http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Догдиллахьа, Марха Печать Email

Айдамирова Машар

 

Соьлжа-Г1ала…

Шина т1амо ягийна, чим хилла, х1инцца ю иза, чов ерзош, шога мотт хьоькхучу лазийначу экханах таръелла, денъяла г1ерташ.

Алун шерашкахь йис юьллуш гулбеллачу къаьхчу т1еман к1уьрзан а, басаршца д1ахьаькхна, лар яйина.

Цаца хилла, чучча мох хьоькхуш лаьттина нехан х1усамаш а юха денйина.

 

Дитташ, синтарш даьгна, дакъаделла, деса, кхарзаделла урамаш а, х1инцца набарха девлла, букъ  нисбеш, серладевлла.

Т1ом чекхбаьлла… Т1еман дорцан лараш, а ю жим-жимма йовлуш, д1айовлуш. Тоххара йирзина дилхан чевнаш а.

Амма ерза тигац деган чевнаш, къизачу т1амо кагбина эзарнийн кхоллам нисбала гена бу х1инца а…

1едалан йиъ г1ат йолчу ц1енна хьалха гулделла адам. Берриге а - зударий… Наной. Баланийн б1ог1амаш. Т1еман йисина т1аьхье – сингаттаман марха.

Деган аз а чекхдаьлла. Б1аьрхи а тоххарехь лекъна. Делахь а, генна цхьа деган к1оргенехь, халла хаалуш, дегайовхонан синпха бу-кх бетталуш – догдилла ца туьгу-кх т1епеза байначу шен гергарчех.

Беха мог1а беш д1анисйина стоьлаш ю йоккхачу зала чохь. Баьрччехь - пенах хьалаоьхкина къоман баьччийн сурташ. Шина а аг1ор д1ах1иттийна пачхьалкхийн байракхаш – Россин, Нохчийчоьнан цхьаалла билгалйоккхуш.

Зударий, нохчийн миска зударий, ладег1аро къона-къанбина, кхуза, Парламентан х1усаме орца доьхуш баьхкина. Халкъан векалш лерина ладуг1уш бу цаьрга. Халкъан Гуламо вовшахтоьхна, кхоьллина комисси ю т1епаза байначийн г1уллакх талларехь.

Юх-юха а дуьйцург цхьаъ ду. Ладуг1учарна генара «цхьаъ» хетахь а, дуьйцучарна мел дагна уллора «цхьаъ» ду-кх иза.

- Цкъа а герз кара эцна а вацара…

- Цхьанна а зуламе вацара…

- Цхьаъ санна, кхо к1ант вигина..

- Мангала ваханчохь т1епаза вайна…

- Зачисткаш ечу хенахь…

- ………………………..

Чаккхе яц тайп-тайпанчу кхолламийн. Бакъду, оцу тайп-тайпанчу кхолламийн чаккхе цхьатерра г1ийла йоьрзу – т1епаза вайна, дийна ву-вац ца хаьа, волу меттиг-м, х1етте а.

Х1инцца дог1анца йилхина стигал, б1аьрхиш д1аса а хьаькхна, т1аьххьара доккха садоккхуш, мела мох хьаькхна йисина, марха а эккхийна, ц1ийелла, халла хаалуш елакъежира чубузучу маьлхан з1аьнаршца.

Кхин а цхьа де дилхина дели.

Мархина доьлхуш го х1ор дог1у де. Муха ца го, б1аьрхиш юккъехула бен дуьне гуш ца хилча. Билггал цхьана х1уманах дог тешна ю иза – дуьненчу даьлча берана тиллинчу ц1аро кхолламна боккха т1е1аткъам бо олуш ду. Иза бакъ хиллера.

Кхунна тиллинчу ц1аро – Марха – кхоччуш шен декхар кхочушдеш ду. Дог1анах язъелла марха санна, даим 1ийжаш, йоьлхуш.

Олуш ду, замано, хено бала д1аоьцу, байбо. Лазам артбо. Дависа, иштта мука  а делар-кха иза!

Б1аьргаш чу йижна сингаттаман марха ойланан кхетаман аьллар т1ера яьлла. Юткъаяла, д1аяла еана яц ша боху цо. Шен амале йирзина. Даге хьоьжу, цуьнца цхьанаэшаре йирзина.

Ц1е хатта оьшуш а доцуш, къоначу зудчун юьхь т1е тоьхначу сето - сингаттаман мух1аро – йоккхуьйту цуьнан ц1е.

