http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Гуора божийна сай Печать Email

Минкаилов Эльбрус

 

– Хьажахьа, хьажахьа хьуьлла йогIучуьнга! Цхьа сай бу-кха, сай! – пхьаьрс  озийна саца а вина, суна и йоI гайтира Шемала.

 

… Иза скверехула университетан шолгIачу корпусера схьайогIуш яра, цхьа оцу бIаьстенан басаршца йогIу къорза коч а, лекха к1ажа болу туфленаш а юьйхина, белшах тесна жима баьццара тIоьрмиг а болуш. Суна хIетахь хета а хийтира иза сех тера, цхьана курачу сех, паргIато евзаш а, и лоруш а болчу. Цуьнан болар дайн дара, дегI – нийсса, корта хьалата1ийна, жимма аркъал а тесна. Хеталора, иза хIаваэхула йогIуш санна, ког лаьттах а ца кхеташ…  Байн хьоькхучу мохо ловзайора цуьнан белшаш тIехула охьахецна хьаьрса месаш…  Уьш юьхь т1ехула охьаяьхкича, шен паргIат долчу куьйгаца дIа а тоттуш, шега тхойшиъ хьоьжуш вуйла тосаделлехь а, корта схьа ца берзош, сихха тIехъелира иза хIетахь…

–  Суна йовзийтахьа иза, Эмин! ХIокху ерриге а университетехь а ца гина-кх суна иштта хаза йоI!

– Хьайна мел гинарг а хета хьуна хаза… Цкъа зуда а ялийна, паргIатвалахьара хьо, –  дог ца догIуш дуьхьал вистхилира со.

–  Иза ялор ю-кха ас, со дийна висахь! Йовзийтахьа суна!

– Суна сайна а ца евза иза… – элира ас, и бакъ доццушехь. Шемала ша цхьаъ хилла ца 1ара, цуьнан ша-тайпанчу хазалло инзарваьккхина. Со-суо а ма вацара бIаьрзе…

Шемал юха а дийхира соьга.

– Айххьа цхьа некъ лахахьа, ас Iамо оьшуш а вац хьо оцу хIуманашна…  – хадийра ас къамел, башха тIаьхье йолуш цуьнан гIуллакх хир дац бохучу ойланца.

Ишколехь долуш дуьйна, синкъерамашкахула лелла вара иза, тхан юьртахь хьовха, луларчу а тIехь…

 

Оцу сарахь Шемал со волчу веара, дикка кеп а йина.

– Ассалам Iалейкум! – шен карара тIоьрмиг неIсагIе охьа а биллина, гал ца вала а гIерташ, суна тIеволавелира иза.

– Ва Iалейкум салам… Дукха хан а яьллера-кха хьуна, вай вовшашна газа… – элира ас.

– Суьйлаша цкъа букътоьхна схьавирзича а луш долу салам, ас дийнан дохаллехь шозлагIа дала ца мега доттагIчуьнга?

Иза суна маракхийтира, юха, цунах а тоам ца хуьлуш, мара а къевлина, хьалаайбира. Сол дегIана мелла а лохо волу иза дикка аркъалвахара, сан ши ког лаьттах къастале.

– ДIавалахьа дIа,  хьайн чуо ятIор ю ахь! – сайна и тIех хетий хаийтира ас цунна.

– Эмин, суна хии хьуна и йоI мила ю… Саида… Хьо орцах цаваларх, со байлахь вуьсур ву моьттура хьуна? Со-м, хьаха, вац, цкъа юьхьарлаьцнарг чекх ца доккхучарах! – лаьтта охьа а виллина, сан белша тIе куьг туьйхира цо.

– Ас ала ма элира, некъ ца карош хьо вуьсур вац…

– Вайн юьртара ПетIамат дагайогIий хьуна, вайн школан завучан йоI? Ши класс лахахь доьшуш яра-кха иза… Цхьана группехь хилла-кха Саидий, изий. Истфакехь...

Цо дехха дийцира Саидех шена  мел  хиънарг, юх-юха а дуьйцуш. Суна гIеххьа кIордийнера сайн юьртахо.

– Шемал, сан кхана экзамен ю. ЧIогIа хала экзамен… Сийдоцу хьехархо а…  СадаIахьа, ас жимма болх бийр бара, – элира ас, эрна дуй сайна хуъушехь.

