http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Кхаа вешех туьйра Печать Email

Ахмадов Муса

 

 

– ЧІама. ЧІама... – дохк долчу маьркІажехь къорра дека юьйцинчу керта йисте а хІоьттина кхойкхучу зудчун аз.

Кхин а, кхин а кхойкху. ТІаккха хеза цунна цІенна генахь доцчу Іин чуьра: «МІо-о-о». Дукха хан ялале гучуболу етт ша а.

– Хьо бист стенна ца хуьлу, ЧІама, хьайна хеззашехь... Хьуьйц, хьуьйц, бало чу. Собар, ас неІ схьаеллалц. ХІинца бало. Ма лестабе и корта. ХІинцца... Ас гІабакх аьтта хьуна. Яа, ех корта бетташ, Іена а ца еш. Мичахъ хоттала бахана хьо? ЧукІела кхаччалц? Собар, хІинцца. Ас иштта, алах горгам а йина, дІацІанбо хьо. Схьа а ца хьоьжуш, хьайн гІабакх яа. И цІога а ма лестаде... ХIаъ, ели со, ели. Яа хьайн гІабакх. Ас меттиг тайина, буха йол а тосуш... – божал чуьра ара а йолий, цІенна тІе йоьду зуда.

Дикка Іаржъелла. Хиллачу хьайбанийн хьожа еттало бешара схьа. ТІуьна а, шийла а ю суьйренаш...

Юха а тІекхечи гуьйре. Везан Дела, кхин цхьа гуьйре ган а доьгІна хилла-кх. ХІара муьста хан. Дохк а долуш. Массо а даьІахкана а хаало тІуналла. Ара а яьлла, дІо кертах чІийш даха деза. Ма Іаьржа а ю, цкъа а са а тосур дуй теша? Хийла хили-кх и ойла, хІокху дехачу масийтта шарахь. Са а теси, малх а кхийти. Юха а Іарж а ели... Кхунна хІумма а ца хили. Хьер а ца ели, яла а ца ели. Муха ца хили. Дерриг дахар дІа-м даха. ХІун дисина цунах тІаьхьа?

Ехха, керт йоцчу учи йисте а хІуттий лаьтта иза, тишчу корталех а хьерчаш.

– И дуо мичара баьлла. Кху кертахь дуо боцу хІун хан ю? – шабарш до цо. БIаьргаш а хьакхабой, юха а хьожу иза уьйтIенан маьIIе, хIумма а яц, сурт хІоьттина хилла-кх.

Лаьтта-а-ш кхунна юха а го дуо. ТІаккха аьзнаш хеза. Боьршачу стеган велхар. Кхунна девза воккхахчу вешин Даччин велхар.

– Маржа Дачча яІ, хІокху ткъе берхІитта шарахь иштта лаьтта-кх хьо, саццаза воьлхуш. Хьан бІаьргех дийнна ахк хилла, – шабарш до зудчо.

ТIаккха иза дІатоь, когаш тIе охьа а лахлой. Елхаран къурдаш а деш. Юха а хеза аьзнаш. Дайх куьг а гІортийна воьлхуш лаьтта Дачча.

– ХІун хилла вайна, – иза ден аз ду.

– Вайн... вайн... Салахь вийна бах. Дада, дада... Муха лайра ахь иза. Иккхина дIа стенна ца дахара хІара латта? Хьо-м Іадда лаьттара, тІулгах волуш санна.

– Собар хила деза-кх, нах кхаьрдар бу вайх...

– Иза суна хьалхара вахана ма хилла. Ша со ву а аьлла...

– Мухха делахь а...

ДІадов аьзнаш... ТІе хьаьрдаш тоьхна дуо а дІабов. Массо а дІавов... Цхьа бода буьсу.

– Маржа, Дачча, маржа... Шу массо а дІавоьду. Со юьсу кху боданца, – шабарш до зудчо юха а.

Учи тІера охьа а юссий, уьйтІе а хадош, юьйцина керт йолчу агІор йоьду иза, гІаж а луьйзуш. Хатто дІаяьккхина кало лоьху цо куьйгаца, цхьана кога тІе а хІуттий. Эххар а карайо. ТІаккха, юха а йоьрзий, цIийне бІаьрг бетташ лаьтта.