Ялийта аьлла ц1е мукъа а тиллина хиллехьара, декъала хила ца доьг1начу дуьненара сихха д1аяха. Иза а дац…

Шен кетт1ахь соцучу автобусара кхо социйла хьалха охьа а йоьссина, сих ца луш, г1аш, цхьацца ког боккхуш, геннара ц1а г1ерта г1елъелла зуда.

Урамехь, цхьадика, цхьа а вог1уш-воьдуш стаг а вац. Иза а ду дика: йистхила, елаелла-екхаелла вог1учуьнга  д1ахьажа а де дац цуьнан. Геннахь, диттийн луьстачу г1ашлахь гучуболу кхуьнан х1усаман тхов. Амма кхерчан ц1аро хазахетаран суй ца латабо Мархин г1елбеллачу б1аьргаш чохь.

Йовхо лун кхерч бац иза х1инца.

Цхьа аг1о, онда г1ортор д1аяьлча, г1орош хиллера кхерчан алу а.

Мацах цкъа, цхьана ирсечу хенахь, безамца куьг  тухуш лелийна ков-керт буоберах тарделла, тишделла, басадаьлла го. Гуобаьккхна йоьг1на эчиган г1ап, ракетин геригаше чекхлилхина, цаца хилла лаьтта. Хетало, ирсан буьртигаш, мел лерина луьттуш лехча а, ца карош, можа мекха тесна баланийн шорталлин лар гойту.

- Марха, хьо ц1а кхечи? – ц1аьххьана хезначу озо егийра геначу паналлехь тилаелла ойла.

- Ой, хьо вац иза, Дика к1ант?! – юьйхира зуда. – Къинт1ера валалахь - тидам боцуш йисира-кх со. Хьо хьуо ма ву, стенга вахана  Мансур? Ц1ахь 1елахь ма аьллера ас цуьнга, керта ла а дуг1уш.

- Ас цхьа г1уллакх т1едиллина вахийтина иза… Са ма гатде. Хьо к1адъелла а хир ю, цкъа чу кхачий, парг1атъяла.

- Со-м дукха парг1ат яра. Х1ун ду вайн ц1ахь, могуш-парг1ат?..

- Далла бу хастам, дерриге а дика ду. Ткъа хьуна хиин цхьа а керланиг?

- Х1ан-х1а, – стешхачу озо ша гучуяккхале, доцца хадийра несо, марвашас шен къамел стенна т1е дерзор ду хууш.

- Марха, вай дукха дийцина, цхьа чаккхе ян г1иртина х1окху г1уллакхан. Массо тайпа а дийцина… Хьан дагах кхета тхо, хьан лазамах. Иза вайн массеран а лазам ма бу, деган чов… делахь а, мел боккхачу а сатиссамах догдилла дезаш а хуьлу. Оцу догдилла дезачу дегайовхонах цхьаъ – тхан ваша, хьан берийн да, х1усамда дийна ву, могуш-маьрша ц1а воьрзур ву бохург… Вайн Делаца къуьйсийла ма дац, ва Марха! Хьан бераш а ду холчохь, са а хаьдда хьо лела гуш… Хьайна мел хала делахь а, догдиллахьа, Марха!

Марвешех бехк лаьцна, аг1ор а хьоьжуш, йист ца хуьлуш, г1орийча санна лаьтта миска зуда. Х1ор олучу дашо дера чов йо, ишта а г1айг1а-балано деринчу цуьнан дагна.

Ма ца деза цунна х1ара къамел!

Дависа, дуьне дат1ош мохь-орца ала! Г1елделла, дуьрачу б1аьрхиша  1овжийна чов хилла дог гатбеллачу кийрара оззийна схьа а даьккхина, лаьттах тоьхна, лазам эккхош эзар кескашка даржийна д1адахийта.

Пхенийн гезгмашо коьртехь къевлина сингаттаман ойла, хадош, маршаяккха. Набъяза г1елбелла б1аьргаш, ницкъ ма-ббу та1ийна, лелхийта.

- Со д1авоьду, юха а ойла ехьа. Хьайн дуьхьа ца хилахь, берийн дуьхьа мукъа а… 1одика йойла.