– Дийца а ма дийца! Хабаре ваьлла, дицделла Iара со. Ас вайшинна яа а, мала а ма еана! – неIсагIера тIормиг схьа а эцна, иза а бахьаш, суна тIевеара иза. – Гой хьуна: кхехкийна когаш кортий, йоьххьий, хох-саьрамсеккхий, къаьркъий… Кхин хIун оьшу студентана?.. Суна Саида йовзар даздийр ду вайшимма!

– Сан кхана экзамен ю…

– Моьттур ду, и хьан дуьххьара ю!.. ДIалур яра ахь иза-м! – тIоьрмиг чуьра хIуманаш схьаяха волавелира Шемал.

– Ца торручу хенахь ван а вогIу-кха хьо!..

 

… Шемал сан юьртахо вара. Доьзалехь цхьаъ бен вацара иза. Хьалха цкъа мелла а таро йолуш нах бара уьш, да дIаваллалц. Дикаха мел ерг тIеюхуш, кхечаьргахьчул сов кисанахь ахча хуьлуш а вара иза жима волчу хенахь. Дина еттинчу кибарчигийн дика цIенош а дара церан, кертахь даьхни а, амма да кхелхинчул тIаьхьа тIедогIург сецнера. Дукха хан ялале, хиллачу таронех дагалецамаш бен ца бисира…

Тхо вовшашна гена доццуш Iаш дара, кхо-диъ цIа бен юкъахь доцуш. Доьшуш цхьана классехь дара, ишкол чекхъяккхалц. Цул тIаьхьа со университете вахара, Шемал конкурсехула чекх ца велира: эрна ду хьуна, экономически факультете ма гIерта шега боххушехь, цига деллера цо кехаташ. Оццу шарахь эскаре вигина иза, хIорда тIехь кхо шо а даьккхина, дIаяханчу гурахь цIа веанера. Со хIетахь йоьалгIачу курсехь вара. Кест-кестта тхоьга вогIура иза, ас башха тIе ца кIовешшехь, гIалахь а кхочура со волчу, хIор кIиранах бохург санна.

Ша хIордан кеман тIехь кхаа шарахь ца къийрина са, ца мелла къаьркъа меттахIотто гIерташ санна, масех бутт бара иза «паргIатваьлла» лела…

– Цигахь малар дан а ма дацара. Карадеъча, молханаш муьйлура… Цергаш цIанъен паста юуура, мачашна хьокху крем…  И баьпкан цастар тIе а хьокхий, малхе дуьллура…  ТIаккха, цхьа хан яьлча, уьрсаца крем дIа а доккхий, бепиг дуура…  Спирт чу ма узу баьпко… Кхин масане дара уьш! – ша лайначунна со бехке волуш санна дуьйцура цо.

Шемал зуда яло дагахь а вара, милице балха хIотта а, университете заочно деша ваха а… Эскарехь волуш парте а ваьллера иза, цIа вогIуш кехаташ а деанера, конкурс йоцуш деша дIахIотта бакъо луш долу. Факультет цу дийнахь къастийра – исторически, Саида цигахь йолу дела…

Оцу буса со волчохь висира иза, сох ша юьхьарлаьцначунна кхин накъост ца хиллишшехъ. Ша еанарг мала а мелла, яа а йиина, буьйса юкъал тIехяьлча, телевизоре хьоьжуш Iаччохь наб кхийтира цунна…

Iуьйранна, халла хьала а гIаьттина, соьца университете ван тохавелира Шемал.

–ДIавала, ирахь Iен вогIучохь дац хьан хьал!.. Куьзгана хьажа! Хьо гинарг а кхералур ву! Жимма наб а яй, лийча а лийчий вола, цхьайтта-шийтта долуш. Со хIетале экзамен дIаелла а вер ву…

Квартирин догIанаш цуьнгахь а дитина, университете вахара со.

