http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


УЗАМАШ Печать Email

Саидова Вета

 

 

«ДегIаста тIаьхьаелхуш,

Цунна дуьхьал тхо доьлхуш.

Тхо Сибарех дига баьхкича

Гуш вара хьо, ва Везан Дела!

Тхо Сибарех дига баьхкича

Гуш вара хьо, ва Везан Дела!

 

Ма хала хиллера махках ва вала,

Цулла хала хиллера йиш-вешех вала.

Ма езаш йуьту хьо, Нана-ДегIаста,

Кхин юха гур юй те хьо, ва Везан Дела!

Ма езаш йуьту хьо, Нана-ДегIаста,

Кхин юха гур юй те хьо, ва Везан Дела!

 

Ламанан ярташкара бехк боцу и гIийла нах,

Шайна тIедаха некъаш цахилча,

Сталинан омарца, цу салтин тоьпашца

Байина ма боху, багина ма боху.

Сталинан омарца, цу салтин тоьпашца

Байина ма боху, багина ма боху.

 

И еха вагонаш тхуна схьаялийна,

Тхо кегий ва бераш, тхан гIийла дай наной

Iаьржачу вагонаш чу лаьхкина,

Болатан догIанаш тхуна тIехула диттина,

Тхо новкъа ма дехи бехачу цу новкъа.

Болатан догIанаш тхуна тIехула диттина,

Тхо новкъа ма дехи бехачу цу новкъа.

 

Ма мохь бетта ахь, да валаро,

Ма къури туьйссу ахь, да валаро.

Айхьа дуьгу кегий бераш

Бехке доций ца хаьа хьуна?

Айхьа дуьгу кегий бераш

Бехке доций ца хаьа хьуна?

 

Ма мохь бетта ахь, да валаро,

Ма къура туьйссу, ахьа да валаро.

Сталинан омар ма ду

Нохчий хIорда чу кхисса аьлла.

Сталинан омар ма ду

Нохчий хьорда чу кхисса аьлла.

 

Мохь ма бетта, хьай да валариг.

Къур ма тийса, хьай да валариг.

Айхьа хIорда тIе дехкина некъаш

Уьш Делехь дуй ца хаьа хьуна?

ХIордан чу кхисса дехкина некъаш

Уьш Делехь дуй ца хаьа хьуна?

 

Малхбалехьа тхан Дела ву,

Малхбузехьа тхан Дела ву.

Кху дуьненан еа маьIIехь тхан Дела ву.

Цо диначунна тхо реза ду.

Кху дуьненан еа маьIIехь тхан Дела ву.

Цо диначунна тхо реза ду.

 

Оцу Сибарех тхо дIаоьхуш,

Пана махка дIацакхочуш,

Оцу вагонаш чохь вала вижнарг

Са дIадала ца вуьтура, акхарошна чукхуьссара.

Оцу вагонаш чохь вала вижнарг

Са дIадала ца вуьтура, акхарошна чукхуьссара.

 

Уьш тхуна тIехьабоьлхуш,

Тхо царна дуьхьал доьлхуш,

Оцу Сибарех тхо дIакхаьчча

Дуьне мел ду дIаса кхиссира.

Оцу Сибарех тхо дIакхаьчча

Дуьне мел ду дIаса кхиссира.

 

Дуьне мел ду дIаса кхиссича,

Тхан дай-наной доьлхуш дара.

Доьзална дао хIума доцуш,

Уьш чу берзо меттиг йоцуш.

Доьзална дао хIума доцуш,

Уьш чу берзо меттиг йоцуш.

 

Мацалла берзалой угIучу Сибарех,

Шелонна мох-дарций цIийзачу Сибарех,

Схьавеанариг вуьсучу кху сийначу Сибарех,

Тхо диса дохку те, ва Везан Дела?!

Схьавеанариг вуьсучу кху сийначу Сибарех,

Тхо диса дохку те, ва Везан Дела?!