Марха  хезаш а яц и т1аьххьара дешнаш. Кевнан  ц1евзинчу ринжо саметта ялийра иза. Юха ца хьожуш,  чуяхара. Не1аран т1ома т1е кхевддашехь, Са1идан беркате куьг хаалора - цо т1аьххьара тоьхна т1ам. Говзачу пхьеро к1айчу даь1ахках йоьттина пийлан кеп.

Не1 схьайиллича, дуьхьал болчу пенах, баьрччехь, куза т1ехула, боккхачу гурахь д1атоьхна Са1идан сурт ду. Леррина Мархина т1едоьг1на г1ийла хьажар. «Ца караво хьуна со? Т1е ца кхачало? Х1инца хьо а йоллу-те сох догдилла?» Мархига дукха хеттарш дешало оцу хьомечу б1аьргийн хьажарехь.

- Са1и-ид, стенгахь ву-те хьо? Мичхьа лаха ас, дуьненан муьлхачу маь11е яла со? Хьаьнга орца ала-те? Ма к1адъелла-кх со, ма г1елъелла-кх! Г1енах мукъа а цхьа билгало ехьа суна… Г1енах а вац хьо, самах а вац..!

Амма сурта т1ера схьахьоьжучо жоп доцуш юьту иза. Х1инца кхитайпа хетало цуьнан хьежар – бехкала вахана, г1орасиз.

- Мама, со мацвелла! – не1арера схьахеза к1ентан аз.

- Со д1айог1у, Мансур!

Сихха юург вовшахтоьхна, к1ант вузо юьйлира нана.

- Парг1ат яа, сихъэккхар ю хьуна… -  йоьлуш сецаво иза Мархас. Ма тера а ву-кх шен дех. Шуьйра белшаш, сийначу б1аьргийн эсала хьажар, даккхий куьйгаш, юькъа хьаьрса месаш.

К1антана хаало шена т1ехь тидаме хьежар. Хаьа нанас шен аматашкахь мила лоьху.

- Мама, Вашас хьоьга х1умма а-м ца элира? – юург йиъна парг1атваьлча, нанна юххе охьахиира к1ант.

- Х1ан-х1а, хьал-де хатта веанера иза-м… - юха, жимма соцунг1а а хилла, т1етуьйхира, - Хьоьца г1уллакх долчух тера а ма дара цуьнан.

- Соьца-м цхьа а г1уллакх дера дацара Вашин. Вуьшта, хаьа суна, иза хьоьга х1ун ала веанера.  Нанас доккха садаьккхира.  Цара х1уъаа дийцарх, дагна дукха т1е ма ийзадехьа, мама. Дада вайна дина ву-кх… вайна велла вац-кх иза. Т1епаза байна неханаш а ма бу карош, вайниг а хир ву цхьанхьа, шех лаьцна хаам бан аьтто ца болуш… Мел дукха хуьлу уьш…  Мансур шен ницкъ ма-ббу дог эца г1ерта шен ненан.

Амма нана духьал йист хуьлуш яц.

Хала ду дуьхьал жоп дала. Юха а хорамо къамкъарг лаьцна, б1аьрхиш а кхачаделла. Цхьа хан яьлча, йинчу ойланийн жам1 деш, эххар а аз хазийтира:

-Дерриге а нислур ду, - д1атийначу к1ентан жима корта, барт боккхуш, шена т1еозийра нанас.

1уьйрре юха а некъ бан кечъелира Марха. Дуьне х1инца а самадалаза дара. Уьйт1ахь д1атийначу цхьаллин тийналло к1анта аьлла дешнаш дагадахкийтира:  “Вайн керта, атталла, хьоза а ца доьрзу-кх! Сингаттамца гергарло деза хир дац-кх цунна а…”

Х1умма а дац… Х1инцца, дукха ца 1аш, ц1а доьрзур ду х1окху кертара дедда ирс а. Марха тешна ю и хан герга хиларх.

Муха ца хуьлу?!

Делан къинхетам боккха ма бу! Мила хир вара Са1идал дена-нанна дика к1ант, доьзална дика да? Хила а-м лур вацара, мел лиъча а…

Цкъа а ца дицло, меттахь йисина шен нана, бер санна кара а оьций, бешахула иза лелар, цуьнан дог оьцуш, самукъадаккха г1ерташ иза хьийзар.

Мисканан, к1ант д1авигинчу дийнахь тоха са ца хили -  шолг1ачу дийнахь кхелхира. Иштта да халла батте велира. Доьзалхочух хьакхаделларг хала лов, олуш ма ду. Ткъа х1ара, Марха, муха йиси-те дийна,  дерриге лан мичара бели-те ницкъ?

