http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Деса ду дуьне Печать Email

Болтукаева Лиза

 

Кхин гур вац б1аьргана аьлча –

Хала ду дагна и лан.

Мел дукха хан зама яьлча,

Дицлур дац юьхь-сибат хьан.

 

 

Хьо воцуш деса ду дуьне,

Хьан аз а кхин хезар дац.

Ас ларъярх 1уьйре а, суьйре

Хьо цкъа а кхин гур ма вац.

 

Азаллехь рицкъанаш доькъуш,

Ахь к1еззиг ехна хьай хан.

Лазарца бала ахь хьоьгуш,

1ийжади кийрара дог сан.

 

Увайс, хьо декъала войла,

Жималлех къахета хьан.

Ялсаманехь вай вовше гойла,

До1анца дехар ду сан!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.