http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


АЙДАМИРОВ АБУЗАР ДАГАЛОЦУШ Печать Email

Уциев Абу

 

 

…Хьан дуьхьа къахьега, 1ожал т1еэца

Цалуу долу  к1ант дена  ма  войла!..

Абузар Айдамиров

 

Абузар СССР-н Лакхарчу Совете депутат хаьржина денош дара уьш. Вай долчу хьошалг1а нисвеллера Иорданера нохчо. 1абдулхьаьлим Бено яра цуьнан ц1е. Вайнехан  г1иллакхаш, г1уллакхаш девзаш, дезаш, даггара уьш лоруш, цхьа ч1ог1а эхь-бехк, иман долуш къонах вара иза. Х1ан-х1а, цуьнца дацара цхьана а кепара х1уьмалгаш. Вайгара дин а шаьш лелочул ц1ена хетара цунна. Вай 1амо, вай нисдан веана вацара. Вай ган, вай довза, дайн кешнаш т1ех1отта, дайн лаьттана барт баккха веанера. Дас, ден дас т1едиллина зерат кхочушдеш.

 

Нохчийчу вале 1абдулхьаьлима ешна хиллера “Еха буьйсанаш” ц1е йолу роман. Иза дика евза бохура шайн цигахь бехачу вайнахана. Нохчийн стаг и бакъдерг яздан вахьарх цец а вуьйлура, Айдамиров Абузар шен махкахо хиларх дозалла а дора.

Дай баьхна юрт гина вухавирзича, “И Айдамара Абузар гойла хир дарий вайн?” - хаьттира. “Ехачу буьйсанийн” автор волчу вахар доккха зерат хетара сан хьешана.

Масех де хьалха А. Айдамиров вайн махкахоша СССР-н Лакхарчу Совете шайн сенатор (депутат) харжар хаийтича, иза гург хиларх дог диллира цо: “Со кхийти, - элира 1абдулхьаьлима, - вай цунна т1екхачалур дац бохург ду-кх и”. “Дера дац,- хоуьйту, - Абузар цига харжарх кхаъ баккхар ду-кх. Ахь буьйцучу нохчех вац тхан керла сенатор. Ц1ахь велахь, вахана, сарале цуьнца цхьаьна юхавог1ур ву “.

Мичара, 1абдулхьаьлим теша ца туьгура оццул йоккхачу, оццул нуьцкъалчу пачхьалкхан сенатор, ша мел доккха дог долуш нохчо велахь а, арахьара веанчу, цу хенахь 1едало хийра а, луьра а лоручу  хьешана дуьхьалх1уттур ву бохучух. Меската ваха новкъа ваьлла со-м тешара. Суна дика вевзара Абузар. Даржех, я хьолах 1ехалучу к1езигчу нахах вацара иза.

Со д1акхаьчча, делкъ-ламаз дина, парг1атваьлла 1аш карийра Абузар. Маршалла хаьттинчул т1аьхьа, даим санна, иза хьовзо: “Ахь йина 1амал дала къобалйойла хьан, воккха стаг”, - забар йой, цунна юххе диван т1е охьалахло со. “Дийнахь цкъа-шозза Соьлжа-Г1ала кхочу со вац воккха стаг, баттахь цкъа а Меската ван де доцу хьо ву”, - дог ц1ена велало иза. Со варах кхаъ хуьлий, юург  вовшахтоха д1ахьоду хьаша-да лара хиъна Мух1ажар (и яллаца вайна диканиг дог1ийла, Дала цунна геч а дойла). Абузаран х1усамнана хилла ца 1ара иза. Иза цуьнан дийнна цхьа аг1о бара, цуьнан тешаме накъост.

“Дийцал, х1ун дара Шелахь? - х1оразза со веача деш долчу хеттаршка волу, - ши Муса гиний хьуна (Бексултановвий, Ахмадоввий)? Леча х1ун деш ву (Абдулаев)? Сан ц1архо гойла хуьлий хьан (Сумбулатов Абузар)? Рамзан, 1абдулхьамид болх беш вуй (Ахмаров, Хатуев)? Сан доттаг1 Хьамзат ларавой (Юнусов)? Вовшехкхетарш хуьлий шун? Варелаш, барт хилалаш…”

 

Сих-сиха воьдийла ца нислахь а, х1ара т1аьхьара  т1ом  балале баттахь цкъа-м муххале а хуьлура со Абузар волчохь. Цхьацца йоза деш цуьнгара 1ама, цунах дагавала. Дуьххьала д1а иза ган а, цуьнца охьахаа а. Цкъацкъа Юнусов Хьамзат а хуьлура соьца. Абузарна ч1ог1а дукхавезара иза.