Хаац, иза х1инца а инзаръюьйлу шен собарх, доьналлех.

Делан болх бу-кх! Цуьнгара ду-кх дерриге а! Хьекъалх ца талха, йохьах ца йоха ницкъ бели-кх!

Юрт самаялаза ю. Цхьа а дахаран билгало яц хаалуш. Атталла, н1аьна кхойкху, я ж1аьла лета хезаш а дац.

Марха тахана, дуккха а шеконаш эшийначул т1аьхьа, сацам боллуш, Гуьмсе боьду некъ юьхьарлаьцна ара яьлла. Лулахочо палтосу зуда йийцина цунна. Бакъдерг дуьйцу бохура цо - д1адаханарг, долушдерг а, хиндерг. Кхолламан сурт ша ма-дарра х1отторца г1араяьлла ю бохура.

Марха цкъа а ца тешара ишттачу х1уманах. Стаг 1есавалар, тиларчу вахар лорура цо оцу тайпанчу нахана т1е лелар, шен кхоллам т1ехь бозбуунчаллаш лелош пхьола дайтар. Шен кхетамах, хьекъалх б1о ца булуш, Делах дог диллинчу б1аьрзечу стагах тарлора цунна тахана ша санна арадаьлла адам.

Х1ун дийр ду ткъа?

Кхид1а ладег1а, садетта, сатисса к1адъелла-кх иза! Еккъа шен дуьхьа лелаш ма яц Марха… Са1идах х1ун хилла хьажа, цунна т1екхача некъ лоьху цо, акхадаьлла ирс ц1а дерзо. Деа шарахь сингаттамо хьере дина, шен дег1ах къаьстина са юхадерзо.

Гуьмсе кхочуш, ишта а халла т1еерзийна дог-ойла юха а шеконаша г1елйира. Бийцинчу урамехула пал тосучу зудчун керта герга мел г1оьрти, настарш, куьйгаш дегош, дег1ан г1ора а иэшна, можа б1агор  беана, малъеллачу зудчунна некъан йистехь шуьйра гаьннаш а даржийна лаьттачу б1арийн дитто  орцанна т1етовжа шен онда г1ад кховдийра.

Х1инца х1ун дийр дара? Схьаена а яьлла. Юхайирзича, юткъелла дегайовхо хадарна а кхоьру.

- Эх1-х1ай, еллаяла хьо дела1, - доггах ша-шен чехо     елира зуда, - кхин д1аг1орта цхьа а г1о-ц1а доцуш шершина-кх кхуза схьа! Ма к1илло яьлла-кх хьо… Хьайн синан, дег1ан дола далуш йоцу хьо, х1ун аьлла орцахъ яла г1ерта 1азапехь воллучу Са1идана? Хьох х1ун накъост хир ю цунна, хьох тешна висинчу цуьнан б1озза къа ду-кх… Самаяла! Нисло! Йолало!

Иштта, ша-шен чехош, юха а дег1 нисдира Мархас.

Кертахь дукха адам дара. Тезетахь санна, цхьана башхаллица, ц1ог1анца дуьне дат1ош, боьлху хазац. Амма цхьана ханна кийрахь обаргдаьлла, д1атаь1на и мохь-ц1ог1а, оцу адаман шен дуьне б1арздина, дакъийна, хуьйдина д1адаьккхина. Шен-шен сингаттамна чукъовлавелла массо а.

Ша цхьанна йовзарна кхоьруш къийлина са х1инца жимма хецаделира – цхьа а вац х1окхуьнца бала болуш а, атталла, корта айбина, кхуьнга схьахьожуш а. Бакъду, чу а вахана араволучуьнга-м лерина, иэс доккхуш  хьовсу. Церан яххьаш т1ехь лоьху я догдилларан, я дегайовхонан лараш. Массарна а ца хаьа дог-ойла лачкъо. Цхьаверг юьхь кхоьлина араволу, важа - билхина б1аьргаш идош, кхиверг - жимма б1аьрг серлабаьлла.

- Хьо чуйоьдуш юй? – цхьамма меллаша не1арехьа теттира Марха.

- Х1ан?

- Хьан раг1 т1екхаьчна, чуг1охьа…

Марха, шегахь   дисина г1ора схьагулдина, к1иллодаьлла экам дог буйна а къевлина, чоьхьаелира.

