http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


КЪОМАН СИЙ ДОЛУ ЙОI Печать Email

ГИРИЕВА Дагмара МАГОМАЕВ Салавди

 

/Нохчийн дуьххьарлерчу зудчун-Iилманчин Чентиева Мареман  чолхечу кхолламах/

Чентиева Марем нохчийн зударех дуьххьарлера меттан Iилманча, «Нохч-ГIалгIайн йозанан истори» (Соьлжа-ГIала, 1958-гIа шо) аьлла болчу боккхачу белхан автор  яра. Шен дахаран доьзткъе уьтталгIачу шерашка  йирзина  йолу иза а, цуьнан йоI а (хIетахь Зоин 65 шо дара) 2000-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь буьрса тIемаш  хиллачу деношкахь ЦIечу фронтовикийн  урамехь «Салон красоты» олуш  хиллачу цIеношна  юххехь цхьа а бехк-гуьнахь  а доцуш, дуьххьалдIа  хазахета тоьпаш  тоьхна, йийра Россин салташа.

 

А.Кусаевн «Нохчийчоь: шераш, адамаш» цIе йолчу киншки  тIера.

Хала ду  вевзаш, даггара везаш  хиллачу,   юххера цхьана йоццачу ханна юьстахваьлча санна, дагахь  а доцуш дIакъаьстинчу стагах  лаьцна  дийца. Къаьсттина хала ду  республикехь  а, цуьнан  дозанел арахьа а гIараяьлла евзаш  хиллачу нохчийн  зударех  дуьххьарлерчу меттан Iилманчех, нохчийн исбаьхьа  хазачу, оьздачу, корматечу зударех  цхьаъ хиллачу Чентиева Маремах лаьцна  яздан. Амма хIокху  материалан авторийн декхар  мелла а аттачудаьккхира оцу башхачу зудчух лаьцна  долу  дийцар цара Марем  дийна  йолуш, иттаннаш шераш хьалха д1адолийна хиларо.

– ЧIогIа безамехь  яра  и генна къона йоцу зуда. Шен йолчу хенал мел  лахара а ткъа шарна  къона  хетара иза: куьцехь а, йистхилар  хаза долуш а,  кIеда-мерза а, леларехь  каде  а  яра. Тхо  къамел деш  ду  цуьнан  хIусамехь, чоьнаш  цIена а, самукъане  а ю. Мебелан, кузийн,  хрусталан меттана,  массанхьа а киншкаш ю. Муха долу  ца хууш  къамелашкахь  дIаделира  де.

– Марем, хьо  массарна а евзаш  стаг ю. Хьоьца  къамел  дан хала  ду. Хьоьга дан  дукха хеттарш  ду  тхан, муьлхачунна  тIера  дIадолор ду а ца хаьа тхуна-м...

ДуьххьалдIа  хеттарш деш, царна  жоьпаш  луш, деккъа  къамел  ца нисделира тхан: дехха, чулацаме гергарлонан  дагардийцар  хилира. Тхуна хьалха  схьаделладелира  дуккха а болчарна  наггахь бен  хуьлуш  йоцчу къонахаллин, стогаллин къеггина  йолу  билгало  хилла дIахIотта  тарлуш долу  цуьнан  дерриге а башха дахар. Адамаш дезар, комаьрша  хилар, шена г1оленаш ца лоьхуш, догдика хилар, мичча хенахь а нахана  г1о дан кийча хилар – хIор  дийнахь гIуллакхех дуьзна  долчу дахарехь  иза  шен коьрта декхар  лорура оцу  оьздачу зудчо. Цуьнца  цхьаьнакхеттачул тIаьхьа  хIоразза а бIаьргашна  хьалха  лаьтта  шайна бицбаларна кхоьруш, иза евзачара шайн дагахь латтош  болу  хаза  мукъам санна долу  оцу  зудчун  исбахьа  хаза  юьхьсибат.

Чентиева Марем... Цунах  лаьцна дешний аш,  хезний  шуна? ХIаъ, хIаъ, Кавказан Маьлхаьзни, 30-чу шерийн  гIараяьлла  евзаш  хилла хазаниг... Марем  йина  1916-чу шеран мартехь, Хьалха-МартантIехь. 1936-чу  шарахь цо Москвахь Центральни Iилманан-талламан  педагогически институтехь (ЦНИПИ) чекхъяьккхира  аспирантура. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIала юхаеара  иза. Кхузахь  историн, меттан, литературин  Iилманан-талламан институтехь Iилманан  белхахочун, цул  тIаьхьа мотт талларан  отделан заведующин  болх бан  йолаелира  иза, оццу хенахь институтан директоран декхарш кхочуш а деш.