Тишделла цІа, кир тохаза шо а тІехдаьлла, ладарш оьху тховх чу. Жимма лаьттах чудахча санна а хета. Кораш раздевлла, хІинццалц цІена латтадора цІа, хІор бІаьста кир а тухуш. Даханчу шеран бІаьсте тІекхаччалц хІара тешара, цхьаъ милла а веана а, цІа вогIур ву бохучух. Амма шераш дІаоьхура, цхьана а хьешо кхуьнан неІ ца тухуш. Кхуьнан тешам жим-жимма шелбала буьйлира. ХІетте а цІенна шех и дІа ца ходуьйтуш, ехха лийлира иза а. Цунна хаьара и тешам цІенна дІабаьлча, шен дерриге а дахар бода хилла дІах1уттур дуйла, Іаьржа бода хилла. ХІинццалц а дара иза-м бода. Делахь а иза сира бода бара, дохк санна, оцу дахкархула, маьлхан серло санна, гІийлла хаалора кхетаман кІоргенехь болчу кхуьнан тешаман къегар. Кхо сатуьссура оцу къегаро эххар а цхьана дийнахь шен дахарх хьерча дохк дерриге а эшийна, дІадаккхаре. Оцу дийнахь и кхуьй а керта вер ву. Вела а къежаш.

– Тхан йиша, оха са дии хьан, къинтІера яла, Іаламат хала дара тхуна...

ХІаъ. Салахь а хир ву. ХІун ду и вийна аьлла кехат деъча? Хийла цІа бьхкина уьш цул тІаьхьа а. Хьуьлла эвлан йистера Іуспа, тезет хІоттийна ши шо даьлча цІа веара...

Стохккалц иштта хетара, стохка бІаьста хІаллакьхилира кхуьнан тешам. Карара яьлла чкъург санна, хахкабелла дІо Iин чу а кхетта, боьхна дІабелира. Иза дуккха а йилхира, цуьнан коша улло а хиъна. Цунна тІе леккха буц яллалц.

ТІаккха чуеара, бIаьргара хиш а кхачийна. ХІинца хІара ца йоьлхура. Елхаялар а хиллера-кх цхьа ирс. ХІинца хІара меллаша, хахкаелла цу йисте йоьдура, дахаран йисте, шена а хууш ша йоьдийла...

– Со ара стенна яьллера?.. – бодашкахь чІоггIа декаш санна хета зудчунна ша шабаршца аьлларг. ТІаккха лаьттий:

– ХІаъ, чІийш даха... – тІетуху шо кхин а меллаша.

Кало хатте дІа ца лацийтІа, ког охьа мосазза боккху дIаса а хьовзош, эххар а дІакхочу иза кертан йисте. Цхардоьллачу серийн кегдаралан татанаш сих-сиха лелха тийналлехь, тIаккха сих-сиха дов.

– Маржа дуьне яІ! Маржа... Тховса тІаьххьара дІаели хьан куралла а, Сану. Хьайн гонахара керт яго юьйли хьо а. Хьалха хьо ца ешара и дечех, хьуо цхьаъ бен йоццушехь, хьан гуттар а хуьлура хьалххехь Іалашдина лаьтташ дечиг. Кху шарралц... ХІинца... – ша шега а луьйш, пешахь цІе хьалалато гІерта йоккха стаг.

Эххар а цІенкъахь ловза юьйлало цІеран серлонаш. «Дувв» до пешо, йовхо яьржаш чухула. Зуда, паднар йисте а хуий, цІенкъа бІаьрг а бетташ Іа. Дуккха а Іа иза.

Хийла хан яьлча цунна хеза беран, бархІ-исс шо кхаьчначу йоьIан елар. Т1аккха аз:

– Ваша... Ваша... боккха хиллий и саьрмак?

– Хилла боккха-боккха. Бузуш а ца хилла, мел хІума йиъча а, – и Даччин аз ду. Иза кхуззахь паднаран баьрччехъ хиъна Iа. Цуьнан когашкахь Іийриг мила ю? Жима йоІ, Іаьржа, баккхий бІаьргаш а, хьийзина кІужалш а йолуш. ХIара ю-кх, шовзткъе пхиъ шо хьалхалера Сану.

Зудчо тІе куьг кховдадо цунна. Амма иза, ца хилча санна, дІайолу. Еса ю чоь, цхьана пешан гІовгІа бен хІумма а ца хеза.

– Со ІадIа шуна, дІа ма гІойша.

Зуда ша йолччохь дІахеба. Цунна юха а хаза долало аьзнаш. ЧувогІу Шидий, Салаххьий. Охьаховшу вежарий.

– Дечиг даьккхиний аш? – хоьтту Даччас.

– Даьккхина.

– Делахь, со говр хитІа эцна воьду.