Сирлачу арара х1окху готтачу, боданечу ц1а чу яьлча, б1аьрсино х1умма а схьа ца лоцуш, не1саг1ехь йоьхна сецира къона зуда. Цхьа муьста, къаьхьа-муьста хьожа яра чохь. Иза цкъа а кхунна еана хьожа яцара: я дег1ах яьлла, я 1аламан х1онах кхоллаелла. Иза адамо арара шеца чукхехьначу баланех, сингаттамах кхиийнчу стоьман шатайпа к1он хьожа яра. Дуьненан хьожа яцара. Хийра яра, хьан дег1ахь хьаьрча лаьхьа санна, жерга а, шийла а. Ткъа палтосург, оцу сингаттаман харцстоьмах боьлла, токххиллачу н1аьнах таръелла.

- Схьадийцал, х1ун хаа лаьара хьуна? – боданан мархаш д1асатоттуш, схьахезира шийла, хийра аз.

- Сан берийн да…  Мархин аз ц1аьххьана дайна д1аделира, ц1ий дедда, балдаш, мотт лехна, дош ца алалуш йисира миска зуда.

- Кхечу зудчунна т1евахана? – г1о лоцуш аз айдира х1умахуучо.

- Х1ан-х1а, ишта хилча-м хала а ма дацара, - елакъажа г1оьртира Марха.- Вигина ву, диъ шо хьалха т1епаза вайна…

- Сурт деаний ахь цуьнан? Хьажа деза суна…

- Дера деана, х1ара-м даим а ма ду ас сайца лелош…

Ехха 1ийра палтосург, цкъа сурте хьожуш, т1аккха х1окхуьнга хьожуш. Иза цкъа шега, т1аккха сурте мосазза хьожу хебаш, егош лаьттара Марха. Т1аккха цхьа тамашийна оьг1азло г1атта юьйлира г1елделлачу, ницкъ иэшначу даг чохь. Схьаеанчу шена а, шен баланах кхаьрдачу, мутта оьцучу, тахана дуьххьара б1аьрга гучу х1окху зудчунна а оьг1азъоьхура иза.

- Зуда, - эххар а г1орг1ачу озаца, сингаттамо шена горах1оттийнчу зудчун кхолламна цхьа а дегайовхо ца юьтуш, къиза кхиэл йира палтосучо, - х1окху сурта т1ехь волу стаг дуьненахь воцуш ву. Х1ара а, кхуьнца хилла кхин  виъ стаг а, байина, эрна арахь д1абоьхкина бу. Хьо къона ю, хьан берашна ненан безам, йовхо оьшу, хаза, царна т1е дог ойла а ерзаяй, хьуо сингаттаме эрна яга а ца йойтуш, юкъ ехккий, кхид1а яха хьажа…

Мархин дог, ша долччохь, тулг1еш етта ц1ий а сацийна, араэккха тохаделира, амма, сих-сиха деган деттадаларна 1еминчу пхенаша, шен йийсарехь сацийра иза юха а.

- Иза велла вац хьуна, зуда..! – шабаршца хазийра г1елъеллачу зудчо. – И хьайн ширбелла пуьташ 1овдалчийн хье чу бухкур ахь…Вайшиннах х1умахуург мила ю хуур ду хьуна кестта… Делах теша со, я иблисан г1оьнча хьо!?

- Ас йола аьлла, ехна еана яцара хьо-м… Хьайна диканиг хаза лаарна еана, хазачу туьйране сатесна… Туьйранаш а хуьлу тайп-тайпана. Араяла кху чуьра, д1аг1о…

Марха араелира. Д1аяхара. Кхид1а. Шен лехамашца.

Доьхначу дагца, автобусан социйлехь д1асахьоьжуш х1ара лаьтташ, ц1аьххьана кхунна дагатесира х1окху урамал дехьарчу урамехь шен марйиша ехаш хилар. Дагадеара, палтосу зуда лерина шега хьежар а, Са1идан сурт таллар а. Марзахоша а, цо а цхьанаэшшара дина къамелаш а. Х1инца кхеттера иза дерригенах а. Церан цхьабарт хиллера – Мархита Са1идах догдиллийтар.

Хьере хилла ойла сецош, шена масла1ат дан г1ертара зуда. Дависа, вехаш вацара-кх, х1инца, юха а йирзина, цкъа оцу палтосучуьнга, т1аккха, яхана, марйишига, дог 1аббош, бага ца тоьхча. Амма г1ора дисина а дац-кх ойла ян, бага етта-м муххале а.