1939-чу  шарера 1943-чу  шаре  кхаччалц М.Чентиева Нохч-ГIалгIайн  Республикин серлонан нарком яра. 1962-чу шеран бIаьста  цунна, нохчийн къоман зудчунна, Москвахь ло  филологически Iилманийн кандидатан диплом, ткъа  республикехь  Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманийн сийлахьчу  гIуллакххочун  цIе туьллу  цунна. 30-чу шерашкахь  дIадоладо цо лингвистикин, литература талларан декъехь шен  Iилманан  белхаш язбар. Уьш дуккха а бара – нохчийн а, оьрсийн  а меттанашкахь. ХIорш  бу царах цхьаберш: «Нохч-ГIалгIайн йозанан истори», Соьлжа-гIала, 1958-гIа  шо; «Нохчийн литературни меттан аьзнийн хIоттам  а, алфавит, орфографи шаръеш-тояран гIуллакхаш а», Соьлжа-ГIала, 1960-гIа шо; «Нохч-ГIалгIайн литературин историн  очерк», Соьлжа-ГIала, 1963-гIа  шо; «Нохч-ГIалгIайн литература хьалхарчу юьххьехь», Соьлжа-ГIала, 1964-гIа шо; «Заманхочун сибаташ а, Нохч-ГIалгIайн исбаьхьаллин литературин проблемаш а», Соьлжа-ГIала, I967-гIа шо.

ТIаьхьо Марема арахийцира нохчийн литература хьехаран бух буьллу цхьамогIа методикаш. Царна  юкъахь яра: «Нохчийн литература хьехаран методика», Соьлжа-ГIала, 1987-гIа  шо; «5-чу  классехь  нохчийн литература хьехар», Соьлжа-ГIала, 1989-гIа шо; «Нохчийн литературин урокашкахь дешархойн къамел  кхиор а, классал арахьа цаьрца болх бар а (5–8-чуй классашкахь)», Соьлжа-ГIала, «Книга». 1992-гIа шо. Юккъерчу ишколашна лерина нохчийн литературех  лаьцна кхин а дуккха а методикаш арахийцира Марема.

1977-чу шарахь Москвахь «РСФСР-н къоман ишколашкахь  ненан меттанаш а, литература а Iаморан гIуллакхаш» цIе  йолчу  статьийн гуларехь зорбатуьйхира М.Чентиеван «Нохч-ГIалгIайн ишколехь  ненан меттан литература хьехаран методика кхиоран хьокъехь» статья. КхидIа  яра юккъерчу ишколан 5–8-чуй классашна  лерина  нохчийн литературехула  йолу  дуккха а учебникаш. Мареман тIаьххьарлера  болх нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь  арахийцира 1992-чу шарахь, «Нохч-ГIалгIайн литературин историн очеркаш» аьлла цIе а йолуш. Мареман-Iилманчин дуккха а белхаш  тахана а доккха  маьIна долуш бу, хIунда аьлча, цара вайн хIинцалерчу алфавитан кхачамбацарш билгалдохуш хиларна, аьлча а, оцу белхашкахь  далош ду вайн алфавитехь доцуш долу аьзнаш.

Дукха хенахь дуьйна  ша пенсехь йоллушехь, Марема  тесна  ца битира  Iилманан болх, дIадаьхьира учебникаш а, методически пособеш а язъяр. Мареман белхашка хьуьйсуш, ларамаза  тидам тIебахара стоьла  тIехь  Iуьллучу «Ленин Россин кхолламашкахь» цIе йолчу Германехь арахецначу А. Авторхановн киншкина. Цуьнан хьалхарчу  агIон тIехь  яра автограф: «Хьомечу йишина Чентиева Маремана вешера  санна. Авторханов Iабдурахьман. 27.08.1992-гIа шо.

Цунах лаьцна  шега  хаттар дан ойла  йолуш  хиларх кхетта, Марема элира:

– И совгIат суна Iабдурахьмана даийтина  цхьана  накъостехула.

– Ткъа Iабдурахьман мичара  вевза  хьуна?

Марем Москвахь  доьшуш йолчу хенахь  цунна  вевзира  тIаьхьа  гоьваьлла  политолог хилла волу Авторханов Iабдурахьман. ХIетахь иза ЦIечу профессурин институтехь доьшуш вара. Кегийрхой  цхьаьнакхетара студентийн синкъерамашкахь. Цара  доккха  хьашт  хиларца  дийцаре  дора  нохчийн къоман культура, искусство, меттан а,  литературин а истори кхиоран гIуллакхаш, вовшашка юьйцура  къоман йоза  кхолларх лаьцна йолу  шайн  ойланаш.

