http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нохчийн Нана Печать Email

Кагерманов Докка

 

Очерк

 

Дас Нурихана а, нанас Марияс а шайн хьомечу йо1ана тиллина ц1е Татьяна яра. Хаьржина а, хаза а хеташ. Йо1 кхиира. Кхиарехь рицкъанан кхолламо Цоцин-Эвлара Магомадовг1еран доьзале ялийра иза. Хьусайнан дола елира 1966-чу шарахь. Мардас Элимхана а, марнанас Шапа1ата а, кхечу марзхоша а езаш т1еийцира Татьяна. Ша езийта а, ларийта а хаьара цунна. Цхьанна ц1ийндена хьашт хиларх, езарх тоам, я куралла ца йора. Иза йоккхаера. Баккъал аьлча, марзошна а, лулахошна а езаш, барт болуш яха хаарал несана сийлахь а, деза а х1ун хир ду?

Татьяна х1етале Мескар-эвлара моллица Дат1алан Лечица има диллина яра. Махьар-махбечу сохьтехь дуьйна хийцина, хаьржина ц1е а яра – Лайлаъ. Цуьнан шен а, марзойн а бертахь. Иза г1ехь-тера х1ума дацара. Има диллар а, ц1е хийцар а захалонан т1аьхье беркате хилийтар Деле доьхуш, мовлид ешийтира Магомадовг1еран ц1ент1ахь…

Х1аъ, доккха г1уллакх дара керста динера несо ша има диллина хиларх тоам бина ца 1аш, шен нене Марияга има диллийта а, цуьнан ц1е хийца а ният дар а. И 1алашо нене хьахийра Лайлаа. И лаам йо1а шега къадийча, инзар-акъъелира нана. Шен дуьхьало ч1аг1ъеш, корта ластийра:

- Таня! Х1унда эли ахь?! Дала ларйойла…

- Дела хьуна вовзийта эли ас, сан дика Нана, - олуш, хьастаелира Лайлаъ.

- И бохург х1ун ду?! Дела ца вевзаш, 1амал ца еш-х яций со, - аьлла, йо1е хьаьжира нана. - Хьуо а яьлча, со а яккха лаьийца хьуна…

- Лаьа, Нана. Хьол суна а, сол хьуна а хьомсара адам  дац дуьненахь. Цундела лаьа суна нийсачу некъа т1е хьо яккха. Оьг1аз ма г1уохьа. Дегбаам ма бехьа, нана, - аьлла, ойла ян йитира Лайла а.

Иштта шен оьг1азлонна дуьхьал цхьа дош а к1оршаме ца олуш, къамел дина йо1 араяьлча, ойлане елира нана.

Делахь х1ета, бусалба йолчу йо1ана а, керста йолчу нанна а юкъехь хилла оьзда къамел т1аьххьара а, хаьдда а дацара.

Ойла яро самбаьккхина кхетам болх беш бара хьекъална т1ехь.

Нана ойлане йохура хьекъало.

Х1етахь Лайлаан нана цуьнца яра. Цуьнан верасаллехь. Цуьнан марзхошца. Я мардена, марнанна  х1умма а новкъа дацара шайн к1ентан стунана, шайн несан нана цуьнца хилар. Кхабар. Дика 1алашъяр. Шен ц1арна хьакъ йолуш, дог ц1ена яра Шапа1ат. Лайлаа тахна а цунна тоьшалла до.

Магомадовг1арна хаьара Лайлаан хьехаме ла а доьг1на, ойла а йина, цуьнан нанас има диллахь, т1аккха цунна а, шайна а Дела реза хир вуй.

Лайлаан сагатлора. Юха а, юха а дагаяла лаьара ненах. Амма иза кхоьрура лаамза,  т1едожош има дилла ша аьлча, ша совъяьлла, ца оьшу моттаделла нанна вас хиларна.

Къинхетаме ненан дог ша къиза 1овжорна. Цундела Лайлаъ вуно хьастаме а, хьасеане а яра ненаца. Къаьсттина иманан хьокъехь дечу къамелехь. Ма-дарра аьлча шен йо1ана боцу там а, тема ца гуш б1аьрзе а, ца хезаш къора а яцара нана а. Вовшийн сел герагара а, гергахь а йолу шаьшшиъ вовшашна т1екхача некъ а, гечо а доцуш, дистинчу Органо д1асабекъначу шина берда т1ехь хин г1ерг1аран г1араша д1асатоьхна мохь-ц1ог1а а ца хозуьйтуш лаьтташ санна хетара нанна. Цунна гора йо1а ден  ламаз, кхобу  марха, п1ерасканан буса лулахь луш долу саг1а. И дерриге а даггара, моттарг1а а, я шена – нанна гайтар-м муххале а доцуш.

Оцу хиламийн тидам баро т1аьхь-т1аьхьа ойлане йохура Лайлаан нана Мария. Ехха йинчу ойлано, цхьа ц1аьххьана, тамашийна хийцам беара цуьнан даге.