Карзахъяьллачу дог-ойлано синпарг1ато лоьхура. Ц1а ерзале, шен йишина, Шовдина, т1екхача лиира Мархина. Иза юьрта чувуллучохь 1аш яра. Дерриге а дийцинчул т1аьхьа, са д1ахецца йилхинчул т1аьхьа, дуьрачу б1аьрхиша совсийна юьхь а лечкъош, йишин марахь д1атийра г1елъелла зуда.

- Марха, ахь х1инццалц а дика садиттина, кхид1а хьо ледаръяьлча, цхьа а нийса кхетар вац. Са1ид дийна хиларх хьан дог тешна делахь, иза дийна ву-кх. Со лоь хезаш юй хьо?

- Х1аъ! – корта та1ийра Мархас.

- Х1инца цкъа схьахьажал соьга. Эрна хабаршка ла а ца доьг1уш, эрна ойланаш а ца еш, Далла т1е болх а биллий, кхид1а яха г1орта. Д1адахал хьайн б1аьрхиш а, д1ахьулъел хьайн г1айг1а. Хьо-х нохчочун йо1, нана ю! Ахь х1ара х1ума леладахь, хьо кестта к1елъюьсур ю, ткъа ц1а вирзинчу Са1идана бухахь могуш зуда ца караяхь, цо кхин ялор ю. Хазаниг, къонаниг. Бакъ а ялор ю, цхьанна а ма ца оьшу чохь са доцу дег1ан чалх… - забарца йишиш дог-ойла г1атто юьйлира Шовда.

- Цхьана х1уманах йогу-кх, - х1инца жимма садекъаделлачу Мархас шен сих хьаьрчина кхерам бовзийтира йишина, - сиха вара Са1ид, нохчочун бакъкуралла яра цуьнан дагца. Яхь яра. Оцу кураллина, йохьана т1екхевдича, ловр долуш вацара. Дуьхьало йийр йолуш, уьш шех д1а ца къастадайта, летта лийр волуш вара… Дуьхьало йинехь, даха дог а дац-кх цунах…

- Х1ан-х1а, Марха, Са1идехь иштта сонта майралла яцара. Ша волччохь шун, шен доьзалан, ойла еш хир ву хьуна иза, шуна дийна ц1а верза болчу лаамца садетташ…Амма хьо а хила еза оццу ойланца ехаш, иза ц1а вирзича, хьуо а, хьайн доьзал а могуш, маьрша гайта ларбан беза…

- Дела реза хуьлда хьуна, Шовда. Х1инца сапарг1ат ю-кх со!

- Кхин суна, пал тосуьйту бохуш, хьо ловза а ма яйта. Делан къайленашка оцу тайпанчу нахехула кор делла а ма г1ерта, хьайн хьекъалца, кхетамца, собарца, доьналлица яха хьажа. Делан кара ло хьайн кхоллам, цуьнан къинхетамах дог а ма дилла!

Мархас шен кхоллам Делан кара белира. Цуьнан къинхетамах дог а ца диллира.

 

Де юкъал т1ехъиккхина доьдура. Карзахъяьллачу дог-ойлано синпарг1ато лоьхура.

Юьрта чу кхачале сада1а охьахиира Марха.

Гонахара 1алам хаза дара. Т1ера б1аьрг д1а ца баккхабаллал хаза! Хьог1ан б1аьрг, безаман б1аьрг а хуьлу олу. Массо а хаза, дика х1ума, хьог1ечу б1аьрго дагош санна безаман б1аьрго кхалош ду-кх х1ара исбаьхьа дуьне а!

Мел хьийжи а, хаза х1ума ю-кх хьо, дуьне! Дависарг, ваха хала ду-кх хьуна чохь! Хьоьга а хьоьжуш 1ийчахьана, волуш мукъа а велахьара!

Гуш боцчу ницкъо т1еийзош, мел инзаре хаза ю-кх шовкъечу хелхарехь хьийза ц1еран алу! Амма вац-кх цуьнца и хелхаран шовкъ екъа ваьхьар волуш цхьа а. Б1аьргнег1ар тоха а кхиале вагор ву, схьаэца х1ума  ца дуьтуш!