Маь1не дара А. Айдамировс мел олу дош. Къонахчун яра багах йолу 1аь. Оьзда, барте дара къамел. Жимчуьнца жима вара, воккхачуьнца - воккха. Евзара забар. Хьоьгара девллачу г1алаташна гечдан а хаьара. Суна сайн да санна дукхавезара Абузар. Цхьа вас, халахетар хилча, д1ахьодура Меската. Цунах дагаваьлча, байлуш хетара муьлхха а бала. Иштта хетара сан накъосташна а…

Юххерчу г1анта т1ехь кхозучу Абузаран костюмах, аьлча а, цунна хьалха латийначу депутатан седанха б1аьрг кхетча, стенна делахь а, цхьа вохар иккхира сан даг чу. Айса деанарг д1аала ца х1уттуш 1ара, цуьнан хеттаршна жоьпаш а луш. Иза цунна туоса а делира.

“Х1ара, Мух1ажар, дуьххьара веанчу невцах тера хетий хьуна тахана вайн шелахо (забаре ваьлча, ишта а, бено а олура сох) - воьлуш, б1аьца йо юург охьах1оттош йоллучу х1усамнене, - цхьаъ доцуш-м дац хьуна иза”.

Оцу забаро меттавалавой, кхин къийлавалар доцуш, айса деанарг охьадуьллу. “Хьан йиш хир ю-яц-м ца хаьа суна… Ца хилахь, цхьана дийнахь хьаладог1ур ду тхо”, - т1е а тухуш.

“Йиш хир яц бохург дага а ма даийталахь, - забарна доцуш элира Абузара, - со цхьа стаг, цхьа къонах, цхьа дош хетта, кхин х1умма а ца хилча, сох б1о булуш, сох тешна, Меската кхаччалц хьала ца веана хьо? Соьгара ледарло яьлча, юьхь1аьржа х1уттург вайшиъ хилла ца 1а, берриг мохк а бу. Генара веана хьаша вац вайга хьоьжург. Хьуо ца вог1уш, цхьа бер даийтинехь а вог1ур ма вара со-м цига… Хьажахьа оццул бехке хьаша Шела охьа а хаийна, чайнаш муьйлуш 1ийриг. Схьалолахь, Мух1ажар, сан ши мача. Ван а ма ву бакъволу бено”…

“Жима ма ву иза, Бузар, дов ма дехьа цунна,” - майрачо суна тоьхна барт забарехьа боккхуш, елаелла, сан аг1о лоцуш д1ах1оьттира догц1ена Мух1ажар.

Тхойша кех волуш, Абузарца г1уллакх хилла, кхин цхьа ши накъост а кхечира цига. Юхавола аьлла, д1а ца хьажош, и шиъ шеца чу ца веача, некъана хьем ца бан, цара деанарг довза, Гуьмсе кхаччалц машенахь цаьрца веара иза. Абузарца дацара, хила йиш а яцара наха шех тешна, шена т1едеана г1уллакх юхатохар.

Бухахь 1аш волу сан хьаша цецваьлла а ца волура со Абузарца д1акхаьчча. “Хьажахьа, СССР-н сенатор… Къоман яздархо… Къонаха Нохчо бохура, б1аьргаш хих буьзна, иза мара а воьллина. Цо шен оццул боккха лерам бина хазахеттера 1абдулхьаьлимна.

Цунах ч1ог1а самукъадаьлла, вицвелла, сан машен чу кхоьссинчохь хьа ца еш йитира ша сел лерина кечйина суртдоккхург. Сан лулахочо д1аязйина видеокассета а, ас даьккхина масех сурт а ца хиллехь, ц1а вахча, цигарчу нохчашна гайта х1ума йоцуш виса мегара.

Сурташ гайтича а, уьш-м башха тешна а ца хиллера яздархо, СССР-н сенатор волу Айдамиров Абузар леррина х1ара ган Мескатара Шела веана бохучух.

Цул т1аьхьа шо-ши шо даьлча Нохчийчу бахка аьтту баьлла Иорданера, Хонкарара Шемара нохчий лоррий ас болх бечу “Даймок” газете бог1ура Айдамиров Абузар Мескатара Шела кхаччалц  1абдулхьаьлим Бено ган вар бакъдуй хаа. Цунах лаьцна цара хиттина хиллера  СССР-н Иорданерчу посольствехь г1уллакхдеш хиллачу Гарсаев Хожа-Ахьмаде а. Иза а, сан накъост волу цуьнан ваша Гарсаев Леча а вара вайгахь Абузар 1абдулхьаьлим  ган веача. Царшиннан а ма дарий А. Айдамировца доккха гергарло.

Иштта, вежаршна Гарсаевг1арна Иорданехь вевзина хиллера 1абдулхьаьлим Бено а…

 

Нийса хир дацара Абузарах дуьйцучохь вай Мух1ажар йицйича. Махко шен тешам беллачу къонахчун дийнна цхьа аг1о ма бара иза. Уггар хьалха и ма яра, хала-атта киртигаш ца юьйцуш, шен чохь, шен х1усамехь веза эвлаяъ вина, шен майра леринарг, бакъдуьнена д1а яххалц иза лийринарг. Т1аккха Абузар лерира шен доьзало, шен лулахоша, шен юьртахоша, лерира йоллучу а Нохчийчоьно. Дера яцара иза х1ара дуьне т1еделхарх юхур йолуш а, шен майра вухуьйтур волуш а. Иза цуьнан собар дара, иза цуьнан йохьан г1ортор яра, иза цуьнан дахаран ирс а дара.