Оцу дийнахь тхойшиъ юьртахь юха а вовшахкхийтира, вехха, малх чубуззалц, цхьацца къамелаш деш а Iийра, кетIарчу гIанта а хиъна. ХIетахь иза резахилира ас шега аьллачунна – зуда яло а, балха ваха а, деша а дагахь велахь, сакъерар мелла а юха а оьзна, лартIе ван веза бохучунна. Амма чкъург хIетале чукерчина хиллера…

 

Гурахь Шемала Саида ялийра, милице балха а вахара, исторически факультете заочно деша дIа а хIоьттира. ГIалахь а ул-уллохь нисвелира тхойшиъ: Саидин квартира хиллера нанас, ша леш, цхьаъ бен йоцчу йоIана йитина. Зудчун квартирехь Iийр вац ша бохуш, жимма «гIам-гIим» а дина, Шемал, дукха хан ялале, гIала схьакхелхира…

 

… ДIаоьхура шераш…

Со, дешна а ваьлла, гIалахь балха хIоьттира. Шемала а университет чекхъяьккхира, иттех шарахь – цкъа юкъахволуш, юха дIахIуттуш. I99I-чу шарахь капитан вара иза, гIалин цхьана районехь участкови инспектор. Саида а, дуьххьара доьзалхо хиллачул тIаьхьа, заочно елира. ШолгIа     бер – йоI – дуьнен тIе сакхт долуш елира: ечу хенахь корта лазийначух тера дара цуьнан.

Шемаллий, Саидий бертахь Iа ала мегар дара чуьра хьал цахуучо. Шен сакъерар дита ца лаьара майрачунна, сих-сиха вехна вогIура иза, накъосташца цхьаьна. Тхойшиннан гергарло, де-дийне мел долу, херлуш, дукха хан ялале хедира, дуьхьалкхетча, салам-маршалла далар бен ца дуьсуш. Цкъа, тIаьхьара а ца ваьлла, и волчу вахара со, цхьа бахьана а хIоттийна, накъосташца и сакъоьруш волуш. Суна тов кеп яцара цара лелориг. Хье а ца луш, дIавахара со оцу тойнера, кхин ван а ца веара…

Саида цкъа гича тоьур дара, цуьнгара хьал довза. Нахах эхь хетара цунна, цIийндас лелориг бахьанехь, амма хIетте а иза таръяла гIертара, собарх ца юхуш – кхин яха меттиг яцара цуьнан. Да кхуьнан пхи шо кхаьчначу хенахь веллера, некъабохам а хилла, цул тIаьхьа дукха хан ялале нана а кхелхинера… Саида шен ненан ненаца кхиънера, иза а хIара Шемале маре еанчу шарахь дIаяьллера…

Саидин ерриге а хан могуш йоцчу йоIа дIалоцура. ХIетте а, чохь а, тIехь а цIена, куьцехь латтабора цо доьзал. Болх а бира цо кIеззигчу хенахь, луларчу ишколехь, амма иза бита бийзира, йоI бахьанехь… Цуьнца вита стаг вацара, хилча а, тешаме а дацара – сих-сиха лазар догIура цунна.

Цкъа, ша балхара цIа еача, мотт легашка а хIоьттина, садукъделла йоIIий, цунна гонаха воьхна хьийза кIанттий карийнера цунна. ХIетахь халла лечуьра яьккхира кхуо иза (хьалха а масийттазза и хьал хIоьттинера, дан дезарг лоьро дийцинера Саидига)...

 

Доьзал боха болабелира «революци» хиллачул тIаьхьа. Шемалан алапех йисинчух беха хIорш, дукха хан ялале чохь а, тIехь а доцуш бисира – ахча хIетахь наггахь бен луш дацара, балхахь волчунна а. ЙоIана луш йолу пособи молханашна а ца тоьура. Саидас, шен ненах йисина а, цо шена эцна хилла а дешин хIуманаш дIайоьхкира, цул тIаьхьа – масех куз а, пхьег1аш а…

 

I993-гIа шо…  Ши митинг яра гIалахь дIахIоьттина, цхьаъ Iедалехьа болчара гулйина, шолгIаниг – царна дуьхьалболчара. Шемал болх беш волу милицин райотдел оппозицигахьа елира. Бакъду, иза башха хIетахьлерчу Iедална дуьхьал хилар гойтуш хIара ду аьлла кхин хIума-м дацара. Со а кхочура наггахь цу митинге: милицехь берш а, вуьшта схьагулбелларш а цхьатерра хан токхуш хуьлура, деш-дуьтуш а доцуш, хилча яаа а юуш, мала а молуш… Хетарехь, оцу деношкахь цхьа паргIато яьккхинера цигахь гулбеллачара – шайн доьзалех хербала… Шемал цига валийнарг кхин хIумма а дацара, накъостех къаста цалаар бен…

Цхьана дийнахь, балхара а ваьлла, цIа вогIуш, митинг лаьттачу майданахь сецира со, театрана хьалха. Цигахь бакъдерга, доцург а хезара: хIаваэхула лелаш санна, даьржина тайп-тайпана хабарш, ладогIа мало ца йичахьана.

