http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Бекхам Печать Email

Мусаев 1алауди

 

Криминалан драма

Дакъалоцурш

 

1. Дашаев Руслан

2. Саь1ид – цуьнан да

3. Малика – цуьнан нана

4. Имаева Зараъ

5. 1умар – цуьнан да

6. Марьям – цуьнан нана

7. Амиркулан – наркотикаш йохкархо

8. Тоита – цуьнан зуда

9. Лайлаъ – цуьнан йо1

10. Хьасан                    \

11. 1ийса                       \     Русланан, Зураан

12. Земфира                 \     классахой

13. Асланбек                 \

14. Зуля                         \

15. Милиционер

16. Дауд – наркоманица къийсам латточу декъан хьаькам.

17. Кулиев Муса – наркоманица къийсам латточу декъан уголовни талламан оперуполномоченни.

Ардам хуьлу вайн деношкахь.

 

 

 

1-ра сурт

 

Школана уллора парк. Хезаш ду школан горгали бекаш, динамикаш чуьра юкъ-кара схьахеза декъалдаран къамелийн кийсакаш. Хелхаршца, белхаршца, г1овг1анца сцени т1е хьолху школера дешна бевлларш – Зараъ, Руслан, Хьасан, 1ийса, Земфира, Асланбек… Ирх кхуьйсу гуогалш, маьхьарий: 1одика йойла, школа! 1одика йойла шун, хьомсара хьехархой а, учебникаш а! 1одика йойла шун, фартукаш а, парташ а! Контрольнеш, диктанташ, дай-нанойн собранеш, юх-юха экзаменаш!

Массара а цхьаьна. Декъала хуьлда тхан хиндерг!

Земфира. Хьомсара доттаг1ий! Ладог1ал соьга. Мухха елахь а, шун староста ма юй со. Чекхъяккхина «школан школа» – йолалуш ю «дахаран школа». Воккха-воккхачо хьалха а луш, жоп лол сан хаттарна: Муьлхачо муьлхачу корматаллах тасавала сацам бина!.. 1ийса, доски т1е! Хьо тхан дика доьшуш а, спортсмен а ву.

1ийса. Хьалхара дош Дашаев Русланна делча бакъахьа хиета суна! Иза дашо мидал яьккхина отличник ву!..

Хьасан. Цул сов, поэт а ву!..

Земфира. Дашо Руслан, жоп лол, х1ун дан дагахь ву хьо кху вайн лаьтта т1ехь?

Руслан. Жоп ло! Вайн лаьтта т1ехь «х1умма а!» Латта бехдина аьшпаша, т1емаша, писалло. Суна сайн дахар д1адахьа лаьа космосан паналлехь. Цхьана сайрат т1ера вукху сайрат т1е воьдуш, Экзюперис санна, стихаш а язъеш. Жимчу Элаца доттаг1алла лелон. Кхана со Казане воьдуш ву летни училище деша х1отта. Х1ара ду кеманна билет! (Массара а хазахетарца т1еоьцу и хаам.)

1ийса. Стигал – сатийсамашна. Латта – дахарна! Цхьаннахьа а ваха оьшуш дац, мелхо а латта ц1андан диеза аьшпийн нехех, къизаллех, зуламхой совцо биеза! (Массеран а маьхьарий: «1ийса – мент!».)

Зараъ. Стенах дуьйлу шу?! Аса декъалбо 1ийсан сацам. Суна а лаьа!.. (Зараъ беларшца юкъахйоккху, маьхьарий: … «Муха хета шуна: Зараъ – юбка юьйхина мент».) Юкъах ма яхал со! Суна лаьа шун бераш кхетош-кхио, церан дегнаш чохь хазалла, адмашка безам, догц1еналла кхио.

1ийса. Бакъ ца лоь и?! Зараах хила а хир ю дика хьехархо! (Массара а т1араш туху.)

Земфира. Асланбек, доски т1е! Дийцал – х1ун 1алашо йолуш воьду хьо дахаран школе?

Асланбек. Суна ца хаьа кхана х1ун хир ду, я итт шо даьлча… Ц1енош ду дина довлийта дезаш, вежарий ирс лаха бахана бу… Дахаро гойтур ду мича аг1ор дан диеза нека…

Земфира. Хьасан, хьо тхан «круглый прогульщик ву», хьо физикера идда, алгебре ца ихина, химехь химичить дина, математиках к1елхьара ваьлла – сох к1елхьара вер вац хьо. Схьабийцал хьайн сатийсамаш.

Хьасан. Х1ара цхьайтта шо чекхдаьлла-кх ахь и хаттар сайга даре аса сатуьйсу. Сан сатийсам бу, ахь вайшиннан бешахь стоьмаш, хастоьмаш кхиош, вайшиннан бежнаш, гезарий узуш, 1уьйрана ахь суна кофе луш, ткъа ас «кофе-грант» хазчу хьожанехь музыка а язъеш, хьуна эшарш лиекха.

Зараъ. Хьажахьа, ма ву! «Дешар, дешар, юха а дешар» мича хьо ахьа? Х1инца ахьа бохург Зулина д1ахазахь, декъаза ву хьо. Кху пхеа шарахь Зуля ца хилча ца мегаш а лелла, х1инца бежнаш Земфирига деттийта воллу хьо?

Хьасан. Тхан ден дедас, и валлац шу дехийла, олура: «Дешнарг а велла, ца дешнарг а велла». Ткъа дукха дешнарг цхьаммо а маре ца юьгу! Зараъ, Зулина д1ахезча х1ун ду? Шиъ хила мегаш яц сан зуда? Земфирас бежнаш доьттур ду, Зуляс суна кофе кечйийр ю.

Земфира. Соьга-м, бакъ дерг дийцича, цхьана стага шега йола аьлла, захало хьахийна.

Хьасан. Муьлхачу классера?

Асланбек. Хетарехь, хьалхарчу классера!

Земфира. И-м хьаха ву г1арч1 аьлла к1ант! Цуо ч1аг1онаш йора, ша соьга ц1ахь х1умма а дойтур дац бохуш. Цуо-м, нуй а хьокхуьйтур бац, пхьег1аш а юьлуьйтур яц ша, бохура.

Хьасан. Ткъа ахь х1ун жоп делир цунна?

Земфира. Ас т1е ца лецира цуьнан захало.

Хьасан. Хетарехь, цунан ц1а а ца хиллачух тера ду!

1ийса. Руслан, вай д1аса къаьстале, хьайн стих ешахьа.

Руслан шен стих еша волало. Зуля гучуйолу. Зуля ган а гой, Руслана стих сацайо. Руслан Зулига, Зараъ Руслане хьоьжу.

Земфира. Стих х1унда саций ахь? Х1инццалц Зуля ганза вара хьо? Д1аеша хьайн стих.

Хьасан. Марша йог1ийла, Зуля. Юьйцуш лаьтташехь схьакхечи-кх хьо.

Зуля. Привет, Хьасан (Хьасанна т1ейоьду. Зулин духар ду хаза а, т1ех эвхьаза а.)

Асланбек. Руслан, д1айоьший ахь хьайн стих?

Руслана «Школа-тхан некъан седа» стих йоьшу… Хьасана гитари т1ехь мукъам балабо… Цхьанне а ца гуш чувеана 1умар ву берийн тидам беш лаьтташ.

1умар. Хьомсара бераш! Аьлчи а, бераш а ма дац шу х1инца… Бералла а кхаьчна шуна бераллех тера доцуш. Д1айоьрзийла шун дегнийн чевнаш. Шу дахаран коьрта экзаменца ларийна – адам а хилла виса, доттаг1аллин пусур дан… тайп-тайпана нислур ду шун х1ораннан а дахар. Коьртаниг – шайн доттаг1алла ларде, вайн г1иллакхаш, Даймахке безам ларбе. Халонехь вовшашна накъосталла дие… шун вовшашца йолу з1е ца яйта, ас х1оранна а цхьацца мобильни телефон ло шуна.

Бераша хазахетарций, баркаллиций схьаоьцу 1умаран совг1аташ. Русланан дешнаш т1ехь Хьасана даьккхина «Школа – тхан некъа сиеда» йиш локху.

Бода

Сцени т1ехь йоьдучу заманан сурт х1уьтту, шеран хенийн басарш хийцало – аьхке, гуьйре… Доттаг1аша кест-кестта вовшашка телефон туху. Къамелан йоццачу кескех кхета тарло х1ораммо а лелочух. Керлачу шеран луо дог1у, школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа шо д1адолу.

 

 

2-г1а сурт

 

Саь1идан ц1ахь. Телефон ека. Саь1ида трубка схьаоьцу.

Саь1ид. Ладуг1уш ву… Х1а-а, сан маршалла, хьомсарниг, сан маршалла, Ибрах1им. (Маликас сингаттаме тидам бо шен ц1ийнден). Дера х1ета, дера х1ета! Селхана ши тонн спирт д1адахьийтина цунна, вайн барт ма хиллара, откат хир йолуш, и волчуьра ши кирлело машен еанера. Дерриге кехаташ хила ма деззара дина, дерриге а нийса ду… Кху деношкахь гур ду вай… Шеко йоццуш. Шеко йоццуш, хьомсарниг. (Трубка охьа юьллу.) Малика, ас моссаза аьлла хьоьга, сан букъ т1ехьа ма латта телефончухула аса г1уллакхах лаьцна къамел дечу хенахь. Кхин х1умма а ца хилчи а, и суна ца тов. Кхета хьо я ца кхета?

Малика. Саь1ид, откат бохург х1ун ду?

Саь1ид. Вовшашна къайлах хуьлу пайда.

Малика. И хьан г1уллакхийн уьйраш ма ца тов-кха суна, Саь1ид.

Саь1ид. Х1ун ду хьуна ца товш дерг? Мила ву хьуна ца товш верг? Ибрах1им?

Малика. Шозза чохь ваьллина ма ву иза. Цуьнца х1унда леладо ахь хьайн г1уллакхаш?

