http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Коьртачух ойланаш Печать Email

Азрумхашев Б.

 

 

Дахар – б1аьрган нег1ар туху юкъ…

 

Ма тамашийна х1ума ду иза: оццул йоккха хетта, г1овг1анах юьзна хилла тхан х1усам б1аьрганег1ар тухучу юкъана яссаелла д1ах1оьтти-кх.

Ойланаш а хийцаели: сатассалц 1илларх, кхача ца луш хьан коьрте хьийза уьш синтем бойъуш. Т1етовжа аг1о боцуш, хьо хьайна висча т1етатталуш хилла-кх и хьеший, карзахвохуш, садууш. Маржа-я1, хьо дуьне. Мила ву-те ма-дарра хьо девзина, хьох кхетта! Нахера хезна суна цхьа а вац бохуш. Цхьа минот йог1у-м боху хуучара стаг ц1аьххьана «самаволуш», дерригенна т1аьхьакхуьуш. Амма иза т1аьххьара минот ю боху. Гинарг г1арадаккха, хьан аьтто боцуш йолу т1аьххьара минот…

Ахшо ца даьлла ас сайн да д1аверзийна, амма и вийца ца воллу со, х1унда аьлча, нахана цагинарг, царна т1е цах1оьттинарг доцийла хаьа иза. Хаьа хилларг Делан кхиэл юйла, оцу кхоьлана резахиларо и лан ницкъ а, собар а тоийна суна. Хьесапах воьхна, кегавелла хиллачуьра меттавог1уш а лаьтта. Тхан дас олура: «цхьамма а, шен к1ант воцург, шел а дика къонаха хуьлуйтур вацара». Амма, дега кхочур вац цхьа а к1ант, олуш а хезна суна баккхийчин къамелашка ладоьг1уш. Бакъ хилла иза а. Кхача йиш а яц – да, хьо эвлаяъ велахь а, да ву. Иза а, нана а резайиний бен ялсамане г1ур вац, эрна ца олу.

Исс баттахь вай кийрахь лелийна, шелонах, мацаллах, цамгарх лардинчу вайн нанойн сий-ларам бан 1ама дезара, кхана «байттамал» бохучул а, тахнехьа. Маца хилла вайн 1адатехь да-нана къанделча тергал ца деш, 1едалан къанбеллачу нехан х1усаме д1алуш? Царна вай санна уьш вайна беза йиш яцахь а, мел дика хир дара-кх дийна боллучуьра царах вай кхетар, безам-марзо эцар, церан сий а, хама-пусар а дар!

И деха дезара хастам болчу вайн Деле.

Воккхаве со кхин цхьана х1уманах, оццул ч1ог1а лазаро ша хьовзаварх, х1инцалерачу лазарех уггаре буьрсачу цамгаро лаьцна, дег1ана данне а дола ца далуш ша висча бен ламаз ца дуьтуш Далла дуьхьал вахара сан да, 1ожалло ша къарваллалц дарба лийхира, амма воьхна вацара мискъарзарратал…

Хала ду цамгаро лаьцначу стагана, цунна дан х1ума доцуш, гондахьа хьийза. Амма мел ч1ог1а оьшу-кха вала везачу к1антана шен дегара и тайна масал а.

Масех шо хьалха, к1ира юккъе ца дулуш, кхо ваша велла сан. Тхан дас – Дала гечдойла царна – и ирча киртиг т1ех1оьттича гайтина собар а, доьналла а х1инца го суна ма-дарра. Ша схьа а лехира уьш, ц1а а балийра, со кхоавеш, дерриге шена т1елецира. Д1аберзийра. Алхьамдулиллах1! Хастам бу-кх Цунна суна да бахьана а дина ийманан, собаран дицлун доцу и масал гайтарна! Ша делла вон лан ницкъ луш и хиларна.

Цхьа гергара стаг ву сан. Цо дийцира цхьана тезетахь шена гинарг.

Б1ешарахь сов ваьхна воккха стаг хилла кхелхинарг, тезет схьаоьцуш довзтиъа шо хир долуш цуьнан к1ант а волуш.

– Хьенех, - аьлла хилла цуьнга кадам бан веъначу кхечу воккхачу стага – хьайн да мила вара х1инца хуур ду хьуна. Х1инццалц ца хиънехь а.

Ас оцу хенахь башха маь1на а ца дира оцу дешнийн, тахана кхета вайх массарех хьакхалуш долчу оцу бакъдолчух.

Х1ун дийр ду ткъа, вовшех девлча т1аьхьа бен ца девза-кх вайна вовшен!

Т1аккха бен ца хаьа вовшийн хама бан. Хастам бу Цунна, шена вайн г1алаташ гуш доллушехь, шен къинхетамах вай ца хадош волчу, оцу г1алатех а вайга хьесап дойтуш, пайда оьцуьйтуш схьавог1учунна, т1аьхьа кхетар а ду-кх цхьа г1иллакх.

Масална, оцу сайн гергарчу стага аьлла кхин цхьа х1ума дийца а лаьа суна. Шен да велча дикка хан яхьира ша, элира цо, балхара ц1а кхоччушехь цуьнан мотт-г1айбий хиллачу х1усаме воьдуш. Цхьа де деара ца воьдуш, аьлча а, дицделла висина. Ц1еххьана и дага деана, юьхь1аьржачу х1оьттира, халчу вахара. Амма жимма хан яьлча и дагахьбалам а байбелира, дицделира кертахь «дада» баха. Т1аьхьо кхийтира ша, элира, хиллачух. Алхьамдулиллах1! Вай кхоьллина Дела ву-кх шен лайн дегнаш лардеш, церан баланаш  г1айг1анаш байбеш а, бицбеш а вверг. Хастам бу Цунна. Дог1ур ду-те иштта де суна а! Ца деъча, дог1уш ца хилча х1ун дийр дара вай! Ткъа мел доккхачу маь1не ду Деле ийманехь шен вахар а, валар а хилийта бохуш вай массара а деха дезар. Юха а билгалдан лаьа, бакъ дуьненчу д1акхелхина волу сайн да вац ас тахна вуьйцург. Вала везаш ву шаверг – да а, к1анта а, тахана, цул сов, тамаша бан х1ума ца дисна вайна массарна ганза.

Ас дийцинарг вахар-валар ду, да-нана д1адаларо хийлачу к1анте йойту ойла ю. Маржа-я1, хьо дуьне! Ма сиха т1екхочуш хилла ахь 1ехавой, адамо генадоккхий д1атоттуш дерг, ма мерза стом хилла ден-ненан безам. Уьш боцуш висча бен ца бевзаш хилла-кх цуьнан чам ма-барра.

Вала везаш ву х1ора, хьеший хила а хилла-кх вай х1окху дуьненахь.

Хан д1аяларх хуьлуш ца хилла-кх воккха, дуьненан баланаш, вонаш лайний бен. Дикачун доза дац, цундела, Далла а, нахана а хьалха юхьк1айн хир ву да-нана леринарг. Дика хила хьовса вай йоккхучу хенахь цаьрца – кхана т1аьхьа ца хилийта.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.