1о ма до.

Хьун яьллачу Болочанки бердаца хьомала цхьа са каро лааран сатийсам кхин а гена болу. Ткъа мел дика нислуш дара деригге. Шабарше зиеделларг а, ницкъ а, хин «лайнераш» леладан говзалла а гучуяла йолаеллера. Оьшарий те сел атта, б1окъежна хьеший зингаташна г1оьнча хилла хьалхавала. Амма, кхечу аг1ор хьаьжча, мискашна накъосталла дар – доккха х1ума дац ткъа?

Йоккха тулг1е туьйхира хин кемана огана т1ехула, нисса Шабаршан когаш к1ела. «Ткъа аьтту ца балахь Днепрахула чекх довла?» – хаттаро хьовзийра хин капитан.

Амма, ойла а йина, мел йолу шеко йицъян ша-шена дош делира. Ишштий бен кхаа халкъан – беларусийн, украинцийн, оьрсийн – доккхачу хин т1ехула некъ боккъалла а балур бац. Хин бердашка хьоьжучу Шабаршин тидам ца хилира, зингатийн ваг1ар текхна т1едог1уш.

– Капитан, – ларамехь хаьттира цо берага, – со ч1ог1а шукурие хир дара хьуна, ахь вайн хин т1ехула бан беза некъ бийцича. Кхин хих лаьцна а, ц1а бечу новкъахь вайн довза деза долчух а.

– Са ма гаттадехьа, сан хьомала доттаг1а, суна некъ дика бевза хьуна. Свилочи т1ера вай Березине т1е девра ду. Ткъа цуьнан хино вай шуна девза а, хьомала долчу Днепра т1е кхачор ду. Цигахь, схьахетарехь, шуьга цхьамма а х1ума ала ца оьшу. Мухха делахь – хьомала хи…

– Тешалахь сох, къона капитан, кху доллу шерашкахь, тхайн лаамехь ц1ера девла, даймахкана генахь, оха токхучу хенахь, иесара дайна дац Днепран амат. Вайн ц1арна ц1е яхна Днепр-Славутич дагадог1ийца суна х1ора хийистера г1айраца а, хетарехь, суна евза х1ора гола туху меттиг а. Йоллу г1аланаш а, ярташ а дагайог1у, хин некъан шинна аг1ор йолу. Ткъа х1ицца а,б1аьргаш д1абехка сан, х1етте а суна сайна хьалха гуш хир ю Днеприца 1охку 1айлаш: Канев, Черкассы, Кременчук, Верхнеднепровск, Днепропетровск, Запорожье, Васильевка, Днепрорудни, Никополь, Горностаевка, Днепряны, Херсон…

Шабаршас б1аьрг буьзна ладуг1ура хан доккхачу зингате. Вероникица доьшуш географин 1илма 1аьмма волчу кхунна, дуьххьара хезаш яцара и ц1ерш. Церан хазаллех цец вуьйлура. Г1адвахана б1аьрган цуьргаш еттара.

– И доллу хьал хьайн б1аьрга гина хьуна?.. И хаза ц1ерш!..

– Тешалахь сох, хьомала Шабарша, и 1айлаш ч1ог1а дика шайн йоттарца а, 1аламца а йолш хилар. Х1ора церан ц1арца а дукха къайленаш йохку. Цхьаннех лаьцна хьуна дуьйцу ас. .. Масална аьлча, мичара схьаяьлла Черкассы ц1е? Цхьана тиркийн маттахь ду «чири киси» алар. Ткъа шолг1аниг – «чары киши». Черкассана герга цхьаъ, иштта важа а нисло. Делахь х1ета, «чири киси» – нуьцкъе нах, б1о нах бохург ду. Шайх иштта олуш хилла г1уллакхера наха, сакойн г1уллакхера векалша, г1езалойххий, хонкархойххий, славаянаххий кхоллаелла йолчу, аьлча а, иштта и нах, вовшах кхетта, арахьара мостаг1чуьнца т1ом бархьама… Днеприйца йолчу меттигийн ц1ерийн х1ишарех сан вазар дукха ду.

– Кхин цхьаъ а йийцхьара ахь, – дийхира Шабаршас ваг1арие.

– Бехк ма билла, капитан. Хетарехь, вайн дуккха а хан карор и дийца. Бан беза некъ бехха бу. Ткъа со х1инца вайн бертахьчу командийн дог тедан воьду – уьш саготта дара, вай хаьржина некъ мел нийса бу те бохуш…

Вааг1ар, меллаша когаш а луьйзуш, хин кемана юккъе вахара, ткъа Шабарш ларамца цунна т1аьхьа хьаьжира. Ваг1арийн тийна-1аь1на куц-кепе хьаьжча а шерра гуш дара, кху керлачу новкъахь хьеший зингаташна дийна диса а, шайн 1алашоне кхача а г1о дийра ду цхьана эшарт1ехь а долуш, вокккхачу накъосте ладуг1уш хиларо.

«Муха хьоьгур вац? – ойла йира Шабаршас, шегахь тем са а боккхуш, саготта хиларрий, шекой къахка а еш. – Суна х1инца собар а, иштта, хетарехь, дуккха а х1ума зингатехь 1амар а оьшу…»

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.