http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Дог кховдийра ас Печать Email

Атаева Гёгюрчюн /Дег1аста/

 

 

 

Г1умкийн маттера нохчийн матта яьхна

РД Хасав-Юьртара юккъерачу ишколера

нохчиийн меттан, литературин хьехархочо

Татаева Хьурматас

ДЕН КОШТ1ЕХЬ

 

Со еа тахна а хьан кошт1е, дада,

Эзарза еъча а дог доьлху, 1ийжа.

Эзар шад кийрара басталац суна,

Эзарза дахарехь со гал а яьлла.

Хьо дийна волуш ахь 1амаярх коча,

Кочаллех х1умма а дисна дац соьца.

Хьо волуш ма атта хилла сан дахар,

Хьо воцуш сан яхар хилла дац атта.

 

Буйннал бен доцу дог

хьан йоь1ан жима,

Мосазза са даьлла,

б1арзделла хьийза.

Юха а схьаеъна хьан кошан борзе,

Ца карош дуьненчохь

хьо воцчохь синтем.

 

Ойла ца еш динчунна

къинт1еравалалахь,

Хьан кошан парг1ато екъарна тахна.

Юьхь йойуш вас йича дийначарна,

Со йог1у хьан борзе, хьоь орца дехна.

 

 

*   *   *

Деза совг1ат до ас хьуна аьлла,

Дог кховдийра аса сайн.

Хуушшехь а сайна ца хуьлийла,

Ши дог тардан кийрахь меттиг вайн…

Ши дог кийрахь ца ийшира хьуна…

Дог дац  аьлла ц1е тиллира суна…

 

 

*   *   *

Д1аяха йоьлча со,

Хьо т1аьхьакхойкхур вац,

Сих ма ло, д1а ма г1о олуш.

Амма со д1айоьдуш,

Со юхахьожур яц,

Ас хьуна баркалла олуш.

Хиндерг: вайшиммо а

Боккхур хир бу толам,

«Со», «ас» а

цкъа хьалхадаьлла.

… Къа ду-кх цу Безаман,

Вайна юкъахь бисинчу.

Буоберах тарбелла,

Яхь яйна, г1елбелла,

Боьлхуш буьсур болчу.

 

 

*   *   *

Мох баьлча,

Безамах катоьхна,

Цо и бахьарна кхоьру со.

Ло деъча,

Безам шелбеш,

Дог г1орорна кхоьру со.

Баркалла олуш,

Со къаста йоьлча,

Д1а ца яхалуш,

Юхаерзарна кхоьру со.

1одика ца еш,

Д1аяхар нислахь,

Къастар ца лалуш,

Суо яларна кхоьру со.

 

 

*   *   *

Х1ун дан деза?

Х1ун дан деза?

Баркалла олуш,

Д1аяха еза.

Д1аяха еза.

 

Довхачу дешнашца

Б1аьрхиш хьайн лачкъийна,

Ойланехь листина.

Ца гича санна.

Ца хууш санна.

 

Пекъар хилла.

Дог а дуьзна,

Д1аяха еза.

Д1аяха еза.

 

Амма хьо воцуш йисча,

Х1ун дан деза?!

Са доцчу тайнигах тарлуш,

Кхечу куьйгайшка 1ама еза.

Кхин ойланаш,

Кхин дахар кхолла деза.

Муха?

 

 

ВЕСЕТ

 

Со д1аяьлча

1аьржа духар ма духалаш,

Дийна йолуш ас и дукха лелийна.

Сан кошехь а корта ма бетталаш,

Аса айса дукха иза биттина.

Со д1аьялча тийжаш ма делхалаш,

Дийна йолуш йилхина со дукха.

Ма хьийзалаш суна холча х1иттий,

Кху дуьненал эхарт г1оле хетта,

Дийна йолуш ц1ергахь йогучул а.

Со д1аяьлча маж ма йиталаш.

Маж йитича, нур дов олу юьхьан.

Маж йита а мила ву сан висна?

Маж юьтурш вежарий ма хуьлу.

Да а вац сан кошехь до1а дан.

Я ваша вац, салам делча эца.

Массарна а царна йоьлхуш даима,

Суна елха-м ца йисина йиша.

Т1аьххьара а аша новкъа йоккхуш,

Цхьа буьйса ден кертахь яккхийталаш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.