Сох бIаьрг а кхетта, тIевеара Шемал. Иза тIедюьйхина милицин духар а долуш, герзаца вара. Цо автомат суьйранна гIелвеллачу бежIуьно шен гIаж санна лелочух тера хийтира суна: доьхка а лаьцна, такхийна яхьаш яра иза… ТIера духар хийцаза а, юьхь т1е урс хьакхаза а масех де даьллачух тера дара. Бедар-м стенна юьйцура – юьхь а яра, хьирчина шаршу санна. Хала дацара цуьнан бахьанех кхета а – къаьркъа мийларрий, наб цаяррий дара уьш…

–Ассалам Iалейкум! Интеллигенци юьстаха лаьтташ ю хьан боху?! – Iаьвддина сан куьг а лаьцна, маракхийтира иза.

– ВаIалейкум ассалам!

– Вало, жимма хIума а кхоллуш, цхьацца бIе йоккхур вай, – дехьо лаьттачу машен тIе дIаозийра цо со.

– ХIан-хIа, со меца вац… Мала а ца лаьа… Балхара воггIучуьра схьавеанера со, кхузахь хIун ду хьажа…

– Тхо а ду-кха балхахь, дийнахь а, буса а… Интеллигенци халкъаца хила еза олуш ца хезна хьуна? Вало, вало, – со юха а дIаозийра цо шена тIаьхьа.

Машен чохь вижина Iуьллура Шемалан накъостех цхьаъ, важа шиъ хIума кхоллуш вара. Гена доццуш бацалахь гуш дара дассийна «Распутин» къаьркъанан шиша. Амма и тIаьххьара хилла ца хиллера: соьга салам-маршалла хаьттина, вистхилла валале, керланиг даьстира Шемала…

Цхьа йоккха къайле суна йовзуьйтуш санна, гонахарчу нахана хазарна кхоьруш, меллаша, лере а таьIна, Шемала дехха дийцира тIаьххьарчу деношкахь мел хилларг. Юха, шен накъосташна со гIеххьа гена а ваьккхина, аз кхин а лагIдина, уггар а шена коьрта хетачух дерг хаийтира: «Тхан райотделан начальник хIокху деношкахь, хIара дIа ма-дирззина, министр хIутту… Со цуьнан метта вохуьйту…».

– Еза йолчу чан цIока йоькъуш ду моьтту суна шу, оьрсаша ма-аллара…

– Гур ду-кха хьуна! – гIеххьа тоха а велла, ша хьаькам хIоьттина ваьлча санна, дегI а нисдина, чIоггIа элира Шемала. – Гур ду-кха!..

 

… Цуьнан хьаькамах министр а ца хилира – иза, шен таро хиларе терра, махках велира; кхеташ ма-хиллара, хIара цуьнан метта а ца хIоьттира, тIехула тIе, ша волчу балхара а дIаваьккхира...

Шина-кхаа баттахь юьртахь а Iийна, бухарчарна ша к1ордийча, IиндагI санна, тебна, гурахь гIала цIа вирзира... Доьзалан хьашташа бIарзйина хьийза Саидий, цамгаро кIелйитина йоIIий карийра цунна цIахь. КIант кхуьнан гергарчу наха дIавигинера, нана дуьхьал йоллушехь…

Шемал ша хиллачу балха гучувала а ца хIоьттира, хьалха хиллачу накъостех цхьаберш цигахь боллушехь. Цуьнан кхин уьйраш кхоллаелира, уьш бахьанехь дерриге долчул а галделира…