 

ХIара дуьне дуьззина адамаш кхоьллина Ахь,

Адамийн синош кху баланашна кхоьллина Ахь.

И берриг ва бала тхуна кира бирзина,

Бала бу тхан кийрахь дуьнене ца лалуш.

И берриг ва бала тхуна кира бирзина,

Бала бу тхан кийрахь дуьнене ца лалуш.

 

Да виса хьан кийрара дог,

Ва, да виса хьан кийрара дог.

Мел чIогIа дина хилла,

Стенах дина хилла те хьо?

Мел чIогIа дина хилла,

Стенах дина хилла те хьо?

 

Ма дека хьо, можа хьоза,

Дог ца догIу хьоьга ладегIа.

Хьуна санна Даймохк безаш,

Даймахках девла ду тхо.

Хьуна санна Даймохк безаш,

Даймахках девла ду тхо.

 

Ма хьежа хьо, можа зезаг,

Дог ца догIу хьоьга хьежа.

Хьуна санна дуьне дезаш,

Дуьне доьхна ма лела тхо.

Хьуна санна дуьне дезаш,

Дуьне доьхна ма лела тхо.

 

Хи кхачийна чIара санна,

Нур кхачийна седа санна,

ДегIастанах девллачу ханахь,

ГIийла дуу маьлхан дуьне.

ДегIастанах доьвллачу хенахь,

ГIийла дуу маьлхан дуьне.

 

Ва, вай хIун дина хилла техьа?

Ва, вай хIун дина хилла техьа?

Къоран тIехь къера дуй биъна хилла те?

Рузбан маьждигаш дагийна хилла те?

Къоран тIехь къера дуй биъна хилла те?

Рузбан маьждигаш дагийна хилла те?

 

Эвлаяийн хенахь дуьйна,

Пайхамарийн хенахь дуьйна,

Вай кхиаллац лаьттина дуьне

Вайна доха Iийна хилла.

Вай кхиаллац лаьттина дуьне

Вайна доха Iийна хилла.

 

ХIара эвлаяэх дисна дуьне,

ХIара пайхамарех дисна дуьне

Вайха дисарх тамаша бац!

Ма гIело йина сан нисархойн.

Вайха дисарх тамаша бац!

Ма гIело йина сан нисархойн.

 

ХьажцIа боьду некъ хьажочо ва санна,

Лаьмнашка боьду некъ лечано ва санна,

Ца бича ца бели Сибарех боьду некъ.

Вайн рицкъа ма хилла, кху пана махкахь.

Ца бича ца бели Сибарех боьду некъ.

Вайн рицкъа ма хилла, кху пана махкахь.

 

ХьажцIа боьду некъ хьажочо ва санна,

Суьйранна цIа богIу вайн бажа ва санна,

Вай цIехьа доьрзур ду, Алхьамдуллилахь!

Суьйранна цIа богIу вайн бажа ва санна,

Вай цIехьа ма дирзи, Алхьамдуллилахь!

 

ДегIастане сатийсина,

Цунах долу дог ца дуьллуш.

Iожаллина мотт биллина,

Кху Iожалло сихо ца яхь,

Гур яц те хьо, ДегIаста, бохуш,

Цу Iожалло сихо йина.

Гур яц те хьо, ДегIаста, бохуш,

Цу Iожалло сихо йина.

 

Шайна хьарчо марчо доцуш,

Уьш дIабохка ницкъ а боцуш,.

Цу Сибарех мел веллариг

ГIазотехь ве, ва Везан Дела!

Цу Сибарех мел веллариг

ГIазотехь ве, ва Везан Дела!

 

* * *

ДегIастана вай духа дирзича,

Даа-мала шортта хилча,

Мацаллина Iожалла Хилла,

Цу Сибарех мел веллариг -

Уьш хIун дина бицбан беза?

Цу Сибарех мел веллариг-

Уьш бицбелла вай цалела?

