http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненан кортали Печать Email

Эльдерханова Зайнап

(хилларг)

Юьртахь массарна а г1араяьлера, тилладелла лела бер санна, х1ора урам бустуш д1асахьоьхку «Победа». Оцу машенан дас деанарг шайна хезча, дог 1аьвжий, ойлано бертаза д1аяханчу замане буьгура тхан юьртара нах. Д1аяханчу заманан эрчалло, ша марсаяккха йолийча, дуьра хи гулдора б1аьргаш чохь. Халкъ ц1ера даьккхича, шен кхоллам, атаелла пхьег1а санна, эзар гериг  хилла боьхна лела волу Султан вара, тахна шен дай  баьхначу юьрта кхаьчнарг. Дуьненан вуо довзаза цхьабосса йижарий, вежарий бара х1орш. Амма цхьана 1уьйрана, кийра йис юьллуш къахкийра кхеран ирс салташа…

 

Доьзалан нана Бибака ц1ахь яцара оцу декъазчу дийнахь. Иза хьажа-х1отта яхнера шен ден ц1а, луларчу юьрта. Цуьнан ненавежарий т1ам т1ехь бара. Цаьргара хабар-кост дуй-те аьлла хаа лууш яхнера. Х1ор ламазца, до1анца доьхура нохчаша Деле т1ом чекхбалар, машар дуьненчу д1ах1оттийтар. Ерриге а к1оштахь тезет хуьлура цхьаъ вийна аьлла з1е юьрта кхаьчча. Иштта къиза дара 1944 шеран шийла 1а.

Бибака новкъа йолуш, хьанна хаьара, къена лаьмнаш делхора дуйла…

… Яккхий машенаш кет1ахь совцуш, чехкачу боларца, бераш 1адош набарха а дохуш чулилхира салтий.

«Нана! Нана!» - бохуш кхойкхура цара, шайн ц1ахь йоцучу нене. Едда чуеара Бибакин лулахо оьрсийн зуда Полина Родионовна. Салташа шайн маттахь хаам бира цуьнга, нохчийн а, г1алг1айн а  халкъаш махках дохуш ду аьлла 1едалан ямартло, тешнабехк  бевзаш йолчу  Полинин, кхин цкъа а дийзира харцонан теш хила. Дан г1о доцуш, нийсо ян де доцуш, ша заь1ап стаг хийтира цунна. Куьг ма-кхуьъу берашна т1е бедар йоха х1оьттира иза. Йоккхах йолчу йоь1ан дег1аца д1ахьарчийра сискал, ахча. Цхьайтта шо долчу Маликас кест-кеста б1аьрг тухура корехьа. Ца лаьара Нана цхьаьна йоцуш гена новкъа довла. Жимах волу ваша воьлхура шена наб йог1у бохуш, меттахь керчаш, т1е юрг1а ийзош велахь а, хала т1еозийра цунна а бедарш. Боьзан корталица иза Маликин букъ т1е вихкира Полинас. И диъ бер доьхначу дагца шалонашна т1е кхачийра, кхин болу нохчий санна.Иштта, дагахьбалламца гал-морзах бевлира ненан,  берийн кхолламан некъ.

Талды-Курганехь, дисахь даха, ца дисахь ж1аьлеш санна 1ахка аьлла, охьабиссийра х1орш хийрачу махкахь.  Шалонаш севцча, вицвелла цхьана сонахь висира жимахволу к1ант. Йиша ца ларийра иза ц1ерапоштана т1ера охьаваккха. Г1ело гинера новкъахь. Социйлаш еха яцара - докъанна т1е мийра тоххал бен. Кийрах къастийна дог санна, доьзалах воккхуш, д1авигира генна, уллора хеттарг нанна…

Дехаршка, орцане, ладуг1ур долуш вацара цхьа а стаг! Къинхетам боцу мур бара иза. Вовший дезна  адамаш дан амал доцуш диснера. Къематан гергара денош дара уьш! Дог – иза ондда луьттар хиллера.

Жима нохчо ц1ерпоштан машинистан доьзалехь вехаш вара х1инца. Нохчо бохург  - деза совг1ат хила дезара х1оранна. Шен к1анталла а дукхавезара иза воккхачу стагна. Х1ара а шен ден сий деш дика доьзалхо хила лууш вара. Г1иллакх, оьздангалла - сица яра цуьнан. Бакъ ду, кхин цхьа-ши х1ума дара: ша нохчо вуйла хаар, Кавказ бохург – иза шаьш хаза ловзуш, Нана а, Малика а шеца цхьана чохь  йолуш меттиг юйла а. Сатуьйсура Нене. Даге лаьттара, цхьа т1ам т1ехьа а тосий, нанас туьллуш хилла  къорза кортали. Цхьа хаза, дагара  девра доцуш, ц1ен - баьццара зезагаш дара цунна т1ехь. Ткъа болар – цхьа куьг аг1орхьара а ластош, мелла техкаш, аганан эшарш шех йоьлча санна дара. Юьхь – сибат, хаац, уьш дицделлерий  техьа цунна… Амма г1енаха ша хьоьстуш, шена т1е йолалуш хаза зуда гора, юха хьаьгначохь хедара, самах сатийса х1ара вуьтий.