Суна сих-сиха гора иза, тайп-тайпанчу нахаца – даим а бохург санна, мелла, дукха хьолахь, шен дегIа тIехь а ца латталуш. Цунна шена хуьлушдерг хуучух тера дацара: дуьхьалкхетча, соьга цхьаъ дийца гIертара иза, кестта хин болчу хийцамех, шена кечдинчу даржах… Цуьнга хьаьжча, шерра гуш дара, уьш цхьа а бух боцу моттаргIанаш хилар. Хетарехь,  иза ша а ца тешара ша дуьйцучух…

Саида чIогIа хийцаеллера, хьалха иза гинчунна евзар а ярий-те аьлла. Тохарлерчу дайчу боларх хIумма а ца дисинера: корта оллабеллера, нахах эхь хеташ, наггахь а дIаса ца хьожуш, ши бIаьрг лаьтта а буг1ий, тIехйолура иза уьйтIахь хевшина Iачу лулахошна, я гIийла корта ластабора, ша билггал гуш юй хиъча. Суна иза боккхачу тIоьрмигца гора Iуьйранна дIайоьдуш а, сарахь цIа йоьрзуш а. Масийттазза цуьнгахь и цхьа тIоьрмиг гича дагадеара суна, и базара лелаш ю аьлла. Иштта зама яра-кха иза, массо а базара волу зама… ТIаьхьо, изза тIоьрмиг цхьана жимчу вордан  тIе а биллина йоьдуш бIаьрг кхийтира сан цунах. Со шена ца гун сурт хIоттийра цо…

Цхьана дийнахь, шеран дохаллехь цкъа луш долу алапа кара а кхаьчна, базара вахара со. Цигахь Саида гира суна, махбеш. Аьлча а, кхин дуккха а зударий санна, хьалха цигаьрканашший, цхьацца шоколадашший, бананашший ехкина лаьтташ. Сох бIаьрг кхетча, гIеххьа юьйхира иза, амма, букъ ца тухуш, сецира, цхьа гIийла елалун кеп а хIоттийна.

– Студент (иза ша ялийначу хенахь цо суна тиллина цIе яра), хьо а веана базара?.. Со а ю-кх кхузахь лаьтташ, кхин дан хIума а ца хилла, араяьлла… ЙоI  лулахошкахь а йитина…

– Саида, цхьаъ ца лелийча ца долу-кха… ГIуллакх тоделла Iаш-м тхо а дац хьуна… Керт а йоьхкина, хьалха эцна цхьацца хIума а, ца хилча а хIумма а доцу…

– Йохкалург юхку ас… Талха гергаяхча, чуьрчу берашна дIало… Кхин пайда хуьлуш хIума-м дац хIара, делахь а, хIумма а доцуш Iачул гIоле хеташ йоллу-кха. – Юха, жимма соцIунгIа а йина, тIетуьйхира. – ХIара цкъа балха дIахIоьттина ваьлча-м, дуьтур дара ас хIара…

Суна хIетахь дуьххьара къахийтира цунах – шена и цкъа а хир доций хуъушехь дара цо цIийндех аьлларг, суна гергахь иза бехказваккха…

 

… Iедал хийцаделира, амма Шемалан дахарехь ца хилира хийцамаш. Хетарехь, де ца нислора цуьнан, мелла а воцуш, белхан гIуллакхе хьажа. Наггахь ша суна тIенисвелча, хьалха санна, хабарш дуьйцура цо, шеца балхахь хиллачу цхьацца нехан цIераш а йохуш, суна церан керла даржаш а довзуьйтуш. Амма кхуьнца церан бала боций а, хила меттиг кхо ца йитиний а шерра гуш дара.

– ХIокху деношкахь къаста дезаш ду балхах дерг… ДIакхойкхур ву аьлла соьга, – хIоразза а олура цо.

Амма хIумма а ца къаьстира оцу деношкахь а, цул тIаьхьа а. Цхьа а кхуьнга дIа а ца кхайкхира…

 

Дукха хан ялале Iедал кхин цкъа а хийцаделира…

 