Саь1ид. Дерриг дитна а, адамах теша веза. Цигара, нах чубухкучера, наггахь, ц1анлой, эхь-бехк дуссий ц1авоьрзу. Хьайна ца хуург ма дийца. Сан са а, доьху хьоьга, ма гатде. Иштта а валидол кисна а диллина лиелаш ву со.

Малика. Валидол кисна а диллина хьо лиелаш волу дела, къилахь а, кхераме а долу дела, сагатдо ас.

Саь1ид. Х1умма а дац, кестта Русланна 1умаран йо1 ялор ю… 1умар хьолан да ву. Кхин х1умма а дацахь а, мел к1езга а, цуо пайда оьцуш а доцуш, 1уьллуш пхи миллион доллар ду цуьнан. Сан и ахча т1е 5% а луш д1адала нах бу. Цу т1ера вайна 250 эзар доллар пайда бер бу. 1умаре аса 2,5%-ах д1алуш ду эр ду. Вай цунна д1адала дезарг хуьлу 60 эзар доллар. Вайна цунах дуьсуш дерг х1ора баттахь 190 эзар доллар ду. Т1аккха, хьуна лаахь, спирт а духкур дац, чохь ваьллина волу Ибрах1им а вуьтур ву. Сан, хьомениг, хьуна луъург дийр ду-кх ас. Мел дика ши захалча хир ву тхойшиннах (ша-шен куьйгаш 1уьйду.) Хаалой хьуна? Ницкъ!

Малика. Саь1ид, коьрта ойла берех хила еза, церан ирсах. Важа д1адерг, хьо сох тешахь, суна биэн а ца хета: спирт дохкар, духалург, т1ера ял оьцуш, ахча далар, харц дерг дийцар Дала уггара ца магийна х1уманаш ду-кх уьш. Хьо, захало хилла а далале, цунна тешнабехк бан г1ерташ ву-кх. Цунах беркат хир ма дац вайна! Вайн Элчано аьлла, харц дерг дийцинарг шен умматах вац. Со цунах цхьа бекхам хиларна кхоьру вайна.

Саь1ид. Ас шуна дерриге латтадо, ткъа ахь а суна и дуьхьалдетта.

Малика. Со дуьхьалдетташ яц. Со кхоьру.

Саь1ид. Ас лелош дерг кхераме делахь а, къилахь делахь а, шун дуьхьа ду.

Малика. Т1аьхьа йисина хан кхерам а, къинош а доцуш яккха вай.

Саь1ид. Собар дие ахь, сан 1умарца барт хилча гур ду хьуна охашиммо лиелон дерг. Кхиина ваьлча, Руслан а юкъаозор ву. Вайна т1ехь чекхдолуш дац дахар. Руслан д1анисван виеза, цуьнан бераш, берийн бераш. (Чоьхьа волу Руслан) Хилин хьо институтехь?

Руслан. Цигара вог1уш ву. Хьан кехат Асхьаб Саидовиче д1аделира, летни училищехь цхьа курс яьккхина кехаташ а д1агайтира… Х1ара цуьнгара ду. (Дега кехат д1ало.)

Саь1ид. (Деша а доьший) Хезий хьуна, зуда, к1ант шоллаг1чу курсе д1аэца т1елоцу цуо. Ас ма боху, зуда, хьакъдолчу стагана дина г1уллакх эрна довр дац. Ас Асхьабана – спирт, ткъа к1ант лара мегар ду экономикин факультетан шоллаг1а курсан студент. Ткъа ахьа боху кхаьънаш ийдар къилахь ду. Цу т1ехь д1ах1оттийна ду дерриге дахар. Къилахь хилча, Асхьаб Саидовича спирт д1аоьцур дарий? 1илманан доктор волчу цунна ца хаьа моьтту хьуна хьайна хуург?

Руслан. Дада, суна-м журналистике ма лаьара.

Саь1ид. К1ант, жимма а дешна волчуьнга хьаьнгга а хьекхалур ду и къоламаш. Корматалла елахь, язъе стихаш а, зорбане а йовлийта, амма стихашца доьзал кхабалур бац.

Руслан. Дика ду, дада, ахь боххург дийр ду ас-м.

Малика. Ц1енна вакъа велла-кх хьо, к1ант. Х1ума ледара юуш хилла ахь Казанехь.

Руслан (нене) Хьаша кестта схьакхочий-техьа?

Малика. Кестта, к1ант, са ма гатде ахьа.

Саь1ид. И х1ун къайленаш ю сан чохь?

Малика. Руслана ша мацвелла боху.

Руслан. Хьие-м велла вайн хьаша.

Малика. Вало кухнчу, ас вузор ву хьо.

Горгали биека прихожехь.

Саь1ид. Малика! Руслан! Дуьло, схьаелла не1. Хетарехь, 1умар схьакхаьчна.

Малика не1аре йоьду. Чувог1у 1умар.

Саь1ид. 1умар, сан ваша, марша вог1ийла! Даггара хазахета хьо гуш! (Вовший мара кхета)

1умар. Делера маршалла хуьйла хьуна, хьуна мел везачунна а. Малика, Руслан, муха ду шун г1уллакхаш? Х1ун хилира хьан деша д1ах1оттарх?..

Руслан. Г1уллакх чекхдаьлла, шоллаг1чу курсе д1аэцна со.

Малика. Руслан хьалха а ваьлла, хьоьга йист ца хуьлуш лаьттара со. Марьям, Зараъ а муха 1аш ю.

1умар. Дика 1аш бу уьш а. Шуьга маршалла а даийтира цара.

Саь1ид. Тхойшиъ вистхуьллушехь кхалла х1ума охьа йилла тхойшинна.

Маликий, Русланний, дехьачу доьду.

Саь1ид. 1умар, соьга Маликас дийцинера шен, Марьяман вайн берех лаьцна хилла къамел. Хьуна муха хетар дара вайн гергарло вайшиммо ч1аг1дича?

1умар. Саь1ид, суна хьан доьзалца гергарло тасар доккха дозалла ду. Со нийса кхеттехь…

Саь1ид. Нийса кхетта, 1умар, нийса. Хьан йо1 ю, сан – к1ант. Суна хетарехь, Делан лаам иштта бу. Хьуна муха хета?

1умар. Делан лаам Дела ша воцчунна хаа йиш яц. Нагахь вайн бераш хьо цхьаьна тоха хьо лууш велахь, со дуьхьал вац. Бакъ ду, цкъа хьалха вайн берийн лаам хаа-м луур дара суна.

Саь1ид. Хьо реза хилчахьана, важадерг Марьямий, Маликассий берашца д1анисдийр ду.

1умар. Со реза ву-кх. Дала т1аьхье беркате йойла кхуьнан!

Саь1ид. Дера, дахар а, муха долу а ца хууш, чекх-м долу. Хаза хетарш а к1езга ма хуьлу. Коьртаниг вайшиъ дийцина вели. Дашна юккъехула делахь а, 1умар, вайшиннан хилла къамел дага дог1ий хьуна?

1умар. Муьлхарг, Саь1ид?

Саь1ид. Аса хьоьга х1етахь ма-хьаххора, сан накъост ву 2,5% ял яла реза х1ора баттахь, шена юхалург ахча делча. Пхи миллион доллар вайшиммо цуьнга делча, цунах вайна 125 эзар доллар пайда хуьлу. Хьан ахча, ахь тохара соьга дийцарехь, хьуна пайда ца беш, 1уьллуш ду.

1умар. Х1а, и ду ахьа дуьйцург!

Саь1ид. Вай и ахча цуьнга лахь, цхьа а шеко йоцуш, ахча юха схьахир ду аьлла, ас тоьшалла до хьуна.

1умар. Саь1ид, ладог1ал, ас хьо лоруш стаг ву, амма…

Саь1ид. Х1а-х1?

1умар. Ахь ма-аллара, сан йо1 ю, хьан – к1ант. Чохь 1ен меттиг ю, даа-мала ду… муха мегар ду вайшинне къинош лието? Цул сов, х1унда? Амма, со ала г1ерташ вац сайн дахарехь ас цхьацца долу х1уьмалгаш ца лелийна. Хьайна хаьа хьуна, муха нисло и, хьаькамо телефон туху: «1умар, и г1уллакх дахьара ахьа, ледарло ца еш! Г1о дехьа нахана – вицвийр вац хьо!» Т1аккха 1умара и до, ца дича а ца волий. Саь1ид, со х1инца воккха хилла, тохарлера хан яц. Иштта а к1езга дац суна т1ехь долу къинош. Вайшиммо х1инца берийн ойла ян еза, уьш кога х1итто беза, церан берех воккхаве… Бакъдерг дийцича, х1инца сан дукхаха йолу ойланаш валарх ю. Сан къинойх бекхам ма эцахьара сан т1аьхьенах. Хьалха, вайна хаа а ца хууш, вай летийнчу къиношна Дала гечдойла вайна.

Саь1ид. О-о-о, 1умар, баккъалла а б1е шаре ваьлча санна, до ахь къамел! Сингаттаме веха хьо, ойланаш а ю сингаттаме!

1умар. Саь1ид, б1е шо кхаьчначо а, пхийтта шо кхаьчначо а Дала цамагийнарг лелон мегар дац. Дала уггаре хьарам динчух ду т1ера ял а йоккхуш ахча далар. Шена даа-м х1етте а мегар дацара цу ахчанах эцна рицкъа, цунах эцна жарж баийначу аьттан шура а хьарам ю.

Саь1ид. (рюмки чу коньяк а дуттуш) Ас хьайна вас йинехь, къинт1ера вала суна, 1умар. Со-м сайн дагахь, айса г1уллакх до бохуш, лиелаш вара.

1умар. Вас хила х1ума дац кхузахь. Со кхета ахь х1уьттаренна дуьйцуш доцийла. Саь1ид, куьйгаш ду-кх хьан дегош?

Саь1ид. Куьйгаш? (хаадаллал дегочу шен куьйгашка хьожу) 1умар, дегадо-кх вайн захалонна хьо реза хилла дукха хазахетта.

1умар. Саь1ид, Дала хьарам дина ду къаьркъа. Дита дезара ахь иза.

Саь1ид. Х1ара коньяк бен ма дац. 1умар. Сан жоьпалле болх бу, дахарна а, могашаллина а кхераме болуш. Белхан де чекхдаьлча цхьа жима рюмка коньяк мала а йиш яц сан?

