http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


«ВОЬДУЧО ЭШОР БУ НЕКЪ» Печать Email

Уциев Абу

РогIерчу репетицина кечамбеш бохкура республикан берийн хелхаран «Башлам» энсамблан декъашхой. Бохкура цхьа Айдамиров Тав¬риз воцург. Иза, тамашийна делахь а, зала чохь,  хьовсархойн меттехь Iара. Хелхарчин дацара тIера духар а,  Россин бIаьхаллин дешаран кхерчийн курсанташа лелочух тера дара. Аьлча а, погонаш гIехь гучу «ПЛП» элпех суна иштта хетаделир-кха.

– Цхьана «сценкина» я керлачу хелхарна лерина-м хир дац хьан духар хийцар? – тIевоьдий, хотту Т. Айдамировга, сайн шеконаш яйа.

– Деша вахана со. Таганрог гIалин Неклиновски районехь йолчу хIаваан кеманийн юьхьанцара кечамбаран ишколе, – хоуьйту Тавриза.

«Лаьттахь меттиг ца тоьъна, хIаваэхь тIемаш хеца гIерта», «Сцена готта ю аьрзуна» – забарш йо хьеше маршалла хатта тIегулбеллачу цуьнан нийсархоша.

Цхьана хIуманна тIехь бакълоьра уьш: лаьттахь тIемаш хеца меттиг ца тоьъна. Баккъалла а хелха дика волуш вара Тавриз, вайн халкъан иллешкахь ма-аллара, аьрзунах гIаьттича, сцени тIехь тIам хеца меттиг а ца тоьаш.

Цу тIехь кIентан хьалхара толам Соьлжа-гIалин № 4I йолчу ишколехь хилира, хелхарчийн кьийсадаларшкахь хьалхара меттиг яккхарца. ХIаь, хIинцачул итт-цхьайтта шо хьалха дара иза. ХIетахь юхьанцарчу классехь доьшуш вара Тавриз. Цул тIаьхьа – Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхначу кхиазхойн конкурсехь а... Кхин масех шо даьлча, Кавказан къаьмнийн хелхарчийн фестивалан, туркойн махкахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу кьийсадаларийн толамхо а хилира.

Цхьана даздаршкахь Айдамиров Тавризан хелхарх кхаъ хилла:

– Дика хиндерг долуш ву и кIант,– элира соьга сан доттагIчо Россин хьакъволчу артиста, искусст¬ван Дуьненаюкъарчу Академиин академи¬ка Идрисов Сулумбека. Дукха хелхарчаш бац вайн цуьнан хенахь иштта сцена евзина. Хьажал цо лелочу куьйгашка, буьхьгаш тIехь ловзочу дегIе... шаршочу коге... Деккъа цIена пиллиг ду-кха цуьнан дегI! Баккъалла а тIома гIоттучу аьрзунан ма-дарра долу сурт ду и хелхаволуш  схьахIуттург... Хьенан, мила ву хьажахьа, суо юха цIа веъча, иза вовза, цуьнца гергарло таса хьожур вара.

КIант вовза, цуьнца уьйраш йоза шен хан цахиларх боккха дагахьбаллам хилла новкъавелира оцу дийнахь Дане воьду вайн махкахо Идрисов Сулумбек. Масех шо а ду иза цигахь контрактаца паччахьан операн а, балетан а коьртачу ансамблехь режиссеран болх беш волу.

Тавризан хелхарца долчу гергарлонна новкъарло ца яхь а, спортехь долу хиндерг кхин а сирла хета цуьнан дена Русланна, а жимахволчу вешина Анзорана а. Шен терзанан барам 55 кийла йолчу кхиазхочунна дика гайтам ма бу 70 кийла йолчу штангин «рывок» а, дийна центнер – «толчок» а. Я хIинцале цо кхочушйина Россин Федерацин спортан мастеран кандидатан норматив.