 

Дуьне хаза вайна деъча,

ДегIастане вай духа дирзича,

Цу Сибарех вай дIадигна,

Вайн больницехь цIахь бисинарш,

Даккхий оьрнаш царна даьхна,

Са чохь дийна цу чу кхиссина.

Даккхий оьрнаш царна даьхна,

Са чохь дийна цу чу кхиссина.

 

Дуьне хаза вайна деъча,

Зама паргIат вайна еъча,

И шайн бераш марахь дохкуш,

Наной декъий карош лаьтта.

И шайн бераш марахь дохкуш,

Нанойн декъий карош лаьтта.

 

* * *

Сирла ши бIаьрг кхоьлина сан,

ДегIах лазар кхетта суна.

Сайн яларан ойла ца еш,

Кегий берийн ойла йора.

Сайн яларан ойла ца еш,

Кегий берийн ойла йора.

 

Со яхара цу больнице,

Сайн сих, дегIах дог диллина.

Сайн яларан ойла ца еш,

Кегий берийн ойла йора.

Сайн яларан ойла ца еш

Кегий берийн ойла йора.

 

Ас хаьттира воккхачу лоьре:

- Сан дегIана дарба дуй те?

Воккхачу лоьро соьга элира:

- Болх Делехь бу, елла ялараг.

Воккхачу лоьро соьга элира:

- Болх Делехь бу, елла ялараг.

 

Хьайн Вазаллий дуьхьа, Дела!

Хьайн Сийлаллий дуьхьа, Дела!

Дуьне дисна леладолчу

Берийн дуьхьа дарба дехьа.

Дуьне дисна леладолчу

Берийн дуьхьа дарба дехьа.

 

Хьайн Вазаллий дуьхьа, Дела!

Хьайн Сийлаллий дуьхьа, Дела!

Нана лойла боху долчу

Ненан дуьхьа дарба дехьа.

Йиша лойла боху долчу

Йишин дуьхьа дарба дехьа.

 

Хьайн Вазаллий дуьхьа, Дела!

Хьайн Сийлаллий дуьхьа, Дела!

«Ва ас хьун де хьуна?» - бохуш лелаволчу,

Вешин дуьхьа дарба дехьа.

«Ва ас хьун де хьуна?» - бохуш лелаволчу,

Вешин дуьхьа дарба дехьа.

 

Аьтто агIор ерза бохуш,

Аьрро агIор ерза бохуш,

Уьрсо дору жижиг сана,

Сан жима дегI доруш лаьтта.

Уьрсо дору жижиг сана,

Сан жима дегI доруш лаьтта.

 

Хьайн Вазаллий дуьхьа, Дела!

Хьайн Сийлаллий дуьхьа, Дела!

«Мама!» - бохуш доьлха долчу,

Берийн дуьхьа дарба дехьа.

«Мама!» - бохуш доьлха долчу,

Сайн берашна тIеерзаехьа.

 

* * *

Маьждагашка гIийла хьоьжуш,

Цаьрга чIогIа сатийсина,

Бусалба дин Деле доьхуш,

Мел веллариг декъал вехьа.

Бусалба дин Деле доьхуш,

Мел веллариг декъал вехьа.

 

* * *

Сискал мел ерг кулак ву олий,

Кулак ву мел аьлларг Сталинан омарца,

Мажаран тоьпашца байина болу

Тхан гIийла вежарий декъал бехьа.

Мажаран тоьпашца байина болу

Тхан гIийла вежарий декъал бехьа.

 

* * *

Къоран тIе мел хьаьжнарг молла ву олий,

Молла ву мел аьлларг набахти чу вуллий,

Сталинан омарца, мажаран тоьпашца

Байина болу тхан гIийла молланаш, -

Уьш хIун дина бицбан беза?

Байина болу тхан гIийла молланаш, -

Уьш хIун дина бицбан беза?

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.