Иштта х1ума ю-кх х1ара дуьне а, дахар а. Хьан лааме  ца хьоьжуш, дуьненан ловзаргахь човс хилла хьийзачу дахаро ша ма-бохху хелхарш-м дойту. Дахаран ши хелхар -  ловзар, та1зар. Т1аьхьарчу хелхаран кепехь сих-сиха а воккхуш.

 

Жима йолуш дуьйна Мархин даго къастийна гу бу х1ара сада1а сецнарг. Цхьа тамашийна сапарг1ат хуьлура иза х1окху меттехь. И гу ширачу кешнашна а, х1инцалерчу керлачарна а юккъехь доза тухуш боьг1ча  санна лаьтта. Д1аяханчу а, карарчу а заманан з1е, ширчу заманан шалха мохь.

Мархина хезаш аз доцуш, царна юкъахь г1ийла къамел хаало. Шайна т1ех мел волучуьнга, шайн чарташна, баьрзнашна т1ехь б1аьрг мел соцу, цкъа г1айг1а-бала балхош, т1аккха дегабаамца бехкаш дохуш, айдаран хьаьркаш хилла, г1орийна, заманан йохалла чуэгна, ширделла кешнаш.

Мархина церан аьзнаш хеза х1окху халкъан экам са шеца лелийначу, х1инца царна т1еваханчу, яздархочун Айдамиров Абузаран  «Ширачу кешнашкара аз» бохучу байтан дешнашца:

- «Раьг1нашца даьржина, хьаннаша хьулдина, б1ешерша шардина, баьрзнаш дайна. Т1ебог1уш некъ боцуш, гонаха керт йоцуш, т1аьхьено дицдина, байлахь дисина. Буьрсачу б1аьхоша шаьлтанца яздина, г1айракхан тхан чарташ кхачалуш ду. Кегделла, хирцина, лаьтто чуийзадо, цаьрцанна тхан безам д1аболуш бу. Дорцалахь х1иттийна тхан миска х1усамаш, тхоьцанна ягийна, лаьттах ийна. Т1аьхьенна безамна дийг1ина дитташ а, хедийна, къанделла, х1аллакьхилла. Яздина тептарш а оха ца дитина – уьш яздан 1еламнах тхо дацара. Ц1ергахь тхо кхуллура, ц1ергахь тхо кхелхара, шун маршо, таронаш тхан яцара. Тхан куьйга кхоьллинарг – дерриге д1адаьлла. Шу дисна-кх – тхан т1аьхье, безамна тхан. Даккхийде шун ирсах, маьршачу дахарх, стом боцуш цадарна тхаьш хьегна къа. Амма ма мотта тхо бералло хьистина, безамо дузийна къанделлера. Йовхачу х1усмашкахь ховха мотт биллина, доьзало гуо бина, кхелхинера. Ма мотта шайн маршо шурица йоьссина, стиглара чу доьжна шайгара ирс. Б1ешрийн къийсамехь 1енийнчу тхан ц1ийца кхиийна стом бу и, аш бууш берг.Ткъа кхузахь бакъ лардеш, харцонца къийсинчу, шун маршо, ирс лоьхуш, беллачу дайн, ц1арна ц1е яханчу  шайн халкъан турпалхойн т1ех1итта барз бац шун, дозалла дан. Турпалхой. Къонахой! Уьш поппарх буттуш бац, и жовх1арш б1ешаро халла цкъа кхуллу. Замано кхуллу уьш, ткъа халкъо 1алашбо, уьш цунна серло луш, ц1арах богу… Ца доьху х1иттадар шагат1улган чарташ, кешнаш т1ехь ягаяр абаден ц1е. Б1аьхоша тхайн коьрте х1оттийна акха-т1улг тоуьйту. Кхин лехац, ларбейша и…».

Олхазарийн ц1ена декар а, полларчийн дайн хьийзар а, бецийн эсала техкар а, мелачу механ хьестабалар а – дерриге а, саайббинчохь, тапъаьлла сецнера. Д1аяханчу замано бартхаттар дазделлера...

Марха, г1аьттина, ширчу кешнашкахула д1асайолаелира.

Мархин пхенашкахь б1ешерашкахь баьхначу нанойн схьагулделла ц1ий, муьт1ахь  хила 1еминчу хоршара даьлла, дера тулг1еш етташ, г1аттамца мохь-ц1ог1ане делира.