Мух1ажар д1аяьлча, д1аелира Абузаран дуьненца йолу марзо а…

 

Цкъа а бицлур бац суна Мух1ажара Абузаран бина лерам. Шуна моьтту адам дацара иза. Дала дика дина стаг яра. Ца хилча, иштта лелалур а яцара.

Гуттар санна, делкъал т1аьхьа кхечира со Меската. Керта ваьлча, цхьацца шен зударийн г1уллакхаш деш йоллура Мух1ажар. Абузар, ламаз а дина, аг1орваьлла хиллера.

Вовшашка маршалла хаьттина, тхойша чоьхьадаьлча, наб озийна вара иза. “Жимма сада1ийтича х1ун дара-те цуьнга, сиха г1уллакх-м дацара хьан?” - хотту аз лаг1 дой. Иза меттах цаваккхар доьхуш. Сайна х1оттийначу г1анта охьалахло. Мух1ажара хьалхарчу стоьла т1е х1оттабо суна дукхабеза т1оберам, куьйга бекъна бовха хьокхам. Схьадахьа сан г1алмакх-чай а (цунна хаьара Абузаран накъостех хьанна х1ун еза). Хан тилале олий, ламаз эца х1утту.

Дуьххьара тергам хилира сан оцу суьртан. Абузарна г1овг1а ца ян, ша ламаз оьцуш, тесана а, г1умг1анна а к1ел гатий, горгаммий дуьллуш хиллера цо. Когийн тата ца хазийта, к1еда к1архаш а лелабора. Цуьнга цхьа х1ума де, я цхьанхьара цхьаъ олуш а, бер санна бехкала йоьдура. Шар1о ма-бохху, вовшийн лоруш, вовшийн дезаш, вовшашна чу садиллина дара зуда а, мар а. Цундела Дала шаьш лелочух царна беркат а дора.

 

Хийла хьаша-да вевзина, хьеша-ден дог хьаьстина, доттаг1аша вовшашна дегнаш даьстина, юххера а, хийра а адам лаьттина х1усам яра Абузар ган, цунах дагадовла тхо Меската листинарг. Цига-м иза цавезарш а бог1ура, дуьххьалад1а ц1арна, я шайн хьаькамашна хьалха йолчу “юьхьана”. Массарна а цхьатерра диллина дара яздархочун-къонахчун мекха йоцу оьзда дог.

Мостаг1чунна а вон болх хьоьхучех вацара Айдамиров Абузар. Шена во динчунна а дика дой, иза ша динчунна дохковоккхура. Нагахь дохко ца валахь, т1аккха а цунна гечдан, шена хилла вас йицъян… цунах къахета меттиг карайора.

Д1авахча бен ца кхийти Абузар сайна мел ч1ог1а хьашт хиллера. Мел ч1ог1а оьшура тахана а цуьнан собарх, йохьах, юьхьах, доьналлех, хьекъалх болу кхетам. Дех санна, цунах дагавийлар. Цуьнгара догъэцам. Сайн ледарлонашна чов йоцу барт тохар. Цуьнан геч а…

 

Иза кхин хир дац. Х1инца хеди, х1инца чекхбели ас а, кхечара а, даггара я дегаза, Меската бина некъ. Д1абай дийнахь а, буса а, хан ца лоьруш, эвххьаза т1едисса цигахь иза везачийн хилла бовха кхерч. Цхьа чурт дисина-кх, т1улгах дина. Кошан барз а - и хьулвина. Тхуна белхолахь доьлхуш, дагадийла, базлахь бала - и т1ебилла…

 

Иза-м д1аваха, кхин цкъа а вай цецдохуш, шел т1аьхьа тамашийна билгалонаш юьтуш. Хьажахьа, валар а хилинца п1ераскана дийнахь, Дала стигланаш елхош. Соьналло хьаьстина латта-м доккхадеш ма хийтира суна, Абузар санна волу къонах шен кийра вог1уш. Иза д1аволла баьхкинчу нахана дегазло ца хилийта санна, уьш кешнашкара юхаберззалц д1атейира Дала йоьлхуш хилла Шен стигланаш а. Мох боцуш, 1ожалло 1адийна, мехкан тезетахь тийна лаьттара 1алам. Йист йоцуш ю Делан къайленаш. Боккха бу цуьнан къинхетам а…

 

Цхьа дагахьбалам бисина суна тахана: иза схьаволчу хенахь дийнахь цкъа мукъа а Абузар ган ваха аьтту ца хилла… Наггахь вахар - хервалар хиллера, суна гергарло хеттехь а. Бакъду, цуьнца т1аьххьара къаста, т1аьххьара цуьнга хьажа чу-м ца вахавелира со, иза сайна мел ч1ога дазделлехь а. Д1а ца дойтуш, сайн кхетамехь, б1аьргаш хьалха юх-юха карладаха, дийна волуш гина цуьнан оьзда юьхьсибат лардан лиира...

 

Ша везначарна, ша вевзинчарна, шеца хьаьг1наш лелийначарна а вицлур вац нохчийн къоман сийлахь к1ант Айдамиров Абузар.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.