Шен нийсархойл хьалха вара Т. Айдамиров ишколехь деша болчу лаамна тIехь а. Цундела ларамаза ца хийтира летчикийн юьхьанцара кечамбаран Неклински ишколе деша дIатасалуш хьалхарчу экзаменехь «пхеанна» диктант язйина цхьаъ бен воцу абитуриент Айдамиров Тавриз хилар. Иштта кхиамца дIаелира вайн махкахочо физикан, алгебран, физически кечаман, кхийолу а экзаменаш.

Юьйцу ишкол Россин Федерацехь цхьаъ бен цахиларе терра йоккха яра цига деша баха луучийн конкурс – цхьана метте I5-20 стаг. Дукха яцара 2006-чу шарахь цунна дешархой тIеэца къастийна меттигаш. Делахь а «приемни» комиссин цхьана а кепара шеко йоцуш, чекхваларан бал «пхиъ» нислуш, оцу меттигех цхьаъ шен долаяьккхира вайн махкахочо.

– Муха, стенна тIехула, хьаьнгара  марзъелира хьуна летчикан говзалла. Муха нисделира оцу ишколе деша вахар? – хотту   Айдамиров Тавризе.

– Сан ден доттагI  ву  Дугаев Мохьмад бохуш, СССР-н  хьакъволу летчик-эерахо а, Россин хьаваан ницкъийн тIаьхьалонан пол¬ковник а ву иза. Цо дийцарехь, цуьнгара марзделира суна кеманаш. Цуьнан  накъоста – вайн Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районан тIеман гIуллакхийн декъан комиссара Магзумов Малика йийцина, оьшу ишкол а карийра.

– Цигара ваьлча хIун дан дагахь ву хьо? Хелхаршка, спорте юхаверза я кхидIа а летчикан некъ кхио?

– Краснодар гIалахь ю хIаваакеманийн университет. Цига ваха хьожур ву, – элира Тавриза. – ТIеман а, граждански а «авиацин» лаккхара говзаллаш Iамайо цигахь. Сан лаам бу ден доттагI Дугаев Мохьмад санна, говза летчик-зерахо хила.

Айдамиров Тавриз воцург вайн республикан кхин а кхоъ векал вара оццу ишколехь доьшуш: Ошаев Лорса, вежарий Iусман, Руслан ТамриевгIар.

И кегийрхой (Тавриз воцург) Соьлжа-ГIалахь хиллачу №I йолчу буоберийн приютехь кхиъна бара. Уьш деша бахийтинера вайн республикан  Президента (хIетахь Правительствон куьйгалхо) Кадыров Рамзана шен ден – Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан чоьтах.

Цхьаьнггара а гIо-накъосталла доцуш, шен хааршца чекхваьлла, оццу Неклински ишколе деша ваханий хиъча, Кадыров Рамзана ша волчу хьошалгIа а кхайкхина, мехала совгIаташ дира Айдамиров Тавризана. Доьшучу хенахь цуьнан хила тарло материальни хьашташ кхочушдар шена тIе а лецира.

Деша дIанисбеллачул тIаьхьа, марханаш досту хан кхаьчна, йоцачу отпуске  Нохчийчу цIа бахкийтина хиллера хIетахь вайн курсанташ. Шен накъостий, шена дош хетачу ансамблан куьйгалхой ган, цаьрца марзо эца хьаьгнавеъначохь тIенисвелла хиллера хIокху могIанийн автор накъостийн  «репетици» тергалъеш Iачу Айдамиров Тавризана.

Цуьнгара хиира ишколехь долу низам эскарехь лелочул а луьра хи¬лар:

– Цигаьрка узуш гучуваьлла ши курсант, цхьана а кепара дийцар, алар доцуш доьшучара дIаваьккхира, – бохура Тавриза. – ГIиро садаIар дохийначух летчик хир вац олу тхан директора. Цо аьллачунна тIехь бу ишколан лоьраш а.

– Къаьмнийн векалшна юкъара вовшашка лерам, уьйр-марзо муха ю? – хотту Айдамиров Тавризе.