… Адам дIатебнера, цкъа, цхьана ханна, хуьлучух ца кхеташ, юха – Iадийна. Адаман дахар хIумма а йоцург хилла дIахIоьттинера, гонаха даим а хезаш дерг – вийна, вадийна, вайна… Шемал шен  «болх» беш вара, хетарехь, дийнахь а, буса а – муьйлуш. Суна  иза базарахь а, гIалин урамашкахь а гора, цхьа тишбеллачу, лаьттан басе бирзинчу нахаца. Хьалха цкъа, сох шен бIаьрг кхетча, иза царах дIакъаста гIерташ санна хеталора суна – цаьрца ша ден къамел хада а дой, я хьалха волий вогIура иза, я тIаьхьа вуьсура. Амма иза цаьрца хилар гуш дара – дукха цхьатера бара уьш, цхьа бос, цхьа хьожа йолуш… Шен цIа и наггахь бен ца кхочучух тера дара. Жимма хьожа-мода дIаяьккхина, тиша елахь а, тIера хIума йиттина а, иту хьаькхна а цуьнан елахь, хаа дара и Саидин болх буй…

Цхьана Iуьйранна, со балха ваха араваьлча, Шемал гира сунанн уьйтIахь лаьтташ. Салам-маршалла а хаьттина, соьца къамеле велира иза. Ши бIаьрг уьдуш бара цуьнан – хетарехь, цхьаьнга хьоьжуш вара иза.

– Со оппозицехь хилла дела… Нийсса чекхваьлла дела… Къуй бара Iедале баьхкинарш… Со санна болу кадрови белхахой ца оьшура царна… ХIинца хIокхара а хьийзаво… Вен гIерташ бу…

Дийнахь а, буса а тIаьхьабевлла…

Со урамехула хьалаволавелира. Иза, хетарехь, ша ларвийриг ца веана ваьлла аьлла, суна тIаьхьахIоьттира. ГIашлойн некъ дIа а лаьцна хIоттийначу киоскана тхойшиъ уллохула волуш, цIаьххьана цу тIехьара цхьа стаг сехьавелира.  Иза дика кечвелла, еха тIаьрсиган палаш а юьйхина, коьрта цунах терра хурашка а тиллина вара.

– Иза а ву хьуна суна тIаьхьаваьллачех цхьаъ… Со вен… Оппозицехь хилла дела… ХIор дийнахь а суна тIаьхьаваьлла лелаш ву… Со вен аьтто ца болуш…

Сан собар кхачийра. И стаг, суна хетарехь, шен цхьа кIеззигчу гIуллакхна ваьллера киоскана тIехьа, хIара ларвеш а, хIокхуьнца бала болуш а вацара…

– Шемал, хьо вен гIерташ стагга а вац! Я эша а ца оьшу!.. Ахь айххьа вуьйш ву хьо, хIокху масийтта шарахь. Айххьа!..

– Хьуна атта ду дийца… Хьо муьлххачу Iедалца а тарло… Ткъа со… ас… сан накъосташа…

– Ахь а, хьан накъосташа а ца дина-кха хIумма а, «хIуп» аьлча, бIаьрга эккхал а! ХIумма а!..

– Оха… митингаш йолуш, – долийра цо.

– ХIумма а ца дира-кха!.. – чекхдаьккхира ас.

Боккъал а шеца тIаьрсиган палаш юьйхинарг цхьа гIуллакх долуш лелаш санна, болар сихдина, гIеххьа хьалха а ваьлла, цхьана керта иккхира иза… ГIали юккъера хьакхлагIаш дика евзачух тера дара цунна…

 

… Кхин цхьа-ши шо а делира…

ТIаьххьара тIом балале, аьхка, сарахь балхара чу а веана, тIера бедар хуьйцуш со воллуш, цхьамма неI туьйхира. Иза Саида  хиллера.

– Студент… со… эхь хетташехь… ХIара хIун дан гIерта ца хаьа суна-м… Чухула догIа а тоьхна, дIакъовлавелла-кх… Тхо чу а ца дуьту…

Саидица церан подъездан кхоалгIачу гIата тIе велира со. НеI къевлина яра.

– Шемал! Чохь вуй хьо? Со Эмин ву, дIаеллахьа неI!

Чуьра схьахезаш хIумма а дацара. Ас юха а неI туьйхира.

– Йоьллур яц! Яц! Эккхийта шайна! Дийна а волуш, со шун каравогIур вац! – бохуш, мохь хьоькхура цо.

– Хьо лаца гIерташ цхьа а вац! Саида а кхечи схьа, – элира ас, иза хьалха дуьйна сайна уллохь йоллушехь… Бераш лулахошкахь дитина еана хиллера иза со волчу.