1умар. Ас бохург-м хьо къинойх а, зуламах а ларван г1ерташ дуьйцу.

Саь1ид. Со кхета ахь сайн дуьхьа и дуьйций, делахь а, молла хила хьалхе ду бохуш, лиела-кх. Ас хьоьга аьлларг а ч1ог1а пайдехь х1ума ду хьуна. Деш х1ума а доцуш, оццул ахча схьаэца хьен-хьеннан а хуьлуш бац аьтто.

1умар. Ас цунах лаьцна хьуна жоп делла.

Саь1ид. Иштта сиха сацам ма бие ахь. Цкъа х1инца х1умма а ма ала, адамо ойла меллаша йо. Ткъа дахаррий, ханний сиха йоьду – лиъча а, наггахь, т1аьхьа а кхуьур воцуш. Сарахь хьуо висча ойлае. Ткъа х1инца – дицдие. Тахана садо1уш ду вай, суна доккха совг1ат ду вайн ч1аг1луш долу гергарло.

1умар. Мегар ду, сан ваша, мегар ду. Х1инца хан а яьлла, со д1аваха воллу.

Бода

 

3-г1а сурт

 

Амирикуланан х1усамехь. Амиркуланан, Тоитин марсадаьлла дов ду доьдуш.

Тоита. Сан цхьа дехар ду – вайн х1усам бехъяларх, 1аьржачу г1уллакхех, шеконечу хьешех ларъяр!

Амиркулан. Зуда, ас лелош дерг вайна массарна а хьашт долуш г1уллакх ду! И бахьанехь ю вайн хусамехь йолу токхо а! Нагахь цхьана балано, сингаттамо лаьцнарг кхуза веъча, бусалба стеган декхар дац цунна г1о дар, эшахь хьехар дар!..

Тоита. Х1ун бусалбанаш бу уьш?! Даима а пивнушкехь бу, базарахь базархошна ямартло лелайо! Суна ца лаьа уьш вайн ц1енна гонах хьийзийла! Хьайн йо1ах эхь мукъане хиета!

Амиркулан. Д1асаца, 1овдлал! (буйнаш а бой, цунна т1еволало) Хьайн г1уллакх доцчу юкъа г1ертахь, ас ара кхуссур ю хьо кху чуьра!

Лайлаъ (чу эккха). Дада, мама, доьху шуьшинга, ма дейша девнаш! Вайн лулахоша х1ун эр ду вайх?! (Йоьлху) К1ордийна! Х1ара дахар дац – цхьа эрчо ю! (Не1арехь горгали биека.)

Тоита. Тем биел хьайна, сан йо1. Са ма гатде. Тхойшиннан г1овг1а тидаме а ма эца ахь. Вайн массо х1ума а дика ду. Хьо школе яха кечъяла еза, ялол.

Амиркулан. Суна-м ца хаьа х1окху хьан нанас соьга х1ун дие боху? Хьуна ма вевза Асланбеккий, Хьасанний, шайн школехь дешна волу? Вуон к1ентий бу уьш?

Лайлаъ. Мама, папа бакълоь. Школан юкъараллехь жигара дакъалацархой бу уьш. Х1инца а, шаьш школа чекхяьккхиношшехь, дакъа лоцу цара школехь вовшахкхетаршкахь.

Ший а д1айоьду. Чоьхьаволу Хьасанний, Асланбеккий. Ийзалуш не1арехь лаьтта.

Амиркулан. Дийцал! Х1ун дахьаш даьхкина шу?

Хьасан. Амиркулан, хьомсарниг, г1одехьа т1едиллина. Амиркулан, дуй буу хьуна, юха к1иранах ахча хир ма ду тхойшингахь, тхойшиъ вала ца лахь.

Асланбек. Амиркулан, вуон хьал ду-кх тхойшингахь! Кхин са ца тохало! Дерриг дег1 ду-кх 1уьйдуш!

Хьасан. Пенах веттаваллал, штукатурка 1ийшшал холчу х1оьттина-кх тхойшиъ, дег1ан меженаш кегъеш!

Амиркулан. Со кхин шуна лор я шун хьомсара мама-х яций? Соьгахь маьхза х1умма а яц. Хьоьгахь ахча делахь, хьо сан доттаг1 ву. Хьуьлла г1ента охьа а хаий, шприц бузий, хьайна дарба дие. Ахча даций – д1авало, лаха, т1аккха къамел хир ду вайн.

Хьасан. Х1уъу хилла а, оха дан г1уллакх дац хьан? Амиркулан, оха туса везаш вац хьан цхьа а?

Асланбек. Х1аъа, Амиркулан, схьаалахьа, оха х1уъу а кхочуш дийр ду.

Амиркулан. Ладог1ал цкъа, шу ма 1овдалш ю, оццул даккхий доллушехь! Д1аса хьовсийша гондахьа. Хьовсал, мел нах бу вайн г1алахь бахам болуш. Мел ахча ду цу нехан.

Хьасан. Уьш байа боху ахь тхоьга, Амиркулан?!

Амиркулан. Х1унда бойуш бу уьш?! Хьоьга хьан боху уьш байа! Ахь х1ун дей, суна т1ехь доцург кхолла ма г1ерталахь! Тидам бел аша – хьал долчу нехан хьал долуш бераш хуьлу. Хьовсал уьш школе доьлхуш: царна т1ехь бриллианташ хуьлу, цаьргахь даима ахча хуьлу, дахьа меттиг а боцуш. Уьш шайн дай-наношна биеза, цундела цара царна х1умма а ца кхоадо.

Асланбек. Т1аккха, ахь тхоьга, Амиркулан, хьал долчу берашна талор дие боху?

Амиркулан. Аш х1ун до?! Шун берриг хье биина наркотикаша?! Х1инца хьуна муха ду? Дика хетий хьуна?

Асланбек. Х1ан-х1а, вуон хиета.

Хьасан. Суна а.

Амиркулан. Т1аккха, аша х1ун лур дара шайна дика хилийта?

Асланбек. Х1уъу а.

Хьасан. Ах-дахар.

Амиркулан. Т1аккха, вай дан диеза иштта, хьал долчу нехан бераш а кийча хир долуш ах-дахар д1адала. Т1аккха церан бриллианташ, дерриге а церан ахча вайн кара доьрзур ду. Кхетий шу? Ойла ел. Ишттачарех шуна мила вевза? Х1ах1? Меттах баккхал хье.

Асланбек. Суна вевза цхьаъ, сайца дешначарех… Мерседес хоьхкуш… Руслан ю цуьнан ц1е.

Хьасан. Суна а вевза иза.

Амиркулан. Хьенан к1ант ву иза?

Асланбек. Дашаев Саь1идан.

Амиркулан. Ойла ел. Дашаев Саь1ид ц1еяххана курхалча ву. Дуьххьара наркотикаш ян ас цуьнгара йолах б1е эзар доллар ийцира, бутт баьлча ши б1е эзар доллар д1а а делира.

Асланбек. Кху деношкахь Руслан зуда ялош ву.

Амиркулан. И бахьана а дай, цуьнга сакъера кхайкха: шашлык, къаьркъа, цу юккъехула, меллаша, маха тохар марзде. (Хьасанний, Асланбекний цхьацца ампула ло) Х1орш мах схьалург ю шуна. Ткъа х1ара ши грамм Руслан левина а, 1ехийна вай тобанах схьатоха ю шуна. Декхар хьедахь, бехк шайн бу шун, ас счетчик латор ю. Амма, шуьга Руслан меха т1е хаалахь декхарх вели шуьшиъ.

Асланбек. Хьасан, суна хаьа хьуна вай Руслан наркотикаш т1е муха хаор ву. Зуляс аьлча, вала а кийча ву, и езаш леш воллуш ву иза.

Хьасан. Кхана 1ийча зуда ялош ма ву иза! Цуо аьлларг муха до цуо?

Асланбек. И-м цуо шега Зуля ца йог1у дела ялош яра.

Амиркулан. Со сайн бахамах ваккха воллу шуьшиъ. Зулина а лур ю ши грамм. Т1аьххьара ю шуна и шиъ. Нагахь и г1уллакх аш дика чекхдаккхахь, кхин а совг1ат хир ду шуна.

Амиркулан ара волу. Чуйог1у Лайлаъ.

Асланбек. Лайлаъ, хьо ма хаза ю. Школехь жима бер хетара суна хьо, хьо-м йоккха хилла.

Лайлаъ. Ши шо бен сол воккха вуй хьо? Хьуна со даим хетара жима. Оццул со хьайга д1ахьежарх, соьга цкъа схьа ца хьаьжи хьо кху кхаа-деа шарахь.

Асланбек. Казахийн санна, б1аьргаш гатделла хилла сан, мича хьежа виеза хууш ца хилла суна. Х1инцачул т1аьхьа мича хьежа веза хуур ду.

Амиркулан чу вог1у.

Лайлаъ. Папа, со школе д1айоьду.

Лайлаъ д1айоьду. Амиркулана Асланбеке наркотикаш д1ало.

Амиркулан. Декъаза ву-кх хьуна шуьшиъ, баккха ма-беззара и болх чекх ца баккхахь.

Асланбек. Наркотикийн мацалла т1ееъча, наркотикаш йоцуш валар хуьйла тхойшиннан и болх оха шимма чекхбоккхур бацахь.

Амиркулан. Со х1инца шух теша. Къур1ан т1ехь дуй биъча-м, тешар а вацара со. Наркотикаш йоцуш де даьлча, шаьшшиъ лийр вуйла ма хаьа шуьшинна.

Бода

 

4-г1а сурт

 

Хьалхарчу суьртехь хилла меттиг. Сценин шина аг1орхьара гучудолу Русланний, Зараъий. Цхьана юкъана, вовшашна дела а къежаш, дист а ца хуьлуш лаьтта.

Зараъ. Марша вог1ийла, Руслан.

Руслан. Маршалла хуьйла хьуна а, Зараъ.

Зараъ. Хьуна-м со йицъелла а ца хилла.

