http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сирла аз Печать Email

Умарова Лиза

 

 

Зама! Де-дийне, шо-шаре долуш, сихъелла йоьду иза. Даханчу шеран 17-чу апрелехь 51 шо кхечи, Нохчийн пачхьалкхан радиохь болх бан Роза йолаелла. Хьанна ца евза вайн махкахь Эльмурзаева Розин ц1е? Цу хаттарна жоп леха ца оьшу. Жима а, воккха а хуьлу цуьнан озе ладог1а са тесна. «Къамел до Соьлжа-г1алара! Маршалла ду шуьга, лараме радиоладог1архой!» Иштта, мерза маршалла хаттарца, х1ора х1усаме д1акхачадо Розас шен зевне, сирла аз. Шен дахаран доккхаха долу дакъа-50 шо, радиоца доьзна ду цуьнан…

1957-чу шарахь, вайнах Казахстанера ц1а баьхкича, Розин 15 шо бен дацара. Х1етахь нохчийн газетийн а, радион а редакцеш х1етта меттах1иттош хиларна, тоьаш бацара белхалой. Нохчийн мотт к1орггера хууш йолу Роза, «Ленинан некъ» газетан редакце зорба тоха 1ама йигира. Цу газетан редакце радиопередачашна зорба тохийта вог1ура Магомаев Хас-Мохьмад, радион нохчийн редакцин коьрта редактор хиллера иза. Наггахь Розас зорба тухура цуьнан материалашна, ч1ог1а реза хуьлура иза йо1а бинчу балхана. Хас-Мохьмада цкъа хаьттира цуьнга, радио редакце балха йог1ур ярий иза, аьлла. Балха йоьду хан йоцчу Розина хала дара жоп дала. Амма кхочуш хуьлуш берг йоь1ан деган лаам бара. Ц1еранаш реза хиларца, 15 шо долу къона йо1 1957-чу шеран апрель баттахь радио балха яхара. Болх а беш деша а дийшира. Дукха хан ялале кхайкхийра дикторийн конкурс. Цу зиэрех кхиамца чекхъелира Эльмурзаева Роза. Цуьнан дахарехь иза боккха кхаъ бара. Йоь1ан аз тайна, телевидени йола аьлла дехар а дира цуьнга. Камера хьалха охьахиъча, йовлакх д1адаккха деза элира. «Со нохчийн йо1 ю. Йовлакхо йоь1ан сий до, хаздо цуьнан духар а. Со реза яц, сайна дас а, нанас а деллачу оьздачу г1иллакхна дуьхьала яла. Сан белхан меттиг радиохь ю», - аьлла д1аяхара цигара Роза. Х1етахь дуьйна, ша юхьар лаьцна некъ д1а ца хоьцуш, адамийн дегнашчу цхьа ша тайпа йовхо кхуллуш, синпарг1ато йохьуш, радиохула дийкира Розин зевне аз…

1960-чу шерашкахь молланаш емал бора, дина дуьхьал дош ала ца луурш чубухкура. Дина дуьхьал вовшахтоьхначу гуламера йина передача радиоладог1архошна еша дуьхьало йира Розас. Делах а, шен нахах а яьхьар яцара иза цу т1ехь яздинарг д1адеша.

Йоккхачу г1овг1анца д1аяьккхира йо1 балхара а, комсомолера а. Вайн дайша лардеш схьадеанчу исламан аг1о лацарна, гергарчара а, ца бевзачу наха а дозалла дора Розех.

«Ленинан некъ» газетан редакцехь масех баттахь болх бира. Радиохь шаьш реза болу диктор цакарорна, дина дуьхьал передача йоьшуьйтур яц аьлла, радио юха йигира Роза…

Оьзда нана, къонаха зуда, Розас г1иллакхе, ийманца хьалакхиийна шен кхо бер. Йоккхаха йолчу Лолитас Пятигорскехь чекхъяьккхина фармацевтически институт, к1анта Мамеда Соьлжа-Г1алахь чекхъяьккхина хьехархойн институтехь физически факультет а, Новороссийскехь - финансови институт а, ткъа жимаха йолчу Асета вайн Нохчийн пачхьалкхан университетан химико-технологически факультет чекхъяьккхина. Кхетош-кхиоран болх шуьйра д1ахьош хьалакхуьуш ду Розин берийн ворх1 бер а.