I.Авторхановна дика евзара нохчийн фольклор – халкъан иллеш, турпалхойх лаьцна дийцарш, истори, литература. Iабдурахьманна дукха а езара, цо лаккхара  мах а  хадабора  оьрсийн классически литературин. Иза принципальни, хьанал, оьзда, кхетам  болуш  стаг  хиларца  къаьсташ вара.

ТIаьхьа, Соьлжа-ГIала юхаеанчул тIаьхьа, серлонан нарком  йолуш, лаьцна  хиллачуьра цIа веанчу  I.Авторхановн дехарца Марема  куьг  яздо иза Теркан РОНО балха  хIотторан хьокъехь  болчу  сацамна тIе (I.Авторханов ша Теркйистера вара). Оцу сохьта «доттагIаша» цунна мотт туьйхира. Бериян  заместитель хиллачу Серовс  тIедилларца  КГБ-с лаьцна, хIаваакеман тIехь Соьлжа-ГIалара  Москва дIайигира Марем. Ворх1  баттахь  гергга Лубянки чохь  яллийра иза. Дозанал арахьа  дIаваха Авторхановна гIо дина аьлла  бехке еш яра М.Чентиева. И хан  дIаяьллачул тIаьхьа, Марема чуйоьллина  яьккхина  хан хьесапе эцна, леррина  йолчу кхеташонан сацамца паргIатйоккху  М.Чентиева, олуш  ма-хиллара,  тIемаш а хедош. ХIетахь  партера а дIаяьккхира (меттахIоттийра 1955-чу шарахь). Соьлжа-ГIалахь 1943-чу  шарахь  НКВД-с юха а чуйоьллира. Иза  халкъах дIакъастийра  нохчий, гIалгIай махках, цIийнах баьхна, дIабахийта кечамбеш цуьнга  новкъарло цаяйтархьама. I944-чу шарахь  Марем шен халкъаца  цхьаьна махках яьккхина, Казахстане яхийтира.

Дахарехь нислучу халонаша – Москвахь  набахти  чохь  йоллуш а, махках яьккхина, Казахстане дIаяхийтича а, къар ца йира Марем: керлачу меттехь жигара  юкъаяхара  иза  юкъараллин  дахарна. Алама-Ата  гIалахь берийн  бешан заведующин болх бо  цо, ГОРО-н декъашхо хоржу. ДIадаханчу бIешеран шовзткъе уьтталгIачу шерашкахь Казахски ССР-хь Марем «Казахски ССР-н халкъан  серлонан отличник» аьлла цIе  тиллина  дуьххьарлера нохчийн зуда яра. Ткъа даймахкахь, цIера баьхна  хилла нах цIа бирзинчул тIаьхьа, кандидатски диссертаци  чекхъяьккхинчу нохчийн  зударех дуьххьарлерниг яра Марем.

Иза тIаьхьо  дара. Ткъа цул хьалха... I934-чу шарахь  Марем Магомаев Хасмохьмаде маре яхара. 1936–1937-чуй шерашкахь Хасмохьмад «Серло» газетан редактор вара, ткъа цул тIаьхьа – Нохчийн къоман театран директор. Москвахь и шиъ Садово-Спасски урамехь Iийра, вовшийн девзинера ЦНИПИ-хь аспиранташ долчу  хенахь. Башха  ши  адам  дара  и шиъ, гуттар а  царна юххехь  хуьлура уьш санна долу кхетаме, керланиг лоьхуш, шайн  гIуллакхана тешаме долу адамаш.

– Сайн цIийндеца тхойшиъ Москвахь  дехаш  долчу  хенахь, – дагалоьцура  Марема, – ша  столице командировкехь  волчу  хенахь тхоьга кест-кестта вогIура Гайрбеков Муслим. И стаг  вайн  халкъана  дика  вевзаш вара. Нохч-ГIалгIайн республика меттахIоттоле  хьалха Казахстанехь республикин Компартин ЦК-хь инструкторан болх беш вара иза. Вайн республика меттахIоттийна, нах цIа баьхкинчул тIаьхьа  республикин Министрийн Советан  председатель хIоттийра М. Гайрбеков. ЧIогIа оьзда, дика стаг, хьанал къинхьегамхо  вара иза. Х1етахь цо дуккха а г1уллакхаш дира республикин экономика меттах1отторна, нохч-г1алг1айн халкъан дахар тодарна. Цо боккха тидам тIебохуьйтура иштта  культура  кхиоран гIуллакхашна а. Тхоьгахь  кест-кестта  хуьлура Татаев Ваха а. Иза вай цIера а дахале  хьалха  дуьйна  искусствийн гIуллакхашкахула  йолчу урхаллин  куьйгалхо вара. Дика  доттагIалла дара Мамакаев Мохьмадца а, Музаев Нурдица а, бевзаш  болчу  кхечу яздархашца а.