– Говр хитІа а йигина, дІа а Іалашйина, бежнашна хІума а тесна...

– Массо хІума а дина ашшимма-м, со Іашшехь...

Салахь, Салахь... Боккъал а хьо воцуш деха техьа хIара маьлхан дуьне?

Кху Іаннашкахула декка хьан пондаран аз кхин хезар дац-те цхьанна а? Цхьанна а гур дац-те хьан хелхар – стиглахь детта ткъес?..

Аьзнаш дІадов, зудчунна шен чоь серлаяьлча санна хета. Самукъадолу цуьнан. ХІара хІун ду техьа? Иза ехха Іа, хиллачух ца кхеташ. ТІаккха ойла кхуьу: марзо ю-кха и, кхуьнан вежаршна юкъахь мацах хилла, тховса кхуза еана. БIаьстенан зезагийн хъожа ю цу марзонан, цуьнан серлоно латтош дара кхеран цІа гуттар а къегина. Иза даим а дуьхьал лаьттара арара чугІертачу бохамийн боданна.

Цхьацца шо юккъе а дулуш, дуьненчу бевллера кхуьнан вежарий, хІара массарал а жимаха яра, цунна тІе вина масех доьзалхо кхелхинера, жима волуш. Иза кхуьура вежарийн безамехь.

Зудчо доккха садоккху, тІаккха когаш Іуьйра лаьтта юссу. Аннаш цІийза. Ша йолччохь хІуттий лаьтта иза, ладоьгІуш. Тхов тІера чуоьхучу догІанан тІадамийн тата хеза.

– ГІодамаш дІадотта а ца кхии, йочана хилале, – шабарш до цо.

ТІаккха дІайовш лаьтта цIе марсайоккху, тІе чІийш тохкий. Корта морзах карахь болчу куьйгаш тІе а буьллий, дІаса а техкаш, Іа иза, цІаре а хьоьжуш. Аьзнаш хеза цунна юха а.

– ТІом баьлла, Герман тІелетта боху, – олу хІетта Шуьйта-гІалара цІа кхаьчначу дас.

МоггІара хІиттина лаьтта ойлане а бевлла вежарий, цхьа а вист а ца хуьлуш.

– Дада, Герман и Саьрмак буй? – хоьтту жимчу йоІа.

Амма да вист ца хуьлу. ТIаккха вежаршка хоьтту. Цара а тергал ца йо хІара. Кхо юха а хоьтту. Эххар а Даччас каралоцу жима йоІ.

– ХІаъ, саьрмак бу, бийна дІабаккха безаш, – олу цо, кхуьнан коьртах куьг а хьокхуш.

Зудчунна хорам хуьлу. Садукъло цуьнан. Шен ницкъ ма-ббу къурд бан гІерта иза легашкахь лаьттачу дагахьбалламийн шодах. Эххар а мукъадовлу легаш, шад пхенашкахула баьржий, ира йовхо а хуьлий, дІабов.

– Ваша, ваша... Хьо лата гІур вуй цу саьрмаках?

– ХІаъ.

– ТІаккха Шида гІур вуй?

– ХІаъ.

– ТІаккха Салахь тІаьхьавогІур ву, дадин шаьлта а яхьаш. Вуй? Юха, Саьрмако дІакхаьллича, Іуьрг а даьккхина, цуьнан букъа тIе вер ву. Вуй? Юха буьйр бу Саьрмак хье юккъе шаьлта а тоьхна. Буьйр буй? Буй...

Шовданан хи санна, зов хилла дека йоьІан аз. ТIаккха дов.

ХІетахь боккъал а штта хир ду а моьттура. Делахь, а уггар жимахниг, уггар а хьалха саьрмаках лата вахар нийса ца догІура хетачуьнца. И иштта хила дезаш а ца хиллера. Дачче тІаме кхойкху кехат шега даийтина аьлла, юьртсоветан белхахочуьнца барт а бина, дІаваханера Салахь. Даччас хIетахь Салахье ала а элира, сел жима волчу хьоьга стенна кхойкху, ша а витина. Цо иштта хила дезаш ду, элира, хьоьга тІаьхьа кхайкха а мета. ТІаккха и вийна аьлла кехат деача, юьртсоветан секретаро дийцинера Даччина ма-дарра.

– Маржа Дачча яІ. Хьо дай юххе хIоьттина воьлхуш гича а, со ца кхетара хиллачух. Суна моьттура дерриге а ахь сайна дийцинчу туьйранехь санна хир ду. Хьо велха а ца воьлхуш, сихха, шаьлта а эцна, саьрмаках лата стенна ца воьду бохуш ойла яра сан. Салахьна тезет хІоттийна кІира даьлча, хьо вахара... ХIетахь дуьйна ваза ву...

