http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Марзонан ломахь цаьрца гуллой вай… Печать Email

Овхадова Яхита

 

 

Дуьненчохь яьккхинчу заманан мохь базбала мел буьйли а, цхьа к1оргачу 1инчуьра хьалаг1ертарх тарлойца адаман дахар. Цу «1инчуьра» маьлхан серлоне кхача сатуьйсуш «ка-м1араш» етта адамо, караяьхкинчу «коьллех» а тийсалуш, цхьаъ кагъелла, хецавелча.., юха а, юха а… къар ца луш. Хьала а ваьлла, халла хьала а ваьлла, ткъа доккха садаьккхина валале (цхьа маь1арго ю-кх хьо, дуьне!), юхаверза веззашехь. Верзор воллушехь. Ша яьккхинчу «ирхоне» юхахьаьжча-м – ткъа, «Я Раббана, ас лелийна-кх, суна т1ех1иттина-кх, олий, ша-шеха цецвуьйлу, цхьана «тишделлачу» г1енахь санна я хьалхха гина кино дагатесча санна.

Ма ч1ог1ачу х1уманах «дуьйцина»-кх хьо, адам. Х1ун ду дисина лелоза ахь, ганза? Х1ун мохь – белшаша хьан такхоза, лаза? Х1ун харцо – хьоьга кховдоза, ахь 1овшаза?

Шел йоккханиг хила а, адамна дагаян а ша санна Дала кхоьллинчу адамна т1ехь х1отто йиш йоцчу харцонца доладелла Ахмаева Асмартан дахар. 1944-чу шеран 23-г1а февраль йина де ду цуьнан паспорта т1ехь. Оцу терахьо-м дерриге ма дуьйций…

Д1ахиина котам а ма йохае олу-кх шен набарх. Котамийн меха доцуш, набарх а, махках а, доллучунах а дохийна аралаьллина вайн къам 65 шо хьалха. Дуьненчу яла а кхиале, гарт-гарт-нехь Сталинан декъачу «агано» хийрачу Казахстанан аренашкахьа бертаза д1а «техкийна» Асмарт. Цигахь баьккхина дуьххьара ког, аьлла дуьххьара дош.

Цициган к1орни а, мотт ца хуу, меца юьй-те, шеллой-те, бохуш, карахь лелайо-кх вай, хьоьстуш, къахеташ. Шен к1орнина, шен сих даьллачу к1орнина доладан йиш йоцуш, ма доккха де х1оьттина-кх (х1оттийна-кх!) Асмартан нене (хийла наношка!) цу «къинхетамечу дадас». дицде аьлча – бакъ хир воцуш, дицлур дара аьлча – бакъ а хир доцуш. Дукха холчах1оьттиначу стиглара охьадоьлху к1айн ло а 1арждаллал 1аьржачу цу дийнахь ма шийла вота йиттина-кх вайн нанойн дегнашкахь. Цу дийнахь вагонашна т1е хьалакхуьссучу «ц1ерайохучу» х1уманашна бухахь 1иллийна Асмарт, т1екховда ца ларош. Х1ун хила еза цуьнан ненан дагал ч1ог1а, цу къаьхьачу дийнал къаьхьа?!

Къоман мостаг1-м хуьлура, хила тарлора, ткъа къам-мостаг1, дийнна къам – мостаг1?... Муха? Жоп – лехарх, кароза; дехарх, далаза…

Кест-кеста, х1ора дийнахь аьлла, гуш, могуш-парг1ат хоттуш волу стаг, вевза моьтту вайна. Амма цуьнга ладоьг1ча, хьаьдда доьдучу дахаран сихаллина архаш а тесна, охьахиъна, къинхетамца, ларамца леррина цуьнга ладоьг1ча, хаьа… Х1ора стаг-м – ша-тайпана жовхар, цуьнан синан к1оргене кхача лаам, собар а хьан хилча.

Ладог1ийша аша а соьций.

– Казахстане д1адоьлхучу хенахь ц1ахь дина цхьадолу бераш делла, тхо кхоъ дисина хилла тхан, – дуьйцу Асмарта. Цигахь г1азакхаша а, казахаша а ч1ог1а г1о дина тхан дена. Иза бригадир х1оттор, нана пекарне балха яхийтар бахьана долуш, мацалло г1ел ца деш чекхдевлла. Ц1елетта, ц1арах а яьгна со цигахь.

– ?

– Сол кхо шо воккха ваша Г1ариббий, сой пешан хьалха ловзуш 1аш, сан куча ц1е йоьжна. И йогуш генаяла йоьлча, Г1ариб, мохь хьоькхуш, суна т1еветталуш хилла. Гуьйренан ялта чудерзош арахь бохкучу мамарна цкъа хьалха, эса ду моьттуш хилла мохь хьоькхург. Эса цахиларх кхетта, чулилхича, сан месех леташ хилла ц1е… Жижигаш охьаэгна д1аь1ахкаш гуш, яларний-йисарний юкъахь 1иллина со. Мама, дукха холчах1оьттича, «Везан Дела, д1аэцахь х1ара, кху тайпа 1азап ца токхуьйтуш», олуш, йоьлхуш хиллера. Балкараша говран мерзех молханаш деш чевнаш ерзийнера…

…Асмартан дейтталг1а шо долуш Дег1аста ц1абоьрзу кхеран доьзал – дай, шина зудчо дина шийтта беррий: ялх ваший, ялх йиший.