Казахстанан Компартин ЦК-хь вовшахтуьйхира Москва яхийта  лерина комисси. Столицехь КПСС-н ЦК-хь дийцаре  деш дара  Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь  долу  гIуллакх. Оцу  комиссина  иштта юкъаяхийтира Чентиева Марем а. Иза цу юкъахь  цхьаъ бен йоцу нохчийн зуда яра.  Марем оцу хенахь  боккха сий-ларам болуш  яра...

Марем Соьлжа-ГIала еара 1956-чу  шарахь. Кхузахь цо болх бира  хьалха дуьйна иза кхиорна ша йоккха хазна юкъайиллина  хиллачу Iилманан-талламан институтехь. Цигахь иза, 1971-чу шарахь  ша  пенсе  яххалц,  директоран Iилманехула йолу  заместитель  яра. Ша  пенсе яханчул тIаьхьа Марема кхидIа болх бира РСФСР-н серлонан министерствон  къаьмнийн ишколийн Iилманан-талламан институтан Соьлжа-ГIаларчу  филиалехь. Чентиева Марем Нохч-ГIалгIайн республикин Iилманан сийлахь  белхахо, филологически 1илманийн кандидат, къинхьегаман ветеран, персональни пенсионер яра.

1991-чу  шарахь  тIаьххьара а арабевлира «шайна  дуьхьал  политически  таIзарш динчу  нехан  бакъонаш юхаметтахIитторан  хьокъехь» болу Марема шега  чIогIа  сатиссина  сацам. Иза гергга  хьакхалуш бара Чентиева Мареман дахарх. Оцу сацамо синпарг1ато еара Маремана.

Иштта бара М.Чентиеван сирла  кхоллам.

Шен дахар ирсе хилла аьлла хеташ  яра Марем. Гуттар а шен юххерчу гергарчу нахаца – йоIаца, IоьIан  кIантаца, невцаца, царна юккъехь яра Марем. Царах йоккхаеш, сакъералуш, хаа ца луш дIаоьхура цуьнан дахаран шераш, башха дара Мареман дерриге а дахар.

Наха тамашаш барца сийдо ишттачу адамийн. Уьш  дукха ца деза  йиш яц, лаккхара мах хадо  беза церан дахаран хIор кийсакан, хIунда аьлча, къинхьегамах, синтем  цахиларх, эшамех, кхерамех дуьзна  долчу  хIор дийнахь  шайн  граждански  декхар  кхочушдеш, хьалхахьа дIаоьхуш уьш хилла хиларна. Иза Нохч-гIалгIайчоь кхоллаелла  дIахIуттучу хьалхарчу юьххьехь кхоллараллин беза мохь шайн белшаш тIехь  дIакхехьначу вайн интеллигенцина  юкъахь  яра. Марем вайн йоза-дешар а, литература а кхоллархойх цхьаъ яра.

Дуьххьарлера газета. Дуьххьарлера  киншка. Ненан маттахь дуьххьарлера ишколан урок... Оцу дерригенан а хьакъ ма-дду  мах хадалур  болуш бустам  бан а  бац!

Замано  вегор  цхьабосса  лан  хьуьнар долуш  массо а вац. Коьртаниг  ду къарвелла, юха цавалар, ойла цакерчар. Иштта адамаш вайн дукха дацахь а, амма долуш  ду. Уьш гIарадуьйлуш, трибунаш тIера  даккхий  хабарш  дуьйцуш, цхьана  а хIуманах дозаллаш  деш  дац. Шайн амалца, леларца и адамаш чIогIа оьзда, хила ма-безза культуран, бакъонца интеллигенцин векалш  бу. И санна долчу  адамийн дахарехь  сий дан  деза, царах  лаьцна  дуккха а, кест-кестта а яздан  деза. Иза вайна  массарна а оьшуш ду.