Цхьа татанаш а хезий, зудчо сацадо шен шабарш. ЛадугIу цо. «Къарш-къарш» – хеза тхов тІера схьа.

– Дехкий а тІетаьІна цІенна... Дехкий, неций, мох а, шело а... Чаккхе ю-кх кху цIийиан а, сайниг санна. ХІан-хІа, со ца кхоьру шуна, дада, нана, со ца кхоьру шуна, Дачча, Шида, Салахь, оцу чаккхенах, кхерахь а, ас ловр ю шуна иза нахала а ца йолуш. Суна ма хаьа аш а иза иштта лайний. Аш лайна лазам лар боккха синхьаам бу. Вон, хьаха, дара и дан ца дезахьара... Делахь а шух цхьаъ цІа варе сатиссинера ас, Дачча. Сан нахаца яхь ма ю. Суна лаьара Нажин доьзалх хІу дуьненахь дуьсийла... Лиъча буй пайда?.. Ахь суна бийцинчул а боккха хилла хилла-кх, Дачча, шу лата дахана Саьрмак...

«Къарш, къарш, къарш» – тхов буучу дехкийн татанаша къардо зудчун шабарш. Иза, хьала а гІоттий, аннаш а цІийзош, паднар тІе йоьду. ДІакхачале шозза соцу иза, аннийн цІийзаре ла а доьгІуш. ТIаккха паднаран йисте охьахуу, бIаьргаш кора тІе а бугІий.

– Хьо цхьаъ бен вацара сан висина, хьо ца вахача ца мега тІаме... – ненан къурдаша хьалаюзу чоь.

– Массо а воьдуш хилча, со ца вахача стенна мега? – гІийлла дека Шидин аз. Дечиган лоха зІар тІе а къовлий, кех волу иза. И сирла-баьццара буц, и кІайн-къорза зезагаш мохехь листина, кхин ца девлла кетІахь хІетахь дуьйна. Уьш Шидица дІадахана, тІепаза дай.

– Маржа Шида яI! Хьо вара уггар  тІаьхьа ваханарг. Хьо вара , Саьрмак а эшийна, важа шиъ а валош, цІа ван везарг. Хьан шаьлта аьрта хили техьа, я оцу Саьрмакан чкъор чІогІа хили техьа? Хьала ца валалуш виси техьа хьо цу Саьрмакан кийрахь... Маржа Шида яІ! Хьо дІавоьдуш зазанийн патарш хьийзара хІаваэхь, дитташ техкара мохехь. ТІаккха кестта къаьстира нанех, дадех. Кху кертахь шиъ дисира: сой, бодий, – догІанах а ийна Іенало зудчун гІийла шабарш.

Ша сецча, чоь кхин а еса хета цунна. Цхьаъ тІеоьшуш санна. ХІун? ХIа-а, пешан гIовгІа дІаяьлла. Даьгна девлла чІийш. Чоь шеллур елахь а, кхин араяла дог-м ца догІу. Сатухур-кха сатассалц.

Иза, метта а йолий, тІе юргІа а тосий, дІатаьІа. Мичара - наб. Хаддаза лардо цо кор. Кестта кхайкха юьйлалур ю тІаьххьара нІаьнеш. ТІаккха зарзлур бу бода. Оцу боданехь Іуьллу некъ. Иза кхуьнан дахар ду. Шида дІаваханчу дийнахь хилла цунах дахкарлахъ хьийза, шен юьхь лаьцнарг цхьанхьа а ца вуьгу некъан тача. Бакъду, масех де-м деара кхунна, дохк дІа а айаделла, хьалхахь зезагаша къарзйина сирла анайист а гуш.

Цу тайпанчу деношкахь кхуьнан кхетамехь гIергІара гІелий, Іовраш уьдура, хьаннаш цІинлора, йолалора бІаьстенан юьхьан кІуркIамани. Кхунна, ши ког а Іуьйра, тІуьна Iаь гІуьттучу, бІаьстенан малхехь дохлучу лаьттахула дІаяха лаьара, цхьалха коч мохе ловза а йойтуш, массо а хІума а кхуллучу Іаламца йолу зІе а хаалуш. Дерриге дицдеш, хьагаме дара иза. Амма хІара ца йоьдура цига. Муха? Я Даччина а, я Шадина а, я Салахьна а ца евзина марзо йовзий? ХІан-хІа. Кхунна кхин а хала хир дара яха. Хир дарий техьа? Хаац. Амма хІара юхайоьрзура шен дагалецамех дуьззина лаьттачу, денна тишлучу цІа чу, шена таьхьахьуьйссучохь хийла сатиссамийн бІаьргаш а буьтий. ХІан-хIа, цунна ца лаьара и денош духадогIийла. Ура-аттала кхетамехь царах дисина сурташ юхадендар а вежарех болчу безамна хьанал цайисар хетара. НІаьнеш кхойкху. Бода чІагІло. Эххар а серладала долало кор.

