http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Тоьар дац-те ахь мел лайнарг? Печать Email

Сейлмуханов Муса

 

 

1аьржа дуьхин стигал йоьлху,

дарцо хьекхош тийжа 1а.

Мехкадай бу къемат-дийно

къемат-дийне буьгуш д1а…

Харц оьмаран дай а тоьлла,

«Баьччас» ч1аг1деш хьаькхна сиз:

«Тешам байна къам ду нохчий –

даккха деза махках и!..»

 

Токхох дуьзна нохчийн ков-керт –

дайша дина дозалла:

Хьан Уммат Сибрех дуьгуш,

гина ду хьо къизалла…

 

Дела воцчо дан г1о доцуш,

хедош 1аьнан аренаш,

Ц1ерпошт уьду, дуьтуш декъий,

генарчу Малхбале.

 

Ойланаша са б1арздина,

хеда боьлча шерийн мур:

Хьоме Даймохк дуьхьала туьйсуш,

хийла стага бина къурд…

 

Кхойтта шарахь хийрачу махкахь

къомо лайна луьра хан.

Кхойта шарахь дацара атта

тутмакх хилла цигахь 1ан.

 

Кхойтта шарахь йиша-ваша

лаха боцуш аьтто,

Хийла да д1ахьулвина

цу Г1ум-Азин лаьтто…

 

Кхойтта шарахь сатийсина

Дег1астане денош

Карладуьйлу чиллан баттахь,

и хан чевнаша 1ийжош.

 

…1аьржа доьхна лаьтта стигал,

дарцо хьекхош тийжа 1а.

Кху хенан а «ц1ерпошт» уьду,

дегалазамех буьзна д1а.

 

Токхох дуьзна нохчийн ков-керт –

дайх диссина дозалла:

Тоьар дац-те ахь мел лайнарг –

1азат, бала, къизалла?!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.