Руслан. Дера ца йицъелла! Суна муха йицло хьо, Зараъ?

Зараъ (дегабаам бина кеп х1иттош). Хьуо ц1а веана масех де доллушехь, х1инцций бен хаам ца хаийти ахь.

Руслан. Хьуна ца хаьара со ц1авеънийла?

Зараъ. Суна-м хаьара. Мамас элира соьга.

Руслан. Бехк ма биллалахь суна, Зараъ. Г1уллакхаш дукха долуш, ка ца яьлла хьуна сан. Селхана т1аьххьара институте д1ах1оьттина со. Хьо йийцар бен, асий, мамас кхин деш х1ума-м дац хьуна со ц1а веъчахьана.

Зараъ. Дика хьаха ду мамас дага яийтича мукъане а со хьуна дага йог1уш.

Руслан (воьлуш). Ахь сан мамех мама олу?

Зараъ. Х1ун ала г1ерта хьо, Руслан?

Руслан (воьлуш). Хьуна хезнарг ала г1ерта-кх.

Зараъ. Мича институте х1оьттина хьо?

Руслан. Вайн институте. Хьо доьшуш йолчу. (Воьлуш) Вайн мамас кху т1аьххьарчу кхаа шарахь дийцинарг кхочушдан ц1а веана-кх со, Зараъ.

Зараъ. Руслан, летни йита х1унда йити ахь, хьо даима ма вара летчик хиларе сатуьйсуш?

Руслан. Хьо, хьайна ца лаахь, теша-м ма теша – хьо бахьанехь йити-кх ас и институт а, и Казань а, и сайн бераллин сатийсам а.

Зараъ. И ша дерриг со бахьанехь диттал со хьуна дагахь хилча, ахь соьга кест-кестта телефон тухур яра. Со-м, ахьа Зуля яла-м ца йина-техьа аьлла, кхераелла яра.

Руслан. Зараъ, ас хьоьга мел деш долу къамел даггара деш ду. Отеца хьан деца къамел а дина. Иза а, хьан нана а вайшиъ вовшах кхетарна реза ду. Хьан лаам хаа лаьар-кха суна.

Зараъ. Руслан, дагахь дерг лечкъа а ца деш д1аолуш ца хилча, ц1ена ца хета суна. Ахь-м хьайн нанас т1аьххьарчу кхаа шарахь бен ца дуьйцу боху, т1аьххьарчу пхеа шарахь сан дагахь дерг эли-кх ахь соьга. Ахь яздина кехаташ Зуляс тхуна доьшуш, ахь цуьнца деш долу къамелаш хезаш, сан дог диса а х1унда дисина техьа аьлла хеташ, хан яьхьна ас. Со реза ю, Руслан.

Руслан. Ас хьуна стих а язйина.

Зараъ. Ешахьа, Руслан.

Руслан. «З»-н лерина, «Къастар»

Зараъ. И мила ю «З», Зуля-м яц иза?

Руслан. Т1аьхьа кхетар ю хьо – ладог1ал ахь.

Зараана лерина стих д1айоьшу… Цу шиннан тидам боцуш гонах д1ах1уьтту Зуля, Асланбек. Хьасан. Уьш а гой, Руслан соцу.

Зараъ. (Уьш ца гуш). Саца стенна сеци хьо. Башха стих… (Уьш а гой, соцу.)

Асланбек. Муха кхета виеза хьох?! Ц1авеана дуккха а хан яьлла, доттаг1ашка ца хоуьйтуш.

Хьасан. Ткъа Зараа, шена хуъушшехь, къайладаьхьна.

Зуля. Зараана даима а хаьа Русланах дерг.

Асламбек. И лаа-м дац шуна.

Руслан. Доттаг1ий, бехк ма биллалаш! Муха йолу а ца хууш, институте д1ах1отта г1ерташ, хан д1аели. Со декъал ван йиш ю-кх шун, шуна хьалха верг – экономически факультетан шоллаг1чу курсан студент.

Хьасан. Ткъа авиаци стенга хьо ахь? Ахь оццула дуьхьал кхетаре сатийсина Жима Элла, ткъа?

Асланбек. Стиглара лаьтта воьсси х1ара.

Руслан. Ц1ахь доцург дош ца хеташ, ц1авеа-кх со.

Зараъ. (Руслан Зулига хьоьжуш а гой) Аш бехк ма билла суна, соьга ц1ахь хьоьжуш бу. Со ц1а ца яхча ца йолу.

Зараъ д1айоьду. Асланбека гитара локху, Хьасаний, Зуляссий хелхаран кеп х1иттайо.

Зуля. Хьо ца волу тхоьца хелха? Тхан тобанера Зараа д1аваьккхина моьтту суна хьо? Хьалха даима а тхоьца хила г1ерташ вара хьо.

Руслана, т1е а вог1ий, хелхаран кеп йо. Хьасан, Асланбек юьстах волу.

Зуля. Руслан, хьо зуда ялош ву ма боху? Ахь соьга яздинарш а, дийцинарш а бакъ ца хилла-кх т1аккха?

Руслан. Хьуна хезнарг бакъ ду. Оццул сан дагахь дерг хьайна хуъушехь, ахь со тергал ца вича, лан а ца делла, со Казане д1авахара. Зуда-м ялор ю ас, амма ялор яц еза а езаш хьо бен. Х1инца а ахь алахь, хилла даьлла долу захало дохон кийча а ву. И хьайна хуъушехь, дуьйцу-кх ахьа.

Зуля. Руслан, вайшиннан дахар цхьаьна дог1ур дац. Со романтик ю, сунна, кино, концерте а йоьдуш, сайн са а къоьруш, кху заманахьлера дахар диеза, ткъа хьуна и мегар дац.

Руслан. Хьуна суначул дика хаьа-кх суна меган дерггий, доцурггий. Хьоьца хилчахьана, х1уъу мегар ду-кх суна.

Зуля. Со х1инцца кхетта, Руслан, хьо сайн везарх. Ахь Зараъ ялош юйла хиъчахьана, сан дог лозуш ду. Массо а х1уманах чам баьлла, синтем байна сан.

Руслан. Зуля! Зуля!

Зуля. Зараа динарг ч1ог1а новкъа деана суна.

Руслан. Зараъ йитахьа, Зуля!..

Зуля. Ас цунна хьан кехаташ доьшура, ахь сайга дийцинарг цуьнга д1адуьйцура. Цунна хаьара, хьуна со мел еза. Х1етте а и хьоьга ян реза хиларх тамаша бо ас.

Руслан. И дитахьа, Зуля! Алахьа, хьо реза юй соьга ян?

Зуля. Т1аьхьа эр ду ас. Вайга д1акхойкху.

Асланбек. Зуля, схьайола. Русланах-м ца хиллера летчик, хьуна лаьий т1ома яла?

Руслан. И бохург х1ун ду.

Зуля. Схьавола, суна меггарг хьайна мега ма аьллий ахь, х1инца хуур ду хьуна и х1ун ду.

Зуля Асланбеканий, Хьасанний т1ейоьду, Руслан цунна т1аьхьа х1утту. Асланбека, боьхачу кеда чохь хи дох а дой, наркотикаш кечйо. Зуля маха тохийта кечло.

Асланбек. Ахь тухуьйтий маха?

Руслан. Ца тухуьйту.

Хьасан. Цунна мамас дов дийра ду.

Руслан. Суна х1унда деш ду мамас дов?

Зуля. Хьасан, нанас аьлларг ца дан а, дас аьлларг ца дан а Руслана ас аьлларг а дийр ду, ас Руслана аьлларг а дийр ду. Хьуна и халахетахь а, хазахетахь а. Шуна х1инцца гур а ду. Цуо аса аьлларг дича, хьуо ас д1атасарна кхоьру хьо, Хьасан?

Хьасан. И-м бакъ, хьаха, дацара.

Зуля. Х1инцца хьуна хуур-м ду и бакъ дуйла. Руслан, схьаволахьа. Т1аьххьара маха тухур бу вайшиммо. Ахьа а, аса а. Цул т1аьхьа кхин тухур а бац.

Руслан. Х1ах1! Зуля, хьан дуьхьа.

Асланбека Русланна маха туху.

Бода

 

5-г1а сурт

 

Амиркуланан х1усам. Чохь ву Амиркулан.

Чоьхьа бовлу: Асланбек, Руслан, Хьасан.

Асланбек. Клиент валийна ас. Шен ловзарна юккъера ведда веана вайн нуц.

Амиркулан. Ловзаргарий? Ведда?

Руслан. Х1аъа!

Амиркулан. К1ант ву-кх! (Хьасане). Гой хьуна. Муха хила виеза! Дика доттаг1ий гархьама, шен ловзар а дитина, схьавеана к1ант!.

Хьасан. 1адаташ дохор а дац дика.

Амиркулан. 1адаташ х1ун ю?! Зуда, аьлча а, г1омат коьртах йолларе хьоьжуш 1аррий? Х1ан-х1а, коьртаниг доттаг1ий бу! Алахьа, Руслан.

Руслан. Бакъдерг аьлча, суна лаьара…

Амиркулан. Х1ун?

Руслан. Суна… маха тоха биеза.

Хьасан. Кегвеш ву ваша.

Руслан. Ма-дарра ца хаьа. Сийсара наб вуон йина... Дийнахь 1еттийна.

Хьасан. Х1о-х1о! Т1ехиъна, сан ваша!

Руслан. Куьйгаш а лозу. Когаш…

Асланбек. И санна йолчу цамгарна Амиркуланал дика лор ван а вац аьлла, схьавалий-кха ас х1ара кхуза.

Амиркулан (лохха). Ладог1ал кхуза. Цкъа делахь, къайлах г1уллакхаш дуьйцуш – наркотикаш, маркотикаш, морфи, шморфи – къамел лохха дийр ду вай. Массо а кхийтин шу?

Хьасан. Х1ун? Зудий, йо1?

Амиркулан. Х1аъа. Суна ца лаьа сайн йо1ана, Лайлаана, дерриге хоийла. Цунна стенна оьшу къайлахчу г1уллакхашна юкъа г1ертар? Берийн г1уллакх дац иза… Шоллаг1а делахь, Руслан… Хьуна ас наркотикаш бешахь йоху-м ца моьтту? Доттаг1, царех ахча доьху. Хьоьгахь ахча дуй?