– Кхин цхьа буьйса а чекхъели, – цІенкъа юссу зуда. – ДогІанан дерз дІасецна. Дохк дІаайаделла, малхбале серлайолуш ю.

Зуда, калош а тудий, кетІа йолу. Юьрте бIаьрг туху цо. Кхеран цІа хилла ца Іа дассаделла. Шовзткъа ду. ЧІогІа боккха хилла и Саърмик. Ца Іебаш. Цхьаццанхьа цхьалха лаьтташ къена бошмаш го, букар ситтина. Тиша цІенош а дац цигахь-м, стагга а ца висина уьш меттахь латто. Нажин цІа-м лаьташ ду тахана, кхана хІуъа хилахь а.

– Буьйса дІаелин, Сану...

Юхайирзинчу зудчуна шен лулахо го, кертан йисте а хІоьттина, шега хьоьжуш.

– ДІаели, Микаил, хьо араваьлла?..

И шиъ дехха лаьтта, вовшийн тергалдеш.

Зудчунна хеза шен кхетаман кІоргенехь гІала гІергІаш. Цхьа мерза-лазаме Іаьвжа дог. ХІаъ, иза ву и. Кхуьнга тІуьна Іаь гІуьттучу бІаьстенан довхачу лаьттахула когаш Іуьйра шеца дІайола аьллачех цхьаъ. Иттех шо хьалха дара иза. ХІинца цуьнан зуда а ю – Іайнаъ, бераш а...

Эххар а къонах:

– Чувоьду со-м, – олий, йовхарш а еш, шен кетІа воьду.

Зуда а йоьду божал долчу. НеІ схьайиллича, докъаран, кхеллин йовха хьожа кхета юьхьа тІе. Цханаэшшарехь нох дохуш Іуьллу етт. ХІара цунна хьалха, хьаьвди тІе охьалахло.

ЧІама, сийсара а баьхкинера уьш. Даччас туьйра а дийци, кхаа вешех туьйра. Сатассалц кхуьнца а Іийна, дІабаха. Массо а хьалха санна вара. Бакъду, Салахь мелла а ондаваьлча санна хета. Гуттаренна а схьа маца богІур бу бохий ахь? Хаац, ЧІама. Цхьаъ мукъа а вагІахьара. Ца вагІахь, хІун дер – хІара, дІагІур ю-кх уьш болчу. Иштта хилла-кх хІара дахар. ЧІама, хьан хьайн ирс ду. Бай тІе бажа лаьлличахьана, кхочушхуьлу хьан сатиссам... Я иштта дац те иза? Хьан ю те хьайн гІайгІа, адаман санна яцахь а, хьайниг – бежанниг. Я тарлора ахь кхуьнан, Санун, гІайгІа лелош хуьлий а. Хьанна хаьа? Ахь дакъалоцу дела, ницкъ кхочуш хила а ма тарло Санун, оцу гIайгIане ша ерриг хьаьшна дІа ца йоккхуьйтуш, яха а... ЧІама, ЧІама, ЧІама...

Зуда ойланашка а яхана Іашшехь, де долу хуьлу. Эххар а, кІоргга са а доккхий, олу цо:

– Ванах, цхьа а хІума дощуш, эрна хир ду техьа ас мел лелийнарг, хІара сан гІайгIанаш а, хІара сан баланаш а.

ТІаккха, сихха хьала а гІоттий, етт дІабосту цо.

– ХІан-хІа, ЧІама, вайшиннан йиш-м, хьаха, яц хьедала, хьелахь, наха хІун эр ду? Уггар хьалха Іайнаа а олуш... «Къанъелла Сану, – эр ду-кх. – етт дІалалла хьалагІатта а карах ца долу». Хьуьйц, хьуьйц. Эр дац Сануна-м, – ша шега а луьйш, етт а лоллий, эвлан йисте боьдучу новкъа йолу зуда.

1987 шо.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.