Зама ца сецира х1етахь. Б1аьрзе стаг санна йоьдура иза хало ца гуш, таро ца лоруш, шен лаамехь сихъелла. Пхийттара ваьлла вог1ура жима нохчо. Т1ом чекхъбаьллера. Дахар туолуш, х1усамаш карлайохуш бохкура нах. Шайн ларчанашца новкъа бовлура кхуьнан цкъа маца хилла махкахой. Иштта цкъа рог1ера Толаман Де 9 май т1екхочуш, сакъера той х1отто дагахь, котамаш яйа элира кхуьнга. Х1ара урс хьакха  воьлча, кхуьнан ваша ларалуш волчу Анатолийс, туьйхира кхунна: «Хьо-м вера ма вац, тахна х1орш яйина»,- олуш.  Юха ша х1оьттира церан г1уллакх дан. Цо диг тухуш охьакхуьссура котамийн кортош. Иза къобала ца дора кхуьнан даго. Мухха делахь а, иштта хила-м ца дезара бохура ша шега. Цунна ч1ог1а вас хилира Анатолийс шена тохарах. Цо къиза, хат1 доцуш, охьакхисинчу котамех къахетта  вилхира х1ара. Буьйса юккъе яхча, д1аваха сацам бира кхо. Цо иза дан а дира. Ч1ог1а холча х1оьттира къена стаг, бахьана лоьхура,  духе кхиа г1ертара. Сонтачу Анатолийс а ца дийцира шайн хиллачу1аттабаккхамах лаьцна. Даггара везара цунна жима нохчо. Цо дозалла дора иштта оьзда к1ант шен хиларх. Амма иза д1авахнера кхин юха ца ван.

Меттигаш хуьйцуш лелара к1ант. Т1аьххьара цхьана узбека т1еозийра х1ара. Ша цергийн пхьар вара иза. Кхунна дукха говза карайирзира и корматалла. Хан-зама яьлча зуда а ялийра. Хаза ваха хиира х1ара Алма-Аттахь. Синтем боцург – дерриг а дара. Шен пхи-ялх шо долчу хенахь санна, г1енаха дуьхьала туьйсура хаза юхь-сибат долу зуда, цуьнан кортали.

Яьржина дохк санна, д1адовра кхо т1е куьг хьошшехь. Самаха а дуьхьала х1уьттура бераллера сурт: юьйцина керт, уьйт1ахь лаьтта куьрк, бай т1ехь жайна 1амош хевшина 1ен бераш. Хьалха хилла бакъдерг дара иза, х1инца г1енаха тур хилла схьах1уьттуриг…

Велла а, висна а, схьалохура ду ша и сурт аьлла новкъа вала сацам бира кхо. Ша ваха веза меттиг, Нохч-Г1алг1айчоь юйла хаьара, амма юьртан, ураман ц1е ца евзара. Бас олуш хи дуйла дагадог1ура. Кхеран Нана йоьдура Беса т1е, кхуьнан ч1ог1а сагатлора иза чуьра ара яьлча.

Дег1астана вог1уш, некъаца нохчий бевзира кхунна. Шен 1алашо йийцича, цара хьошалла дар т1елецира кхунна.

…Массо а урам толлуш лоллура кхара машен, гергара сурт б1аьргана айкхадаллалц. Эххара Басал дехьа бевлира х1орш, цхьана готтачу урамновкъа бирзира. Машенара охьавоьссина д1асаволавелира Султан. Х1ора керта, г1ан тида г1ерташ санна, б1аьрг туьйхира цо. Юьйцина керташ дукха яра, ц1енош тайп-тайпана.

Шек бевла нах кет1а бевлира, цхьацца волуш, массех стаг гуллуш. Церан тидам беш 1ара, дечиган г1антахь, суьлха а доккхуш 1ен ши къано.

Уьйт1ахь куьрк йолуш и цхьа х1усам бен яцара. Ша оцу керта ваьлча, доггаха сада1а бай т1е охьалахъвелира, дег1 кхин меттаха ца долура. Хир-хаьдда лаьлла са, ша кхолладеллачу кертахь эсала хесталора х1инца дег1ана.

Султан вара иза. Цо дийцира дерриге а: шалонаш, лулара мечиг, уьйт1ара куьрк, Ненан болар, цуьнан кортали. Баккхийчу нахана хиира, иза шаьш дохадале хьалха, шайн кхелхинчу лулахочун, Сибарех вайна к1ант вуйла. Хаза кхаъ бара иза.

Дехьа урамехь, к1ант веллачу кадамехь яра  Бибака. Хабар дахьийтира цуьнга маса ц1а йола аьлла. Хилларш-лелларш дуьйцуш х1орш 1ашшехь, ураман юьххьехь  гучуелира кхо зуда. Воккхачу стага г1ийлачу оьрсийн маттахь хаьттира:

- Къонах, муьлханиг хета хьуна хьайн Нана?

Х1оранга, лерана, б1арзъваларна кхоьруш санна, б1аьрг туьйхира цо.Т1аккха элира:

- Суна цкъа а дагара ца долура, цхьа т1ам белшашна т1ехьа а кхуссуш, тиллина къорза кортали, аьтту куьг аг1орхьа а ластош, йог1учу зудчуьна болар.

И д1ора, йистераниг, куьг аьтту аг1ор йог1ург хета суна сайн Нана – вистхилира Султан.

Велха ца х1уттуш къежвелла ши къано, ца озалора шайн б1аьргех девлачу хих.

Иза ян а яра, шен Сибарех вайначу к1антана назманаш а олуш, йисна зама йоккхуш еха, Султанан Нана.

 

Шела шахьар, 1992 шо.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.