Пенсе яхар бахьана долуш, цхьа к1еззигчу ханна юкъараяла дийзира Розин ша бечу балхах. Сингаттамаша ойланаш хьулъеш, балхана саготта йолуш, д1аоьхура денош, беттанаш. Амма дог ца 1еделира. Дукха хан йоццуш иза юха а балха араяьлла. Юха а «Вайнах» радиохула дека доладели Эльмурзаева Розин ц1ена, сирла аз, х1ораннен а х1усамаш серлайохуш. Цуьнан аз д1аоь олхазарийн эшарех, шовданийн хьаьаналлех. Махкахошна девза, деза Розин аз. Ладоьг1у цо тоьлла д1ахьочу передачашка. Тамашийна цхьа х1ума ду, шерашца хийца ца луш, къона а, хаза а и аз латтар.

Тахана Роза йоккхаейо, вайн республикехь хуьлуш болу дика хийцамаш ладог1архошна д1абовзийта шен йиш хиларо. Цунна доккха совг1ат ду, радиохула назманаш хазийта йиш хилар, ламазанна молла кхойкхуш хазар, дерриге а Далла хастам барца дерзош хиларна. Роза йоккхаейо вайн халкъах а, махках а, вайн оьздачу адамех а, вайн хазчу г1алех а. Цу т1ехь цо доккха баркалла боху вайн Президентана Кадыров Рамзанна…

Х1ор 1уьйранна радио балха йог1у Роза, шен башха аз юха а ладог1архошна д1акхачо:

- Роза, 1уьйре дика йойла хьан! Хьо балха йог1у! Дала сий дойла хьан! – Маршалла хотту цуьнга, дуьхьал мел кхетачара.

- Далла дезийла шу! – елакъажарца жоп ло Розас.

Со жима йолуш, «Эшарца доттаг1алла долчарна» аьлла йолчу концерташка сих-сиха ладуг1ура аса. Х1етахь радиош массеран а х1усамашкахь яра. И концерташ х1иттошъерг яра эшарийн редактор Ахмадова Тамара, ткъа Розас уьш д1айоьшура шен хазчу озаца. Т1аьххьаре а цу редакце кехат дахьийтира аса, сайна хазахета илли алийтар доьхуш. Розас, шен хазчу озаца, сан кехатан мог1анаш радиохула деша долийча, дукха самукъадаьлла, сайн дена т1еедира со. Таханлерачу дийнахь, айса и концерташ кху вуьрх1итта шарахь д1ахьочу хенахь, Розех таръяла г1ерташ хуьлу со, амма атта дац цуьнан озе кхача. Со йоккхае, Роза сайна евзаш хиларна, цунна юххехь со болх беш хиларна. Ас цуьнгара схьаоьцу уггаре а пайдениг, нохчийн маттахь зеделларг, дагайолу цунах массо а х1уманна т1ехь. Роза массаьрца а ю г1иллакхе, комаьрша, сий-ларамца йоккху цуьнан ц1е ерриге а теле-радио компанехь.

Эльмурзаева Роза лаккхарчу категорин диктор ю, 1978-чу шеран 10-чу майхь, вайн республикан «Культуран сийлахь белхахо» аьлла ц1е тиллина цунна, 1985-чу шеран 23-чу сентябрехь елла цунна «Къинхьегаман ветеран» аьлла мидал.

Дукха хан йоццуш хиллачу Дуьненаюкъарчу «Дашо пелаг» аьлла йолчу конкурсехь  1-ра меттиг яьккхина, нохчийн маттахь уггаре а тоьлла передача ярна, елла Розина кубок а, иштта диплом а.

Дала т1аьхье беркате йойла хьан, хьоме Роза.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.