http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ДАХАР ХАДА ЙИШ ЯЦ Печать Email

Ахмадов Т1ах1ир

 

1995 шеран январь бутт. Йоккха Атаг1ахь  дийнахь а наггахь бен хезаш г1ар-тата дац. Амма, цкъацкъа  хьахьовди кеманаша ракета тухий, бомбанаш кхуьссий кхемата-де х1оттадо. Цу балех шайн доьзал к1елхьарабаха цхьаберш кхtчу ярташкий, мехкашкий д1асабахна. Юьртахь кхезга нах бу, дукхахберш – къаной. Царах вара Ахьмад а. Дела кхоьлах хьалха вер вац, ша цхьанхьа а ца воьду аьлла сецнера иза.

Доьхниг х1ун дара аьлча, иза воцуш  ша а цхьанхьа г1ур вац  аьлла дуьхьалваьллера цуьнан к1ант Рамзан. Рамзан, шен зудчуьнций, шина бераций дай наний долчу кертахь 1аш вара. Цуьнан ши к1ант вара цхьаъ 8 шой, важа 4 шо кхочушший. Раг1у къелхьара шина чоьна чохь 1аш цуьнан да Ахьмаддий, нана Асеттий дара.

К1ента берех дог лозачу Асета Рамзане ч1ог1а дехар дора:

– Делахь, Рамзан, тхо-м тхаьш дуун дерг диънаъ, гундерг гинаъ  девлера, хьайн доьзал эций кху юьртара, берийн къина дуьхьа валий а, д1авалахьара хьо.

– Со шуь шиъ дитна цхьанхьа а ца воьду хьуна, – аьлла,  к1ант дуьхал велира.

Т1аккха Асет ц1ийнадена т1ейоьрзара:

– Ва стаг, вай шиъ бахьнехь ц1ахь 1аш ву и к1ант. Берийн дуьха мукъне а д1адахийтахь вай. Царна цхьаъ хилахь ма лалур дац соьга.

– Шена лаахь и к1ант шен доьзалца д1авахийта. Со цхьанха г1ур волуш вац. Кхин суна и къамел а ма делахь, – аьлла т1ечевхира Ахьмад.

Цхьана шийлачу буса кхеран кертахь ж1аьло уг1уш г1овг1а яьккхира.

К1ента бераш самадахьа мега-кх цо аьлла Ахьмада, ара а ваьлла човхина  сацира иза.

Буьйса юкъал т1ех яьллачу хенахь кеманийн г1овг1а хезира. Иштта а сема наб еш долу Асеттий, Ахьмаддий къулха доьшуш дара. Кемани г1овг1а улле кхечира. Ц1аьххьана цхьа инзаре, дуьне эккхаш  санна ирча экккхар делира кертахь. Х1орш чохь 1аш болу х1усаман раманаш чу а тухуш, вуон чена к1ур г1аттош, ч1ог1а дегира. Сихха метта деана х1ара шиъ ара хьаьдира.

Кху шинна гинарг Дала кхин ма гойтийла цхьанна а. К1антий, цуьна доьзаллий чохь 1аш болу даккхий ц1енош  аьтта дара, юкъ-юкъехула хьала г1ерташ сийна ц1е а йолуш..

Асет, дог г1елделла, ша йолчохь юьйжира. 1адийча санна лаьттачу Ахьмадан кийрара шийла мохь белира: «Ва Везан Дела! Х1унда вита ахь со кху дуьненахь! Х1ун дуьне дуур ду ас х1инцачул т1аьхьа».

Дукха хан ялале лулара масех стаг схьахьаьдира. Цхьаболчара ц1е д1аяйа еза, вукхара цунах г1уллакх хир дац бохура. Юьрта молла Хьусайнас ц1е д1аяйалур яц, и д1а а ялийтана 1уьйранний бен х1умма а дойла хир дац, цундела массо а д1асаваха веза элира. Лулахоша айбина Асет чу йигира. Вуон деанчаьрца масех кхеран гергара стаг сецира буьйса яккха.

Дийца а, я ала а х1ума дацара. Уьш сатассалца Ахьмадий, Асетий б1аьра хьоьжуш 1ийра. 1уьйранна лулахой а схьабаьхкира, уьйтахь делла 1уьллу ж1аьла цхьанхьа юьстах ор а даьккхина д1адоьллира.

Нах хьакълаг1 кегаян буьйлабелча, дукха хан ялале диъ дакъа схьаийцира. Моллас уьш г1азотехь бу, лийча а ца беш, цхьана лахьтичохь д1аберзо мегар ду элира.

Бакъ дерг дийцича, диъ каш даккха хала а, кхераме а дара: г1орийна латта, цхьана метте гулбеллачу нахана хьаьвда даьхкинчу кеманаша ракеташ тоьхна меттиг а ю. Цундела массо а моллас аьллачунна реза ву.

Цхьа ткъех стага лулахь докъа ламаз а дина, сихха бахана каш а даьккхина диъ дакъа д1адерзира. Ахьмади уьйтахь х1оттина тезет а яц, наггахьа верг вог1ий сихха кадам а бой д1авоьду. Шайн сингаттамца х1ара шиъ цхьалха дисира. Вовше баш дистхилар а дац. Т1евеанчуьнга Дела кхел ю бахахь а, даго бехках ца волуьйту. Ц1ийндега  х1ума ца алахь а, Асетан коьртера ца йолу, шен хеннахь ц1ера девлехь х1ара бохам ца хила мегар боху ойла. Делахь а, ц1ийнда мел холчохь ву а гой, х1умма а ца олуш 1ад-1а.