Руслан (Киснара ахча хьала доккху). Ду дера-кх! Дас делла зуда ялош… Мел ду хьажал!

Амиркулан. Хьажахьа, мел дика да ву хьан! Машен, ахча… – х1умма а ца кхоадо шен к1антана.

Руслан (дог1анаш а гойтуш). Кхо чоь йолу квартира а елла.

Амиркулан. Коьртаниг – ахча хилар ду… Ца хуьлчу даьлча, машен хилар а вуон дац.

Хьасан. Ма са а къоьрур ду-кх х1инца вай. Амиркулан!

Амиркулан. Ахь х1унда къоьруш ду са? Ахча долчо къера диеза са а.

Хьасан. Руслана суна а лур ю. Юй, Руслан? (Киснара шприц хьала а боккхуш, Амиркулане) Хьо цхьаъ хилла ма ца 1а цуьнан доттаг1.

Руслан. Лур ю, дера!.. Амма, мегар делахь, сихха, сихха!

Амиркулан (хьуламера ампулаш схьа а оьцуш). Дика ду, цкъа х1орш ю шуна. Схьалол, Руслан, хьайн ахча.

Руслан. Дерригей?

Амиркулан. Хьо сакъера кечвелла ма ву. (Ахча схьа а оьций, Русланна маха туху.)

Хьасан. Сатохалахь, сан ваша… Кестта шайт1ано ц1ий меттахдоккхуш хаалур ду хьуна. Цу зовкхах вайн Амиркуланна а мах бог1у, сан ваша…

Амиркулан. И х1ун ду ахь юх-юха дуьйцург: «ваша, ваша»? Со ву цуьнан ваша, хьо хьадалча ву!... (Руслане) Муха хета хьуна, нуц?

Руслан. Ялсаманехь санна.

Амиркулан. Ирсе хуьйла хьан т1ома валар, доттаг1!

Бода

 

6-г1а сурт

 

Русланг1еран х1усам – Русланний, Зараъий

Руслан. Зараъ, доьху хьоьга, суна ч1ог1а оьшу хьан ч1агарш! (Зараъ йист ца хуьлу.) Зараъ, доьху хьоьга, ма вахийтахьа со оьг1аз! Соьга, х1инцца т1е а веана, хьайн лергара схьа ма яхийта и ч1агарш! (Оьг1азе шена караеънарг лаьттах туху. Зараъ книги т1е хьожу, амма б1аьргаш чохь хиш ду.) Ладог1ахьа, Зараъ, ас хьоьга ма аьлла, сайн кара ахча ма деъанехь, ас юха схьаоьцур ю хьан ч1агарш. Ткъа х1инца схьало уьш. Схьало, доьху хьоьга. (Зараъ йист ца хуьлу. Зараана т1ехьоду.) Боьха х1ума, г1ам! Уьш схьало ахь я ца ло?! Я ас хьайн лергаш схьахедоре хьоьжу хьо?! (Зараа книгица юьхь къайла йоккху.) Дика ду, Зараъ, дика ду… Шен ц1ийндех х1уъу хилча а биен ца хетахь сан зудчунна… (шена т1ера коч схьайоккху) т1аккха ас суо меллаша виен волор ву. Ас, цхьанна т1аьхьа важа хадош, сайн пхенаш хедор ду… Сан ц1ий охьа 1енар ду, Зараъ… Ткъа хьо хьиежа, тергал дие!.. Вайшиннан дуьненчу а далаза долу бер а хьежийта хьайн б1аьргаш чухула шен да муха ле! Хьо бахьанехь муха ле! Х1ун ю а ца хуу ч1агарш хьуна адамал еза хетарна! (Ша х1инцца шен пхенаш хедо волало сурт х1оттадо.)

Зараъ (г1ора доцуш.) Руслан, урс д1адаккхьахьа, доьху хьоьга.

Руслан (голаш т1ехь цунна т1етекха.) Зараъ, хьомениг!.. Гой хьуна… гой хьуна, со хьуна хьалха голаш т1ехь лаьтташ ву. Ас доьху хьоьга: луохьа суна хьайн ч1агарш. Кхетий хьо, суна ч1ог1а оьшу уьш, ца хилча йиш йоцуш!

Зараъ. Руслан, ас хьоьга мосазза баьхна, уьш сан ден ненах  бисина безам бу. Ас д1алур яра хьуна уьш, хьуна т1е цхьа бала беъча, хьо леш хилча… Сан ден нанас и къобал дийр дара, кхетар яра…

Руслан. Ахь х1ун дуьйцу, хьо харцлуьйш-м яц?! Хьан ден нана тоххарехь елла! Иза кошахь ю! Цуо муха, х1ун дийр ду къобал?!

Зараъ. Руслан, хьо хийца велла. Кхин адам хилла хьох. Цхьана хенахь суна хьалха гора х1отта кийча вара хьо, со хьайна еза дела.

Руслан. Ткъа х1инца со х1ун деш ву, хьуна хетарехь?! Хьуна ма го со голаш т1ехь лаьтташ! Хьуна хьалха лаьтта со, – кхин х1ун оьшу хьуна?!

Зараъ. Суна хьалха лаьтташ вац хьо, Руслан. Хьуна оьшург со яц… Хьо ч1ог1а хийцавелла, Руслан.

Руслан. Хьуна соьгара х1ун оьшу?! Со стенна хьийзаво ахь?! Со вала лаьий хьуна, айса суо воьйла лаьий хьуна?! (Зараа лергара схьа а йохий, ч1агарш д1акховдайо Руслане. Ч1агашр схьаоьцу.) Зараъ!.. Зараъ, баркалла хьуна!

Зараъ. Сан кхин дисина х1умма а дац, Руслан. Хьажал, вайн чохь ахча дац. Йохка йиш мел ерг хьо йоьхкина ваьлла. Ткъа соьга кхин сайн дегара дехалур дац. Суна эхь хета.

Руслан (сихха бедарш т1е а юхуш.) Бехк ма биллалахь, со сихха ваха везаш ву! Са ма гатде ахь. Со кхана вог1ур ву. Лама ван а мега – ца хаьа… Г1о дин ахьа суна! К1елхьара ваьккхи! (Д1авоьду.)

Бода

 

7-г1а сурт

 

Амиркуланан х1усамехь. Амиркуланна хьалха вулавелла лаьтта Руслан.

Амиркулан (ч1агаршка, безам бахана, хьоьжуш.) Шира ю… цхьана элийн ц1ийнах йолчу йоккхачу стеган лачкъа-м ца йина ахь хьорш?

Руслан. Ца лачкъийна! Уьш сан зудчуьнна шен ден ненах йисина ю! Х1орш механа ч1ог1а еза ю. Кхарах маса доза лур ду ахь суна?

Амиркулан. Хьо-м, цигон санна, соьца мах буьйцуш ма ву! Кхин хьан оьцур ю хьоьгара и ч1агарш, ас ца эцча?

Руслан. Со-м вац хьоьца мах къуьйсуш я мах къийса г1ора долуш а. Тахана маха тоьхна д1авахча, кхин хьуна ян тхан чохь х1умма а ца йисина. Цундела суна хаа лаьара мах. Хьуна хаа ма хаьа, ас сайгахь долчу хенахь хьайца мах ца къийссинийла, я х1умма а ца кхоийнийла а.

Амиркулан. Пхи грамм лур ю хьуна аса кхарех.

Руслан. Ахь х1ун дуьйцу, Амиркулан?! Йиъ карат бриллианташ а долуш, антикварни ч1агарш ма ю х1орш! Уггар к1езга, цхьа кийла героин мах болуш ма ю х1орш!

Амиркулан. Хьажахьа, Руслан, эцца г1али юкъехула вола а лой, кийла а, ши кийла а луш верг лахахьа. Ас хьоьга аьлла итт грамм. Кхин хьо цхьажимма т1ех валахь, иза а лур яц хьуна. Хьайна езахь д1аэца, ца езахь, яхийта кху чуьра.

Руслан. Амиркулан, сан вала меттиг боций а хууш, дуьйцу-кх ахь иза. Х1инца кху хьолера д1авала ас дуьне а д1алур дуй хаьа-кх хьуна. Схьалой вала, реза ву со. (Амиркулана наркотикаш чохь йолу пакет д1ало.) Амиркулан, кху чуьра д1аваха де дац-кх сан. Кхузахь д1атохийтахьа соьга цхьа маха.

Амиркулан. Х1ара т1аьххьара ду хьуна. Х1ара наркопритон яц. Хьоьгий, оцу шина жуьликей бен ас кху чохь маха тохийтина а бац.

Руслан. Кхетта. Дика ду. Сихха схьалой валахьа.

Амиркулан (Русланна маха а тухуш.) Наркотик, сан ваша, хьан ц1ийх йоьлла, хьан уггаре тешаме доттаг1 хилла цунах, и хьуна чохь хьан ц1ийца лиелаш ю, хьен кхача бу иза… Ахь и йитахь – цу сохьта лийр ву хьо… Пусар-сий а доцуш… суна хьо, турпалхо санна, ваха лаьа… героинан турпалхо… Хьо х1инца берзан к1еза дац, хьо гила борз ю!

Ларча а оьций, Руслан д1авоьду. Ч1агаршка хьоьжуш а лаьттий, Амиркулана уьш сейф чу йохку. Сцени т1ехьа г1овг1а йолу. Чоьхьа йолу Лайлаъий, цунна т1аьхьа Тоитий.

Амиркулан. Х1ун хилла?

Бода

 

8-г1а сурт

 

Русланан, Зараан х1усмехь. Зараъ ша ю. Чоьхьа йолу Зараан нана Марьям.

Марьям. Зараъ, муха ду хьан г1уллакхаш?

Зараъ. Дика ду, мама.

Марьям. Хьайна вуон делахь лечкъа ма делахь – дог керчадахь, цхьаъ лазахь, – соьга схьаала, цхьаний лоьрана т1е г1ура ю вайшиъ. И хьан берана оьшуш ма ду. (Зараъ йоьлху.) Ахьа х1ун до, Зараъ?! Хьуна х1ун хилла?!

