http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


К1ОРГГЕРА ОЙЛА АС ЙИЧА… Печать Email

Дадуев Абу

 

 

Мамакаев 1арбин безамна

Жимачохь дуьйна вай вовшийн а дезаш,

Да-нана цхьаъ дина, мерза хан яьккхира,

Д1адаьлларг диц ца деш, гаре сатуьйсуш,

Хьо гинччохь, хьо сацош, хьуна мара эккхара.

Маржа я1, маржа я1, дика хилла доттаг1,

Х1ун дер ткъа, къийса йиш вайн цуьнца яц-кха,

Цу дийнан шийла кхаъ сайн лере кхачар,

И дицлуш цхьа минот со йог1уш вац-кха.

Жимачу хьайн коьрте ойла сов йойтуш,

Хьайна хьайн халкъ дезар стихашлахь гайти,

Массаьрца барт болуш, цхьаьнцца хьаг1 йоцуш,

Хьо хилла хилар ахь тхан даг чохь дити.

Вицлур вац, вицлур вац тхан хьоме 1арби,

1ожалло, хьо сана, нийсархойх къасттолц,

Дохур ду вайн халкъо хьох лаьцна иллеш,

Цу иллийн хаза ах халкъе д1акхачош.

 

 

ДОТТАГ1ЧУЬНГА

Малх кхета 1уьйренца, дог доккхадедеш,

Ас юьйцу сайн ойла, хьо везаш, тешаш,

Мало яц сан даго яздан хьоь мог1анаш,

Ахь эца Маршалла соьгара, дезаш.

Кхетамца, хьекъалца ахь язйо стихаш,

Адамаша йоьшу уьш сов хаза хеташ,

Еца уьш, вайн халкъан ч1ог1а дог г1аттош,

Веза хьо халкъана, вицлур а воцуш.

1уьйренца хьалаг1овтту лечарчий санна,

Айамца балха т1ехь вай кийча деца,

Раьг1нашкахь ло дешча, доьду хи санна,

Барт болу доттаг1ий, вай цхьаьна деца.

Иллешца бийца вай яхьйолу к1ентий,

Йоьду хан стихашца карла а йоккхуш.

Гайта вай халкъана ваьшна и дезар,

Адамийн ирсана вайн даха дезар.

 

Х1АЙ ДУЬНЕ

Маржа-я1 сан дег1ан дахар,

Хьо дезаш, хьаштдолуш со вехаш хилча,

Кханено дахьаш дерг къайлехь ахь латтор,

Мел ч1ог1а 1еткъа и кийрарчу дагна.

Хьоьха суо д1ахаьдда дисарна кхоьруш,

Безачу накъостех валар ца лууш.

Безам а, марзо а хьоьца ерг езаш,

Лелий со-м, х1ай дуьне, валарха къехкаш.

Жима-воккха ца лоруш хьо дуьсур деца,

Йиш ярий, яцарий-м хоьттуш а дац-кха.

Бертахь ахь схьалуш дерг хьоьгара схьаэцна,

Сайгарчу г1иллакхах со воьхна вац-кха.

Х1ун дер-ткъа, сан хьоме доьзалш,

Дуьненан кхиэлах вай цхьа а вер вац,

Цо йинчу кхиэлана вай реза хир ду,

Тоьхначу хенал т1ех цхьа а ваьлла вац.

Иштта и ойла сан коьртехь а йолуш,

Хьомсарчу доьзале, «варийлаш…» баьхна,

Хиндолчун, гундолчун сурт къайлехь дуьсуш,

Къаьста со хьоьха д1а, кхин ца ган дуьтуш.

1одика йолда шун, дуьненан вежарий,

Нагахь ас, цатам беш, шаьшна халахеттарг,

Къайлехь и ца дуьтуш, вовшашка дуьйцуш

Цалелар доьху ас – къинт1ера довла!..

 

 

ВИНЧУ ЮЬРТЕ

Хьан бердех хьекхалуш, Терк д1а мел эхарх,

Заманан шераша шен хан д1акхехьарх,

Хьоьха д1акъаьстина хан дукха яларх,

Д1абовр бац сан дагара хьоь болу безам.

Гу лекха хьан даккъаш шарделла дийшарх,

Чутаь1на боьранаш даккъашка кхийдарх,

Сан коьртан 1аьржа чоьш сирдала доларх

Д1абовр бац сан дагара хьоь болу безам.

Охьадоьду сийна Терк юхнехьа дерзарх,

И сийна стигланаш дог1анах елхарх,

И 1аьржа латтанаш, бухдуьйлуш, делхарх,

Д1абовр бац сан дагара хьоь болу безам.

Дийнахь схьакхетта малх ца кхеташ бисарх,

Буьйсанца хийцалуш, де хийцадаларх,

1ожаллин цу метта со охьавижарх,

Д1абовр бац сан дагара хьоь болу безам.

И сирла шовданаш шаьш лекъна дисарх,

И къорза зезагаш дакъаделла дийшарх,

Дан амал сайн доцуш, мел холчу х1оттарх,

Д1абовр бац сан дагара хьоь болу безам.

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.