Шаьш муьлхачо дина а ца хууш, бертахь, г1иллакхе хьалакхиъна хуьлу доьзал. Шайл т1аьхьа ц1а мел бог1учарна х1усам латтош чекхволу кхеран да.

…Кхолламо шен йоза яздо-кх. Берх1итталг1а шо долуш Ахмаев Насруддига маре йог1у йо1.

– Пхийтта шо кхаьччахьана дуьйна болх беш хиллера иза Хьалха-Мартант1ерачу типографехь, – дагалоьцу Асмарта. – Вовшахкхеттачул т1аьхьа цхьаьна белхаш бо оха типографин бертахьчу коллективехь – 25 шарахь асий, 35 шарахь цой.

Амма, амма…

…Асмартан дахаран киншкин юккъера «схьакъеда» (соъ ешахь, бохуш) кхин а чаьммаза аг1о… 50 шарера а валале, уггар дуьне деззачохь, ц1еххьана лазар а кхетий, дуьненчуьра д1акхелха кхуьнан х1усамда Насрудди. Х1инца санна дагадог1у и де – 1990-чу шеран 26 ноябрь. 1уьйранна, балха йоьдуш, и шийла кхаъ баьккхича, сайн лехна настарш. Наборщикана т1ера директоран дарже кхаьчнера Насрудди, зорбанан г1уллакхан ерриге говзалла караерзош. Хаза куц-кеп долуш, шен меттиган вуьззина да а, ч1ог1а самукъане а стаг вара иза. Яхь йолу, доьналле къонах. Кху дахаре болчу безамца лепара цуьнан ши б1аьрг Кхолламо, дависарг, шен йоза яздо-кх. Дала декъалвойла иза.

Ворхх1е а стигал т1екхетий, шийлачу х1усамехь, йоьхначу ойланца юьсу Асмарт. Нисбалазчу доьзалца – исс шейн, уьтталг1а маьрйиша елла йисина йо11ий Бераллехь Казахстанехь дег1ахь летта ц1е х1инца дагах лета зудчунна.

Белхаран къурдаша сацадо дийцар.

Цхьа жима стаг хилла боху, х1уъу г1уллакх долорах, аьтту ца хуьлуш, цхьа х1ума а д1а ца доьдуш. Г1аддайна, наха лоручу цхьана воккхачу стагана т1евахана боху иза, «Ма аьтту ца хуьлу-кх шен, х1ун дийр дара-те ша?», – аьлла. «Х1умма а ма де», – аьлла боху вукхо.  – Хьайн кевнна т1е «Иштта гуттара а хир дац», алий, йоза язде». Яздина боху жимстага цо ма-аллара. Дукха хан ялале т1ег1оьртина боху цунна дуьненан рицкъа. «Ма ч1ог1а аьтту хили-кх шен. Х1ун дика де ша хьуна?», – аьлла, вахна боху жимстаг шен хьехамча волчу. «Шена х1умма а ца оьшу», – жоп делла боху вукхо, – иштта гуттар хирг цахилар диц ма де ахьа».

...Иштта гуттар лаьттар а ца хиллера. Адам зуьйш, халонаш т1ех1иттайо Дала, бохамаш гойту. Т1аккха цхьа дика доцуш вуон ца дуьту. Къинхетам бо, шен баккхийчех боккха къинхетам. (Хастам бу-кх Цунна, хастам!). Шен бовхачу т1оман к1елахь, шена там ца лоьхуш, шен са а, дег1 а ца кхоош кхиабо Асмарта шен доьзал. Ткъа х1инца-м... Хаза кхиинчу доьзало 1ехадо ненан дог. Шайн-шайн меттиг д1алоцу цара дахарехь. Шен ден метта, Хьалха-Мартанан типографин директор д1ах1утту воккхахволу к1ант Мохьмад. Массо а х1уман говзанча хуьлу Сайд-Мохьмадах. ПУЖКХ балха воьду Сайд-Эмин, молханийн складе – Апти. Районохь  балхахь ю Элиза, туьканахь – Сацита, «Маршо» газетан редакцехь – Зураъ. Баккхийчу доьзалан наной бу Луиза а, Зараъ а. Ша бинчел дика д1анисйина Асмарта шен маьрйишин йо1 Зарема – кхо бер долуш марехь ю иза. 27 берийн бер ду Асмартан.

– Дала къинхетам беш схьаялийна со гуттара, – дуьйцу Асмарта. – Беркате рицкъа а делла.

Хьаша-да лоруш, деэшначунна ца кхоош, и рицкъа декъна Асмарта гуттара а.

– Сема1ашкара 20 мух1ажар лелийра аса хьалхара т1ом болчу хенахь. Камаз йоьттина, меттиг хир барий, аьлла, не1ар т1е уьш х1иттича, Делан возлора хир бу-кх, суо араяьлла а-м, аьлла, т1еийцира аса, бухахь Олхазар-к1отарара а, Дубин-эвлара а т1амах бевдда баьхкина нах боллушехь. Дохко а ца яьлла, – дуьйцу Асмарта.

…25 шо ду суна Асмарт евза, амма леррина цуьнга ладоьг1ча, кхийти и сайна евзаш ца хиллийла, эхь хийти цунах.

Хьаьдда доьлхучуьра, охьалахлой, вешан наношка ладог1ий вай, Сибрех лайна, шайна ца кхоллуш, вайна кховдийна, доьналлех ца боьхна, хьуьнарех буьзна вешан наношка, церан къинхетаме б1аьрг мел хьоьжу. Марзонан Ломахь цаьрца гуллой вай…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.