Зараъ. Мама, Руслан…

Марьям. Х1ун хилла цунна?! Х1ун хилла хьан ц1ийндена?!

Зараъ. Иза ч1ог1а хийцавелла, мама!

Марьям. Хьуна етта-м ца етта цо?!

Зараъ. Х1ан-х1а, мама. Амма со… со кхоьру.

Марьям. Сан йо1, синтеме йолал. Охьа а хаий, ма дарра схьадийцал соьга дерриге а.

Зараъ. Цхьа тамашийна лела ваьлла-кх иза х1инца… суна дага ма дог1у… иза иштта ма вацара! Ткъа х1инца… кхин адам долуш санна, кхечуьнца хийцича санна…

Марьям. Муьлха къиношна делла техьа Дала х1ара та1зар!

Зараъ. Кхин а, мама…

Марьям. Кхин х1ун ду? Дийцал. Зараъ.

Зараъ. Цуо т1ера коч д1аяьккхича… цуьнан пхьаьрсаш т1ехь мехий диттина хьоькхнаш ю. Цуо шена капельницаш а, витамин мехий а детта боху… Амма, со ца теша, мама.

Марьям. Суна хаа-м хаьара – наркоман... х1аллак хилла ваьлла стаг… 1адда вита иза… Х1ун ду ахь тхох дешдерг? Х1инца а т1аьхьа дац – вита иза! Хьан х1инца а дерриге дахар хьалха ду… хьайца хьакъ верг карор ву хьуна.

Зараъ. Суна цхьа а ца оьшу.

Марьям. Тхо х1аллакде – могуьйтур вай. Хьо хьуо а – хьайн г1уллакх ду, ткъа беран х1ун бехк бу? Цунна стенна оьшу и тайпа дахар! Парг1ат яла цунах, сан йо1.

Зараъ. Х1ан-х1а!

Марьям. Парг1ат ойла а йина, сацам бие вай.

Зараъ. Аш сацам бан оьшуш дац. Ас бина сацам. Руслан воцуш сан дахар хир дац, массо а х1уман т1ехь со цуьнца ю.

Марьям. Больницашкахула лиелар ю хьо цунна т1аьхьа?

Зараъ. Лиелар ю.

Марьям. Цул т1аьхьа, набахтешкахула?

Зараъ. Набахтешкахула а.

Марьям. Зараъ!

Зараъ. Иза ларор ву… Ас цунна г1о дийр ду, бер хилча, Русланан ойла керчар ю. Тхойшиъ юха а ирсе дехар ду.

Марьям. Цуьнан нанна хууш дуй х1ара? Х1уъу дина а, вай цхьаъ ца дахь, и х1аллак хир ву. Ас х1инцца телефон тухур ю цуьнга. (Телефон схьаоьцу).

Зараъ. Мама, мА тохахьа. И мамина хаахь, цуо папега эр ду, папина хаахь, цуо и вуьйр ву.

Марьям. Сан йо1, вайшиммо х1инццехь орца ца даккхахь, т1аьхьа хир ду хьуна. Мацца хиъна а, хаа дезаш х1ума ду х1ара. Тахана ахьа д1а ца алахь, кхана хьо цара бехке йийр ю дерригенна а. Суна хаьа хьуна, Зараъ, дан дезарг. Ахь хьалххе схьааьллехь, кху т1е даьлла а хир дацара.

Зараъ. Мама, цара муха ца йо со бехке, ахь а еш хилча. Цуьнгахь вуон хьал ду хьуна, мама. Ца хилча, цуо селхана лиелийнарг лиелор а дацара. Сан цхьа дехар ду хьоьга – папега цуьнца къиза ма хила, алахьа.

Марьям (телефон туху). Малика, хьо юй иза? Де дика хуьйла хьан! Со Марьям ю. Т1ех йолуш Русланг1аьрга чуеънера со. Хьой, Саь1иддий схьа а деана, вай цхьа сацам ца бахь, кху берийн дахар духуш лаьтта… Делахь, со шуьга хьоьжуш ю-кх.

Зараъ. Мама, ма ч1ог1а оьг1аз г1ур ву-кх папа, х1ара ма дарра хаахь. Мамин-м дог эккхарна кхерам бу.

Марьям. Зараъ, х1инца уьш схьабаьхкича, ша дерриг а д1адийца диеза. Ма-дарра хиъча, вайна атта ду цунна г1о дан. Ахь соьга ма-дарра схьадийца. Дийца йишъерг ас цаьрга дуьйцур ду, доцург-дац. Цхьа а х1ума къайла а ца хьуш, схьадийца диеза соьга.

Зараъ. Далла гуш ду-кх, цунна накъосталлина дуьйцуш ду-кх ас х1ара. Мама, тхо цхьаьна 1аш долчу ворх1 баттахь ас схьа мел еана йолу дашо х1уманаш а, бриллианташ а, суна ахь эцна йолу норкин шуба а, шен дашо сахьт а, т1аьрсиган куртка а, вай эцна йолу аппаратура а, мот бостуш суна делла пхи эзар сов доллар а, кхин а кху чохь мел хилла х1ума а – ша ерриг д1айоьхкина цуо. Тахана 1уьйрана, бабас суна елла йолу ч1агарш эцна, д1аваха иза. Ас, ма хьо х1орш мукъане а, бабех бисина безам бара аьлча, цуо ша шена урс тохарна а кхераелла, д1аели ас уьш. Мама, мел ч1ог1а йоьхура цуо уьш, велха а воьлхуш. (Йоьлху)

Чудог1у Саь1иддий, Маликий.

Саь1ид. Х1ун ду вайна хилларг, Марьям?

Марьям. Схьахетарехь, Руслан наркотикех кхеташ ву.

Саь1ид. Муха наркотикех?!

Марьям. Цуьнан пхенаш т1ехь мехий лараш а ю, кху чохь мел долу х1ума кху ворх1 баттахь доьхкина ваьлла иза, ахь елла машен а т1аьхьа.

Чоьхьа волу Руслан.

Руслан. Де дика хуьлда шун!

Марьям. Далла воьзийла!

Руслан дехьа чу волу. Малика цунна т1аьххье чу йоьду.

Саь1ид. Марьям, Зараъ эций шайга д1аг1охьа. Шу хьалха а доцуш Русланца къамел дан воллура со.

Марьям. Оьг1азаллица а доцуш, хьехарца къамел делахь цуьнца.

Саь1ид. Дика ду. (Марьяммий, Зараъий ара йолу. Схьадола шийа. (Маликий, Русланний чудог1у) Х1ун ду хилларг, Руслан?

Руслан. Х1умма а ца хилла-кх.

Саь1ид. Хьо мичара вог1уш ву?

Руслан. Эцца, арара чу вог1уш ву?

Саь1ид. Малика, хьо дехьа чу г1ол. (Малика, йоьлхуш, ара йолу). Схьавоьл, схьагайтал суна хьайн пхьаьрсаш.

Руслан. Ас д1а а ца гойтуш д1аолу хьоьга. Со цомгаш ву! Со ца мега-кх и маха ца тоьхча!

Саь1ид (карзахе чухула д1аса хьийзаш). Ж1аьла! Баркалла доцу хьайба!.. Институте х1оттийна. Квартира эцна. Машен…  Вахахьа, дешахьа. Кхин х1умма а ца оьшу-кх! Ас иштта доккха х1ума дара хьуна т1едожийнарг?! Иштта дукха оьшура суна хьоьгара?!.. Машен йоьхкина, квартири чохь мел долу х1ума арадаьккхина! Массо х1ума а наркотикех д1аелла! Т1аьххьара зудчуьнан лергара ч1агарш д1аяьхьна! (Доьхка детта Русланна) Дех къа ца хетта… Ненан ойла ца йина… Кестта доьзалхо хир волуш зуда ю… Схьайоьл, боьха х1ума, кху чуьра кхин ара вер вац хьо. (Руслан батарейх д1а а воьхкий, доьхка детта х1утту).

Руслан (шена деттачу доьхкарна дуьхьал куьг а туьйсуш.) Дада! Папа… Тоьар ду! Сацахьа!

Саь1ид (даг т1е куьг а дуьллий, сада1а охьа хуу). Сан дахар хьаьшна д1адаьккхи ахь. Мел хилла диканиг – дерриге х1аллакди… сан лаамаш… сатийсамаш…

Руслан. Дада, доьха хьоьга, д1ахецахьа со, д1авастахьа со. Со ара вала везаш ву? Сихха! Ас хьоьга ала ма аьлла, со и ца тоьхча ца мега! Со товала хьожур ву хьуна. Х1инца суна айса х1ун леладо а, х1ун дуьйцу а ца хаьа хьуна. Ша доллу дег1 лозуш ду. Ма валийтахьа со!

Саь1ид. Хьо соьца иштта хила, ас х1ун динера хьуна?!

Руслан. Дада, со н1аьнаша вууш ву-кх. Д1ахецахьа со. Хьо ца кхета сан хьолах.

Саь1ид. Ас хьоьга ца аьлла, хьо кху чуьра кхин ара вера вац, боьха х1ума!

Руслан. Хьуо ю-кх хьо боьха х1ума, хьакха! Сан мостаг1 ву-кх хьо! Со велла д1аваллалц сан мостаг1 хир ву-кх хьо!

Чоьхьа йолу Малика.

Руслан. Мама! Мама! Цуо суна т1ехь динчуьнга хьажахьа!

Малика. Саь1ид!.. Руслан!

Руслан. Мама, ас доьху хьоьга, д1ахецахьа со. Со сихха д1аваха везаш ву, соьга хьуьйсуш бу! Мама!

Малика. Саь1ид!

Саь1ид. Б1иж, ма хьее нана! Малика, кхетахьа, х1ара кхуза батарейх д1авихкина латтийча… И доцург х1ара к1елхьара ваккха х1ума дац!.. Малика, ас даггара доьху хьоьга – юкъа ма г1ерта!