– Шу нуьцкъала далийна цара, со Iехо! ХIара-м хьалххе дуьйна а со дIавала гIерташ яра цаьрга, дера яра!..

– Шемал! Вац кхузахь цхьа а, тхойшиъ доцург!.. ДIаеллахьа!

– ХIан-хIа! Йоьллур яц! Яц!..

Дикка хан елира, чуьра аз ца хезаш. НеI тоьхча а, дуьхьал вист ца хуьлура иза. Саида йоьлхуш яра.

– НеI кагйича хIун дара-техьа? – гIийлла элира цо тIаьххьар а.

… НеI кагъян дийзира. Чоьхьадевлча, Шемал гуш вацара, я, мохь тоьхча жоп а ца делира цо. Ваннин неI схьаозийра ас – иза ца еллаелира.

– Шемал! Схаеллахьа неI!

И неI а кагйира…

БIаьргашна хьалха хIоьттина сурт  инзаре дара: вани чу хи а хецна, шена тIерачу хIуманашца цу чу а вижина Iуьллура Шемал. Шен пхьаьрса тIера пхенаш а хедийна, цIий дIаэхийтина, кхетамчуьра ваьлла вара иза. Тхо цунна гIо дан гIоьртира, лулара медйиша хилла цхьа къена зуда а ялийна, амма дерриге а эрна хилира…

 

Саида ша йисира, шина бераца.

ДIаоьхура денош, цхьатерра денош: цIа – базар, базар – цIа…

ЙоI елира, кхачо йоллучу кепара дарбанаш цалелор бахьана долуш.

КIант ишколехь вара, Саида – базарахь… КIентан пхийтта шо кхаьчнера, цIахь нанна гIоьнча хиллера цунах. Iуьйранна Саидин тIоьрмигаш охьадохуш а, суьйранна уьш юха хьаладохуш а гора суна иза кест-кестта. Амма мехкаршка бIаьрг беттал хилла шен кIант и болх беш нахана гойла цалуучух тера дара нанна, цунна цхьамма тIехтохарна кхоьруш…

 

ЦIийнда веллачул тIаьхьа кхин а чIогIа адамех къехка йолаелира Саида. Иза азъеллера, корта къежбеллера. Билггал иза евзачунна бен хуур дацара цуьнан шовзткъа шо кхаьчна а цахилар. Хетарехь, адамех и къехкар цара Шемалах лаьцна шеца къамел долорах кхерарна дара. ТIаьххьара а соьца тIекIерейолучуьра а сецира иза – дерриге а шен галбаьллачу кхолламах суна хаарна ду аьлла хийтира суна иза.

Цунах кхетча, дерригенна бехке волуш санна, Саидех лечкъа волавелира со а…

 

Цхьана баттана цIера валар нисделира сан, цхьацца белхан гIуллакхашна. ЦIа веанчу сарахь, чохь стагга а ца карийна, уьйтIа велира со. Д1анехьо, стоьла гонаха а хевшина, дIанехьо кехатех ловзуш бара лулахой. Царна тIевахара со. Iаржлуш яра. Кехаташ дIа а даьхна, цхьацца дуьйцуш Iара тхо.

– Эмин, оцу хьан юьртахочун зуда кхелхиний хаьий хьуна? – элира Бауддис.

Сан юьртара кхин стагга а вацара лула-кулахь Iаш, цхьа Шемал воцург.

– Саидий? Маца?!

– Иттех де а ду… Базарахь лаьтташ, цIаьххьана лазар а деана, больнице йигина хиллера иза уллорчу наха. Пекъар, цига дIа кхачале, новкъахь дIаяьллера…

… Оцу буса веха Iийра со, наб ца кхеташ, Саидех, цуьнан декъазчу дахарх ойланаш еш.

Суна дагадеара студентка йолчу хенахь цхьана бIаьстенан дийнахь дуьххьара и гар а («Хьажахьа, хьажахьа хьуьлла йогIучуьнга! Цхьа сай бу-кха, сай!»), Шемале маре яр а, цул тIаьхьа – церан кIант дуьнен тIе ваьлла де а, кхин мел хилларг а: къасттина, Шемал валар а, цул тIаьхьа Саидас лелош гинарг а…  Дагадеара, хIинцца, цхьана дийнахь и дерриге а хилча санна…

 

… Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран…

I999, 2005 шш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.