- Ох1-х1ай, ма ца хаьа-кх шуна шайн т1аьхьенна шаьш битинчу оцу ирсан кхолламах хилларг! Б1ешераша шардина шун баьрзнаш дайна дац, т1ебог1у некъ, гонаха керт цахиларх, шу байлахь ца дисина, т1аьхьенна диц а ца делла. Шун заманахь-м мостаг1, доттаг1  юьхьадуьхьал а вевзара, велларг лаьтте кховдо, чурт х1отто а аьтто баьлла. Стенан, хьенан дуьхьа 1ожалла т1еэца а хиънера, къийсаман 1алашо а евзинера… Шуьгара декъаза дакъа кхаьчна шун т1аьхье эзарнашкахь яйна-кх, т1ех1отта барз а, чурт а доцуш цкъа - казахийн хийрачу г1амаршлахь, х1инца - шен декъазчу махкахь. Буьрсачу б1аьхоша шаьлтанца яздина шун г1айракхан чарташ а кхачалуш дац - уьш т1етт1а дебаш ду. Аш дорцалахь х1иттийна, шуьца яьгна, шуьнанаш д1аийнначу лаьттах ийна тхан декъаза х1усамаш а, адаман не1алт ца хьаьрчачу т1амо ягийна, чим бина. Т1аьхьенна безамна аш дийг1ина дитташ а хедийна дац, къанделла х1аллакьхилла а дац – т1амо лазийна, кегдина. Шун куьйга а, тхан куьйга а кхоьллинарг – дерриге а д1адаьлла, шучул т1ехъяьлла маршо я таро тхан а ца хилла. Шуна а ма мотта, тхо бералло 1ехийна я безамах дуьзна… Кегий хила а ца дити, къандала а ца кхии, йовхачу х1усамех а хьегийна, парг1ат д1акхалха схьагулбан доьзал а ца бити… Шурица йоьссинчу маршонах-м т1о-к1алд хила а тарлора, амма аш ц1ийца яьккхина маршо, ц1ий хуьйдина маршо, ц1ийх яссалуш, ц1ий 1ийдалуш еха-кх. Цунах кхиъна стом  дарбане ма ца хуьлу! Дала шун сий дараш, кхетамца кхиийна стом кховдийна хиллехьара, шун, тхан дайн, баьрзнаш, чарташ лардан а, турпалхойн сий айба а, вайн во1арий, мехкарий зуламех ларбан а хиъна хир ма дара! Маьршачу, ирсечу дахарна  х1у тесна а хир ма дара!

Х1аъ, буттуш бац дера къонахий поппарх. Уьш-м оха, наноша, дуьненчу бохуш бай! Жовх1арш ду оха х1ор бераца халкъана, махкана кховдош! Б1ешераш юкъа а ца духкуш. Амма бац-кх наноша уьш т1амна кхиош!

Цкъа мукъа а тхан, нанойн, б1аьра хьовса ца мегара шу, даг чуьра сатийссамаш ган, ирсан орам лаха?!

Тхо муьт1ахь дара шуна! Тешаме дара… Тхан кхолламан мукъ шун карахь а битинера… Цхьана а замана 1ожалла т1ейоьху герз кхетамах ца хийци-кх аш!  Тхо х1инца к1адделла, г1елделла! Синтем бац! Тхайн байинчу, т1епаза байначу к1ентийн, вежарийн, дайн, х1усамдайн т1ех1отта барз, чурт дац, т1ебоьду некъ а бац. Иштта кхоллам бу-кх аш яьккхинчу маршонан стом кхаьллинчу т1аьхьенан! Д1аьвше стом хиллера иза!

Аш доьху шагат1улган чарташ а, ягаян йоьху абаде ц1е а хала яц …Тхо декъаза зударий мел ду оьшур дац, дера, шуна г1айракхан а, шагат1улган а чарташ – уьш тхо ду, дийна доллушехь, дуьненах догдиллина, г1орийна лаьтташ.

Абаде ц1е а тхоьца ю – сингаттамо, балано дог кхорзуш йогу, «со нохчочун нана ю» хаъал, кхеттал хилчахьана дуьйна..!

Марха йоьлхура. Йоьлхура, эзарнаш шерашкахь баьхначу, къонахчо санна садиттинчу нохчийн берриге а нанойн метта. Ширачу кешнашкахь, мискачу зудчун елхаран узар доцург, хезаш аз  дацара. Х1инцца шаьш бинчу балхамашна, даьхначу бехкашна бехкала дахана, г1ийлачу ойлане эгна д1атийна шира кешнаш.

Церан дала жоп дацара…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.