Руслан. Д1ахеца со, хезий хьуна?!.. Цул т1аьхьа дикачу балхе са ма туьйсийла ахьа!

Саь1ид. Ой, суна кхерамаш туьйсуш вац иза!? Хьайн дена кхерамаш тийса ваьхьа хьо!? Баркалла доцу… хьайба… (Русланна доьхка туху).

Руслан (доьхкарна дуьхьал куьйгаш а туьйсуш.) Папа!.. Папа, тоьар ду! Ас бегаш бора! Со и ала г1ерташ вацара!.. Папа, и со вац!.. И ала г1ерташ вацара со… Суна вуон ду, х1уъу дай а, цхьаъ дехьа, хьо да ма ву сан, хьуна со виеза ма виезара!

Саь1ида даг т1е ка туху.

Малика (Саь1идана т1е а хьодуш). Саь1ид! Доьху хьоьга! Х1ун хилла хьуна?!

Саь1ид (садукъделла.) Ма … Малика…

Малика. Саь1ид, валол… Аг1ор валал… (Саь1ид схьа а лоций, диван т1е вуьгу.) Цхьаъ дан диеза… Х1уъу дина а, цхьаъ дан диеза сихха…

Ц1ийнден пиджакан киснашка хьожу. Портмоне карайо. Юха а кисана юьллу. Валидол дац.

Саь1ид (г1ийла.) Малика…

Малика (цунна т1ехьоду.) Саь1ид, мичахь ду хьан валидол?! Мича даьхьна ахь и?!

Саь1ид. Малика… Руслан…

Малика. Саь1ид, са да1ал ахьа… Х1инцца г1оле хир ю, х1инцца…

Саь1ид. Х1аъа, х1инцца… чекхдер ду дерриге…

Малика. Доьху хьоьга, ма алахьа иштта!.. Делан карахь ду шадерг. Делан ц1е яккха, Деле деха къиношна гечдар. Дала мукъалахь, хьо х1инцца метта вог1ур ву.

Саь1ид. Малика, сан к1ант… Къинт1ера довлалаш суна… Деле дехалаш суна гечдар, ас лелийнчу Дала ца магийначу х1уманашна.

Малика. Хьо х1ун ала г1ерта, Саь1ид?!

Саь1ид. Къинт1ера яла суна…ахь аьлларг аса динехь, Дала бохучунна т1ера со ца ваьллехь, хьарам х1уманаш аса ца лелийнехь, Русланна хилларг ца хила мегара. Ахь баха а ца бохуш-м ца хили х1ара… Ас хьерчийнчу къинойх Дала суна бина бекхам бу х1ара. Дала хаийти суна х1ара дуьней, ахчий, бохчий дош доцийла. Малика, к1елхьара ваккхалахь вайшинна Руслан…

Малика. Саь1ид! Саь1ид, собар дехьа, къамел дехьа соьца! Вистхилахьа!.. Х1инцца валидол карор… Х1инцца лоьре кхойкху… Саь1ид… (Руслане.) Телефон тоха еза. Сихха телефон тоха еза. (Малика дехьа чу хьоду.)

Руслан. Мама!

Малика. Х1ун боха ахь?

Руслан. Д1авастахьа со. Лор кхайкха воллу со. Ас г1о дийр ду хьуна.

Русланна т1е йоьдий, д1авосту. Малика дехьачу йоьду телефон тоха. Руслан парг1атволу. Цул т1аьхьа, неь1аре воьдий, ла а дуг1ий, дена т1е хьоду. Цуьнан пиджакан кисанаш талла волало. Кисанахь карийна портмоне шен бедаршна юккъе а лачкъайой, аравала тохало. Чоьхьа йолу Малика.

Малика. Д1а ца кхета.

Руслан. Х1ун д1а ца кхета?

Малика. Цхьаммо а трубка схьа ца оьцу. Руслан, хьо стенга воьду?

Руслан. Мама, со сихха. Со цхьана метте ваха везаш ву. Со, цига а вахана, сихха схьавог1у.

Малика. Руслан, хьан да велла!

Руслан. Со х1инцца, со сихха… Больнице а вахана, хоуьйту! (Д1аваха тохало. Цуьнан бедарш юккъера портмоне охьа южу. И хьала а оьций, Руслана юха а бедаршна юккъе д1алачкъайо.) Мама, са ма гатдехьа. Суна оьшу. Кхетий хьо, со ч1ог1а сиха ваха виеза. Цул т1аьхьа сихха юха воьрзур ву. Со схьавог1у хьуна, Мама! (Д1авоьду.)

Малика. Руслан!.. Сан к1ант!.. (Руслан д1авоьду, Маликас до1а до.)…

Бода

 

9-г1а сурт

 

МВД. Чохь ву Дауд, Мусас чу валаво Руслан.

Муса. Дауд, х1ара боьха х1ума хьо волчу д1айига аьлла соьга хьаькамо.

Дауд. Боьха х1ума аллал х1ун дина кхуо, Муса.

Муса. Шен веллачу ден киснара ахча а эцна, наркотикаш эца  вахханчохь лаьцна х1ара.

Дауд. Муха веллачу ден?! Маца велла кхуьнан да?

Муса. Кхо сахьт хьалха велла. Шен веллачу дена т1ехь хьийзаш нана а йитина, цунна г1о ца деш, и д1овш тохийта яхна-кх х1ара хьакха.

Дауд. Дика ду, Муса, дика ду. Дукха оьг1азе ма хила. Ша лелош дерг х1ун ду хуучо лело х1ума дац Руслана лелийнарг. Вай тахана бахьана лаха деза, х1унда яьлла кхуьнгара и ледарло. Ас х1окхуьнга хаттарш дийр ду, и къастадеш. Ахь, ваха а г1ой, экспертиза йие, кхуьнгара яьккхинарг х1ун наркотик ю хьожуш. Тешаш белахь, цаьрга хаттарш дие. Х1ара-м, кхуо динарг зулам делахь а, цомгаш стаг ву. Х1ара а, х1ара санна берш а х1аллакбеш, и наркотикаш юхкуш верг мила ву хьажа диеза.

Муса. Дика ду, Дауд, хьан пурбанца, ахь аьлла болх бан со д1авоьду. (Муса д1авоьду.)

Дауд. Руслан, хьо мичахь виний, хьо мила вуй, хьан фамилий, хетта ца оьшуш, хьо тхуна вевзаш ву. Цундела со хьоьга, тептар т1е д1а яз а ца деш, хаттарш дан воллу. Х1инца, тахана ахьа дина бохуш дерг, кхин та1зар дан ца оьшуш, ахь хьайна дина доккха та1зар ду, хьоьгара яьлларг йоккха ледарло а ю. Оцу хьоьгара яьллачу ледарлонна Дала бекхам беш, кху чу а кхаьчна хьо. Цундела, хьан, г1уллакх талламхочуьнга д1адалале, ахь бакъдерг дийцахь, хьуна тухуш йолу хан к1езиг хир ю, я ца тоха а мега, лоьро хьо наркоманийн цамгар кхетта ву аьлла, тоьшалла яздахь. Т1аккха больницехь дарба лелор ду ахь.

Руслан. Со-м ца кхета ахь х1ун дуьйцу. Х1ун наркотикаш, х1ун дарба, х1ун та1зар дуьйцу.

Дауд. Дика ду. Хьо Мусана вевзаш хилла. Дикий, мерзий дуьйцучух кхеташ воцчух тера ву хьо. Т1аккха вай хьоьца деш долу къамел тептар т1е д1а а яздеш дийр ду. Ас хьалха аьлла та1зар а ца деш хьо к1елхьара волу некъ муха бара хьуна аьлча: хьайна наркотикаш латтош берш схьабийцина, айхьа лиелийнчунна дохко а ваьлла, хьайна дарба леладайта реза хилар дара. Цунах хьо ца кхийти. Къамел х1инца кхечу аг1ор хир ду вайшиннан.

Руслан. Со ца кхета ахь дуьйцучух.

Дауд. Ахь тоьхначу наркотикан ачо т1ера яллалц хьоьца дуьйцург эрна ду. Цул т1аьхьа, велха а воьлхуш, д1адицийта соьга, бохур ду ахь.

Руслан. Ахь х1ун ачо юьйцу, х1ун наркотик юьйцу суна-м ца хаьа.

Дауд. Схьагайтал хьайн пхьаьрсаш.

Руслан. Х1унда гойтуш ду уьш?

Дауд. Хьала оза пхьош! Схьагайтал хьайн пхенаш! (Дауд, хьала а г1оттий, т1еволало Русланна) Иштта дог эт1ийна оьг1аз вахийтина хир ву-кх ахь Муса а. Д1аяккха коч т1ера!

Руслан (коч д1а а йоккхуш). Хьо хаза вист хилча, суна-м хьо ларт1ехь стаг ву моьттара! Хьо-м Мусал а оьшуш хилла.

Дауд. Х1окху пхенаш т1ехь х1ун дина ахь? Сурт дуьллуш-м вацара хьо? Наркотик х1ун ю а ца хууш, масмалик ма ду хьо! Х1ун йиттина ахь цу пхенех?

Руслан. Хьуна ца хаьа и? Хьайна хууш хилча, соьга стенна хоьтту ахь?

Дауд. Хьо х1инца а кийча вац соьца къамел дан. Цхьа-ши сахьт даьлча, велха а воьлхуш, КПЗ-н не1арх лиетар ву хьо, соьга хьуо т1еэца бохуш. Амма т1аьхьа хир ду. (Телефончухула) Муса, схьа а волий д1авига хьайн доттаг1.

Руслан. Баккъала, чу вуллуш ву аш со?! Да ма ву сан велла 1уьллуш! Д1аволла везаш ма ву сан да!

Дауд. Хьайн веллачу дена юххехь нана а йитина, цуьнан киснара ахча а лачкъийна, наркотикаш эца вахана волу, хьайн дена т1ера марчо а доьхкина, наркотикаш эццал боьха х1ума ю хьо.

Чувог1у Муса. Цуо д1авуьгу Руслан.

Бода

 

10-г1а сурт

 

Асланбеккий, Хьасанний паркехь

Асланбек. Хьасан, кхоана х1ун ло ахьа?