– Ишколехь ца могуьйту вовшийн къаьмнашка къестор, – дара жоп. – Иза шена могуьйтур ду моьттуш, вайн агIорхьара баьхкинчаьрца эвхьазваьлла курсант а дIаваьккхина, шен цIа хьажийра  тхан директора Гольдберг Леонид Исаковича. ЧIогIа лехаме, амма нийсонан стаг ву иза. ЦIарца вевза хIора курсант. Евза хIораннан амалш, дика, вон агIонаш. Нислун верг а, воцург а вевза.

Чолхечу дешаран программица ларийна ца Iаш, спортана кечам бан хан а карайора Ай¬дамиров Тавризана. Кхеран ишколана гена яцара Да¬вид Ригертан цIе лело езачу атлетикан академи. Мукъа еъначу хенахь цхьана гIуллакхана эшча, накъосташна даима цигахь каравора иза.

– ХIаваэхь маца хоьцу вайшимма тIемаш? – эабарна хаьттинера Тавризе хIетахь «Башлам» ансамблан «репетици» йолчу веана гича.

– 2008-чу шерач майхь-июлехь, – дозаллица жоп делира кIанта.

ХIаъ, хIинца цо билгалйинчу хенахь (июль бутт юккъе болуш) дар-кха тхо юха гича. Дара цуьнан ден Русланан хIусамехь Россин хIаваан ницкъийн сержант Айдамиров Тавриз дешна валарна лерина хьехначу мовладехь. Баккъалла а стигалахь тIемаш хецна ца Iаш, кхоалгIачу классан летчик а кхиъна нохчийн кIантах.

Ишколехь хилла кхиамаш, доьшучу заманчохь доллучунна тIехь шен а, шен накъостийн а аьтто беш, шайна оьшу гIо лоцуш схьавеъначу Нохчийн Республикан Президентана Кадыров Рамзанна лоьру Айдамиров Тавриза.

Халахеташ делахь а, кхуьнца дIабаханчу вайн кIентех юьйцу ишкол чекхяьккхина цIавеънарг цхьа Тамриев Iусман бен вац. Важа накъостий дешаран низамах чекхбовла ницкъ ца кхаьчна, цIабирзина дикка зама ю.

Тавризах масал эцна, оццу ишколехь деша а, летчикан говзалла караерзо а дагахь ву цуьнан жимахволу ваша Анзор. Хелхар ца довзахь а, спортехь воккхахволчу вешина тIаьхьакхиъина вогIу – хIинцале кхочушъян кхиъна паргIатчу кепара охьатохарех латарехула кхиазхойн хьалхарчу разрядан норматив. Дика лараво дешарца а. Соьлжа-ГIалин №41 йолчу ишколехь Анзора кхиамца чекхъяьккхина ялх класс...

Айдамиров Тавриз кхета Таганрог гIалин Неклински ишкол шен дахаран некъан юьхь бен цахиларх. Оьрсийн сийлахьчу тIеман говзанчас А. Суворовс дика аьлла: «Хинволчу маршалан седарчий салтичун гирчу тIоьрмиг чохь ду». Цундела карарчу хенахь иза хьакъболлу кечам беш ву ша хаьржинчу университете деша ваха.

- Хьуна муха, хIун хета кIанта хаьржинчу некъахь? - хоту Тавризан Дега Айдамиров Руслане.

- Цуьнан дахар ду иза. – дара жоп, - Вониг, доьхнарг, адамана зуламениг лелош ца хилчахьана, аса сайна бакъо ца ло цуьнан лаам бохо. Шен харжамна тIехь паргIат вита веза кханен стаг. Ца витахь,  дика хир ю аьлла ца хета оцу белхан тIаьхье.

Тавризана хаьа ша тахана арабаьккхинчу некъан бозалла а, чолхалла а, билгалйинчу Iалашоне кхачархьама хийла ирхе яккха езий а. И халонаш алссам хиларе терра боккха бу цуьнан уьш эшо лаам. «Воьдучу эшабо некъ», – баьхна-кх вайн дайша. Дала оцу айхьа хьайна даггара безаш хаьржинчу дахаран нийсачу, хьо воккхавевечу некъа тIехь ирс, аьтто ма эшабойла хьан, Тавриз. Сирла а, лекха а хуьлда кхиамаш...

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.