Денош д1аоьхура, б1аьсте а т1ейеара шен хеннахь. Т1ом а лома боьрзу, юьртара нах ц1а эха буьйло. Кхаьрга бог1ий кадам а бо. Амма кхеран кийрара ша бешаш бац. Хийлаза, уьйт1ахь цхьанна  б1аьра хьоьжуш санна йог1алой 1аш х1усамнана а гой, вист а ца хуьлуш чу воьду Ахьмад.

Цхьана дийнахь Асета ц1ийнадега элира:

– Делахь, стаг, уьйтахь садолу х1ума яц-кх вайн, эцца котам х1ума эцча х1ун дара техьа ас». Ахьмад реза хилира, цуьна сингаттам лахбаларе сатуьйсуш волу. Базара яхана Асет котамаш ца оьцуш, ши москал а йохьуш еара.

– Ва зуда, хьо котамаш оьцу аьлла ца яханера? – цецвелира Ахьмад.

– Кху шиммо «къурли-къурли» бохуш и базар яккхина ечу г1овг1анах ч1ог1а самукъадаьлла х1орш ма иций ас, – элира Асета, сихха москалшна юучунна г1айг1а бан тоха а луш.

Цул т1аьхьа кхеран уьйт1ахь, дехачу дийнахь ца соцуш, москалийн декар лаьтта. Асет-м цхьа доккха з1акар-даьхни лелош санна, царна т1аьхьаяьлла лела. Борг1ал къаьстана ч1ог1а г1овг1ане ю, ткъа котам-москало кест-кеста цунна т1аьхьа йиш  ялор бен деш х1ума дац. Амма кху шинна цу г1овг1ах самукъа долу.

Цхьа ши бутт баьллачул т1аьхьа бенахь карош х1оа хуьлу. Котам-москал йоьдий лулара есачу керта а хьийза йолало, жимма хан яьлча иза д1аяйра. «Ва, Дела! Ж1аьлеша ехьа те иза. Я лулара къаьркъан кедаша лачкъи те, Дала кхел царна ярг», – бохуш, йоьхна хьийзара Асет. Амма борг1ал ша цхьаъ йисна аьлла йоьхна яц. Йоьди лулара есачу кертахь ехха хьийзий йог1у. Цо лелачух Асет ца кхета.

Цхьа бутт хан йолуш, 1уьйранна уьйт1ахь йоккха г1овг1а хезна араяьлла Асет гинчо  цецйоккху. Яйна моьттуш хилла котам-москал яра шена гонд1а иттех къорни а долуш хьийзаш. Йоккха г1овг1а яккхина, корта ирах бахийтина, ша цхьа стаг шен доьзална улло вуьтур ма вацар бохуш санна, царна го туьйсуш борг1ала а ю.

Елхаран къурдашца елайалар деъна, к1орнеш хьеста х1оьттира Асет. Эццахь: «Ванах, х1орш меца ма хир ду», – аьлла, дагадеанчу Асета яхана сихха ахьар а хьакина къорнешна мижарг кечбой йог1у. К1орнеша, кхера а ца кхоьруш, кхуьна керара шайн кегий ц1акарш  етташ мижарг баа х1уьтту. Борг1алин а, къорнин ненан а г1овг1а лахло, шайн къорнешна кхерам ца хиларх кхетча санна.

«Дела дахка шу марша! Ма хаза дукха шу», – уьш хьоьсту Асета. Цунна дага веара жимах волу к1ентак1ант. «Ма самукъа дера дара цуьна», – боху ойла хьаьвза коьрте.

–  Хези хьуна? – мохь тухуш араваьлла Ахьмад тап-аьлла сецира, к1орнеш хьоьстуш самукъадаьлла, елаелла 1ачу Асете хьаьжна. – Ванах, зуда, хьара х1ун ду?  –  цецволий хотту цо.

– Вайна яйна моьттуш хилла москал дехьа кертахь тевна хиъна 1аш хила-кх. Со ма 1ара и борг1ал цу есачу керта ма дукха леста бохуш. Деа къирнах ма 1ий-те х1ара москал тевнахь. Бехк боцуш лулара къеркъан кедашна а сардамаш дихкина къа лиети-кх ас. Дела къинт1ера волийла суна. Хьажахь, стаг, ма хаза ду х1орш», – бохуш, самукъане яра Асет. Юха ц1аьххьана юхь т1е марха еара.

–  Берийн ма самукъа дера дара… – элира цо.

– Зуда, Дала динчун реза хила деза вай, уьш-м ялсманехь хир бай. Дала вай а кхачадойла цига. Цулле къорнешна юучунна сагатде ахь, – олуш вистхилира Ахьмад.

Асет меллаша хьалаг1аьттина, шен кучара цуьргаш охьа а дегош элира:

– Айса ца юуш а, х1орш-м меца дуьтур дацар ас.

 

«Дела, Хьо дика ву-кх! Т1е беъна бала Айхьа д1аоьцу-кх Ахь. Т1е мел во х1ума дарах дуьненахь дахар, къемата-де т1екхаччалца саца йиш йолуш дац-кх. Хастам бу-кх Хьуна, Везан Дела!» Цу ойланца чу воьдучу Ахьмади б1аьргаш ду хих дуьзна.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.