Хьасан. Наркотикийн клад-м ца карийна хьуна?

Асланбек. Клад-м ца карийна, и клад йолчуьнан йо1-м караерзийна хьан вашас. Вайшингехь х1ун бала бу хьоладай леха а, церан бераш меха т1е хийшо а? Ас наркотикаш т1е хаийна Амиркуланан йо1. И х1инца кийча ю, вай лие бахахь, яла а, Амиркулан вие а, цуьнан чохь йолу наркотикийн клад схьаян а, и х1инцца хьуна гур а ду.

Хьасан (хазахетий). Хьо х1ун ала г1ерта, сан ваша? Лайлаа вайшинна наркотикаш яхьар ю ала-м ца г1ерта хьо?

Асланбек. Г1ерта дера-кх. Наркотикаш боху ахь, шен ден голаш а-м яхьар ю цуо, ас алахь.

Хьасан. Маца кхиъна хьо и наркотикаш т1е хао? Соьга х1унда ца хаийтира ахь?

Асланбек. Со хьуна хазахетар дан г1ерташ вара. Г1уллакх хуьлу, ца хуьлу а ца хууш, хьоьга хаийта ца лаьара суна. Лайлаана со виезаш хилла, сайна и еза моттийта г1ерташ, мел къахьийгира хаьий хьуна ас. Баккъала суна ша езарх тешшалц, шена маха ца тохийтира цуо. Зуля еллийла хаьий хьуна, боьха наркотикаш а тоьхна?

Гучу йолу Лайлаъ.

Асланбек. Хьо ма хьеели, Лайлаъ?

Лайлаъ. Вайн чуьра наркотикаш а эцна, ара ма-веллинехь, Руслан Дашаев д1алаьцна. Т1аккха папас кухни чу д1алачкъийна йолу к1айниг схьаеа ас. Х1ара вайна, схьахетарехь, шина-кхаа баттахь тоьар ю (100гр. к1айн молха гойту).

Хьасан. Дала дукха яхае хьо, Лайлаъ!

Асланбек. Муха Руслан д1алаьцна?! Шу долчу 1едал-м ца деара? Амиркулане х1умма-м ца аьлла цара?

Лайлаъ. Х1ан-х1а, ца аьлла. Вайна-м пайда баьлла цунах. Цхьанхьара схьаоьцуш, кхечахьа д1алечкъош – цуьнан ерриге наркотикаш мичахь ю-м хаьа суна. Вай делла д1адовллалц тоьур йолуш наркотикаш ю-кх папин цигахь.

Хьасан. Руслана-м цхьаъ дийра дара, со и дуьйцучохь вац, шуьшиннан хьал-м ца хаьа суна.

Асланбек. Дика ду х1ета. Эцца дехьа а девлла, туху вай.

Бода

 

11-г1а сурт

 

КПЗ. Не1арех ветталуш, мохь хьоькхуш ву Руслан.

Руслан. Т1евига со Даудана! Т1екхайкха ала со Дауде! Ас дерриге а д1адуьйцур ду!

Милиционер. Г1овг1а ма е! Ас х1инцца Дауде д1аолу ахь бохург. (Телефон туху Дауде) Дауд, Руслан ву даре дан лууш, хьуна т1евига ша бохуш. Х1ун дие ас?.. Дика ду, хьоьга хьоьжуш 1а тхо.

Чувог1у Дауд.

Дауд. Араваккхал иза. (Вегош, узарш деш, г1аддайна Руслан Даудана т1евуьгу) Муха ду хьан г1уллакхаш, Руслан?

Руслан. Г1а… Г1а… Во… Во… ду… Дауд, г1о дие суна! Со валлалц вицвийр вац ас хьо. Со леш воллу.

Дауд. Соьга хьайна вуон ду ала кхайкхина ахь соьга, я хьо а, хьо саннарг а, наркотикаш а юхкуш, х1аллакбеш волу Делан мостаг1 схьавийца кхайкхина ахь соьга?

Руслан. Д1авуьйцур ву. Иза а д1авуьйцур ву, кхин берш а д1абуьйцур бу. Велла д1аваллалц хьан лай а хир ву, хьан когаш билина хи а мер ду – цхьа доза луо суна!

Дауд. Важадерг х1умма а дан диезаш дац. Хьайна и наркотикаш йоьхкина йолу и боьха х1ума схьайийца, цул т1аьхьа къамел дийра ду вайшиммо.

Руслан (г1ийла, сатуьйсуш). Дийр дуй вай, Дауд?

Дауд. Къамел дийр ду.

Руслан. Ас д1адуьйцу хьуна, Дауд. Дауд ас д1адуьйцу хьуна. Амиркулан ву. Со х1аллак винарг Амиркулан ву. Х1окху исс баттахь тхо да мел долу х1ума цунна д1аделла ваьлла со. Дийнахь, кхин ца ваг1ахь а, итт-пхийтта стаг вог1у и волчу наркотикаш иэца.

Дауд. Амиркуланера эцна боху ахь?

Руслан. Эцна.

Дауд. Хьан вовзийтина хьуна Амиркулан?

Руслан. Асланбекий, Хьасаний вовзийтина.

Дауд. Уьш мичара бевзаш бу хьуна?

Руслан. Школехь цхьаьна дешна ду тхо.

Дауд. Дуьххьара маца волавелла хьо маха тоха?

Руслан. Исс бутт бу.

Дауд. Х1ун бахьана долуш? Муха дагадеана хьуна и дан?

Телефон а тухий, Дауда Муса схьакхойкху.

Руслан. Дауд, ма кхайкхахьа и Муса схьа! Ч1ог1а вуон стаг ву хьуна иза.

Дауд. Ас эр ду цуьнга хьоьца дика хила, хьо хьекъале веана аьлла. Руслан, схьадийцал: х1ун бахьана долуш, муха дара и, мила ву хьо наркотикаш т1е хаийнарг? Маца дара и? Муха дара и?

Руслан. Сох бахнарг 1овдал безам бу. Ворх1алг1ачу классехь дуьйна схьа суна езаш яра Зуля. Цуо а, вукху шиммо а, 1еха а вина, цкъа а сайна х1ун ю а ца хиина йолу наркотик тохийтина ас цаьрга. Цара сайна бинарг тешнабехк буй-техьа аьлла, хета суна.

Чувог1у Муса.

Дауд. Тоба вовшах а тохий, Амиркулан боху боьха х1ума, х1ара зулам даржош верг, г1ой, схьавалаве. Цуьнца схьавалаве Хьасанний, Асланбеккий.

Муса. Дика ду. Тхо кийча ду цига даха. (Муса д1авоьду.)

Дауд. Руслан, хьуна наркотикаш елча, Амиркулан санна волу зулам да хуьлу сох. Дала сайна беллачу ницкъаца а, кху балхо сайна еллачу бакъонашца а цу цамгарх хьо хьалха ваккха хьожур ву со. Ахьа х1ун дие хьуна аьлча: хьуо д1авижале, Деле хьайна собар а, ийман а дехий, мухха яккхий а, цхьа буьйса яккха. Кхана, Дала мукъалахь, лоьрашка а кхайкхина, хьуна дарба лелор ду вай.

Руслан. Да-у-уд, ламаз а дийр ду, марха кхобур ду, хьаьжи ц1а г1ур ву, – т1аьххьара цхьа доза луохьа суна, тахана биен, кхин тухур а бац. Со н1аьнаша вууш ву-кх, сан дег1 кегдеш ду-кх, со леш ву-кх, Дауд. Т1аьххьара цхьа доза лохьа.

Дауд. Руслан, ахь хьалха а элира изза. И хьуна тохийта хала дацара, хьуна цуо г1о дийра хилча, кхана а изза хьал хир ду хьоьгахь. Кхин цкъа а боху ас хьоьга: Деле хьайна собар а дехий, лелийнчунна дохко а валий, тоба а дай, д1авижа.

Дауд д1авоьду. Руслан камери чу вуллу.

Руслан. Шаерш боьха х1уманаш ю-кх шу! (Чалтаршна т1е кхета) Дауд, хьо Мусал оьшу! Со 1еха а вина, дерриг а д1адийцийти аш! (Гора а вужуш.) Цхьа маха! Цхьаъ! Кхин х1умма а ца лаьа, кхин х1умма а ца оьшу суна! Витийша со 1адда! Цхьа маха! Жима цхьа маха! Кхин х1умма а ца лаьа! Кхин х1умма а! Кхин х1умма а!

Бода

 

12-г1а сурт

 

Амиркуланан х1усаме еана милици.

Муса. Амиркулан, схьаелла не1, милици ю! (Не1 етта цуо). Схьаелла не1, оха кагъяле (чохь хезаш г1овг1а ю. Амиркулан, ши пакет схьа а оьций, цхьана пакет чохь ахча ду, вукхунна – наркотикаш, дехьа чу эккха).

Амиркулан. Тоита! Тоита! (Тоита, дукха наркотикаш тоьхна, еллачу Лайлаана гонаха хьийзаш ю). Хьо х1ун деш 1а, г1ам! Милици ма еана! Накъосталла дие! Къайла яха х1орш. Х1орш гучу йовлахь, хьайн ю алалахь, хьуна к1езгох хан тухур ю.

Тоита (наркотикашший, ахчий схьа а оьций, цунна т1еетташ, яржа а еш, мохь хьоькху). Дала х1аллак йойла хьо боьха х1ума! Ахь нехан х1аллак динчу берех Дала оьцуш биэкхам бу х1ара. Вайн Лайлаъ йие ма йийна ахь! Ахь нахана духкуш долу д1овш а тоьхна, яла ма елла Лайлаъ! Д1а-м х1етте лачкъор яцара х1орш, мелхо а д1алур ю-кх.

Милицина не1 схьайоьллу. Милици чу йог1у. Амиркулан, схьа а лоций, д1авуьгу.

Бода

 

Есачу сцени т1ехь, карахь бер а долуш, ю ша цхьаъ Зараъ. Геннара схьахеза «Школа – тхан некъан седа» йиш. Орцанан «SOS» санна бека школан горгали.

Чаккхе

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.