Кхетам кхоччуш самабаьккхира. Хетаделира к1ордийна, хьаьхна йочана екхош мархашлахь малх гучу а баьлла, цу малхана зезагаш делалуш, бенашкара г1евттина олхазарш эшарш лекха девлча санна.

Оцу сохьтехь нисделира, чуьра а, кертара а дезаршна хьаьдда леларехь шен меттиг яьлча, х1оразза а санна, Лайлаъ нанна хьалха х1оттар.

- Нана, х1умма а оьший хьуна? Де1г а, дог-ойла а муха ю хьан? – аьлла.

- Хумма а ца оьшу, - олуш, шега хьажаеллачу ненан юьхь, кесталг1а гина йоцчу кепара, екхаелла гира йо1ана. Синхаамо диканиг хьоьхура.

Г1уллакхийн дукхаллехь тем боцуш йолу шен йо1 букъ берзо кхиале, нанас элира:

- Таня (Лайлаъ ц1е матте ерзаза яра), охьахаахьа суна юххе.

- Дера, хуур ю-кха даггарчу лаамца-м! – аьлла, Лайлаъ охьахиира нанна юххе. Хенах ха а, белшах белш а тоьхна. Т1ехула пхьаьрс баьккхина, хьаьстира цо нана, нанас бер санна.

- Ма хаза ю-кха, ма дика ю-кха, сан Нана!

Хазахетаран б1аьрхи къегира ненан беснеш т1ехь. Цо ша ма-хьасттара йо1 хьаьстира:

- Таня, ахь бохург дан йоллу со! Айхьа доьшуш долу «шахад» 1амадехьа суна…

Хьалаиккхира Лайлаъ. Мор буьззина мара йоьллира цо нана. Ший а йилхира. Елхарна юккъехула нанна барт баьккхира Лайлаа.

- Нана! Сан Нана! декъал хили хьо! Ас беза кхаъ боккхур бу хьан йоь1ан (шен) к1енташка Руслане, Аслане. Сайн марзошка, юьртахошка, массаьрга а! Дела реза хуьлда хьуна со йина, кхиийна хьоме Нана! Ма парг1атдаьккхи ахь сан дог…

Има дилла моллина хьалха х1оттале шах1адат маттана шардан г1ерташ, Лайлаана т1аьхьара олуш, карладохура нанас Марияс. Матте хала алалора. Т1аккха цо элира Лайлаэ:

- Таня, яздехьа. Доьшуш атта хир дара суна. 1ама а, шардан а.

Йо1а яздира. Нанас 1амийра.

- Кхин д1а х1ун дан деза ас, Таня? – хаьттира нанас.

Лайлаа резахилла хьийхира:

- Х1инцалц хьо Мария яра, нана. Х1инца дуьйна хьо Марем хир ю. Нохчаша иштта йоккху, Делан веза пайхамар волчу 1ийсан, Дела реза цунна, ненан ц1е. Са ма гатде. Има дуьллуш бийца мегаш бу массо а кхето, юкъара болу оьрсийн мотт. Ша кхоьллинчу массо а  къоман мотт, лаьттан паччахьашна санна талмаж а ца оьшуш, дика хууш ву боху Аллах1-Дела. Моллас хьалхара аьлларг т1аьхьара аьлчахьана йолу хьо, сан нана! Ма дика ду хьо-хьуо дагаяьлла…

Лайлаъ массарна а хьалха х1инца юьхьк1ай яра. Массарна а иза хьалхачул сийлахь а хетара. Ца хетийла а дацара. Бусалба йиша ша хиларх тоам бина ца 1аш, цо нана а ялийра, Делан къинхетамца, имане.

 

* * *

 

Шен а, шен ненан а дин а, ц1ерш а хийцина, има диллина вайн бусалба йиша Магомадова Лайлаъ Дала нисйина.

Цуьнан 2 к1ант ву Руслан а, Аслан а, 2 йо1 ю Зарема а, Разет а. Уьш массо а тайп-тайпана кхолламашца д1анисбелла. Шина к1ентан цхьаьна - 5, вукхуьнан 4  бер ду. Шина йоь1ан диъ-диъ бер ду.

24 шо д1адаьлла Магомадова Лайлаъ йисина 1ен. Хьусайн, Лайлаан ц1ийнда, Смоленскехь хиллачу аварехь кхелхина 1984-чу шарахь. Генарчу мехкашка д1асалелачу машенан шофер вара иза. Х1етахь дуьйна шена т1ехь дисна доьзалан, ц1ийн дукъ д1акхоьхьуш, ларош схьайог1у Лайлаъ.

Цоцин-Эвлара дуьйна Соьлжа-Г1алара больнице балха лела иза.

Де-буьйсий балхахь даьккхича, ши де-буьйсий мукъа хуьлу цуьнан. И хан доьзал кхетош-кхиорна хьажош, уьш иманехь нисбар Деле до1ица доьхуш ю вайн бусалба йиша Магомадова Лайлаъ Нурихановна.

Иштта бен хуьлийла а ма дац нохчийн доьзалан оьзда нана.

Вайнехан мотт ц1ена буьйцуш, хаза г1иллакх долуш хиларца башха а, б1аьрла а го иза даим а.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.