 

* * *

ХIара материал  язйинчул тIаьхьа  ткъех шо хан  яьлла. Хьанна моьттура Мареман ирсе, къегина хилла дахар  бохамца хаьддачул тIаьхьа иттаннаш шераш девлича цунах лаьцна долу дийцар кхидIа а дIадаха дезар ду аьлла. Амма иза яздан дийзи. Заманан йохалла богIу  адамийн  кхолламаш  орамашкара хуьйцуш болу, вайн нисбан таро йоцу, ткъа цкъацкъа бохамца  боьрзуш болу муьраш. Иштта кхоллам  боьгIна хиллера Мареман  доьзална а.

Чентиева Марем хIокху авторех  цхьаннан ден вешехь,  Магомаев Хасмохьмадехь  хилла яра. Мареман йоI Зоя сан ден вешин йоI яра. Хасмохьмаддий, Мареммий  вовшех къаьстина иттаннаш  шераш  хан яьллехь  а, амма оцу доьзалан дахар тхуна дика девзаш а, тхан  дахарца  герггара дозаделла а дара. Цундела тхуна  дакъа  кхочуш  дара  оцу  доьзалехь  хилла  дика а, вуо  а.

1994-чу  шарахь  цомгаш хилла, гуьйранна кхелхира Соьлжа-ГIаларчу центральни базарна гена йоццуш  хиллачу мачаш ечу «Башмачок» цехан хьаькам хилла волу Зоин цIийнда Эльберд. Оьзда, комаьрша, дахар, шен  доьзал  дукхабезаш вара  иза. Иза дIаволла  кхиира. Амма оццу суьйранна Теркйистера Авторхановс куьйгалла  деш  хилла  эскархой Соьлжа-ГIали чу а баьхкина, шолгIачу дийнахь  тезет хIотто таро  ца хилира. Иза, стаг валарал а сов, доккха  тохар дара.

Деанчу вуонах доьзал мелла а меттабан кхиале I996-чу  шеран августехь Соьлжа-ГIалина  федеральни  авиацино бомбанаш а, ракеташ а еттачу хенахь гIали юккъехь цхьана цIийнан подвала чохь Iаш хIаллакьхилира Мареман йоьIан кIант Гиви а, цуьнан доттагI а. Гиви ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цундела  царна а, ненан нанна а дукха а везара. Иза царна  муьтIахь, оьзда кIант вара, Къилбаседа Х1ирийчоьнан медицински институт чекхъяьккхина, говза  лор а вара Гиви.

Доккха вуо деанера  Мареме а, Зое а. Цара чIогIа  хала  ловра иза. 1999-гIа шо  чекхдолуш  юха а тIом  болабелча шайн  хIусамна, кхо шо  хьалха кIант кхелхинчу меттигна  генадовла ца лаьа бохуш, республикил арахьа дIаяха  ца лиира  нанний, йоIаний. Ур-атталла шайн  гергара нах бехаш хиллачу Калининан поселке масийттазза дIайигича а, цигахь Iен ца туьгуш, гIали юккъерчу цхьана  цIенойн  подвала чу схьайогIура  и шиъ.

ТIаьххьара а хаам  кхечира  Мареммий, Зойий йийна аьлла. Иза муха нисделира талла доьлча, дуьйцуш дерш тайп-тайпана дара. Амма гиначара чIагIдеш дерг  цхьаъ дара – федеральни эскарийн  авиацино  хаддаза тIееттачу бомбанех а, ракетех а бевдда, дукхазза а тIекIелдинчу цIенойн подвалаш чохь дIалевчкъина  болчу маьршачу бахархойн тобанца цхьаьна наний, йоIIий, герзаш  тоьхна йийнера дукха баланаш лайначу вайн республикехь конституционни къеп хIотто баьхкинчара.

Гиначара дийцарехь, салташа тоьпаш тоьхна, байъинчарна юккъехь бара нохчийн къомах болчарал сов, оьрсий а,  эрмалой а, кхечу къомах берш а.

Схьагарехь, доьзткъе уьтталгIачу шерашка йирзина  йолу Марем а, кхузткъе уьтталгIачу шерашка  яьлла  йолу  цуьнан йоI Зоя а пачхьалкхана боккха кхерам болуш ю аьлла хеттачух  тера ду салташна.

Дуьхьало ян карахь герз доцуш, кIелхьарабовла  я таро  а, я ницкъ а боцуш болчу зударшца  тIом бан атта ма-ду. Доцца аьлча, цаьрца  нисделларг а дара оцу хенахь вайн республикерчу дуккха а болчарна  тIехIоьттина  хилларг. Хилира хийца, нисдан, тодан таро йоцург.

Иштта бохаме хедира оцу башхачу зудчун, Чентиева Мареман, цуьнан доьзалан сирла дахар. Кхелхира цуьнан  берриге а доьзал.

Дала гечдойла  царна!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.